Эрк

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Амазонкин майданера цхьа эрк

Эрк — боккха барам болу Ӏаламехь ша даьккхинчу харш чухула хьостера охьа хикхочене доьду хи[1], эркан хи схьадолу лаьттан тӀехулара а, бухара а хишшах.

Эркаш гидрологин циклан хӀоттаме дакъа дакъа ду. Эрк чу хи, дукха хьолехь, гуллало хидоькъийлаца (эркан майданца) доза тоьхна билгалчу майданера атмосферин йочанех хуьлу тӀехулара охьадоьдийлера, ткъа иштта кхечу хьосташкара, масала лаьттан бухалара хин резервера, ламанан шашкара (шалам башаран процессехь), лайшкара.

Белгородан областера Корень эрк

Ӏаламо я адамо куьйга йина дуьхьалонаш йолчу эрк охьадоьду меттигашкахь гучуйовлу хи латтийлаш (эрк чекхдолу Ӏам я куьйга бина хӀорд). Лимноло́ги (желт. λίμνε — Ӏам, λόγος — Ӏилма) я Ӏаьмнашдовзаргидрологин дакъа, Ӏаьмнийн физикин, химин, биологин аспектех а, кхечу теза хишшах а (царна юкъахь хи латтийлаш) Ӏилма. Шен рогӀехь эркаш лаьттан гидрологин даккхийчех цхьа дакъа ду — эркийн гидрологин я потамологин (схьадаьлла желт.-шира. ποταμός — эрк, λόγοςӀилма — ма-дарра эркех Ӏильма), цуо Ӏамадо эркийн машанийн хӀоттам, эркийн охьадоьдийла, эркийн майданийн морфометрии, кхин дӀа а. Дукхахдерг, эркаша буьллу шайн некъ, охьадоьду уггаре кӀезиг булам а, дуьхьало а йолчу зонашкахула — тектоникин кегдаршкахула.

Ийдал эрк Ульяновскехь

Генара схьа дуьйна чехка эркийн а, чухчарийн а энерги шуьйра лелайо адаман бахамехь хин хьерийн а, гидроэлектростанцин турбинийн а карлайолу энергин хьостан меттана.


Этимологи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Нохчийн маттара уггаре ширачех цхьа цӀе «хиш» дош ду. Нохчий бехачу историн махкахь иза гидронимашкахь, дукха хьолехь, лела коьрта дакъа санна (масала Гиха, ГӀулой-хи, Меше-Хи, кхин а). Таханлерачу деношкахь хи/хий лело тарло эркийн цӀерашкахь тиреца а, тӀеттӀалетта а; тӀаьхьара вариант тӀаьхь-тӀаьхьа хуьлу алсама лелош. А. А. Головлёвс и шира гидроним уггаре алсама лелаш ю боху ГӀалгӀайчохь а, Нохчийчохь а[2].

Нохчийн маттахь лелаш ю лламанан хин цӀе. XIX бӀешеран Российн статистико, этнографо, ботанико Н. К. Зейдлица гойтура, нохчашна юкъахь ламанан хих ахк алар (Н. К. Зейдлицан реформ. хь. орф.ахкъ)[3]. И дош леладо меттигера гидронимашкахь а (масала Ӏаьржа ахк, Шела-Ахк, Киелойн эхка, кхин а), меттигерачу ойконимашкахь а (масала ЦӀечу-Аьхке). Цхьа могӀа талламчаша (А. Д. Вагапов, А. А. Головлёв) тардолийта, дош ахк нохчий ахка дешах даьлла хилар[4][5]. Кхин а ахк, «ламанан хи» доцуш, лела «Ӏин» дешан маьӀнехь. Лаьмнашкахь Ӏинан бухахула даиман аьлча санна хин Ӏовраш хуьлу охьаоьхуш (наггахь шеран заманан), возможно, цундела ахк дашехь кхоллало кхетам «эркаш» а, «Ӏаннаш» а. 2001 шеран С. К. Айналовн а, А. А. Головлёвн а балхахь кховдийна ахк дешан маьӀна, «шен некъ боккхуш, харш доккхуш охьадагӀар»[6].

