Туркойчоь
| Туркойчоь | |||||
|---|---|---|---|---|---|
| турк. Türkiye Cumhuriyeti | |||||
| |||||
|
Девиз: «Yurtta Barış, Dünyada Barış («Машар цӀахь, машар дерриг дуьненахь»)» |
|||||
| Туркойчоьнан Шатлакхан Илли | |||||
|
|
|||||
| Истори | |||||
| • 1077 |
|
||||
| • 1299 |
|
||||
| • 1923 ш. 29 октябрь |
|
||||
| Официалан мотт | Туркойн | ||||
| Коьрта гӀала | Анкара | ||||
| Йаккхий гӀаланаш | Истмала, Анкара, Измир, Бурса, Адана, Анталья, Конья, Мерсин | ||||
| Урхаллин тайпа | Парламентан республика[1] | ||||
| Латта | |||||
| • Шадерг | 783 562[2] км² (35-гӀа дуьненахь) | ||||
| • % хина тӀехле | 2,03 | ||||
| Бахархой | |||||
| • Мах хадор | ▲ 85 372 377[3] стаг | ||||
| ДЧС (НЭТ) | |||||
| • Шадерг (2023) | 4,153 трлн[4] долл. (10-гӀа) | ||||
| • ХӀораннан а сина | Кеп:Число[4] долл. | ||||
| АДКИ (2021) | ▲ 0,838[5] (чӀогӀа лакхара; 48-гӀа меттиг) | ||||
| Бахархойн цӀерш | турко, туркой | ||||
| Ахча | Туркойчоьнан лира (TRY, код 949) | ||||
| Интернет-домен | .tr | ||||
| Код ISO | TR | ||||
| Код МОК | TUR | ||||
| Телефонан код | +90 | ||||
| Сахьтан аса | UTC+3 | ||||
| Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[вд][6] | ||||
Ту́ркойчоь йа Хункар-Мохк (турк. Türkiye [ˈtyr̝cije]), официалан — Туркойн Респу́блика (турк. Türkiye Cumhuriyeti [ˈtyr̝cije d͡ʒumhuːɾije'ti]), — Малзбузен Азера (97 %) а, Къилба Европера (3 %) пачхьалкх. Бахархой — 85 372 377 стаг.[3] (2024, дуьненахь 19-гӀа меттиг), майда — 783 562 км² (36-гӀа меттиг). Туркойчоьнан доза ду 14 пачхьалкхаца.
Анкара коьрта шахьар йолу унитаран пачхьалкх. Пачхьалкхан мотт — туркойн мотт.
Кхузаманан Туркойчоь кхоллайелла 1923 шарахь Хьалхара дуьненан тӀамехь эшар бахьнехь, цул тӀаьхьа туркойн къоман хиллачу къоман-маршадаккхаран тӀом бахьнехь, монархи дӀайаккхар бахьнехь, Ӏусманан импери йекъайалар бахьнехь, малхбален Фракехь, Жима Азехь, Эрмалойн акъари тӀаьхь туркойн къоман пачхьалкх йиллар бахьнехь. Ӏусманан империн йукъ хилале хьалха, и регион историн йохаллехь йара ладаме дакъа шира пачхьалкхийн: Хеттийн пачхьалкхан, Ассирин, Урартун, Сийлахь-йоккха Эрмалойчоьнан, Византин, Гуьржийчоьнан (Колхидин а, Иберин а), ГӀажарийчоьнан, Руман, кхин а.
Индустриалан мохк цхьаьнаэшшара кхуьучу экономикица. Бахархойн синна ЧВС чухоамца а, эцаран хьуьнараллин паритетца а — 41 887 доллар шарахь (2023). 2023 шарахь Туркойчоьнан ЧВС номиналца хилира 1,154 трлн долл.; ЧВС эцаран хьуьнараллин паритетца — 3,613 трлн долл.; ЧВС чухоам номиналца хӀора синная — 13 383 доллар шарахь. 2026 шеран 1 январехь Туркойчохь белхан алапан минимум ― 33 эзар лира[7] (654 евро йа 751$)[8].
