Дак

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Дак
Salix alba 020.jpg
КӀайн дак (Salix alba) — Дак тайпан тайпанкеп.
Хин йисттера дитташ.
Рейнланд-Пфальц, Германи
Ӏилманан классификаци
Дуьненаюкъара Ӏилманан цӀе

Salix L., 1753, nom. cons.

Тайпанкеп
Кепаш
Хьажа исписка Дак тайпанкепаш

Дак (лат. Sálix) — Дакан (Salicaceae) доьзалера диттийн ораматийн тайпа.

Оьрсийн маттахь дак кепийн дуккха а цӀераш ю — ива, ветла́, раки́та, ве́рба, тальник[1].

Российн юккъерчу декъехь чӀогӀа даьржина а, дика девзаш а ораматаш ду. Дукхах долчу дакан кепашна тӀуналла еза, кхуьу тӀуьнчу меттигашкахь, ткъа екъачу меттигашкахь (басешкахь, гӀамаршкахь, кхин а) а, уьшалашкахь а ца кхуьу масех кеп бен. Дак хаало хьуьнхахь а, кхечу дитташца ийна.

Дакан тӀехулара куц чӀогӀа бес-бесара ду: царна юкъахь ду лекха дитташ (Salix alba, Salix fragilis, Salix caprea) а, коьллаш (Salix viminalis, Salix daphnoides, Salix purpurea) а, наггахь дикка кегийра, охьатаьӀна, лаьттахула яьржина (Salix lapponica , Salix repens var. rosmarinifolia, Salix myrtilloides); полюсан мехкашкахь а, лекхачу лаьмнашкахь а, ломан областашкахь а, кхуьу кхин а кегийра лоха дакаш (Salix herbacea, Salix reticulata), гӀуно кегийра 2,5 сантиметрал лакха ца йолу коьллаш, шеш юкъахь кхуьу корсамал а лоха хуьлу.

Эволюци а, даржар а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дак дуьнена даьлла дикка хьалха, гӀан лараш нисло киран кепаллин ӀаӀаршкахь.

The Plant List сайтан терхьашца, Дак тайпа ду 550[2] кепара, даьржина, коьртаниг, Къилбаседа эхиган шийло областашкахь, цигахь дак полюсан гуон дехьадолу. Масех таксон кхуьу тропикашкахь. Къилбаседа Америкехь — 65 сов кепара ду, царех 25 бен диттан бараме ца кхочу.

Дукхах дерг уьш дитташ ду 15 м лекха я коьллаш ю, амма цхьадолчу дакан кепашна юкъахь нисло 40 м гергга лекха а, 0,5 м сов гӀодан диаметр ерш.

Шийлачу мехкашкахь дакаш кхуьу генна къилбаседехь а, царех ду дукха лоха куьу карликан дак Salix retusa, Salix reticulata, Salix herbacea, Salix polaris. Лаьмнашкахь долу лоха дак Salix herbacea, иза лайн дозане хьалакхочу. Полюсан а, лекхаломан а дакнаш — лоха кхиина, текха масех сантиметр лекха коьллаш ю (Ива полярная (Salix polaris), Ива травянистая (Salix herbacea), кхин а).

Дукхха а хаало кепашна юкъара гибридаш.

ТӀетохаран орамаш хеца аьтту хилар бахьнехь дат атта даьржа геннашца а, хьокхаршца а тӀехь (цхьадерш доцурш Salix capreaдакнаш, я газан дак). ХӀуьн хьаладаларан хьал дов масех дийнахь; ткъа пхеадургалан дако (Salix pentandra) хӀуьн хьаладаларан хьал Ӏалашдо юха бӀаьсте яллалц.

Ботаниках дийцар[нисъе бӀаьра | нисъе]

КӀайн дат. О. В. Томен «Flora von Deutschland, Österreich und der Schweiz» жайнин тӀиера ботаникан сурт, 1885

ГӀа цхьаьна кепара датан луьста, хьийзина, баьццарчу басахь ду, кхечера алсамо лилха, сира-баьццара я сира-кӀайн басахь ду.

