Чулацаман тӀегӀо

Арташес I

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Арташес I
Арташес I
Йоккха Эрмалойчоьнан паччахь
 — вайн эрал 160 шо хьалха
Хьалха хилларг Ерванд IV
Когаметтаниг Артавазд I

Вина терахь хууш дац[1]
Кхелхина терахь гергга 160 в. э. хьалха[1]
Тайпа АрташесгӀар
Да Зариатор
Зуда Сатеник
Бераш Артавазд а, Тиран (Тигран) а
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Арташе́с I, Арта́ксий (эрм. Արտաշես Ա Բարեպաշտ; вина вайн эрал 230 шо хьалха — велла вайн эрал 160 шо хьалха) — эллиналлин муьрера эрмалойн а, гергарчу малхбалера а пачхьалкхан гӀуллакххо. Йуьхьанца дуьйна селевкидгӀеран стратег, тӀаьхьа — Йоккха Эрмалойчоьнан хьалхара паччахь (вайн эрал 189—160 шо хьалха), АрташесгӀеран некъийн бух биллинарг[2][3], реформатор, объединитель армянских земель и завоеватель. В своих надписях Арташес I относит себя к династии царей Армении Ервандуни[2][4].

Паччахьалла дар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

СелевкидгӀеран урхалча Антиох III Сийлахьволчо цхьаьнатуьйхира эрмалойн латтанаш цхьаьна сардалалле коьрта шахьар Араратан атагӀера Армавир йолуш. Цунна цӀе тиллира Йоккха Эрмалойчоь а, Софена а. Антиоха Йоккха Эрмалойчу сардал хӀоттийра меттигера некъех волу Артаксий (Арташес I), Софене — Зариадр (Зарех). Вайн эрал 190 шо хьалха Антиох III-гӀа Магнесин тӀамехь румхойл эшначул тӀаьхьа, цуьнан дийзира СелевкидгӀеран берриг Жима Азера Таврел къилбаседехьара мехкех вала, шинне а сардало кхайкхийра маьрша йалар а, паччахьаш хилар а. Иштта кхоллаелира къаьстина эрмалойн пачхьалкхаш, уьш кхоллайалар хууш болчу барамехь доьзна дара меттигера бахархойн антиэллинийн реакцица[5]. Арташес шен караерзира йерриг Эрмалойн акъари а, цхьа могӀа лулара областаш а. Эрмалойчоь, Страбонан тешаллица, сихха йоккха хилира луларчу, мидийхой, ибераш, халибаш, моссинойкаш, катаонаш, шемахой бехачу областийн чоьтах. Страбонан тешаллица, иза чӀогӀа онда паччахь хийтира. Ганнибал, Замехь ша эшча, цуьнан керта веира, эрмалойн паччахьан гӀоьнца румхошца болу къосам карлабаккха дог дохуш[6].

Чоьхьара политика

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Сюникехь карийна паччахьан Арташес I-чун делимитацин тӀулгаш[7]

Страбона дийцарехь, Арташесан паччахьаллин йукъахь йуьхьанца йара Араксан йаккъашкара Араратан аре, цунах олура Айрарат. Оцу эркан аьрру бердаца, вайн эрал 166 шо хьалха, Арташеса махлелоран некъаш цхьаьнакхетачохь йиллира шен хьалхара гӀала Арташат, цига дӀайаьхьира коьрта шахьар Армавирера. Дийцарехь, гӀала йарехь куьйгалла дира Гергарчу Малхбале ведда волу карфагенан баьччо Ганнибала. Арташат (Артаксата) гӀаланах иза бахьнехь эрмалойн Карфаген олура. Кхин а керлачу коьртан шахьре кхалхийра динан Багаран центрера «делин» хӀолламаш, царна йукъахь йозанан «делан», хьекъалан а, хаарийн а «делан» Тиран]]. Арташеса ехкира кхин масех гӀала, цӀераш йелира шен ден сийнна Зарехаван йа Заришаташ. ТӀаьхьа Арташеса ладаме чӀагбира, шорбира шен мохк, куьйгакӀела йалийра йерриг аьлча санна Эрмалойн акъари.

Арташесан да хилла Зариатр — софенан паччахьийн когаметтаверг хила тарло. Амма шен йозанашкахь Арташес цӀе туьллу Ервандид, иштта дог доху гергарло таса эгийна некъашца.

