Эрмалойн драм

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Эрмалойн драм (нох.)

Հայկական դրամ (эрмал.)
Armenian Dram (инг.)
Dram arménien (фр.)

2009 шеран 100 000 драм 2004 шеран 10 драм
2009 шеран 100 000 драм 2004 шеран 10 драм
Кодаш а, символаш а
Кодаш ISO 4217 AMD
Аббревиатураш
Ахчан хьаьрк AMD цакарий
Лелаш долу меттигаш
Эмитент ЭрмалойчоьFlag of Armenia.svg Эрмалойчоь
Официально йоцу Ломан-Карабахан Республика
Схьадаьлларш а, параллельни цхьаццаннаш а
Къасторан лума (1100)
Монеташ а, банкноташ лелар
Банкноташ 500, 1000, 2000, 5000, 10 000, 20 000, 50 000, 100 000 драм
Истори
Юкъадалор 22.11.1993
Ахча-хьалха хилларг ССРС сом (SUR) / Российн сом (RUR)
Монеташ а, банкноташ а арахецар
Эмиссионни центр Республика Эрмалойчоьн Центран банк
www.cba.am
Мах 25 февралехь 2015 шо
1 RUB = 7,691 AMD
1 USD = 481,4 AMD
1 EUR = 546,2 AMD
1 GBP = 746 AMD
1 JPY = 4,052 AMD
Мах ша карлабоккхуш бу МВФ а, ЕЦБ а, ЦБ РФ а хаамашца. Дуьззина яздина хьажа декъехь «Ахчан механ раж».
Commons-logo.svg Category:Banknotes of Armenia Викилармехь

Драм (эрм. դրամ) — Эрмалойчоьнан а, Ломан Карабахан а пачхьалкхан ахча. Цхьа драм 100 лума (эрм. լումա) ду, амма лумаш факт хилла лелаш дац, хӀунда аьлча цунах мискъалзарратал хӀума ца йогӀу. Курс 1 АЦШ долларах 500 драм гергга делча, американ центах ло 0,002 лума.

Ахча арахецаран бакъо Республика Эрмалойчоьнан Центран банкан бен яц. Эрмалойчоьнан пачхьалкхан ахча лелаш ду 1993 шеран 22 ноябрехь дуьйна. ХӀора шарахь оцу дийнахь даздо «драман де».[1]

Драман символ (֏) — шиъ ана сиз хьаькхна «Դրամ» («Драм») дешан хьалхара элп Դ (элпан цӀе: «да»), и графика (кеп) эрмалойн абатехь бен яц.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

XI бӀешо чекхдолуш кхоллаелира Киликийн эрмалойн пачхьалкх. Цуьнан детийн нахартийн цхьаннан цӀе яра «драм»[2].

1991 шарахь ССРС мукъаяьллачул тӀаьхьа Эрмалойчоьно 2 шарахь Ӏийра къоман ахча а доцуш. Махкахь боьдуш къийсамаш бара соьман зонехь дисар пайдехь дуй теша бохуш. 1993 шеран 26 июлехь Российн Федерацин Центран Банко юкъадехира керла кепара банкноташ. Факт яра, Росси советийн сом лелачу зонера араялар. Октябрехь — ноябрехь Туркменис а, Кхазакхстана а, Узбекистана а юкъадаьккхира шайн къоман ахча. Эрмалойчоь энергин къоьллан, блокадан, Карабахан тӀеман хьолашкахь, терго а ца ян луш советийн соьмаш чударжаран кхерамехь йисира, тӀаккха кхин а чӀогӀа юхур яра финансийн система, цунна ийшира шайн ахча юкъадаккхар[3][4].

1992 шарахь дуьйна кхоьллина яра «Эрмалойчоьнан къоман ахчан цӀе тилларан, кепийн, юкъадаккхаран механизмийн» комисси. Коьрта ахчан юьйцу варианташ яра «Драм», «Стак», «Ибар», «Даекан», кегийра ахча (нахарташ) — «Манрадрам», «Ар», «Манр», «Ими», «Зуза», «Плик», «Лума». Комиссин юкъа бахара говзанчаш, пачхьалкхан лакхара даржера нах, царна юкъахь вара президент Л. А. Тер-Петросян а, вице-президент Г. Г. Арутюнян а. Кхаж сов баьлла коьртачу а, къасточу а ахчанашна цӀераш харжира «драм» а, «лума» а[5].

Armenian dram USD rate 1994-2016.jpg

1993 шеран 27 апрелехь кхоьллина Республика Эрмалойчоьнан Центран банк, ткъа цуьнан хьалхара куьйгалхо хӀоттийра Исаакян Исаак[3]. Оцу шеран 22 ноябрехь Эрмалойчоьнан керла ахча хилира драм. Республикехула лело советийн сомаш, хийца дезара цхьаьна кӀирнах 200-х цхьаъ курсаца[4].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]