ГӀаш моггӀара, дечигаш йолуш ду; гӀан кеп цхьаьна кепарчеран шуьйра, эллипсан ю, кхечера дикка готта а, деха а; гӀан йист цхьайолчу кепийн бен дийна яц, дукхах йолчера кегийн я яккхий цергаш йолуш ду. ГӀа хуьлу я къега, сирла-баьццара басахь шине а агӀора, я тӀехула; ткъа лахара агӀо ишттачу дакийн хьесий а, сира-сийна ача а бахьнехь хуьлу сира я сино бос болуш. Цилиндр кепара гӀан дечиг дикка йоца ю; цуьнан бух тӀехь шиъ хьалхара гӀа ду, дукхах дерг цергаш йолуш, шуьйра я готта; уьш лаьтта я гӀа дуьззина кхиина даллалц, я аьхке дӀаяллалц. Хьалхара гӀаш дика билгало ю датийн кепаш къасто; Ива ушастая (Salix aurita) цӀе йолу цхьаьна кепана, хьалхара га даккхийра, лерг кепара хуьлу. Гуттара хаза ду, хьалхара гӀаш дика кхуьу къоначу, гӀад я орамаш тӀиера довлучу маргӀалш тӀехь.

ГӀад геннаш долуш ду; геннаш дуткъа, сара кепара, сетташ, кеглуш, кхоьлина я кӀегаш чкъор долуш, таьӀна-цӀен, баьццара, кхин а бесаш долуш. Патар иштта бес-бесара бу, таьӀна-боьра, цӀен-можа, кхин дӀа а; церан арахьара къовлу пелагаш чучча кхуьу шайн йисташца дийна муцӀар я ботт еш, уьш шен бух тӀехь патарш кхуьучу хенахь къаьста. Геннаш тӀиера боьххьера патар дукха хьолахь ле, ткъа цунна луларчо ло уггар онда патарг, ала мегар ду, шеца хуьйцу белла боьххьера патар.

Заза доккху цхьадолчу дакаш хьалхха бӀаьста гӀа делладалале (масала, Salix daphnoides), кхин дерш — аьхкен йоьххьехь, гӀадолуш я тӀехьуо а (масала, Salix pentandra).

Зазанаш сте-боьрша ду, гӀуно кегийра, шеш гӀийла къаьсташ; уьш луьста чӀагаршка гулдалар бахьнехь лаха хала ца хуьлу, ткъа гӀаш делладалале заза доккхучу дакан заза чӀогӀа къаьсташ хуьлу. ЧӀагарш я стен, я боьрша заза долуш хуьлу; боьрша а, стен а чӀагарш йовлу тайп-тайпанчу кепаш тӀехь: дак дуьззина маьӀнийца ши дакъа долу орамат ду. Зазан хӀоттам цхьаьна кепара бу: боьршачуьнчохь шишша дургал ду, стечуьнчохь цхьацца йиз ду, шине а чохь ду мерза дургалш.

Стом — шина декъе екъало ботт ю. ХӀу дукха жима ду, пхьарчо биллина, чӀогӀа дай, паргӀата мохо генна дӀахьо. ХӀаваэхь дакан хӀуш шен даларан хьал Ӏалаш ца до масех дийнахь бен; хин чудожахь, я хин бассейнан бухадодахь, цара Ӏалашдо шайн даларан хьал масех шарахь. Иза бахьана хуьлу, дакъаделла татолаш, Ӏаьмнаш, хиш цӀандеш баьккхина саззан хатт тӀехь, наггахь дукха луьста дакан маргӀалаш довлар. Дакан къона маргӀал чӀогӀа гӀийла ду, бецо а охьатаӀадо иза, амма куьу дукха чехка; диттийн дака шен хьалхарчу шерашкахь кхуьу тамашийна чехка. Ӏаламехь дак даьржа хӀуца, ткъа адама даржадо, коьртаниг — геннашца; дакан дийна генна, лаьттах тоьхна болу хьокхийна, сихха орамаш тосу.

Кора ивы.jpg
Salix alba 022.jpg
Wilgenkatjes bloeiend.jpg
КӀайн дакан чкъор, ира гӀа долу дакан гӀаш а, заза (чӀагарш) а

Цамгарш а, зене са долу хӀуманаш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дакан зене са долу хӀуманаш сагалматашна юкъара: Cecidomya salicis, Cecidomya saliciperda, Tortrix (Helias) Chlorana (еккъа Salix viminalis а, цуьнан кепаш а), Bombyx Salicis, Agrotis vallugera, Curculio crux, Phratora vitellinae, Phratora vulgarissima, Galer ucacapreae, Galer lincola (чӀогӀа бала хьоьга Salix viminalis, кӀезиг - Salix amgydalina).

