Чоьхьара Кавказ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Чоьхьара Кавказ[1][2][3][4][5][6], азерб. Cənubi Qafqaz, гуьрж. სამხრეთი კავკასია), я Къилба КавказКавказан дакъа, геополитикан регион, лаьтта Малхбален Европин а, Хьалхара Азин дозанехь, Йоккха Кавказера Коьрта, я Хи доькъа дукъал къилбехьа.

Чоьхьара Кавказан юкъайогӀу Йоккха Кавказан къилба басен доккхаха долу дакъа, Колхидан аре, Куран кӀаг, Жима Кавказ, Эрмалойн акъарин къилбаседа-малхбален дакъа, Талышийн лаьмнаш Ленкоранан аренца цхьаьна. Чоьхьара Кавказехь ю пачхьалкхаш: Азербайджан, Гуьржийчоь, Эрмалойчоь. Оцу регионехь ю цхьаццама къобалйина пачхьалкхаш: Республика Абхази а, Къилбаседа ХӀирийчоь а, церан маршо къобалйина Российс а, кхин масех махко а, ткъа иштта къобалъянза Ломан-Карабахан Республика. Чоьхьара Кавказан доза ду къилбаседехьа Российн Федерацица, къилбехьа — Туркойчоьнца а, Иранца, малхбузехь Ӏаьржа хӀордан, малхбалехь — Каспийн хиш ду. Чоьхьара Кавказан майда ю 190 эз. кв.км[7].

ЦӀераш[нисйе бӀаьра | нисйе]

«Къилба Кавказ» цӀе лелон йолийна Хьалхара дуьненан тӀом болалучу, Российн империи юхучу муьрехь дуьйна, ткъа шуьйра лелон йолийна Советийн Союз йоьхначул тӀаьхьа. И цӀе, Чоьхьарчу Кавказан «Азербайджан» (Российн империн юкъахь) кхетам санна, кховдийра ингалсхоша, схьаийцира Туркойчоьно. Масала, 2007 шарахь дӀайиллира Къилба-Кавказан газбиргӀа. Амма «Азербайджан» кхетам Чоьхьара Кавказан малхбалехь Советийн Союзехь йиснехь а, «Къилба Кавказ» кхетаме ламастан кхетам «Чоьхьара Кавказ» ара ца таттабелира[8].

1918 шарахь йоьхначу Российн империн хиллачу махкахь кхоллаелира Чоьхьара Кавказан демократин федеративан республика, иза лаьттара пхеа губернин — Тифлисан, Кутаисин, Эриванан, Бакохан, Елизаветполан; цхьаьна областан — Карсан; цхьаьна гуон — Закаталан мехкашкахь. 1922 шарахь кхоьллира Чоьхьара Кавказан Социалистийн Федеративан Советийн Республика, цуо дӀалецира Азербайджанан, Гуьржийчоьн, Эрмалойчоьн мехкаш. 1935 шарахь оцу мехкашкахь кхоьллира ССРС Чоьхьара Кавказан тӀеман гуо.

Чоьхьара Кавказ къаьмнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Чоьхьара Кавказахь ду 20 сов къаьмнаш. Уггаре даккхи къамнаш ду г1аьжарий (8,832,000), гуьржий (4,260,000),эрмалой (3,250,000). Дуккохь дол кавказан къамнаш бусулб динахь ду (9,5 миллион), амма Кавказахь Iаш бол гуьржий a эрмалой керст динахь бу (8 миллион).

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Линкаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Карасаев А.Т., Мациев А.Г. - Русско-чеченский словарь - 1978
  2. (азерб. Cənubi Qafqaz, оьрс. ЗакавказьеЗакавказье // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  3. Закавказье // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  4. Закавказье // Большой энциклопедический словарь / Гл. ред. А. М. Прохоров. — 1-е изд. — М. : Большая российская энциклопедия, 1991. — ISBN 5-85270-160-2.
  5. Закавказье // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  6. Transcaucasia, Russian Zakavkazye Britannica
  7. Кавказ
  8. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Халатов тIетовжаран йоза йаздина дац