Адыгейчоь

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Российн Федерацин регион

Адыгейчоь
Адыгэ Республик

Flag of Adygea.svg Coat of arms of Adygea.svg
Байракх ХӀост

Адыгейчоь Российн картан тӀехь

Коьрта гӀала

Майкоп

Майда

80-гӀа

- Массо
- хина тӀехуле %.

7792 км²
6,9[1]

Бахархой

74-гӀа

- Массо
- Луьсталла

444 403 (2013)

57,03/км²

ДЧС

76-гӀа

- Массо, карарчу мехаца
- ХӀораннан а сина

46,1 млрд. сом. (2010)

84,2 эзар. сом.

Федеральни гуо

Къилба

Экономикан кӀошт

Къилбседа-Кавказан

Пачхьалкхан мотт

адыгейн, оьрсийн

Республикан корта

Мурат Кумпилов

Премьер-министр

Наролин, Александр Владимирович

Пачхьалкхан Советан — Хасэ председатель

Нарожный, Владимир Иванович
ХӀост Адыгейчоьнан шатлакхан илли

РФ регионан код

01
ISO 3166-2 код RU-AD

Сахьтан аса

UTC+03:00

СовгӀаташ:

Ленинан Орден Халкъийн доттагӀаллин орден

Официальни сайт:

http://www.adygheya.ru/
Российн Банкан 10 сом мах болу иэсан нахарт (2009)
Адыгейчоьн физикан карта

Респу́блика Адыге́й (адыг. Адыгэ Республик; йоца цӀе: Адыге́йчоь) — Российн Федерацин субъект, цунна юкъара республика[2], Къилба федералан гуон юкъайоьду, Къалбаседа-Кавказан экономикан кӀоштан дакъа. Коьрта шахьар — Майкоп гӀала.

Республикан мехкан массо а агӀора гуо бина Краснодаран махко.

Кхоьллина 1922 шарахь 27 июлехь Адыгейн (Чергазийн) автономин область аьлла Кубанан-ӀаьржахӀордан областан Майкопан а, Екатеринодаран а дакъойн махкахь, 1928 шеран августехь цӀе хийцина Адыгейн автономин область аьлла, 1991 шеран 3 июлехь республика йина[3][4].

Пачхьалкхан меттанаш: оьрсийн а, адыгейн а. Иштта баьржина эрмалойн, украинийн, кхурдийн меттанаш.

Географин хьал[нисъе | нисъе чухулара]

Республикан къилбаседа дакъа — акъари, къилба — ломан кӀажош а, Йоккха Кавказан лаьмнаш а. Мехкан 40 % гергга (280 эз. га гергга) дӀалоцу хьаннаш, дукхаха ерш шуьйра гӀа долуш ю (поп, наж, пха, лега). Коьрта хиш: Кубань, Лаба, Бели.

Ӏаламан тӀаьхьалонаш[нисъе | нисъе чухулара]

Адыгейчохь хьаннийн тӀаьхьалонаш шорта ю, цара дӀалоцу мехкан кхоалгӀа сов дакъа, къилба агӀора. МаьӀданех кӀеззиг Ӏаламан газ ю, шорта бу гӀишлошъяран гӀирсаш (жагӀа, гӀум, сацкъар-латта, кир-маьӀда), республикан лаьмнашкахь доллу кӀеззиг деши[5], маьӀдан гӀирсаш.

Сахьтан аса[нисъе | нисъе чухулара]

Адыгей Москохан хенан сахьтан зонехь ю. Сахьтан аса: UTC+3.

Климат[нисъе | нисъе чухулара]

Адыгей Республикан климат барамехь-йовха а, дикка кӀеда а ю. Регионан климат кхолларан боккха Ӏаткъам бо атмосферан циркуляцин амало. Меттигера ладаме климатан а, рекреацин а амал ю, малх къегаран йохалла. Дерриг а республикехула шарахь дагардо 200 - 250 декхна де; цхьаьнатоьхна мелхан радиаци хуьлу 115 - 120 ккал/кв.см.