Декха жӀаьлийн нускалаш: Erysiphe, Rhytisma, Melampsora тайпанашкара.

Дак Ӏаморан истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дакан ботаникан истори йолало I бӀешарахь. ГӀарадаьлла «Ӏаламан историн» 37 жайнин авторо Воккха Плинийс, Ӏилманчех дуьххьала яздина бархӀ кепара дакех лаьцна.

XVIII бӀешарахь дуьйна Ӏилманчаш юкъара цхьа классификаци яккха гӀерта дакан. ГӀараваьллачу ботанико Линней Карла дагардина ткъе исс кепара дак. Юьхьанца цуьнца реза хилира, амма масех шо даьлчи Ӏилманчо Скополис къевсира Линнейн жамӀаш.

Россехь дак Ӏаморан юьхьиг вайна карайо Гмелинан белхашкахь. «Flora Sibirica» чохь Гмелина (1747) язйинчу дакийн 15 кепах, Линнейс ялх бен ца ялийна — уьшша а, Европехь кхуьурш: цхьайолчу кепийн билгалдахаршкахь Линнейс (1753) хоуйтура И. Г. Гмелина яийтина материалан экземпляраш лелаяр.

ТӀехьа Российн махкарчу тайпанийн хӀоттамах ялайо П. С. Палласа. «Flora Rossica» жайнехь Палласа ялийна 35 кеп Salix тайпана.

«Британин флора» автораш кховдийна шовзткъе пхиъ кепара дак. Вильденов Карл Людвига — 116 кеп. Кох Вильгельма яздо 182 кепах. Царал генаволу Гандоже Мишель, цуо билгалъяьккхина 1600 кеп. Европан талламхойн Смитан (Smith, 1804), Вильденовн (Willdenow, 1806), Шлейхеран (Schleicher, 1807, 1821), Уэйдан (Wade, 1811), Валенберган (Wahlenberg, 1812, 1826), Серэнжан (Seringe, 1815), Фрисан (Fries, 1825, 1828, 1832, 1840), Кохан (Koch, 1828), Хостан (Host, 1828), Форбсан (Forbes, 1829), Садлеран (Sadler, 1831), Хукеран (Hooker, 1835) белхаш къаьсташбара гота кепаш язъярех. Дукхаха болчу Ӏилманчийн гӀалат дара шортта йолчу дакийн гибридех ша-шах кеп ларар.

В. Л. Комаровс Маньчжурин ораматашна (1903) балийна хаамаш даржарх, морфологех, экологех Salix тайпанара 16 кепана — царах цхьанна Chamaetia бухарчу тайпана: S. myrtilloides. Цуо гайтина Ӏилман ца евза кеп: Камчатка ахгӀайрен эндемик — S. erythrocarpa (Novitates Asiae Orientalis, 1914).

Э. Л. Вольфа доккха дакъа лаьцна (Salix а, Vetrix а бухара тайпанаш) дакаш Ӏаморехь. Цуо яздина (Вольф, 1903, 1905, 1906, 1907, 1908, 1909, 1911, 1912, 1929) 18 кепарчу дакех лаьцна; царех хӀинца пхи кеп йисина, важаерш синонимаш юкъаяхийтина я гибридаш юкъатоьхна. ССРС Флора (1936) арадаьлча морфологех, экологех, даканаш даржарх болу хаамаш тӀекхийтира Российн тайп-тайпанчу регионашкарчу талламчаш бахьнехь.

Сахалинан даканаш Ӏамош, кхин а массо коллаш а, дитташ а, дакъа лаьцна А. И. Толмачёвс (1956).

1951 шарахь Л. Ф. Правдина арахецна «ССРС дитташ а, коьллаш а» цӀе йолу болх.