НАТО-н декъахо 1952 шарахь дуьйна, Европин кхеташонан декъахо 1949 шарахь дуьйна, Экономикин цхьаьнагӀуллакхдаран а, кхиоран а кхоллам декъахо 1961 шарахь дуьйна, кхин а Евробертан официалан кандидате декъахо 1999 шарахь дуьйна.
Этимологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дош схьадолу шина дашах Туркой + чоь, оцу дашо гойту туркой беха меттиг. 1299—1922 шерашкахь хилла Ӏусманан имперех, цуьнан заманхоша «Туркойчоь» йа «Туркойн импери» олура.
2022 шарахь ВкъКх-но Туркойчоьнан республикин официалан кехаташ тӀехь цӀе хийца аларан дехарна жоп делира. «Туркойн Республикин» (инг. Republic of Turkey, фр. République de Turquie) цӀе хийцира «Республика Туьркие» (инг. Republic of Türkiye, фр. République de Türkiye). Йацйина вариант хӀинца хир йу Туьркие (инг. Türkiye), ткъа Turkey, Turkei йа Turquie дӀайоху[9][10].
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Туркойчоь лаьтта малхбален эхигехь. Цуьнан майда (чоьхьара хишца) 779 452 км² йу. Туркойчоьнан коьрта дакъа — 97 % — лаьтта Азехь, кхин а 3 % — Европехь.
Туркойчоьнан мехкан коьрта агӀо йу Жима Ази ахгӀайре, иза йерриг а цо дӀалаьцна йу. Туркойчоьнан Европера меттигех Румели олу. Пачхьалкхан географин башхалла йу иза лаьттар мехала некъаш вовшахкхеттачу меттехь, цара ширачу заманахь дуьйна Европа Азица, Ӏаьржа хӀордан пачхьалкхаш а, халкъаш а Лаьттайуккъера хӀордаца уьйр йолуш хилла. Тахана Туркойчоьнахула лела автомагистралаш а, аьчканекъаш а, Европа Азин дуккха а пачхьалкхашца зӀене йоккхуш.
Мехкан коьрта дакъа Жима Азина, йа Анатолина а, Эрмалойн акъарина а догӀу, жимхадерг — Ӏаьржа а, Лаьттайуккъера а хӀордашна йукъахь Балканан ахгӀайре тӀехь[11][12].
Уггаре деха туркойн мехкан доза малхбузера малхбалехьа ду — 1600 км, Къилбаседера къилбехьа — 600 км. Кхаа агӀор хӀордаш ду: къилбаседехьа — Ӏаьржа хӀорд, малхбузехьа — Эгейн хӀорд, къилбехьа — Лаьттайуккъера хӀорд. Туркойчоьнан Европин а, Азин а дакъош декъна ду хин системо, цуо хӀорда чухула Ӏаьржа хӀорд чуьра Эгейн хӀорд чу вуьгу Мармаран хӀорд чухула, Босфор а, Дарданелла а хидоькъе чухула. Босфоран къилбехьа декъехь Дешин маӀа бухтех (Мармаран хӀорд) лаьтта уггаре хазачех дуьненан гӀала а, уггар луьста бахархой болу а Туркойчоьнан гӀала — Истмала (хьалха Константинополь).
- Фетхиехь полланийн тогӀе
- Баганан хьун Туркойчохь
- Ӏа Туркойчохь
Дозанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Туркойчоьнан 8 пачхьалкхаца латта тӀехула а, 6 пачхьалкхаца хӀорда тӀехула а доза ду.
Латта тӀехулара дозанаш:
ХӀордан дозанаш:
Пайден маьӀданаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Туркойчохь 100 сов тайпана пайден маьӀданаш ду. Махкахь ду дуккху а кепара маьӀданаш, ламанан-химин, дагорган-энергетикин аьргаллин. Уггаре хьалха, хьахо деза хроман, вольфраман, цӀестан маьӀданаш, бораташ, мармар, тӀулган кӀора, кхин а. Туркойчохь ду 25 % дуьненайукъара гинсу запасаш.