Кхин цхьа термин «хи»/«ламанан хи» маьӀнехь дакъа лаьцна цхьацца нохчийн гидронимаш кхолларехь, дика гайтина нохчийн маттанчо, фил.Ӏ.к. А. Д. Вагаповс. Цуо терминан иштта транслитераци йо арк, иерк, иэрк, цуьнга хьожу ахк дешан меттан генан кепе санна. XIX бӀешарахь дуьйна Н. К. Зейдлица дина "меттан" дӀаделлар, цуо дуьххьара тидам бина оцу терминан (Н. К. Зейдлицан — арка́) хилдехьарошкахь[3][4]. Ламанан хин цӀеран и башхалла Орган лакхенашкара нохчийн (тарло, нохчийн меттан итон-кхаьллин меттан геннехь) хӀинца а ю[7].

Юкъара хаамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Амазонкин дельта, космосера гар.
Тверан областера Торопа эрк

Муьлххачу эркан хуьлу иза схьадолу меттиг — хьост а, иза хӀордах, Ӏомах, кхечу эрках дӀакхета меттиг — хикхоче[8]

Океанех, хӀордех, Ӏаьмнех кхета я гӀамаршкахь, уьшалашкахь довш долчу эрках олу коьрта эрк; ткъа коьрта эркех кхетачарех — геннаш.

Коьрта эрко шен дерриг геннашца кхуллу эркан система, цунна амал ло луьсталлица.

Эркан системо шен хиш гулден латтах олу хи гулден меттиг, я хи гулден майда, я эркан майда. Хи гулден майдано лаьттан лакхарчу чкъоьрашца цхьаьна шена юкъатуху юьйцу эркан система, кхечу эркан системех къастайо хидоькъенашца.

Эркаш охьадоьлху охьатаьӀначу рельефан тайпанашкахула — акъаренашкахула, цуьнан уггаре охьатаьӀна декъах олу харш, ткъа дистина эркан хиш чудовлу акъарин декъах — тогӀе, я тогӀенан тӀегӀа.

Харш чура меттигаш кӀорга а хуьлу — кӀоргенаш, гомха а хуьлу — гомхе. Харшан уггаре кӀорга асанах олу тальвег, ткъа даккхий хин кеманаш лелачу меттигех, фарватер; уггаре лакхара сихалла йолчу меттигех олу сема.

Эркан харшан дозанах олу берд, хин охьадоьдийлица дӀахӀоьттича, аьрру агӀора аьрру берд бу, аьтту агӀора аьтту берд бу.

Эркан хьостанний хикхочений юкъара локхаллин башхаллех олу эрк дожар; эрк я эркан цхьа дакъа дожаран цуьнан дохаллин декъча хуьлу эркан таӀар (эркан декъан), гойту проценташкахь (%) я промиллехь (‰).

Дуьненан тӀехула эркаш цхьабосса декъна дац. ХӀора материк тӀехь таро ю коьрта хидоькъийлаш билгалъяха — тайп-тайпана океанаш чукхета охьадоьдийлин областийн дозанаш. Дуьненан коьрта хидоькъено материкийн тӀехуле йоькъу коьрта шина майдана: атлантикин-арктикин (майданера охьадоьдийла Атлантикин а, Къилбаседа Шен океанашна чу) а, тийнаокеанан (охьадоьдийла Тийна а, ХӀиндин океанашна чу). Хьалхарчуьнан майдара охьадахаран чухоам дуккха сов бу шолгӀачул.

Эркан машин луьсталла а, охьадахаран агӀо а йозу таханлера Ӏаламан хьолан комплексах, амма дукха холехь оцу я кхечу барамехь юьсу хьалхалера геологин муьрашкара аматаш. Эркан маша уггаре йоккха луьсталле кхочу экваторан асанехь, цигахь охьаоьхуш ду дуьненан уггаре даккхий эркаш — Амазонка, Конго; тропикин а, барамера а асанашкахь иза хуьлу иштта лакхара, лаьмнийн кӀошташкахь муххале а (Альпаш, Кавказ, Тархийн лаьмнаш, кхин а).