Уггар юьзина дакийн систематика йийцина оьрсийн Ӏилманчо Скворцов Алексей Константиновича 1968 ш. арадаьллачу шен жайнехь «ССРС даканаш». Цуо критикан ревизи йира гулбеллачу хаамийн. Нисбина ССРС флорера кепийн хӀоттам. Ӏамийна дӀаязйина, Российн махкара, массо а таксонийн номенклатура, тайпанашка екъна, хаьржина йогӀушйолу цӀераш. Билгалъяьхна кепийн диагностикан билгалонаш, билгалъяьхна бухара кепаш, хӀиттийна билгалдахаран догӀанаш.

Дакийн систематикех болу къийсамаш хӀинца а чекхбовлаза бу. Дукхачу пачхьалкхашкахь ю шайн дакӀаморан ишколаш.

Уггар яккхий дакийн гербарийш ю АЦШн пачхьалкхан гербарий, Ингалсан Паччахьан ботаникан бешан гербарий, Парижерчу Ӏаламан историн музейн экспонаташ, иттаннаш университетийн ботаникан гуламаш.

Бахамахь иэшар а, лелор а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дак каглун (Salix fragilis) леладо декоративан шалашонна

Дукхах йолу кепаш, масала: дак каглун (Salix fragilis), дак тускаран (Salix viminalis). ГӀаш довлале дуккха а хьалха йовлу чӀагарш бахьнехь, балоз биллина чкъоьран цӀегӀуо басо а, чӀогӀа декоративан йо вербан (Salix acutifolia) маргӀалш, иза бахьнехь уьш массашкахь кегдо бӀаьста[3].

Дакан орамаш къастало чӀогӀа кхиарца а, дукха даржарца а, цундела дика хуьлу семса латта а, гӀум а чӀагӀъярхьама (Шелюга, Каспийн дак). Дак аьттонца леладо ломан Ӏовраш лелош, татолийн а, хин а бердаш, чӀингийн басеш чӀагӀдеш (КӀайн дак, Дак каглун). Хьун-аренан а, аренан а кӀошташкахь латта дохацадайтаран Ӏалашонна (КӀайн дак, Каглун дак, Дак саракепара) дуьй, аренашларъяран а, некъан асанан хьун а юьй тӀуьночу латтан тӀехь, дӀасалела чан, материкан гӀамарш совцаярхьама.

Дакан дечиг чӀогӀа кӀеда а, дай а ду, сиха дахкало, леладо дуккха а хӀуманаш еш а, дечиган пхьегӀа еш а.

ГӀа даьлла дакан геннаш даьхнийн даар ду, дукхах дерг гезаршна а, уьстагӀашна а. Мехала моз дерг.

Дуккха а кепара дакан чкъор (масала, сирачун, гезан, кӀайн) леладо цӀуока дермат еш.

Къоначу дакан геннаш леладо православин ламастехь вербан кӀирандийнахь пальман гӀаш меттана.

Хьун йоцучу кӀошташкахь дак леладо гӀишлошъяран гӀирс меттана.

Дакан чкъор а, сара а дукхах йолчу коллийн дакан (саракепарчун, таьӀна-цӀечун (можа таьлланг ерг), кходургалан, кхин а) лелабо юьйцина хӀуманаш еш (пхьегӀаш, тускарш, мебель, кхин а). ЗӀара дуцаран сара 60 см боца а, геннаш долуш а, дохийна чкъор долуш а хилча, «баьццара гӀирс» олу, вуьш, гӀоленаш, «кӀайниш» — тайп-тайпанчу кепара чкъоьрах цӀандина хуьлу. Лакхара сортан кӀайн товар хуьлу таьӀна-цӀечух, саракепарчух, Гмелиначух, каглучун; хӀознаш кечдо дукхах дерг саракепарчух, Смитачух, ира гӀа долчух; Францехь кемсийн таьллангаш хьалайоьхкуш леладо серий Salix alba var. vitellina, кхин а баккхий гӀирсаш — Ӏадан хьун — дахьа кӀайн дак а, цуьнан гибридаш а. ЗӀараш дан башха дика гӀирс бу ира гӀа долу дак. Оцу Ӏалашонна лелийна ца Ӏа тӀехулара маргӀалш, амма 15 м деха орамаш а леладо. Тускаран сара ло кхин дуккха кепаш: каспийн, туранан, Вильгельмсан, кхин а, ткъа иштта церан дуккха долу гибридаш[3] а.

