Чулацаман тӀегӀо

Азербайджанийн манат

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Азербайджанийн манат (нох.)

Azərbaycan manatı (азерб.)
Azerbaijan Manat (инг.)
Nouveau Azerbaijanian Manat (фр.)

2009 шеран 1 манат
2009 шеран 1 манат
Кодаш а, символаш а
Кодаш ISO 4217 AZN
Символаш
Ахчан хьаьрк AZN цакарий
Лелаш долу меттигаш
Эмитент  Азербайджан
Схьадаьлларш а, параллельни цхьаццаннаш а
Къасторан гяпик (1100)
Монеташ а, банкноташ лелар
Банкноташ 1, 5, 10, 20, 50, 100, 200 манат
Истори
Йукъадалор 15.08.1992
Ахча-хьалха хилларг ССРС сом (SUR) / Российн сом (RUR)
Хроника Азербайджанийн манат (AZM • .1992.15.08 → .2006.31.12)
Азербайджанийн манат (AZN • .2006.01.01 → н/в)
Монеташ а, банкноташ а арахецар
Эмиссионни центр Азербайджанан Республикин Центран банк
www.cbar.az
Мах 25 февралехь 2015 шо
1 RUB = 0,01695 AZN
1 USD = 1,061 AZN
1 EUR = 1,203 AZN
1 GBP = 1,644 AZN
1 JPY = 0,008928 AZN
Мах ша карлабоккхуш бу МВФ а, ЕЦБ а, ЦБ РФ а хаамашца. Дуьззина йаздина хьажа декъехь «Ахчан механ раж».
Category:Money of Azerbaijan Викилармехь

Мана́т (азерб. manat) — Азербайджанан Республикин къоман ахча, лаьтта 100 гяпиках (азерб. qəpik). Ахчан ISO 4217 код AZN, цӀе — Azerbaijan Manat, 2017 шеран 9 июнь кхаччалц — Azerbaijanian Manat.

Азербайджанийн манат йукъадаьккхина 1992 шеран 15 августехь. Йуьхьанца лелаш дара советийн соьмаца цхьаьна, ткъа иштта 1992—1993 шерашкара Российн Банкан билеташца а, хуьйцура 1 манат = 10 сом. 1993 шеран 22 ноябрехь йукъарадаха долийра советийн а, российн а соьмаш, 1994 шеран 1 январехь дуьйна манат хилира цхьаъ бен доцу законехь лелаш долу ахча.

2006 шеран 1 январехь йира деноминаци 5000:1 барамца. Хьалха арахецна ахчан хьаьркаш лийлира 2007 шеран 1 январь кхаччалц.

Таханлера манат ду 6 кепара нархарех а, 7 кепара банкнотех а лаьтташ.

  • Монеташ: 1, 3, 5, 10, 20, 50 гяпик (тӀаьхь терахь дац, арахецна 2006 шарахь)
  • Банкноташ: 1, 5, 10, 20, 50, 100, 200 манат

Банкнотийн дизайн йина австрийн валютийн дизайнера Роберт Калинас, цуо иштта йина хӀинцалера евро банкнотийн дизайн а. Нахарташ кхин а гойту, еврон нахартех гӀеххьа тера билгалонаш хилар.

Банкнотийн цхьа дакъа Азербайджанан Республикин Центран банкан заказца зорба туху доларчу британин De La Rue компанис[1].

1992—1993 шерашкахь арахецар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Дерриг нахартийн са шера бу.

1992 шеран борзанах а, никелах а йина 5, 20, 50 гяпикаш лелаш дацара, уьш доьхкира сувенирашна.

Барам бустар
Сурт Номинал
(гяпикашкахь)
Материал Диаметр
(мм)
Стоммалла
(мм)
Масса
(г)
Арахецаран
шо
5 борза 17 1,35 2,35 1992
наштар 16,5 1,5 0,85 1993
10 наштар 19 1,6 0,98 1992
20 борза 19,5 1,45 3,2 1992
наштар 20 1,5 1,12
1993
50 никель 23 1,5 5,1 1992
наштар 23 1,6 1,51
1993

2006 шарахь арахецнарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Барам бустар
Сурт Номинал
(гяпиков)
Материал Диаметр
(мм)
Стоммалла
(мм)
Масса
(г)
Са
1 болат, цӀеста диллина 16,25 1,9 2,8 шера
3 18 2,15 3,45 чура даьккхина
5 19,75 2,2 4,85 аьгна
10 болат, латунь диллина 22,25 1,95 5,25 шера 7
церг йаьккхина
20 24,25 2,1 6,6 хедош-
аьгна
50 хӀоз: болат
йукъ: болат, латунь диллина
25,5 2,2 7,7 аьгна
йозанца
Azərbaycan
Respublikası

Иэсан нахарташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Иэсан а, юбилейн а нахарташ арахоьцу Азербайджанан Республикин Центран банко дезачу (деший — номиналаш 1, 3, 5, 10, 20, 50 гяпик а, 50, 100, 500, 1000 манат а, детий — номиналаш 5 а, 50 а манат, платина — номинал 500 манат) а, деза доцучу а металлех (цӀеста-никелан лалор — номинал 1 манат). Хьалхара нахарт, лерина дара Физули Мухьаммадан дахаран а, кхоллараллин а 500 шо кхачарна, арахийцира 1996 шарахь.

2017 шеран май беттан хьолашца арахецна 47 тайп-тайпана иэсан нахарташ, царна йукъахь 5 цӀеста-никелан лалорах, 4 детех 925 пробан, 12 детех 999 пробан, 1 дешех 900 пробан, 2 дешех 917 пробан, 22 дешех 999 пробан, 1 платинех 999 пробан.