Дакъало эркаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

ГӀум-аренийн областашкахь ду наггахь охьаоьху хиш, наггахь, ло дешаш я жигара догӀанаш оьхуш, царех хуьлу онда Ӏовраш (Аренан Кхазакхстанан, Юккъера Азин эркаш, Саьхьарин а, Ӏаьрбийн ахгӀайренан а вадеш, Австралин крикаш, кхин а). Шеран заманахь дакъадала тарло эркан цхьа дакъа, ткъа кхечу декъехь го хи охьадалар]].

Харш хийцар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хенан йохаллехь эрко шен харш хийца тарло[9].

Дакъалуш долу эркийн харшаш гӀум-аренашкахь хийцало гӀум дӀасалеларца. Йокъаллин муьрехь рельеф хийцало, цундела догӀанийн муьрехь Ӏоврийн харш цхьаццанхьа хийцадала тарло.

ТӀуьна климатехь хенаца меандрацил тӀаьхьа диса тарло тиша харш, царех заманца Ӏаьмнаш хуьлу, цул тӀаьхьа хуьлу тӀуьна бай я уьшал, я дакъало[10].

Кхин а эркан харш хийцадала тарло адам юкъагӀоьртича, масала, мелиорацел тӀаьхьа я чӀинг йича.

Классификаци[нисъе бӀаьра | нисъе]

Барамца[нисъе бӀаьра | нисъе]

Россехь тӀеэцна эркийн бараман лахара классификаци:

  • Даккхий эркаш олу майдан барам 50 000 км² сов болу аренийн эркех а, ткъа иштта майда 30 000 км² ламанан эркех а. Дукха хьолехь церан бассейнаш лаьтта масех географин зонашкахь, ткъа эркийн хӀора географин зонин гидрологин раж къаьстина амал йолуш яц.
  • Юккъера эркаш олу шайн бассейнаш цхьаьна гидрографин зонехь йолу аренан эркех, ткъа майда 2000 тӀера 50 000 км² тӀекхаччалц йолуш, гидрологин раж оцу зонин эркийн амалехь йолуш хилча.
  • Кегийра эркаш олу, бассейнаш цхьаьна гидрографин зонехь йолу, майда 2000 км² лакхара йоцу, гидрологин раж, оцу зонин меттигера факторийн Ӏаткъамо хийца йиш йоцу эркех. Жима охьадоьду хих ала тарло татол, татолан а, жимчу эркан а билгала доза дац[11].
«Ламанан эркан пейзаж»
( исбаьхьалча Эрасси Михаил )

Топографин[нисъе бӀаьра | нисъе]

ТӀехула эркаш охьаоьху меттиган рельефе хьаьжжина, уьш декъало ламанан а, аренан а эркашка. Дукхаха долчу эркийн дакъош хийцало ламанан а, аренан а амалашца.

  • Ламанан эркаш, дукхаха дерг, къастало таьӀна хиларца а, чехкаллица а, охьаоьху готта атагӀашкахула; дукха хуьлу такхаран процессаш. Ламанан эркан доккха маьӀна ду гӀалин а, юьртан а ландшафтехь меттигера ориентир лоцуш.
  • Аренан эркийн амалехь ду харш хьийзина хилар я меандраш хилар, уьш кхоллало харшийн процессаш бахьнехь. Аренан эркашна тӀехь харш хьакхаран дакъош хийцало хьаькна латт гуллалучу дакъошца, цуьнан жамӀ хуьлу юккъера гӀайренаш а, гомхенаш а, хикхочехь — дельтанаш. Наггахь эрках схьадовлу генаш кхета кхечу эрках.