Йуккъера бӀешеран дийцарша а, Арташес I-чун йозанаша дуьйцу ладаме лаьттан реформех лаьцна. Эрмалойчоьнан маьӀ-маьӀӀехь карийна тӀулгийн иэсаш, уьш йара йарташна йукъа доза тухуш хӀиттийна; царна тӀехь — Ӏарамийн маттахь йозанаш ду (оцу хенара канцелярин а, суьдан а официалан мотт). Къамел ду дика къаьсташа доза тохар паччахьан а (царна йукъахь нахана делларг а), йукъараллин а, ткъа кхина а хила тарло, гӀаланийн латтанаш, уьш Арташесан паччахьаллехь кӀезиг дацара.

Арахьара политика

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Арташес I-чо шордира шен латтанаш эрмалойчохь йиий агӀора. Уггаре хьалха цуо къарйира Атропатенас хьалха караерзийна областаш а, Ивери а. Иверехь вийра Фарнабазан тӀаьхьенех волу Фарнаджом, Ӏарш тӀе хаийра эрмалойн паччахьан кӀант. Цул тӀаьхьа Арташеса шорбира шен мохк малхбузехьа — Жима Эрмалойчоьнан чоьтах, къилбехьа — цигахь Ӏоттавелира СелевкидгӀаьрца.

Малхбалехьа вахар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Арташес а, Ганнибал а, XIX бӀешеран йуьххьера сурт

Арташес а, Зарех а малхбалехьа вахарх лаьцна, шира желтойн историко Страбона дуьйцу:

Уьш тоам беш бац долчух,… шордира шайн латташ луларчу къаьмнийн чоьтах. Мидихошкара цара схьайаьккхира Каспиана, Фаунитида, Басолропеда…

Йоккха Эрмалойчоьнан вайн эрал 189 шо хьалхара вайн эран 428 шо кхаччалц болу мехкан хийцамийн карта хӀоттийна волу, Эрмалойн ССРС Ӏилманийн академин академико, историко-картографо С. Т. Еремяна, билгалдаьккхира, Каспиана область дика йевза, Басоропедах цуо йора Парспатуник область, амма Фаунитида лаьтта меттиг хууш дац аьлла.

Къилбаседехьа бахар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

…Иверашкара (цара схьабаьккхира) Париадра ламанан агӀо, Хордзене, Гогарене, Куран дехьа лаьтта

Академика Еремянан талламашца, Париадра йогӀу Пархарца, Хордзене — Клардж а, Артаван а областашца, ткъа Гогарене — Гугаркца, уьш вайн эрал III бӀешеран дохаллехь йукъахь йара ЕрвандгӀеран паччахьаллин.

Гергара Малхбален доладарах СелевкидгӀаьрца болу къовсам

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Малхбузехь дахар
[бӀаьра нисйан | нисйан]

…Хьалибашкара а, масиноикашкара а (цара схьайаьккхира) Жима Эрмалойчоьнна гергара, хӀинца цуьнан дакъа долу Каренитис а, Дерксене а, катаонашкара — Акилисене а, лулара область Антитавра а…

Хьалхара ши область, академикан Еремянан хетарехь, Йоккха Эрмалойчоьнна тӀетуьйхира, ткъа Акилисена а, область Антитавра а — Софенин. И латташ тӀетоьхна лору вайн эрал 179 шо хьалха, оцу хенахь машар бира шайна йукъахь тӀом бечу, коьртехь Понт а, Пергам а болу жимаазин пачхьалкхаша. Понтан тӀехӀиттина СелевкидгӀеран мостагӀ хиларе терра, Арташеса агӀо лецира Пергаман. Цу тӀеман ролах ца хаьа, оцу хиламийн заманхочун шира желтойн историкан Полибийн, боцца хаамца бен, цуо йаздина:

…Азин элех машаран куьг йаздеш дакъалецира Эрмалойчоьнан доккхаха долчу декъан а, Акуселохан а урхалла дечу Арташеса (хетарехь, Зарехан кӀант)…

Къилбехьа тӀелатар
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Арташес I дӀаволлар. Исбаьхьалча Джузеппе Канелла (1788—1847)

Къилбехьа тӀелатарех Страбона дуьйцу, Арташеса сирашкара Тамонитис схьайаккхарх.

Академик Еремяна иза тӀаьххьара Тморик (Таморида) область хуьлийта, оцу хенахь СелевкидгӀеран пачхьалкхан йукъахь хилла йолу.

Арташес I къилбехьа вахар килсан ден Иерониман тӀетевжина хьахадо Хоренан Моисейс, антикин историкаша Сицилин Диодора, Аппиана, Порфьюра.

СелевкидгӀеран паччахь Антиоха IV-гӀа Мисрахь тӀамехь хиларх пайда оьций, Арташес I вайн эрал 168 шо хьалха чувоьду Тморике.

