Чулацаман тӀегӀо

Малхбален Тимор

8°45′54″ къ. ш. 126°05′38″ м. д.HGЯO
Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Демократин Республика Малхбален Тимор
Repúblika Demokrátika Timor-Leste[1]
República Democrática de Timor-Leste[2]
Девиз: «Unidade, Acção, Progresso (Кеп:Tr-pt)»
Малхбален Тиморан Шатлакхан Илли
Маьрша йаьлла терахьаш 28 ноябрь 1975 шо (Португалех)
20 май 2002 шо (ХӀиндонезех)
Официалан меттанаш тетум
португалихойн
Коьрта гӀала Дили
Йаккхий гӀаланаш Дили
Ӏедал
Президент Жозе Рамуш-Орта
Премьер-министр Шанана Гужмау
Пачхь. дин Католицизм
Латта
 • Шадерг 15 007 км² (154-гӀа дуьненахь)
Бахархой
 • Мах хадор ▲ 1 291 358[3] стаг (158-гӀа)
АКИ ▲0,605[4](2016) (йукъара; 133-гӀа меттиг)
Экономика
ДЧС (НЭТ)
 • ХӀораннан а сина 2279 долл. (2017)
ДЧС (номинал)
 • Берриг 3,1 млрд долл. (2022)
 • ХӀораннан а сина 2279 долл. (2017)
 • Ахча АЦШн доллар (USD, 840) (IDR, код 360)
Кхин а хаамаш
Интернет-домен .tl
Код ISO TL
Код МОК TLS
Телефонан код +670
Сахьтан аса +9
Автомобилийн некъаш аьрру[вд]
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Малхбален Тимор[5], шолгӀа йоца цӀе Тимо́р-Ле́сте[6], юьззина официалан цӀе — Демократин Респу́блика Малхбален Тимор[5] — Къилба-Малхбален Азин пачхьалкх, дӀалоцу Тимор гӀайренан малхбален дакъа, цул совнах жима эксклав йу (Окуси-Амбено провинци) оцу гӀайренна малхбузе декъехь а, кегий гӀайренаш а Атауру (къилбаседа) а, Жаку а (малхбале).

XVI бӀешарахь мехкан колонизаци йира Португалин империс, йевзара Португалин Тимор санна колонизаци дӀайаккхалц. 1975 шо долалуш Малхбален Тимора кхайкхийра маршо, амма тӀаьхьо оццу шарахь оккупаци йира ХӀиндонезис, ткъа шолгӀачу шарахь — схьаяьккхира хӀиндонезин 27-гӀа провинци санна. 1999 шарахь, Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламо къобал дина дӀакъастаран акт динчул тӀаьхьа, ХӀиндонезин правительствон терго дӀаелира оцу махкара, тӀаккха 2002 шеран 20 майхь Малхбален Тимор хилира дуьххьарлера керла Суверенан пачхьалкх ткъе хьалхарчу бӀешеран. Маршо яьккхинчул тӀаьхьа мохк йукъа бахара Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламан а, Португалхойн мотт буьйцучу мехкийн доттагӀаллин. 2011 шарахь Малхбален Тиморо кхайкхийна шен Къилба-Малхбален Азин пачхьалкхийн ассоциацех дӀакхета лаам, чу кехат а делла тобан цхьайтталгӀа декъашхо хила ният долуш. Иза шиннах цхьаъ керсталлин мохк бу Къилба-Малхбален Азехь (важа — Филиппинаш).

ГӀайренан дуьххьарлера бахархой баьхна Джерималай хьех чохь 60—50 эз. шо хьалха. Вайн эрал 38 - 17 эз. шо хьалхарчу муьрехь Джерималай хьех чохь нах ца Ӏийна, иза доьзна хетарехь, хӀорд чубожарца[7].