Дарбана леладар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Никитинан (гурахь) а, Смирновн (бІаьста) а талламашца чкъоьраца ду танин: Гезан дакан — 12,12 % а, 6,43 % а, чиман дакан — 10,91 % а, 5,31 % а, кІайн дакан — 9,39 % а, 4,37 % а, каглун дакан — 9,39 % а, 4,68 % а, можа таьллинг йолчун — 9,39 % а, 4,62 % а[4]). Шена чохь ораматийн гликозидаш хиларехь — салицин — уггар диканиг можа таьллинга чкъор ду.

«Дакан чкъор» промышленностан маьІна долуш кхин даканаш ду, царна юкъахь дак диъ дургалъерг (Salix triandra L.), дак пхи дургалъерг (Salix pentandra L.), дак лергашдерг (Salix aurita L.), дак тхинан (Salix rorida Lacksch.), дак мирикагІан (Salix myrsinifolia Sаlisb.), кхин а.[5]

Цхьайолчу кепийн гІаш чохь хуьлу салидрозид, флавоноидаш, дерматдаран гІирс. Флавоноидех алсама ю лютеолинаш дешдерш, вирусан дуьхьало дика йо цуо. Медицинан практикехь леладо ира гІа долчу дакан (Salix acutifolia Willd.) гІаш лютеолин-стандарт а, лютеолин-7-глюкозид-стандарт а[6].

Дакан чкъоьран ду антибиотикан хьал. Халкъан дарбанехь кхаьхкийна чкъор леладо шелваларан дуьхьала. Цхьайолчу кепийн чкъоьрехь дарбане долу гликозид салицин ду. Дакан чкъоьран экстракташ, салицилаташ хилар бахьнехь, шелон дуьхьала дарбане ду. Салицилан муьсталла дуьххьала карийна дакан юкъахь, кхузара схьаяьлла цуьнан цІе.

Дакан хьунлелор[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дуккха а йолчу дакийн тайпанийн а, кепийн а хьуьнбахаман агӀора тергоян мегар долуш ду:

  • кӀайниг, ветла, ветловник, ракита (Salix alba L., тайп-тайпанчу кепашца Salix alba var. vitellina);
  • каглун, ветла, Ӏаьржатал (Salix fragilis L., тайп-тайпанчу кепашца Salix russeliana Sm.);
  • тускаран, кӀайтал, вербан таьллинг, таьллинг (Salix viminalis L., тайп-тайпанчу кепашца Salix molissima);
  • миндальгӀан, ветла, цӀен таьллинг, тал (Salix amygdalina L., Salix triandra L.);
  • можатаьллинг, таьллинг, тал (Salix purpurea L., Salix helix Koch, тайп-тайпанчу кепашца Salix lambertiana а, Salix uralensis а);
  • шелюга, вербан таьллинг (Харьк.), цӀен тал (Salix acutifolia Wild., Salix caspica);
  • жигдарингӀадерг (Salix hyppofaefolia, Salix viminalis × Salix amygdalina);
  • руман (Salix smithiana, Salix capraea × Salix viminalis)
  • ийна: Salix purpurea × Salix viminalis.

