Чулацаман тӀегӀо

Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьнан а дуьненайукъара-бакъонийн статус

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Йаззамехь йуьйцу Абхазин Республикин а, Къилба ХӀирийчоьнан Республикин хӀинца йолу дуьненайукъара-бакъонийн статус, ткъа иштта тӀаьхьа хила тарло хийцамех хаамаш а буьйцу.

Къилба ХӀирийчоьнан Республикин (КЪХӀР) Лакхара Кхеташоно республикин маршо кхайкхийна 1992 шеран 29 майхь[1] Гуьржийчоьнца герзашца дов хиллачул тӀаьхьа.

Абхазиc маршо кхайкхийра 1992-1993 шерашкахь Гуьржийчоьнца тӀом хиллачул тӀаьхьа. Шена чохь республико маьрша пачхьалкх а, дуьненайукъара бакъонийн субъект а кхайкхийна йолу цуьнан конституции тӀеийцира Абхази Республикин Лакхарчу Кхеташоно 1994 шеран 26 ноябрехь [2].

Маьрша республикаш кхайкхоро шуьйра дуьненайукъара гӀовгӀа ца яьккхира, 2000-гӀа шерийн шолгӀа дакъа тӀекхаччалц и пачхьалкхаш цхьаммо а къобал ца йира.

2006 шарахь Абхазис а, Къилба ХӀирийчоьно а вовше къобал йира; цул сов, церан маршо къобал йира къобал янза йолчу Депрйисттера Молдавин Республико а, Ломан-Карабахан Республико а.

Дуьненахь уьш къобал яран хьал хийцаделира Къилба ХӀирийчура тӀом чекхбаьлча 2008 шеран августехь.

Дов хиллачул тӀаьхьа шинне республикин маршо къобал йира Российс. Цунна доьхьала Гуьржийчоьнан парламенто «Гуьржийчоьнан мохк Россин Федерацис дӀалацарх лаьцна» цӀе йолу сацам бира[3].

И хиламаш чекхбевлча реакци хилира кхечу мехкийн а, дуьненайукъара кхолламийн а.

Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьнан а маршо къобал йар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьнан а дуьненайукъара-бакъонийн статус
     Абхази а, Къилба ХӀирийчоь а      Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьнан а маршо къобал йина мехкаш.      Къилба ХӀирийчоьнан а маршо къобал йина мехкаш.      Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьнан а маршо къобал ца йина мехкаш.

ВКЪКХ пачхьалкхаша-декъашхоша маршо къобал йар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
МохкАбхази
къобал йина терахь
Къилба ХӀирийчоь
къобал йина терахь
Коьрта
дуьненайукъара
кхолламашкахь
дакъалацар
1Росси Россин Федераци26 августехь 200826 августехь 2008 ВКЪКХ КХКХ
(гуттаренна декъашхо)

ЛПД
ОДКБ
ШЮДКХ
2Никарагуа Республика Никарагуа5 сентябрехь 20085 сентябрехь 2008 АЛБА
АПКХ
3Венесуэла Боливаран Республика Венесуэла10 сентябрехь 200910 сентябрехь 2009 АЛБА
КЪАКЪКХ
ОПЕК
4Науру Республика Науру15 декабрехь 200916 декабрехь 2009ТОГӀФ
Къамнийн ДоттагӀалла
5Шема Шеман Ӏаьрбийн Республика29 майхь 201829 майхь 2018

Къобал янза я цхьаццама къобал йинчу пачхьалкхаша маршо къобал яр

[бӀаьра нисйан | нисйан]
МохкАбхази
къобал йина терахь
Къилба ХӀирийчоь
къобал йина терахь
СтатусДуьненайукъара кхолламашна
йукъахь хилар
1  Абхази 17 ноябрехь 2006 Цхьаццама къобал йина ЛДП-2
2  Къилба ХӀирийчоь 17 ноябрехь 2006[4] Цхьаццама къобал йина ЛДП-2
3 Приднестровье17 ноябрехь 2006[4]17 ноябрехь 2006Къобал йанзаЛДП-2
4 Саьхьаран Ӏаьрбийн Демократин Республика30 сентябрехь 2010
(де-факто)[5][6][7][8][9][10][11]
Цхьаццама къобал йинаАфрикин барт

Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьнан а маршо къобал йина ВКЪКХ Пачхьалкхаш-декъашхой

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2008 шеран 18 февралехь РФ Пачхьалкхан думас сацам-реакци йира Косовн маршо кхайкхорна а, иза ВКЪКХ Кхерамазаллин кхеташонан пхийттаннах йалх декъашхочо къобал йарна а, цунна чохь билгалдаьккхина, оцу факташа РФ некъ босту советийн хиллачу аренашкара къобал банза мехкийн статусан хаттар кхочуш дан (аьлча а Къилба ХӀирийчоьн, Абхазин, Приднестровьен, Ломан Карабахан).

2008 шеран 8 августехь буьйлабелира жигара тӀемаш цхьаьна агӀора Гуьржийчоьний, вукха агӀора Абхазиний, Къилба ХӀирийчоьний. Росси официалан девна йукъаяхара тӀаьхьарчеран агӀора.

2008 шеран 20 августехь Абхазин парламента дийхира Российга республикин маршо къобал яр[12].

2008 шеран 21 августехь и дехар къобал дира Абхазин дерриг къоман гуламо[13].

Медведев Дмитрийс кхайкхадо Российс Абхазин а, Къилба ХӀирийчоьн а маршо къобал яр
Россин президентан Абхази къобал ярах омар
Россин президентан Къилба ХӀирийчоь къобал ярах омар
Россин Президента Медведевс схьаоьцу тешамаллин грамоташ Къилба ХӀирийчоьн векалегара Медоевгара
Россин Президента Медведевс схьаоьцу тешамаллин грамоташ Абхазин векалегара Ахбегара

2008 шеран 22 августехь иштта дехар деира Къилба ХӀирийчоьнан парламентера[14].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Акт провозглашения независимости Республики Южная Осетия Архивйина 2022-04-06 — Wayback Machine
  2. Конституция Республики Абхазия Архивйина 2009-03-21 — Wayback Machine
  3. Грузия объявила Южную Осетию и Абхазию оккупированными территориями РИА «Новости»
  4. 1 2 Страны, признавшие независимость Республики Абхазия. Посольство Республики Абхазия в Боливарианской Республике Венесуэла. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 5 апрель. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 18 февралехь Архивйина 2016-03-22 — Wayback Machine
  5. ПОЛИСАРИО: «Западная Сахара признает независимость и суверенитет Южной Осетии» // Regnum, 29.09.2010
  6. Константин Кочиев: независимость Южную Осетию признает Западная Сахара // Кавказский Узел, 30.09.2010
  7. Независимость Южной Осетии признала непризнанная Западная Сахара, на очереди — Алжир // NEWSru.com, 30.09.2010
  8. Грузия: Непризнанная Западная Сахара признала Цхинвал Архивйина 2015-06-22 — Wayback Machine // Росбалт, 30.09.2010
  9. Semi-Recognized Western Sahara to Recognize South Ossetia // Georgian Daily, 29.09.2010
  10. Sahara Occidental discute independencia de Osetia del Sur // Russia Today, 30.09.2010
  11. Semi-Recognized Western Sahara to Recognize South Ossetia
  12. Абхазский парламент попросил у России признания независимости
  13. Народный сход в Абхазин проголосовал за независимость от Грузии
  14. Парламент Южной Осетии попросил Россию о признании