Вайн эрал 165 шо хьалха Антиох IV Эпифан эскаршца дехьаволу Евфратан, Арташесан тӀевоьду. ТӀом хуьлу Тигран бердашца. ЦӀий Ӏанош тӀом бинчул тӀаьхьа область йуьсу эрмалойн карахь.

Арташес гӀиртира Гергара Малхбалехьара кхин а эллинийн пачхьалкхаш схьайаха, амма СелевкидгӀара гӀодар бахьнехь, аьтту болура еххачу заманахь маршо ларйан. Шен паччахьалла чекхдолучу хенахь Арташеса жигара гӀодора Вавилонин а, Мидин а сардалийн гӀаттаман, СелевкидгӀеран пачхьалкхан йукъара бовлар факт хилира. Иштта Арташеса ладаме роль ловзийра и пачхьалкх гӀелйеш а, йохош а, цуо таро йира тӀаьхьа, иттаннаш шераш девлча СелевкидгӀеран пачхьалкх Тигран II-гӀачун Эрмалойн имперех схьатухуш.

…Иверашкара (цара схьабаьккхира) Париадра ламанан агӀо, Хордзене, Гогарене, Куран дехьа лаьтта

Арташесан а, Зарехан а тӀеман толамаш багарбина, Страбона иштта чекхйоккху и эпизод[8]:

…иштта хӀинца оцу мехкан бахархоша цхьа мотт буьйцу.

.

Арташес I-ра Беркатечуьнан Йоккха Эрмалойчоь

Паччахьалла Арташесал тӀаьхьа

[бӀаьра нисйан | нисйан]

29 шарахь паччахь лаьттина, Арташес I, сингаттамца «Дуьненахь дерриг а дӀадолу» аьлла кхетта, велира.

Арташес I веллачул тӀаьхьа Эрмалойчоьнан а, чӀагӀъеллачу Парфянийн паччахьаллин а йукъахь бехха тӀеман мур лаьттира. Арташес I-чун цхьа кӀента кӀант, Тигран, йийсаре кхаьчна парфянийн паччахьан кертахь кхиира. Амма, парфянийн йийсарера Эрмалойчу йухавирзича, паччахьан кӀанта Ӏарш дӀалецира Тигран II-гӀа цӀарца (тӀаьхьа Сийлахьверг аьлла тӀетуьйхира), Парфях барт цахиларх пайда эцна[9], хӀаллаквира парфянийн Вавилонера сардал, паччахьийн паччахь дарж карадерзийра[10].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Армянская советская энциклопедия (арм.) / под ред. Վ. Համբարձումյան, Կ. ԽուդավերդյանՀայկական հանրագիտարան հրատարակչություն, 1974.
  2. 1 2 Artaxias I Encyclopaedia Iranica. «Artaxias I» Архивйина 2011-04-06 — Wayback Machine
  3. Рыжов К. В. Все монархи мира: Древний Восток: Справочник. — М.: Вече, 2006. — 576 с. Архивйина 2012-05-19 — Wayback MachineКеп:Мёртвая ссылка
  4. Walter Eder, Johannes Renger, Wouter F M Henkelman, Robert Chenault. Brill’s New Pauly: Chronologies of the Ancient World : Names, Dates and Dynasties. — Brill, 2007. — P. 95. — ISBN 978-90-04-15320-2
  5. Всемирная история. Энциклопедия. Том 2. 1957 г. Армения в III—I вв. до н. э. Архивйина 2010-12-27 — Wayback Machine
  6. Валерий Брюсов. «Летопись исторических судеб армянского народа»
  7. К. В. Тревер. Очерки по истории культуры древней Армении (II в. до н. э. — IV в. н. э.). — М. Л., 1953. — С. 164—165.
  8. Полководческая деятельность армянского царя Арташеса I, Тер-Григорян-Демьянюк Наталия.
  9. А. Бокщанин «Парфия и Рим. Система политического дуализма в Передней Азии.» Часть 2. Стр 28. С другой стороны, смерть Митридата II Парфянского и последовавшие за ней внутренние усобицы, а также обострение политической обстановки на восточных границах, повлекли за собой полную пассивность парфян на западной границе./ Смерть Митридата II, а возможно, и династическая междоусобица, возникшая из узурпации Готраза, ослабили зависимость различных стран от парфянского царя царей. Ослаблением парфянской монархии воспользовался Тигран II, не только для того, чтобы освободиться от подчинения парфянам, но отобрать обратно спорные пограничные земли, а позднее продвинуться в северную Месопотамию и Мидию Атропатену. Стр. 14
  10. А. Бокщанин «Парфия и Рим. Система политического дуализма в Передней Азии.» Часть 2. Стр. 15 Тигран даже присвоил себе титул «царя царей», претендуя таким образом на первое место среди эллинизированных монархий.

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]