Албани
Республика Албани | |||||
алб. Republika e Shqipërisë | |||||
| |||||
Девиз: ««алб. Ti, Shqipëri, më jep nder, më jep emrin Shqiptar" «Ахьа, Албани, ло суна сий, Албанхо цӀе ло суна ахьа»» |
|||||
Шатлакхан Илли: «Hymni i Flamurit (байракхан гонахь цхьанакхаьттна)» |
|||||
![]() |
|||||
Маьрша яьлла терахьаш | 1912 шеран 28 ноябрехь (Хункар-махках) | ||||
---|---|---|---|---|---|
Официалан мотт | албанойн | ||||
Коьрта гӀала | Тирана | ||||
Яккхий гӀаланаш | Тирана, Шкодер, Влёра, Дуррес, Эльбасан | ||||
Урхаллин тайпа | Парламентан республика[1] | ||||
Президент Министрийн кхеташонан председатель Халкъан гуламан председатель |
Мета Илир Рама Эди Ручи Гламоз |
||||
Латта | 144-гӀа дуьненахь | ||||
• Дерриг | 28 748 км² | ||||
хина тӀехле | 4,8% | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор (2017) | ▲2 876 591[2] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Дерриг (2018) | 38,3 млрд долл. | ||||
• ХӀораннан а сина | 12 484 долл. | ||||
АДКМ|ИЧР (2019) | ▲ 0,791[3] (лакхара; 69-гӀа меттиг) | ||||
Бахархойн цӀерш | Албанхой, албанхо | ||||
Ахча | лек (ALB, код 8) | ||||
Интернет-домен | .al | ||||
Код ISO | AL | ||||
Код МОК | ALB | ||||
Телефонан код | +355 | ||||
Сахьтан асаш | +2 | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d][4] |
Алба́ни (алб. Shqipëria), юьззина официалан кеп — Респу́блика Алба́ни[5] (алб. Republika e Shqipërisë [ɾɛpuˈblika ɛ ʃcipəˈɾiːs]), — Балканийн ахгӀайренан малхбузен декъера пачхьалкх. Бахархой, 2017 шеран 1 январехь, Албанин статистикин институтан хаамашца, бу 2 876 591 стаг, мохк — 28 748 км². Бахархойн барамца дуьнанахь 136-гӀа меттигехь а, майдан барамца 139-гӀа меттигехь а ю.
Коьрта шахьар — Тирана. Пачхьалкхан мотт — албанойн.
Албани — унитаран пачхьалкх, парламентан республика. 2017 шеран 24 июлехь дуьйна Албанин президент ву Мета Илир, премьер-министран дарж 2013 шеран 15 сентябрехь дуьйна дӀалаьцна Рама Эдис. «Economist Intelligence Unit» хьаьжча, 2018 шарахь мехкан Демократин индексан классификаци йира гибридан раж[6] аьлла.
Административан-мехкан декъадаларан агӀора екъало 12 областан.
Лаьтта Европин къилба-малхбалехьа Адриатикин а, Ионийн хӀордашна йисттехь. Отранто хидоькъено Албани къастайо Италех. Къилбаседа-малхбалехь доза ду Сербица а, цхьаццамма къобал йина Республика Косовоца[7] а, къилбаседа-малхбузехьа — Ӏаьржаламанчоьнца, малхбалехьа — Къилбаседа Македоница, къилба-малхбалехьа — Желтойчоьнца.
Албани, цхьаццамма къобал йина Республика Косовоца, Босница а, Герцеговиница а цхьаьна могӀара, Европин мехках алсама бусалбанаш болучех цхьаъ ю.
Албани — НАТОн декъахо ю 2009 шарахь дуьйна. ЕБ юкъаяха официалан кандидат ю (2014 шарахь дуьйна)[8].
Этимологи[нисъе бӀаьра | нисъе]
«Албани» топоним схьаяьлла юккъерабӀешерийн мехкан латинан цӀарах. Иза схьаяьлла хила тарло иллирийн тайпанах албанех (алб. Albanët), иза билгала даьккхина Искандрин географо а, астрономо а Птолемейс, вайн эран 150 шарахь, цунна тӀехь гайтина, Дуррес гӀалин къилбаседа-малхбалехьа лаьтташ йолу, Албанополис гӀала[9]. Цунах схьаяьлла хила тарло юккъерабӀешерийн нах беха меттиган цӀе Албанон я Арбанон, хӀетте а хьалха Албанополис хиллачу меттигехь ю ала шеко йоцуш ала йиш яц[10]. XI бӀешарахь язйинчу шен исторехь, византийн историко Атталиат Михаил дуьххьара хьахабо албанойш, 1043 шарахь Константинополан дуьхьала гӀаттамехь дакъалаьцна, Диррахин герцоган куьйгакӀелара арбанитайш. Юккъерачу бӀешерашкахь албаноша шайн мехках олура Арбери (алб. Arbëri) я Арбени (алб. Arbëni), ткъа шайха — Арберешаш (алб. Arbëreshë) я арбенешаш (алб. Arbëneshë)[11][12].
