Чулацаман тӀегӀо

ӀаьржахӀордан экономикин цхьаьнагӀуллакхдаран кхоллам

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ӀаьржахӀордан экономикин цхьаьнагӀуллакхдаран кхоллам (ӀЭЦКх)
Organization of the Black Sea Economic Cooperation

Οργάνωση της οικονομικής συνεργασίας της Μαύρης Θάλασσας

Organizatio Oeconomicarum metus Mare Nigrum
Дакъалла 12 пачхьалк-декъашхо
Штаб-квартира
Организацин тайпа дуьненайукъара кхоллам
Кхоьллар
Кхоьллина терахь 1992 шеран 4 июнь
bsec-organization.org
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

ӀаьржахӀордан экономикин цхьаьнагӀуллакхдаран кхолламӀаьржахӀордйистан а, Къилба Балканера а 12 пачхьалкх цхьаьнатуху правительствошна йукъара кхоллам (дуьненайукъара кхоллам), кхоьллина Ӏаьржа хӀордан бассейнехь цхьаьнагӀуллакдар, машар, цхьаьнаэшшаралла кхиорхьама а, къагорхьама а.

1992 шеран 25 июнехь цхьайтта махко куьг яздира ӀаьржахӀордан экономикин цхьаьнагӀуллакхдаран кхоллам барт тӀехь, ткъа кхоллам юкъабелира 1999 шеран 1 майхь, Истмалахь агӀонаша «Босфоран дӀахьедарна» куьг яздича. Секретариат (BSEC PERMIS) кхоьллира 1994 шеран мартехь, Истмалахь (Туркойчоь) ю.

ӀЭЦКХ инарлин секретара Цвиркун Виктора 2013 шарахь билгалдаьккхира[1]:

Иза йолу 21 шарахь оха цуьнан болх гайтина ца Ӏаш, иза ӀаьржахӀордан регионан чӀогӀа иэшар а гира. И гучуделира чолхечу заманахь, кхолламан юкъайогӀу масех пачхьалкхан, юьйхира политикин а, дипломатин а юкъаметтигаш. Тхоьх хилира царна йукъара диалоган цхьаъ бен йоцу платформа. Муьлхха а тайпана политикин моменташ йукъара йоху къамел а ца деш, концентраци ца йо экономикин гӀуллакхашна бен. Нагахь тхан балхахь политика хилахь, и ша тайпа платформа дӀаер ю. Дерриг консенсус тӀехь лаьтташ ду.

Мехкаш-декъашхой а, мехкаш-тергамчаш а ӀЭЦКХ      Мехкаш-декъашхой ӀЭЦКХ      Мехкаш-тергамчаш ӀЭЦКХ
Российн поштан конверт, 2012
Российн поштан конверт, 2017
Сербин поштан марка, 2017
  1. Генсек ӀЭЦКХ: нужно забыть о политике и заниматься экономикой | РИА Новости