2022 шеран декабрехь Туркойчоьнан къилба-малхбалехь карийна Ширнак илехь Габар лам болчохь карийна мехкдаьтта доллу меттиг. Церан запасашна маххадабо 150 млн баррель[13][14].
Климат
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Туркойчоьнан климат ― лаьттайуккъера, барамера-хӀордан, континенталан, ломан йу.
Туркойчоь доккхачу декъанна лаьмнин пачхьалкх йу, цундела цуьнан климат дукха хьолахь хийцало локхалле хьаьжжина. Пачхьалкхан йуккъерачу декъехь барамера Континентан климатӀконтинентан йовха, йекъа аьхка а, дикка шийла Ӏа а долуш йу. Эгейн хӀорданӀЭгейн а, Лаьттайуккъера хӀордан хӀордан климат йу, Ӏа чӀогӀа кӀеда хуьлу. Ӏаьржа хӀордан бердашца хӀордан климат йу, догӀанаш алссам догӀу, Ӏа шийло хуьлу, наггахь бен ца хуьлу нулел лахара температураш. Къилба-малхбалехь субтропикан йу, тропикан а, гӀум-аренан а температурин герга йу, чӀогӀа йовха аьхке йолуш.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏусманал хьалхара мур
[бӀаьра нисйан | нисйан]
- 1071 шеран 25—26 август[15] — Манцикертера тӀом (Маназкерт, Манзикерт, историн Эрмалойчуьра гӀала, хӀинца Туркойчоьнан малхбалехь, Муш провинцехь). Туркоша-сельджукаша Алп-Арслан коьртехь волуш иэшийна византихой, йийсар вина церан императора Роман IV Диоген.
- 1077 шо — кхоллайелла Конин (Руман) султанат, туркойн-сельджукийн пачхьалкх коьрта шахьар Конья йолуш, цуо тӀаьхь-тӀаьхьа шордина шен дозанаш берриг аьлча санна Жима Азин махкахула.
- 1243 шо — Конин султанатах хилла Иранан ильханийн (ХулагугӀеран) монголийн вассал. 1307 шарахь Руман султанат йекъайелла кегийра олаллашка. Царех цхьаъ — Ӏусманан бейлик, XIV бӀешо долалуш Ӏусманан империн буьйр хилла.
- 1284 шо — хьалхарчу испанин «Estoria de Espanna» хроникехь Альфонсо X паччахьо хаам бо коьрта шахьар Экбатана йолчу Туркия (Turquia) паччахьаллех[16].
- 1299 шарахь Ӏусман, Эртогрулан кӀанта а, когаметтаволчо а, «султанан» титул тӀе а эцна Конин султанийн Ӏедал къобал ца дина. Цуьнан цӀарах туркойх ала долийна Ӏусманан туркой, йа Ӏусманаш. Жима Азехь церан Ӏедал даьржаш а, чӀагӀлуш а дара, Конин султанашка царна дуьхьало ца йан лора.
- 1318 шарахь ХулагугӀара, вожийра тӀаьххьара сельджукгӀеран султан, йохийра и пачхьалкх.
- Византин империно Ӏусманан туркойх пайдаоьцура шен тӀемашкахь Болгарица а, Сербица а. Жимачу Азехь хьалха Византин долахь хиллачу латтанаш тӀехь Ӏусманан султанаша шайн куьйга кӀел кхин туркойн пачхьалкхаш вовшахтоха йолийра, 1326 шарахь византийшкара схьадаьхначу латтанаш тӀехь туркойн султанат кхоьллира, цуьнан коьрта шахьар Бурсехь а йолуш.
Административан йекъайалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]

Транспорт
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Туркойчоьнан космосан агенталла (ТКА)
[бӀаьра нисйан | нисйан]2018 шеран 13 декабрехь Туркойчоьнан Президенто Тайип Эрдогана официалан кхоьллина Туркойчоьнан космосан агенталла (ТКА), цунна финансаш латтор йу пачхьалкхан бюджетера[17].
Туризм
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Туркойчохь дика кхиъна йу туристийн сервис а, инфраструктура а. Иза доьзна ду хӀордан курорташ хиларца а, кхин тайп-тайпана сийлаллаш хиларца а.