Гидробиологин[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хин спортан таронаш йолу[нисъе бӀаьра | нисъе]

Эркийн чолхенийн дуьненаюкъара шкалаца[en] чолхаллин ялх тӀегӀа ю.

Генийн машин конфигурацица[нисъе бӀаьра | нисъе]

Генийн машин амалца эркаш доькъу 12 классан, иза билгаладоккху Стралеран терахь. 80% гергга эркаш хьалхара я шолгӀа классан юкъадогӀу оцу системехь, ткъа Амазонка эрк — шийтталгӀа.

Хенаца[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хенаца эркаш декъало къоначарна а (масала, Нева — цуьнан хан 4 эз. шо, Ийдал лакхенашкахь — 20 эз. шо), кхиинчарна, къеначарна (Нил, Миссисипи, Хуанхэ, Амударья, Ангара — 60—70 млн шо)[12].

Хи даларан хьолашца[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хи даларан хьолашца тӀеэцна иштта классификаци[13]:

  • Дерриг аьлча санна лайн
  • Ийна, лайн алсама долуш.
  • Ийна, догӀанан алсама долуш.
  • Ийна, шаломан алсама долуш.
  • Ийна, лаьттан бухара алсама долуш.

Пайда эцар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Енисейн тӀехула бурам дина хьун охьаяхийтар

Ширачу заманахь дуьйна эркаш леладо теза хин хьост санна, кхача баккхарехь (чӀерий лецар), транспортан Ӏалашонна, дуьхьало ярехь, доза тохарехь, чекх ца йолу хьост санна (Карлайолу энерги (машенаш хьовзор (масала, хин хьер) санна я ГЭС турбинаш санна), лийчарехь, юьртабахаман меттигашна хидилларехь, цӀанонна.

Эзар шерашкахь эркаш леладо навигацин Ӏалашонна. Эркашна чухула йолу навигацин уггаре хьалхара тешаллаш ХӀинд эркан атагӀин цивилизацера ду, иза хилла хӀинцалера Пакистанан къилбаседа-малхбузен махкахь вайн эрал 3300 гергга шо хьалха[14]. Эркан навигаци адаман бахаман гӀуллакхехь лелоро йораха (хин) транспорт латтайо, хӀинца а шуьйра лелайо дуьненан уггаре даккхий эркашна тӀехь, масала, Амазонка, ХӀинд, Ганг, Нил, Миссисипи (эрк). Эркан кеманаша зуламе аракхуьйсурш, дерриг дуьненахь лаьрра а, нисдина а дац, цуо таро ло гуттаренна парникан газаш Дуьненан атмосфере аракхийса, ткъа иштта меттигера бахархошна рак цамгар кхетарна, хӀунда аьлча хин транспорто хӀаваэ аракхуьйсу дакъолгашца гуттаренна зуламе дакъолгашца садоьӀун дела[15][16].

Эркаша ладаме роль ловзайо политикин дозанаш билгалдохуш, мохк арахьара мостагӀехь ларбарехь. Масала, Дунай хилла Руман империн шира, ткъа тахана оцу эрко до Болгарин а, Румынин а юкъара доккхаха долу доза. Миссисипи Къилбаседа Америкехь а, Рейн Европехь а мехкийн малхбале а, малхбузе а къастош йолу коьрта дозанаш ду шайн континенташ тӀехь. Африкин къилба декъехь ЦӀен-можа а, Лимпопо а эркаша доза до мехкийн провинцешна юкъахь.

ХитӀедалар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хи дестар эркан Ӏаламан циклан дакъа ду — хӀора шарахь цхьаьна хенахь хуьлу эркан хин рожан цхьа фаза — гӀеххьа ехачу хенахь эркан хи тӀекхетар. Дукха хьолехь хин харшера арадолий тогӀин чудолу.