Дак муьлххачу латта тӀехь долу, амма чӀогӀа дика ю цунна кӀорга сацкъар-гӀум я гӀум-латта, семса а, барамехь тӀуьна а. Уггар экаме ю латтана Salix viminalis; шелюган дайн гӀамаран латта деза, ткъа Ӏехан латта тӀехь дика кхуьу Salix purpurea а Salix alba а; латтан юкъахь хи сацар зуламе хуьлу дакан кхиарна. Дакан коьллаш евлчи я дакан къух даьлчи, латта тодо гурахь 30-80 см кӀорге охуш, цуьнан хьекъаре а, декъалле а хьаьжжина, лакхара ораматийн чкъор буха дерзийна хиллалц, цуьнга кхочу 1-3 бел аьхкича, я гота цхьаъ кхечунна тӀаьхьайоьдуш харш доккхуш. ДӀадуьй бӀаьста геннашца — 25-30 см деха шо кхьачначу гурахь хеда а дина, тоьлийн чохь бӀаьстенга даьхна серан дакъошца. Геннаш дуьй къилба-малхбалера къилбаседа-малхбузе доьдучу могӀанашца, яккъаш 30-40 см йолуш, ткъа могӀан юкъахь 10-20 см, иза хуьлу 125 000 - 333 333 га гектар тӀехь, цу тӀе семсачу латта тӀехь уьш куьйга дӀаӀуьтту, ткъа деттачун тӀехь — аьчкан чӀуца Ӏуьрг доккхий латта тӀехула а ца долуьйтуш Ӏуьрга дуллу. Ткъа дакийн цхьайолу кепаш кхиош, масала, гӀум тӀехь дуьйш, готан харш чу моггӀара охьа а дохкий, готано шолгӀа харш доккхуш тӀе гӀум хьокху. Дак лелош хьоьгу къа: куьйга самсадоккху могӀнаш юкъара, зуламе бецаш дӀаяхар, орамашна тӀе латтахьакхар, латта тодар — перун гуаноца, страссфуртан туьханашца я шарахь лаьттина кхаьллица. Дакан хьуьнхахь бахам лелорна гӀуон Ӏаткъам бо: къорно, бӀаьстенан гӀоролаша, даьхний дажоро.

Классификаци[нисъе бӀаьра | нисъе]

The Plant List сайтан терхьашца ягарйина 552 дакан тайпа[7].

Селекци[нисъе бӀаьра | нисъе]

Доьлху дак, адамо кхоьллинарг муххале а — ораматийн уггар кегаелла тобанех цхьаъ ю. Луьрчу хьолехь уггар тарделла доьлху дак — уьш даканашна вавилонан (Salix babylonica), кӀайчун (Salix alba), каглучун (Salix fragilis), хазчун (Salix х blanda) юкъара гибридаш ю. Дукхаха йолу гибридаш а балахьоьгаш ю лахарчу температурашкахь. Амма, муьлханаш ю, цӀераш яхарх тӀаьхьакхуьур вац, хӀунда аьлчи церан номенклатура чӀогӀа кегаелла ю. Цхьа цӀе йолуш хила тарло тайп-тайпана гибридаш, я вукха агӀор хила а тарло. Цу тӀе, яц бакъйолу билгало а, уьш йовза йишйолуш. Лаамаш бу шира цӀераш дӀа а яьхна, керла цӀераш яла, царна документ а деш. Россехь гӀуоронех ца кхоьру дакан селекци лелийна В. И. Шабуровс. Иза ву автором ткъа сов хаза, ситтина, лоха доьлхучу сортийн[8].

Халкъан тидамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Верба тӀехь пхьарчо гинехь — бӀаьсте кхерчан хьалха лаьтта (оьрсийн тидам).
  • Дакан хьалхе йис йиллинехь — Ӏ адеха хир ду[9] (оьрсийн тидам).

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Тальник // Струнино — Тихорецк. — М. : Советская энциклопедия, 1976. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 25).
  2. Список видов рода Ива по данным сайта The Plant List(ингалс.)(лат.) (Хьаьжина 3 июлехь 2015)
  3. 1 2 Губанов И. А. и др. Дикорастущие полезные растения СССР / отв. ред. Т. А. Работнов. — М.: Мысль, 1976. — С. 80. — 360 с. — (Справочники-определители географа и путешественника).
  4. Изв. Петровской Акад. — 1878 и 1880.
  5. Кеп:Жайна:Дикорастущие полезные растения СССР
  6. Блинова К. Ф. и др. Ботанико-фармакогностический словарь: Справ. пособие / Под(ТӀе цакхочу хьажорг) ред. К. Ф. Блиновой, Г. П. Яковлева. — М.: Высш. шк., 1990. — С. 191. — ISBN 5-06-000085-0
  7. Ива по данным сайта The Plant List(ингалс.)(лат.) (Хьаьжина 19 августехь 2015)
  8. Марченко А. М. Гибридным ивам В.И. Шабурова полвека // Питомник и частный сад : журнал. — 2011. — № 1.
  9. Стрижёв А. В. Календарь русской природы. — 3-е изд., перераб. — М.: Моск. рабочий, 1981. — С. 208, 211.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Викидошаман логотип
Викидошам чохь бу яззам «дак»