Эрмалойчоьнан хӀост

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эрмалойчоьнан хӀост
Турс
Турс латториг Аьрзу а, Лом а
Бух кӀенан кенаш, мас, зӀе, тур, аса
Хьалхара версеш 1918
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Эрмалойчоьнан хӀост (эрм. Հայաստանի Հանրապետության զինանշան) — Эрмалойчоьнан пачхьалкхийн сийлаллех цхьаъ. ТӀеэцна 1992 шеран 19 апрелехь Эрмалойчоьнан Лакхара Кхеташоно, нисйина законаца 2006 шеран 15 июнехь.

ХӀинцалерачу хӀостан бух хилла Хьалхарчу Эрмалойчоьнан Республикин хӀост (1918—1920), цуьнан автораш бу архитектор, Российн исбаьхьаллин академин академик Таманян Александр а, исбаьхьалча Коджоян Акоп а.

ХӀостан элементаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀост хӀоттийна хӀокху элементаша: Турс — юккъехь — эрмалойн къоман сийлолла йолу Арарат лам, цуьнан боьххьехь Нухь пайхамаран кема وصلة=, хӀунда аьлча, цхьацца дийцаршца, кема сецца нисса хӀокху лам тӀехь. Турс декъна 4 декъе, цуо гойту Эрмалойчоьнан исторера йиъ маьрша Эрмалойн паччахьалла:

Турс латтош долу Лом а, Аьрзу а дийнатийн дуьненан паччахьаш ю, цара гойту хьекъал, сийлалла, собар, оьздангалла. Дуккха а шерашкахь уьш хилла паччахьийн доьзалийн сийлаллаш.

Кхин тӀе элементаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

ХӀостан лахахь лаьтта кхин ладаме пхи элемент. Хадийна зӀено маршо гойту, тур — Ӏедал а, къоман ницкъ а, кӀенан кенаш — эрмалошна къахьега лаар, га — эрмалойн къоман интеллектан а, оьздангаллин а тӀаьхье. Кхаа бесара асано гойту Эрмалойчоьнан байракх.

ХӀостан бесаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

БагратидгӀеран Эрмалойн паччахьаллин хӀост Ани гӀалин пенаш тӀехь, хӀинца ду Республика Эрмалойчоьнан хӀостан турсан лакхара аьрру сонера сурт тӀехь

Эрмалойчоьнан хӀостан коьрта бос — дешийн, историн эрмалойчоьнан паччахьаллин: лакхахь аьрру агӀора — цӀен, лакхахь аьтту агӀора — сийна, лахахь аьрру агӀора — сийна, лахахь аьтту агӀора — цӀен, ткъа турсан юккъехь гайтина Арарат лам — цӀехо-можа басахь. Гайтина бесаш ламастехь лелийна хӀосташкахь а, байракхашкахь а Эрмалойчоьнан паччахьийн некъоша, йогӀуш ю Республика Эрмалойчоьнан байракхан бесашца.

Емалалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

1992 шарахь Эрмалойчоьнан хӀост тӀеэцначу хенахь дуьйна ца соцу емалалла, авторша динчу геральдийн гӀалаташна. Хьалхара Эрмалойчоьнан Республикин оригиналан хӀостаца дуьстича, цуьнан 1992 шарахь тойина версин тӀехь го, лоьман бага а, аьрзунан зӀок а къевлина хилар, меттанаш дӀадаьхна, ткъа лоьман кӀомсарш яйна. Иза ду эрмалойн геральдийн ламастан гӀалат, цуо ло турс латточарна иэшаран а, къардаларан а аматаш. Ша турс тӀехь геральдийн йоцу сийлаллаш лаьтта геральдийн низам дохош; паччахьан некъийн сийлаллаш шен семанца хьовза а йина лаьтта Ӏаламехь йоцучу кепара. Оцу сийлаллин цхьаьна декъан ю геральдийн янне а йоцу тӀехулара кеп, масала «дела къежа» лом, цуо гайта безара Киликин Эрмалойн Паччахьаллин РубенянгӀеран некъий. Арарат лам гойту юккъера жима турс, гайтина геральдикин коьрта низам дохоран гӀалатца — дешин тӀехула детица (металл тӀехула металлца). Кхин а цхьа могӀа гӀалаташ ду, масала, каггийна (чекхдаккханза) тур, еса девизан аса, кхин дӀа а. Геральдика йохоран емалалла тӀе мел кхета, хӀост низамца нисйе бохуш кхайкхамаш сов буьйлу.

Хьаьжа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]