1992—2001 шерашкара банкноташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Арахецаран шо билгалдаьккхина дац 2001 шеран 1000 манатан банкноташ тӀаьхь бен, кхин а 10 а, 50 а эзар манат тӀаьхь. Дисинчарна тӀаьхь шо гайтина дац, амма 1992—1993 шерашкарчу банкнотийн сери йу X/N, ткъа 1999 шеран банкнотийн — XX.

Банкноташ лийлира 2007 шеран 1 январь кхаччалц.

Сурт Номинал
(манатийн)
Барамаш
(мм)
коьрта беснаш Цунах лаьцна Зорба тоьхна
шераш
Хьалхара агӀо ТӀехьара агӀо Хьалхара агӀо ТӀехьара агӀо
1 125×63 баьццара
ровзанан
Мехкарийн бӀов йоза
«AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI»
1992
сийна
можа
йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI»
а, номиналан билгало
«BİR manat» а
1993
5 125×63 мокха
фиолетан
Мехкарийн бӀов йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI»
а, номиналан билгало
«BEŞ manat» а
1993
10 125×63 мокха
фиолетан
Мехкарийн бӀов йоза
«AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI»
1992
сийна
баьццара
йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI»
а, номиналан билгало
«ON manat» а
1993
50 125×63 цӀиен
сира
Мехкарийн бӀов йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI»
а, номиналан билгало
«ƏLLİ manat»
1993
1999
100 125×63 цӀиен
айсийна
Мехкарийн бӀов йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI»
а, номиналан билгало
«YÜZ manat» а
1993
1999
250 125×63 сийна
баьццара
Мехкарийн бӀов йоза
«AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI»
1992
1999
125px 500 125×63 мокха
айсийна
можа
Низами Гянджевин сурт йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI»
а, номиналан билгало
«BEŞ YÜZ manat» а
1993
1999
1000 125×63 мокха
айсийна
ровзанан
Мамед Эмин Расулзаден сурт йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI»
а, номиналан билгало
«min 1000 manat» а
1993
1999
сийна мехкдаьттапромыслан сурт йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI»
а, номиналан билгало
«MİN 1000 manat» а
2001
10 000 130×65 мокха Ширваншахийн гӀала йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI»
а, номиналан билгало
«ON MİN 10 000 manat» а
1994
50 000 132×66 баьццара Момине хатунан зиярат йоза «AZƏRBAYCAN MİLLİ BANKI»
а, номиналан билгало
«ƏLLİ MİN 50 000 manat»
1995
Суьртийн масштаб — 1,0 пиксель миллиметрна.

2005 шеран банкноташ

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2005 шарахь 2006 шеран деноминацин кечам баран гуран чохь арахийцира «Азербайджанийн сийлалла» серин банкноташ, царна йукъахь банкноташ дара номинал 1, 5, 10, 20, 50, 100 манат йолуш.

2009 шарахь Азербайджанан Къоман Банкан (азерб. Azərbaycan Milli Bankı) цӀе хийцира Центран (азерб. Azərbaycan Mərkəzi Bankı) аьлла, оцу шарахь арахийцира банкноташ номиналца 1 а, 5 а манат эмитентан керлачу цӀарца, 2013 шарахь арахийцира модификаци йина банкнота 100 манатан.

2011 шарахь Азербайджанан финансийн министро дӀахьедира Къоман банкера ахчан комиссин 2 а, 3 а манат номинал йолу банкноташ арахецарх дерг дийца кийча хилар[2], амма иза ца хилира, ткъа 2018 шарахь арахийцира керла банкнота номиналца 200 манат[3].

2005 шеран сери
Сурт Номинал
(манатов)
Барамаш
(мм)
Коьрта
беснаш
Царах лаьцна дийцар Зорба тохаран
шераш
Хьалхара агӀо ТӀехьара агӀо Хьалхара агӀо ТӀехьара агӀо
1 120×70 сира халкъан музыкин гӀирсаш халкъан куза фонехь Азербайджанан карта шебекен фонехь 2005
2009
2017
5 127×70 оранжан Азербайджанан Низами Гянджевин цӀарах литературин музей, Азербайджанан жайнаш, Азербайджанан шатлакхан иллин дакъа, хӀинцалера азербайджанийн латинан йозан элпаш Азербайджанан карта Гобустанeра тархаш тӀиера суьртийн фонехь, ширатюркийн абат текст 2005
2009
2017
10 134×70 айсийна шира Бакох, Ширваншахийн гӀала а, Мехкарийн бӀов ширачу гӀалан Ичери Шехеран фонехь Азербайджанан карта къоман бустамийн фонехь 2005
20 141×70 баьццара тур, шлем а, турса, кавказан офрис Азербайджанан карта къоман бустамийн фонехь, «Qarabağ» («Карабах») дош, тайп-тайпана йозанца йаздина 2005
50 148×70 можа кегийрхой, тӀегӀанаш, Малх, ткъа иштта химин а, математикин а хьаьркаш[4] Азербайджанан карта къоман бустамийн фонехь 2005
100 155×70 фиолетан Бакохан пенийн дакъа, XIX бӀешеран европин хотӀера гӀишло, таханлера Бакох Азербайджанан карта къоман бустамийн фонехь 2005
2013
200 160×70 айсийна Алиев Хьайдаран йукъ Азербайджанан карта къоман бустамийн фонехь 2018
Суьртан масштаб — 1,0 пиксель миллиметрна.

Ахчан курсан раж

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Базаран курс
Google Finance (.../AZN): RUB USD EUR GBP JPY CHF
Yahoo! Finance (.../AZN): RUB USD EUR GBP JPY CHF
XE.com (.../AZN): RUB USD EUR GBP JPY CHF
OANDA.com (.../AZN): RUB USD EUR GBP JPY CHF


Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]