Доккхачу тӀегӀанера Адыгейчоьнан климатан амал билгалйоккху республикан географин хьолан башхаллаш, уггаре хьалха, гӀуорош боцу Ӏаьржа хӀорд гергахь хилар, меттиган шоралла, локхалла, Къилбаседа-Малхбузан Кавказан ломан раьгӀнаш латтар. Ӏаьржа хӀорд дика йовхонан «аккумулятор» ю, аьхка гулйой, Ӏаьнан заманахь гуонахьарачу меттигашна кӀез-кӀезиг луш дӀало цуо. Цуьнца цхьаьна иза Ӏаьржа хӀордан циклонаш кхоллало хьост ду, цуо бердашкарчу кӀошташка тӀуналла яхьа.

Шен рогӀехь, Кавказан лаьмнаш сацадо тӀуьна малхбузера мехаш, аьтту бо республикан мехкан тоъал тӀуналла латто бӀаьстенан-аьхкенан заманахь. Цундела Адыгейчохь йочанаш шозза дукха хуьлу, масала, Краснодаран мехкан къилбаседан аренан зонехьчул. Йочанаш йолуш шарахь 115 – 150 де хуьлу. Довха 200 – 210 шо шарахь хуьлу.

Республикан махкахь йочанаш яр цхьабосса дац, кхин чӀогӀа башхалла ю ломан кӀажошкарчу зонехь. Церан барам тӀекхета лакха мел волу. Амма йочанаш екъаран боккха Ӏаткъам бо меттиган орографино. Иштта, Лагонакин акъарин къилбаседа басе ша-кепара «орографин экран» ю, цунна хьалха йочанийн барам цӀеххьана тӀекхета. Уггаре дукха йочанийн шеран юккъера барам (2744 мм) хааелла Белореченски дукъ хадорехь.

Мехкан механ раж иштта куьйга кӀела ю меттиган орографин. Иштта, нагахь Даховски гӀалахь къилбаседа а, къилбаседа-малхбален а агӀора мехаш делахь, тӀаккха Бели эркан тогӀен чохь йолчу Гузерипль эвлахь – къилбаседа, къилбаседа-малхбален, къилбан, къилба-малхбузан агӀора ду. Махкахь мехаш башха сиха ца хуьлу. Уггаре чӀогӀа шторман мехаш хаало дукхах дерг Ӏаьнан заманахь, доьзна ду деккъа кхузахула атмосферан фронташ чекхйовларца. Ломан а, ломан кӀажошкара а зонан механ рожан амалин башхалла ю ломан-тогӀин мехаш хилар.

Административано-мехкан екъаялар[нисъе | нисъе чухулара]

Административано-мехкан екъаяларан карта
ХӀост Муниципалан
кхоллар
Административан
центр
Майда,
км²
Бахархой,
адам.
1 Coat of Arms of Maikop (Adygea).png Майкопан гӀалин гуо гӀ. Майкоп 57 167 559
2 Coat of Arms of Adygeysk.png Адыгейскан гӀалин гуо гӀ. Адыгейск 14 901
3 Giaginski Raion Coat of Arms.png Гиагинскан кӀошт э. Гиагински 790 31 390
4 Coat of arms of Koshejabl Raion.png Кошехаблан кӀошт э. Кошехабль 606 30 317
5 Krasnogvardeiskoye Raion gerb.jpeg Красногвардейскан кӀошт э. Красногвардейское 726 31 005
6 Coat of arms of Maikopski District, Adygea.png Майкопан кӀошт э. Тульски 3667 59 246
7 Coat of arms of Takhtamukay Raion.png Тахтамукайн кӀошт э. Тахтамукай 440 72 239
8 Teuchezski Raion gerb.png Теучежан кӀошт э. Понежукай 710 20 887
9 Coat of Arms of Shovgenovsky rayon (Respublyc of Adygeya).svg Шовгеновскан кӀошт э. Хакуринохабль 521 16 859

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]