2010 шеран 29 апрелехь Томь эркан рекордан даржар

ХитӀедалар — эркан хин рожан фаза — чӀогӀа ло дашаро а, шалам башаро а, шортта догӀнаш эхаро а йоцачу ханна муьрашкахь доцуш эркан чохь хин тӀегӀа айар. Хи дестарх къаьсташ, хитӀедалар муьлххачу хенахь хуьлу. Дикка хи дестаро хитӀедаккха тарло. Хи дестар эркан чухула лелаш, хуьлу хи дестаран тулгӀе.

ХитӀедалар — эркийн, Ӏаьмнийн, хӀордийн догӀанаш, сиха лайш дашар, мохо хи бердашка лаллар бахьнехь хин тӀегӀа хьалаяьлла меттиг дӀахьулъяр ду. Цуо адамийн могашаллин иэшам бо, дайа а дойу, ткъа кхин а бахаманна зулам до. Эркаш хӀордах кхетучехь, хӀордйистера мох болчу меттигашкахь, даккхий Ӏаьмнашна тӀехь, хи латтийлашна тӀехь мохо хитотту шеран муьлххачу заманахь. Цуьнан амалехь бац мур, хин тӀегӀа гӀеххьа бен ца айало.

Эркийн харшийн эрозин процессан доккхаха долу дакъа а, хьаькха породаш тогӀенашкахь охьаюьйшу хитӀедолучу заманахь. Дукхаха йолчу дьненан кхиина кӀошташкахь адаман бахаман гӀуллакхо хийцина эркийн харшан кеп, цуо Ӏаткъам бина барамна (жигараллин) а, хитӀедаларан кест-кесталлана а. Эркийн Ӏаламан хӀоттамна адамо бен Ӏаткъаман масала ду, валаш дар, харш нисдар (татолаш охкуш), Ӏаламера хин-уьшалан меттигаш лакъаяр. Дукха меттигашкахь эркийн атагӀашкара адаман бахамера ледарлонаша цӀеххьана хитӀедаларан кхерам ойу:

  • адамо эркан харш нисдаро хин таро ло сихха охьадаха, цуо лахенашкара меттиг бухаяхаран кхерам сов боккху;
  • эркан тогӀенийн амал хийцича (нисъяр) дӀайоху хитӀедаларан дуьхьалллин хи латтийлаш, цуьнца цхьаьна лахенашкара меттиг бухаяхаран кхерам сов боккху;
  • адамо вал баро лахара область бен Ӏалашайийръяц (валан дехьара), ткъа лакхара меттигаш янне а йийр яц;
  • ва́лаш хиларо а, ткъа иштта бердаш чӀагӀдаро, нисдаро (масала, хийистера урамаш, кхин а), иштта эркан лакхенашкара меттигашкахь хитӀедаларан кхерам чӀагбийр бу. Иза бахьнехь хи дӀадахарна Ӏаткъам хуьлу дуьхьалонаш бахьнехь (готта татолаш).

Лаьттан бухара эрк[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дукхаха долу эркаш Дуьненан тӀехула охьадоьлху (амма дерриш ца доьлху). Лаьттан бухара эркаша шайн хиш дӀахьо лаьттан бухахула хьехарш чухула. Оцу кепара эркаш хаало кир-маьӀда (карст) доллучу геологин формацешкахь. Цул сов, шалам бешаш хьехарш йовлу. Иштта хьехарш хаало дукхаха болчу шалаьмнашкахь. Дешаш долу шен хиш шаломаш дегӀо дӀахӀуду лилханчу меттигехь, и херонаш адам чекхдалалуш хуьлу. Иштта хьехарийн йохалла масех бӀе метр, кӀоргалла — 100 м сов а хила тарло. 1993 шарахь Гренландехь кара а йина теллина йоккха шен гӀу «Изортог», цуьнан кӀоргалла 173 м ю, аьхка чудогӀу хи 30 м³ а, сов а ду[17]. Хи чекх ца долийта геологин породех бина «тхов» хилар бахьнехь а, лакха агӀора хьажийна шаломан массивийн лакхара Ӏаткъам бахьнехь а, кхоллало топографин градиент — иштта Ӏоврийн тарою лаьмнашка хьала яха а. Шен хьехарийн кхин а цхьа тайпа — шаломан йисттехь шаломан а, шен бухара а хиш арадовлачу меттигехь кхоллало хьехарш. Ишттачу хьехаршкахь дешша хиш охьадоьлху шен харш чухула а, шеломан ша тӀехула а.

