Нал

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Нал
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Sus scrofa
Ареал
сурт
Ларйен статус
Нал
Нал

Нал (лат. Sus scrofa) олу. Муьлххачу а Ӏаламан хьелашца тарлуш Малхбузе Европин а, Кавказан лаьмнийн а хьаннашкахь, генарчу малхбалийн тайгехь а, Юккъерчу Азин, Иранан эрз болчу тогӀешкахь а, Тянь-Шанехь а, альпийски цанашкахь а хуьлуш ду и шатайпа экха. Нелана ца езаш меттиг ю, кӀорга ло дуьллуш йолу Къилбаседе. ХӀунда аьлчи, цунна напгӀа латтош дерг лаьттан тӀоьхлара чкъор ду. Иза гӀорийча а, цунна тӀоьхула стомма ло диллича нал кхин напгӀа доцуш меца юьсу.

  • Нал, иза хӀинца цӀахь кхобуш йолчу хьакхарчийн хьалхенах ю. Нелан гӀиллакхаш цӀахь кхобучу хьакхичух тера ду: чехка болар а, уьш масех цхьана а йолуш борз тӀегӀоьртича цунна майрра доьхьал хӀоттар а.
  • Нал - ницкъ болуш экха ду. Шен деза дегӀ каде леладо цо, лохачу чӀогӀачу, когаш тӀехь. Шена новкъарло ян герга гӀоьртанчу мостагӀчунна каде тӀекхета иза. Буьрса экха шена зене дала тӀедирзича цунна доьхоьал а хӀоттало. Къеначу нелана кхераме доц цхьа а тайпа буьрса экха, цхьа цӀоькъалом доцург. Иштта адам а ду цунна къераме. Оццул ницкъ болуш долу и экха адамо доь герз тухий. Цуьнгара ницкъ, каде хилар, 14 сантиметр, урс санна ира кӀомсарш хилар дика хаьа барзана а, чана а.
  • Нал адамах чӀогӀа кхоьру. Бакъду, чов хилла нал таллархочунна тӀекхета. Кхин яха меттиг боцуш йисчи а йо цо адамана доьхьало. ЦӀеххьана кӀомсар а тухуш тӀеэккха иза. Шайн-шайн реманаш хуьлу оцу акхаройн, шайна хьалхаяьлла боьрша нал а, тӀаьхьахӀиттина кӀорнеш а йолуш. Боьрша йоккха нал ша къаьстана лела хьаннашкахь. Стенаш оре йогӀучу хенахь реманах схьакхета боьрша нал. Царна юккъера кегийранаш лелхайо цо. Стенаш оре лаьцначул тӀаьхьа юха а дӀакъаста боьрша нал. Иза дӀаяхчи юха реманах схьакхета цо дӀакъахкийнарш. Наноша херсеш йичи ондеевлла боьршанаш цхьацца йолий кхерста йолало.
  • Яхка герга яхчи стечу нело лаьттах ор а доккхий шена бен бо, буц а кхин йолу кӀеда хӀума а буха а юьллуш. Херсеш шена тӀаьхьа хӀиттина юьйлаяллалц оцу бен чохь хан йоккху цо. Нанас чӀогӀа дола до шен херсешна. Иштта къасттина болу доьзалаш цхьана а кхетий юха а тохара санна рема йо цара. Оре йогӀучу хенахь боьршачу неларчашна юккъехь боккха тӀом хуьлу. Вовшийн цоьстур яра цара вортан тӀера дуьйна гӀода юккхе кхаччалц чохчам йиллачи санна, кӀомсар дӀа ца леташ стомма неӀ дацахьара. Иза хилар бахьана долуш кӀелхьарайовлу уьш Ӏожаллех. Бакъду даръелла леттачу церан накхош цистина аьрснаш хуьлу. Ноябрехь, декабрехь стенаш оре йогӀучу хенахь, тӀамана кечлуш санна стамло церан и "аьчкан" ботт.
  • Кхерам боцчу меттехь парггӀат юьйлалой лела неларчий, кортош охьа а охкадой, латта охкуш, бецан орамаш дууш яжа а ежаш. ТӀуьнчу меттехь хоттала а Ӏам чу а керча уьш. Цхьана хӀуманах кхерам болуш шеко кхоллаелчи муцӀар ирах а йохуьйтий хьожа яха хӀутту нал. Цо "хуьр-р-р-рюк" аьлла мохь тоьхчи, рема ежачуьра соца, цӀеххьана гулло уьш наной шешан херсешца юккъехь а юьтуш, боьршаниш гондахьа а хӀуьттуш. Нагахь санна таллархой герга гӀерташ белахь, цӀеххьана дӀалелха уьш бекъа эрз, декъа гӀаш, синтарш кегдеш, чехка дур оьций, уггаре а луьстачу хьаннашна, коьллашна юккъехула каде чекхлелхаш оьрнашна, тоьлгашна тӀех лелхаш.
  • Нал шена кхерам болчу меттехь чӀогӀа ларло. Адамаш дӀай, схьай лелачу некъах тӀех яла дага деъчи муцӀар ирах а йохуьйтий хӀаваъ чууьйзуш хьожа йохуш лаьтта иза. Цхьа шеко йолуш хӀума тосаделчи, хьоршам тоьхчи санна тарса а терсий "тӀап" олий йов иза. Оццала каде ду цуьнан дӀаэккхар. Диттан га кагдичи а, цхьакӀеззиг даьллачу татанах кхералой йоду нал. Оццулла само йолуш экха ду иза. Шен кегийрачу бӀаьргашца нелана са дика ца го. Бакъду, хьожанций, лергийн самонций кхастало цуьнга шена кхерамехь дерг, доцург. Неларчий буьйсанна юьйлалой лела. Дийнахь садоӀуш йийшина Ӏохку уьш, адам я экха тӀекхачалур доцчу меттехь.
  • Латта охкуш ор а доккхий цу чу кӀеда мотт а буьллий, охьаюьйшу уьш. И мотт, вай лакхахь ма-аллара, декъачу гӀах, бацах, эрзах буьллу цара. Акха Ӏежаш, хьаьрса хьечаш, кхораш, стеш хуьлучу хенахь оцу стоьмийн хьаннашкхь еха уьш. Ло диллича эрзан тогӀешка охьайогӀу.
  • Неларчаша юуш дуккху а тайпа хӀума ю: соьналлаш, бецан орамаш картолаш, хьаьжкӀаш, хьуьнан бӀараш, массо а тайпа хасстоьмаш, стоьмаш, садолу хӀуманаш, нӀаьний, моьлкъарчий, лаьхьарчий, олхазарийн тойнеш, хӀоьаш, кӀорнеш.
  • Ялташна, хасстоьмашна буьйсанна тӀе лета уьш. Царна чӀогӀа зиэ а до. ЗӀоьмалгах ца кхоьру уьш. Я татанах а ца кхерало. Гондахьа керт йичи а кхочу уьш ялташна тӀе. Керта бухахула охкуш Ӏуьрг а доккхий чекхйовлу уьш. Йийначу нелан жижиг доу хьакха юуш болчара. ЦӀоканах мачийн айраш, доьхкарш до. Цуьнан кхесах шотканаш йо. Нелан херсеш къорза хуьлу, букъа бохалла Ӏаьржа моханаш а йолуш. Каде хуьлу уьш. Шешан юткъийчу, амма чӀогӀачу настарш тӀехь, ловзуш, леккха хьала а кхиссалуш.

Хьажа. кхин[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]