Арахьара йохк-иэцар
[бӀаьра нисйан | нисйан]2017 шарахь[18] Туркойчоь 27-гӀае меттигехь йара арахьара йохк-иэцаран чухоамца, экспортан маххадабоа $166 млрд, импорт — $214 млрд, арахьара йохк-иэцаран харц сальдо йара — $48,6 млрд.
Экспортан структурехь а алсама ду кийча сурсат, цврна йукъахь машенаш а, транспорт а, гӀирс а (33 % кхаччалц), йайн промышленностан сурсат, царна йукъахь духар а, мачаш а (18,2 %), металлаш а, лаламаш а, царна йукъахь болат а, прокат а (11,6 %), химин сурсаташ, царна йукъахь машена чкъургаш а, маьӀа Ӏумнаш а (8,8 %). Экспорте доьду иштта деши, ювелиран хӀуманаш, тайп-тайпана йуьртабахаман сурсаташ (стоьмаш, бӀараш, йалта, тонка). Коьрта оьцу пачхьалкхаш: Германи — 10 %, Йоккха Британи — 6,1 %, Итали — 5,6 %, ӀЦЭ — 5,5 %, Ӏиракъ — 5,4 %, АЦШ — 5,3 %; Россин дакъа — 1,9 %.
Махка йахьа коьртаниг машенаш, электроника, запасан дакъош (22,6 %), металлаш, лаламаш (13,5 %), транспортан гӀирсаш (11 %), деши (8 %), кхин а йуьртабахаман а, химин а аьргалла. Коьрта сурсаташ латториг: Цийчоь — 11 %, Германи — 10 %, Росси — 6,2 %, Итали — 5,3 %, АЦШ — 5,3 %.
2017 шеран хьолехь мехко 29-гӀа меттиг йоккху арахьарчу декхаран барамца - $429,6 млрд[19].
Оьздангалла
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Кухни
[бӀаьра нисйан | нисйан]Музыка
[бӀаьра нисйан | нисйан]Къоман гӀирсаш: танбур, кеманча, уд, сантур, канун, рубаб, дарбука.
Спорт
[бӀаьра нисйан | нисйан]Футбол
[бӀаьра нисйан | нисйан]Уггаре гӀарайаьлла спортан тайпа ду футбол.
ТӀеман ницкъаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]

Туркойн герзан ницкъаш (Türk Silahlı Kuvvetleri) — Туркойн Республикин герзан ницкъаш, пачхьалкхан паргӀато а, йозуш ца хилар а, мехкан цхьаалла а ларйарехь гӀуллакх деш бу. 2025-чу шарахь туркойн эскарехь 481 эзар стаг вара[20].
Галерей
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Зевгмера мозаикин музейра экспонат
- Зевгмера руман мозаикин деталь Ахелой
- Каппадокин ландшафт
- Каппадоки — хьехийн йартийн мохк
- Эрмалойн паччахьан каш. Немрут лам
- Айя-Софира серафиман мозаика
- Памуккале терахьаш
- Султанахьмадан маьждиг Истмала гӀалахь
- Айя-Софин лакхара гӀат тӀера Султанахьмадан маьждиг гар
- Галатан бӀов буса
- Медузин коьртаца бӀогӀамаш
- Медузин корта. Дидим, Туркойчоь
- Истикляль урам тӀера килс
- Армуду стакан чохь туркойн чай
- Малхбален къаьхьуо
- Туркойн къаьхьуо кхехкайо цӀеста джезва
- Тайп-тайпана кепара рахат-лукум Истмалан туьканан гӀопаст тӀаьхь
- Рахат-лукуман масех вариант, кокосан чӀеш тӀетесна
- Ромб кепара хадийна 80 гӀат йолу пахлава
- Газиантепера фисташкин пахлава, Туркойчоь
- Эцархойн самукъадоккхуш ву туркойн морожни йухкург
Панорамаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажа иштта
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Комментареш
Хьосташ
- ↑ Безграничные полномочия: Турция стала президентской республикой. Вести.ру. ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 13 февраль. Архивйина 2021 шеран 14 майхь
- ↑ Turkey (инг.). The World Factbook. CIA. ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 13 февраль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2021 шеран 10 январехь Архивйина 2021-01-10 — Wayback Machine
- 1 2 Adrese Dayalı Nüfus Kayıt Sistemi Sonuçları, 2021. data.tuik.gov.tr. ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 6 февраль. Архивйина 2022 шеран 4 февралехь
- 1 2 Report for Selected Countries and Subjects. ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 24 январь. Архивйина 2021 шеран 29 январехь
- ↑ 2020 Human Development Report. United Nations Development Programme (2020). ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 23 март. Архивйина 2020 шеран 15 декабрехь
- ↑ http://chartsbin.com/view/edr
- ↑ 2026 Asgari Ücret Ne Kadar Oldu? Net ve Brüt Rakamlar(бил-боцу.). www.pluxee.com.tr (2024 шеран 8 июль). ТӀекхочу терахь: 2026 шеран 1 март.