Тардалийтарехь 4 эзар шо хьалха Тиморе охьахевшина австралоидан расан векалш, цара буьйцуш хилла шира папуасийн меттанаш. ТӀаьхьа Тимор тӀеховша буьйлабелла австронезийн монголоидан тайпанаш, уьш баьхкина хӀинцалерачу ХӀиндонезин гӀайренаш тӀиера. ТӀаьххьара баьхкина тетумаш — тера ду, XVI бӀешарахь. Тетумаш бина хаъал Ӏаткъам гӀайрен тӀехь хилла къаьмнаш кхиош — тетумашкара масала оьцуш, уьш буьйлабелира шира бахаман гулдар тӀиера латта лело, масала, дуга кхио.

Оцу хенахь (XIV—XVI бӀешерашкахь) Тимор тӀехь хуьлура яван, малайн, цийн махлелорхой, цара хуьйцура меттигерачу бахархошца сандалан дитт, иза дика оьцура Къилба-Малхбален а, Къилба а Азин мехкашкахь.

Португалхой хилира европахойх дуьххьала кхаьчначех, уьш баьхкира оцу махка XVI бӀешарахь, масех эвла йиллира цара Тимор гӀайрен тӀехь, оцу хенахь гуонахьара гӀайренаш карадахнера голландхойн.

Административан йекъайалар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
№БайракхГуоАдм.
центр
Код
ISO 3166-2
ЦӀен.
бахам
Майда[8],
км²
Бахархой[9],
адам. (2010)
Луьсталла,
адам./км²
Гуон
карта
Картан тӀехь
Нохчийнпорт. тетум
1АйлеуAileuAileuАйлеуTL-AL7745676,0244 32565,57
2АйнаруAinaroAinaruАйнаруTL-AN11 527869,7959 17568,03
3БаукауBaucauBaukauБаукауTL-BA22 6591507,95111 69474,07
4БобонаруBobonaroBobonaruМальянаTL-BO18 3971380,8292 04966,66
5ВикекеViquequeVikekeВикекеTL-VI15 1151880,3970 03637,25
6ДилиDíliDiliДилиTL-DI31 575368,12234 026635,73
7Кова-ЛимаCova LimaKovalimaСуаиTL-CO11 8201206,6659 45549,27
8ЛаутенLautémLauteinЛоспалосTL-LA12 9981813,1159 78732,97
9ЛикисаLiquiçáLikisáЛикисаTL-LI11 063550,9563 403115,08
10МанатутуManatutoManatutuМанатутуTL-MT83381785,9642 74223,93
11МануфахиManufahiManufahiСамеTL-MF89011326,6048 62836,66
12Окуси-АмбеноOecusseOe-Kusi AmbenuПанте-МакасарTL-OE13 659817,2364 02578,34
13ЭрмераErmeraErmeraГленуTL-ER21 165770,83117 064151,87
Массо194 96214 954,431 066 40971,31

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. ↑ Konstituisaun
  2. ↑ Constituição
  3. ↑ World Population Prospects: The 2017 Revision (инг.). United Nations, Department of Economic and Social Affairs, Population Division (2017 шеран октябрь). — (custom data acquired via website). ТӀекхочу терахь: 2017 шеран 14 ноябрь.
  4. ↑ Human Development Index and its components (инг.). Программа развития ООН. — Доклад о человеческом развитии (2016) на сайте Программы развития ООН. ТӀекхочу терахь: 2017 шеран 14 ноябрь.
  5. 1 2 Государства и территории мира. Справочные сведения // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 15. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
  6. ↑ Классификатор стран мира (ОКСМ) Архивйина 2009-12-07 — Wayback Machine
  7. ↑ Археологи откопали на острове Тимор древнейшие рыболовные крючки, 25.11.2011
  8. ↑ Direcção Nacional de Estatística: 2010 Census Wall Chart (English) Архивйина 2011-08-12 — Wayback Machine
  9. ↑ Highlights of the 2010 Census Main Results in Timor-Leste English Архивйина 2013-09-28 — Wayback Machine