Хи, дукха хьолехь, хуьлу дукхаха йолчу хьехарш чохь, ткъа карстан хьехарш цунах схьаевлла ю. Хьехаршкахь ган тарло конденсатан пардо, ладар, татолаш, эркаш, Ӏаьмнаш, чухчареш. Хьехаркара сифонаш дикка хала до дехьавалар, оьшу башха гӀирс а, башха кечам а. КӀезиг ца хуьлу хин бухара хьехарш а. Хьехаршийн чувоьдучу декъехь хи дукха хьолехь гӀорийначу хьолехь хуьлу, шаш дина, уьш дукха а хуьлу, шира а хуьлу.

Лаьттан бухара Пуэрто-Принсеса эрк — филиппинийн Палаван гӀайренан тӀера Пуэрто-Принсеса гӀалин уллера лаьттан бухара эрк (Филиппинаш). 8 км гергга долу и эрк, охьадоьду латтан бухахула, хьех чохь, Къилба-Цийн хӀордан агӀорхьа. Иза долчу кӀоштахь кхоьллина Пуэрто-Принсеса гӀалин лаьттан бухара эркан къоман парк[en]заповедник, иза лаьтта гӀалин 50 км генахь. Парк лаьтта гӀайренан къилбаседа декъехь, ламанан Сент-Пол дукъан кӀоштахь, доза тоьхна Сент-Пол бухтица а, Бабуян эркаца а. Иштта эрк ду Мексикера Юкатан ахгӀайренан тӀехь, амма хӀара къобал дина уггаре доккханиг аьлла. Ший а лаьттан бухара эрк шайн кхолладалар карстан рельефах долуш ду. Карбонатан породаш яшар а, шуьйра лаьттан бухара эркан система кхоллаялар а бахьнехь, оцу эркаш чуьра хишша хийцина шайн охьадахаран агӀо, карийна охьанехьа некъ.

Хьамза эрк (порт. Rio Hamza) — Амазонкин харшан бухахула доьду эркан официалан йоцу[18] цӀе. «Эрк» дӀаделлар кхайкхийра 2011 шарахь[19]. Официалан йоцу цӀе елла хӀиндин Ӏилманчин Хьамза Валин[20] цӀарах, цуо Амазонка теллина 45 шарахь сов[21].

Уггаре даккхий эркаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дуьненан уггаре даккхий эркаш
ЦӀе Дохалла (км) Майдан барам (эз. км²) Хикхочехь хи дайаран юкъара барам (эз. м³/с) Хикхочехь уггаре дукха хи дайаран барам (эз. м³/с) Онда дар (млн т/шарахь)
1. Амазонка 6992 7180 220,00 360,00 498,00
2. Нил[22] 6670 2870 2,83 6,40 110,50
3. Янцзы[22] 5800 1818 34,00 90,20 500,00
4. МиссисипиМиссури[22] 5969 3229 19,00 59,00 500,00
5. Хуанхэ[22] 5464 752 2,57 22,00 380,00
6. ОбьИртыш 5410 2990 12,70 43,00 15,00
7. Парана (Паранаибин хьостера) 4380 2970 15,00 65,00 129,00
8. Меконг 4500 810 12,00 30,00 169,60
9. Амур (Аргунан хьостера)[22] 4440 1855 10,90 40,00 24,90
10. Лена 4400 2490 17,00 200,00 15,40
11. Конго (Луалабица)[22] 4320 3691 40,00 75,00 64,70
12. Макензи (Пис-Риверан хьосташкара)[22] 4240 1760 14,00 15,00
13. Нигер 4160 2092 12,00 35,00 67,00
14. Енисей (Жима Енисейн хьосташкара) 4102 2580 19,80 154,00 13,20
15. Ийдал 3530 1360 7,70 52,00 25,80
16. ХӀинд 3180 960 6,60 30,00 435,40
17. Юкон 3180 900 6,30 88,00
18. Дунай 2850 817 6,70 20,00 67,50
19. Ориноко 2730 994 29,00 55,00 86,50
20. Ганг (Брахмапутрица) 2700 2055 38,00 2177,20
21. Замбези 2660 1330 16,00 100,00
22. Муррей 2574 1072 0,77 31,90
23. Днепр 2201 504 1,67