- ↑ Servet Yanatma. Minimum wages in 2026: Which countries pay the most across Europe? (инг.). www.euronews.com (2026 шеран 3 февраль). ТӀекхочу терахь: 2026 шеран 1 март.
- ↑ ООН сменила название Турции. ria.ru. РИА Новости (2022 шеран 2 июнь). ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 2 июнь. Архивйина 2022 шеран 2 июнехь
- ↑ Yürük, Betül; Yusupov, Abdulrahman. ООН одобрила смену международного названия Турции на Türkiye. aa.com.tr. Анадолу (2022 шеран 2 июнь). ТӀекхочу терахь: 2022 шеран 2 июнь. Архивйина 2022 шеран 2 июнехь
- ↑ Энциклопедия Британника, статья Turkey Архивйина 2008-06-25 — Wayback Machine
- ↑ Большой энциклопедический словарь, статья Туркойчоь: … Большая часть Турции занята Анатолийским плоскогорьем и Армянским нагорьем (высота до 5165 м, г. Б. Арарат), на севере — Понтийские горы (высота до 3937 м), на юге — хребты Тавра (высота до 3726 м)…
- ↑ В Турции открыли нефтяное месторождение с запасами 150 млн барр. РБК (2022 шеран 12 декабрь). ТӀекхочу терахь: 2024 шеран 12 март. Архивйина 2024 шеран 12 мартехь
- ↑ На юго-востоке Турции открыли крупное месторождения нефти. neftegaz.ru (2022 шеран 13 декабрь). ТӀекхочу терахь: 2024 шеран 12 март. Архивйина 2024 шеран 12 мартехь
- ↑ Die byzantinischen Kleinchroniken / Hrsg. von P. Schreiner. — Wien: Verlag der ÖAW, 1979. — Т. 1. — С. 170. — (Corpus Fontium Historiae Byzantinae).
- ↑ Primera Cronica General. Estoria de España. Tomo I. — Madrid, Bailly-Bailliere e hijos, 1906, стр. 60
- ↑ В Турции официально учредили Государственное космическое агентство Архивйина 2022-06-21 — Wayback Machine // ТАСС
- ↑ Туркойчоь на справочнике внешней торговли The Observatory of Economic Complexity. ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 20 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2019 шеран 19 августехь
- ↑ МогӀам стран по размеру внешнего долга. NoNews. ТӀекхочу терахь: 2019 шеран 20 ноябрь. Архивйина 2019 шеран 11 апрелехь
- ↑ Quillen, Stephen. Can Europe offer Ukraine meaningful security guarantees without the US? (инг.). Al Jazeera. ТӀекхочу терахь: 2025 шеран 3 март. Архивйина 2025 шеран 3 мартехь
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Алиев Г. З. Турция в период правления младотурок. — М.: Наука, 1972. — 388 с. — 4200 экз.
- Библиография Турции (1917—1975). — М., 1982.