ХӀинца албаноша шайн махках олу Shqipëri я Shqipëria. XVII бӀешарахь Shqipëria топонима а, этносан Shqiptarë катойконима а хан заманца хийцира Arbëria а, Arbëresh а. Shqipëria а, Shqiptarë а шуьйра туьду «Аьрзунийн латта» а, «аьрзунийн бераш»[13][14] а олий. Иштта Shqipëria, цхьаьна версица, схьайолу албанойн дашах «shqip» — «ойла йийцар»[15]. Слависта А. М. Селищевс чӀагӀдо, иза схьадаьлла орамах — «shqe», цуо билгалдоккху «славянаш» (Shqerí — албанойн shqa<*skla, дукх. т. — shqe), иза Балканан лар ю славянийн VI—VII бӀешерашкара колонизацех йисина[16].
Физикан-географин хьал[нисъе бӀаьра | нисъе]
Албани лаьтта Балканийн ахгӀайренан тӀехь Къилба Европехь, дӀалоцу 28 748 км²[17] майда. Къилбаседа-малхбузе агӀора Адриатикин хӀордан хиш ду, къилба-малхбузехьа — Ионийн хӀордан хиш. Ший а хӀорд Лаьттаюккъера хӀордан дакъа ду. Малхбузен декъехь ю чутаьӀна область, йисинарг (70 % гергга) — ламанийн а, хьаннийн а кӀошташ.
Мехкан латта лаьтта 42-гӀа а, 39-гӀа а къилбаседа шораллашна юкъахь, ткъа иштта малхбален дохаллин 21-гӀа а, 19-гӀа а меридианашна юкъахь. Албанин къилбеседа йисттера меттиг ю Вермош эвла (42°35’ къ-с. ш.), къилбан йист — Конисполь (39°40’ къ-с. ш.). Мехкан малхбузен йист — тӀехь адам доцу гӀайре Сазани (19°16’ м-бал. д.), малхбелен йист — Верник эвла (21°1’ м-буз. д.)[18]. Албанин уггаре лекха Ламанан бохь — Кораб лам (2764 м). Малхбузера малхбалехьа йохалла 148 км ю, къилбаседехьара къилбехьа — 340 км.
Албанин регионаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Регион | Бахархой (2001 ларар) | Майда(км²) | Коьрта гӀала |
---|---|---|---|
Берат | 193 855 | 1 802 | Берат |
Влёра | 193 361 | 2 706 | Влёра |
Гирокастра | 114 293 | 2 883 | Гирокастра |
Дибра | 191 035 | 2 507 | Пешкопи |
Дуррес | 247 345 | 827 | Дуррес |
Корча | 266 322 | 3 711 | Корча |
Кукес | 112 050 | 2 373 | Кукес |
Лежа | 159 792 | 1 581 | Лежа |
Тирана | 601 565 | 1 586 | Тирана |
Фиери | 384 386 | 1 887 | Фиери |
Шкодер | 257 018 | 3 562 | Шкодер |
Эльбасан | 366 137 | 3 278 | Эльбасан |
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
Экономика[нисъе бӀаьра | нисъе]
Арахьара махлелор[нисъе бӀаьра | нисъе]
Экспорт 2017 шарахь[19] — 2,39 млрд $: мачаш, хромитан маьӀда, ферролалам, аьрга мехкдаьтта, юьртабахаман сурсаташ (коьртаниш стоьмаш, хасстоьмаш, тонка).
Коьрта эцархой: Итали — 48 % (1,15 млрд $), Цийчоь — 7,4 % (177 млн $), Испани — 5,3 % (127 млн $), Франци — 4,7 % (113 млн $), Германи — 4,7 % (111 млн $).
Импорт 2017 шарахь — 4,21 млрд $: автомобилаш а, кхин гӀирсаш, мехкдаьттсурсаташ, молханаш, даьхний а, даьхнийн сурсаташ а, текстилан а, хьаштонан а сурсаташ.
Коьрта латториш: Итали — 30 % (1,28 млрд $), Туркойчоь — 9,9 % (416 млн $), Желтойчоь — 9,7 % (391 млн $), Германи — 8 % (336 млн $), Цийчоь — 7,4 % (311 млн $).