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Ожегов С. И. Словарь русского языка. — 8-е изд., стереотипное. — М.: «Советская энциклопедия», 1970. — С. 667. — 900 с. — 150 000 экз.
  2. Головлёв А. А., 2007, с. 781.
  3. 1 2 Зейдлиц Н. К., 1873—1874, с. 139.
  4. 1 2 Головлёв А. А., 2007, с. 782.
  5. Вагапов, 2011, с. 96—97.
  6. Айналов С. К., Головлёв А. А., 2001, с. 241—244.
  7. Головлёв А. А., 2010, с. 171.
  8. Поверхностные воды(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2021 шеран 26 февралехь.
  9. Марк Софер. Как и почему петляют реки (ru) // Наука и жизнь. — 2017. — № 10. — С. 30—38.
  10. Проблемы обмеления крупнейших рек России по мнению экспертов «ЭкоГрада»
  11. [География. Современная иллюстрированная энциклопедия / Под редакцией проф. А. П. Горкина. — М.: Росмэн, 2006.]
  12. Марк Софер. Как реки взрослеют, стареют и омолаживаются (ru) // Наука и жизнь. — 2017. — № 8. — С. 2—10.
  13. Пашков Н. Н., Долгачев Ф. М. Гидравлика. Основы гидрологии. — М., Энергия, 1977. — c. 351
  14. Panda.org
  15. Michel Meybeck. Riverine transport of atmospheric carbon: Sources, global typology and budget (en) // Water, Air, & Soil Pollution(ингалс.) : journal. — 1993. — Vol. 70, no. 1—4. — P. 443—463. — DOI:10.1007/BF01105015.
  16. Achim Albrecht. Validating riverine transport and speciation models using nuclear reactor-derived radiocobalt (en) // Journal of Environmental Radioactivity(ингалс.) : journal. — Elsevier Science Ltd, 2003. — Vol. 66, no. 3. — P. 295—307. — DOI:10.1016/S0265-931X(02)00133-9. — PMID 12600761.
  17. Reynaud L. et Moreau L. Moulins glaciaires des glaciers tempérés et froids de 1986 à 1994 (Mer de Glace et Groënland) — Morphologie et techniques de mesures de la déformation de la glace. Actes du 3e Symposium International Cavités glaciaires et cryokarst en régions polaires et de haute montagne, Chamonix-France, 1er-6.XI.1994. Annales Litteraires de l’université de Besançon, N 561, serie Géographie, N 34, Besançon, 1995, p. 109—113.
  18. Choi, Charles Q. Underground river discovered beneath Amazon. OurAmazingPlanet(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Science on MSNBC (2011, 31 август). — «“The name given to the underground flow is not official,” Hamza said.»  Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 23 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 10 апрелехь.
  19. Scientists find underground river beneath Amazon(ТӀе цакхочу хьажорг — истори) (2011). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 23 ноябрехь. Теллина 2011 шеран 25 августехь.
  20. Lehman, Stan Brazil scientists find signs of underground river(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Sacramento Bee (2011, 27 август). Теллина 2011 шеран 25 августехь.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  21. Scientists discover underground river running beneath the Amazon, Fox News (2011, 25 август). Архивировано коч дечара 3 майхь 2012. Хьаьжна 25 августехь 2011.
  22. 1 2 3 4 5 6 7 Атлас офицера. Военно-топографическое управление Генштаба ВС России. М.:2006 г. С.400—401

Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]