- Воейков А. И., Водовозов В. В., Рихтер Д. И. Турция // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Горшков В. Н. § 1. Турция // Новейшая история стран Азии и Африки, XX век: Учебник для студентов высших учебных заведений: В 3 ч. — Часть 3: 1945—2001 / Под ред. А. М. Родригеса. — М.: Гуманитарный издательский центр Владос, 2003. — С. 4—14. — 320 с. — 25 000 экз. — ISBN 5-691-00644-4. — ISBN 5-691-00821-8.
- Еремеев Д. Е. На стыке Азии и Европы: очерки о Турции и турках / Отв. ред. М. С. Мейер. — М.: Наука (Главная редакция восточной литературы), 1980. — 240 с. — 15 000 экз. (обл.)
- Еремеев Д. Е., Мейер М. С. История Турции в Средние века и Новое время. — М.: Издательство МГУ, 1992.
- Еремеев Д. Е. Турция в годы Второй мировой и «холодной» войн (1939—1990). — М.: Академия гуманитарных исследований, 2005.
- Исазаде А. Р. Государственный строй и правовая система Турции. — Баку: 2005.
- Капитализм в Турции: Социально-экономическое развитие в 50—80-х годах. — М., 1987.
- Киреев Н. Г. История Турции, XX век. — М.: Институт востоковедения РАН; Крафт+, 2007.
- Киреев Н. Г. Развитие капитализма в Турции. — М.: Наука, 1982.
- Лудшувейт Е. Ф. Турция: экономико-географический очерк / Отв. ред. Ушаков; Переплёт художника В. Н. Ходоровского. — М.: Географгиз, 1955. — 400 с. — 10 000 экз.
- Мейер М. С. Ӏусманан импери в XVIII веке: Черты структурного кризиса. — М.: ГРВЛ, 1991.
- Миллер А. Ф. Турция и проблема проливов. — М., 1947.
- Миллер А. Ф. Краткая история Турции. — М.: Госполитиздат, 1948.
- Моисеев П. П. Турецкая Республика: Крестьянство и социально-политические процессы в деревне. — М.: Наука, 1994. — 182 с.
- Национально-освободительная борьба в Турции 1918—1923 гг. — М.: 1966.
- Новейшая история Турции. — М.: Наука. 1968.
- Орешкова С. Ф., Ульченко Н. Ю. Россия и Турция (проблема формирования границ) / Отв. ред. М. Р. Арунова. — М.: Институт востоковедения РАН, 1999. — 230 с.
- Поспелов Е. М. Географические названия мира. Топонимический словарь / отв. ред. Р. А. Агеева. — 2-е изд., стереотип. — М.: Русские словари; Астрель; АСТ, 2002. — 512 с. — 3000 экз. — ISBN 5-17-001389-2.
- Поцхверия Б. М. Турция между двумя мировыми войнами (очерки внешней политики) / Отв. ред. М. А. Гасратян. — М.: Наука, 1992. — 254 с.
- Проблемы современной Турции. М.: 1963.
- Розалиев Ю. Н. Экономическая история Турецкой Республики / Отв. ред. А. Искандеров. — М.: Наука, 1980.
- Турция: История и современность. — М., 1988.
- Турция. Современные проблемы экономики и политики. / Отв. ред. Е. И. Уразова. — М.: Институт востоковедения РАН, 1997.
- Турецкая республика. Справочник / Отв. ред. Н. Ю. Ульченко, Е. И. Уразова. — М.: 2000.
- Турция между Европой и Азией. Итоги европеизации на исходе XX века / Отв. ред. Н. Г. Киреев. М.: Институт востоковедения РАН, Крафт+, 2001.
- Уразова Е. И. Экономика Турции: От этатизма к рынку (внутренние и внешние источники экономического роста). — М.: Наука, 1993.
- Yapp M. E., Dewdney J. C. Turkey // Encyclopædia Britannica.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Викиларма: Атлас: Туркойчоь 
- Официальный сайт Турции (инг.). ТӀекхочу терахь: 2024 шеран 11 февраль. Архивйина 2015 шеран 22 майхь
- Что такое Турция?
- Лидия Сычёва. Путь к Босфору.
- Профиль на BBC News
- Профиль на UNESCO