Транспорт[нисъе бӀаьра | нисъе]
Мехкахула лела маршрутан таксеш, автобусаш, церпошташ. Маршрутан таксех кхузахь «фургон» олу, — уггаре дукха лело транспортан тайпа. Уьш ю исс я шийтта меттиг йолу кӀайн-цӀе бесара мини-автобусаш, новкъа йолу ерриг меттигаш дӀалаьцча. ХӀора гӀалахь ю цхьаъ я масех «фургонийн» станци.
Муниципалан автобусаш лела шен рожехь, билгалчу хенахь. Уьш лела, дукха хьолахь, делкъал тӀаьхьа 3—4 сахьт даллалц.
Албанин гӀалашна юкъахь лела таро ю цӀерпоштан тӀехь. ЦӀерпоштнекъо вовшахтосу Тирана, Дуррес, Шкодер, Поградец, Влёра, Эльбасан. Уггаре дукха леларш хуьлу Тиранин а, Дурресан а юкъахь — ялх цӀерпошт дийнахь. Вукха агӀонашка йоьду цхьа-ши цӀерпошт дийнахь-бусий.
Телефонан зӀе[нисъе бӀаьра | нисъе]
Махкахь болх беш ю кхоъ улхан оператор: Eagle Mobile, Vodafone, AMC Mobile.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Атлас мира: Максимально подробная информация / Руководители проекта: А. Н. Бушнев, А. П. Притворов. — Москва: АСТ, 2017. — С. 25. — 96 с. — ISBN 978-5-17-10261-4
- ↑ CIA World Factbook
- ↑ Human Development Indices and Indicators 2019 (ингалс.). Программа развития ООН. — Доклад о человеческом развитии на сайте Программы развития ООН.
- ↑ http://chartsbin.com/view/edr
- ↑ Государства и территории мира. Справочные сведения // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 14. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
- ↑ Democracy Index 2018: Me too? Political participation, protest and democracy. Теллина 2019 шеран 25 январехь.
- ↑ Albania recognizes independent Kosovo
- ↑ ЕК рекомендовала начать переговоры о вступлении в ЕС Албании и Македонии — РИА Новости, 17.04.2018
- ↑ Madrugearu A, Gordon M. The wars of the Balkan Peninsula. Rowman & Littlefield, 2007. p. 146.
- ↑ The Illyrians by J. J. Wilkes, 1992, ISBN 978-0-631-19807-9, p. 279
- ↑ Pinocacozza.it Кеп:It icon
- ↑ Casanova Radio-Arberesh.eu(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Radio-Arberesh. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2010 шеран 2 апрелехь. Теллина 2019 шеран 4 июнехь.
- ↑ Kristo Frasheri. History of Albania (A Brief Overview). Tirana, 1964.
- ↑ Lloshi, Xhevat The Albanian Language(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). United Nations Development Programme. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 9 июлехь. Теллина 2019 шеран 4 июнехь.
- ↑ Албанцы
- ↑ Селищев А. М., Славянское население в Албании, София, 1931
- ↑ Eftimi, R. Some Considerations on Seawater-freshwater Relationship in Albanian Coastal Area. ITA Consult.
- ↑ Tregues Sipas Qarqeve Indicators by Prefectures(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2011 шеран 24 июлехь.
- ↑ Внешняя торговля Албании на https://atlas.media.mit.edu Архивацийина 14 октябрехь 2017 шеран.
Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Албания, европейская // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Abrahams, Fred Modern Albania: From Dictatorship to Democracy in Europe. — NYU Press , 2015. — С. 384. — ISBN 978-0-8147-0511-7
- Chamoux François Hellenistic Civilization. — Oxford, United Kingdom: Blackwell Publishing, 2003. — ISBN 0-631-22242-1
- Wilkes John The Illyrians. — Oxford, United Kingdom: Blackwell Publishing, 1995. — ISBN 0-631-19807-5
- Wilson Nigel Guy Encyclopedia of Ancient Greece. — New York, New York and Oxford, United Kingdom: Routledge (Taylor & Francis), 2006. — ISBN 978-0-415-87396-3
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
![]() |
Ков «Албани» |
---|---|
![]() |
Албани Викидошам чохь |
![]() |
Албани Викиларма чохь |
![]() |
Албани Викикерланаш чохь |
![]() |
Албани Викигид чохь |
- kryeministria.al — официальни сайт Албании
Викиларма: Атлас: Албани
- Официальный туристический портал Албании
- Албани каталог чохь ю хьажоргаш Open Directory Project (dmoz).