Куьзга
Ку́ьзга — серло (я кхин зӀаьнарш тоха лерина йолу шера тӀехуле[Комм 1]). Уггаре девза масала — экъа куьзга.
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
Археологашна карийна хьалхалера Борзан муьрера кегийра куьзганаш гӀелех, дешийх, платинех дина.
Куьзганийн керла истори лору XIII бӀешерера, ткъа нийсо аьлчи — 1240 шерера, оцу хенахь Европехь Ӏемира аьнгалих пхьегӀаш юса. Бакъ долу аьнгалин куьзга дар лору 1279 шарахь, оцу хенахь италин мозгӀар-францисканхо Джон Пекам яздина аьнгалин тӀе дуткъа чкъор гӀелий дилларан хьесапах лаьцна.
Куьзга дар иштта дара. Пхьеро турбан чухула пхьегӀан чу дуттура лалийна гӀелий, иза даржара цхьабосса чкъоьраца аьнгалин тӀехула, ткъа гарголг шелбелчи, иза бохабой кийсигаш йора. Хьалхара куьзга дика ца хилла: чутаьӀна герагаш гӀеххьа галдоккхура сурт, амма иза хилира къегина а, цӀена а.
XIII бӀешарахь Голландин бахархоша караерзийра цӀахь куьзга даран технологи. Цунна тӀаьхьа яхара Фландри а, немцойн пхьерийн гӀала Нюрнберг, цигахь 1373 шарахь кхоллаелира дуьххьарлера куьзган цех.
1407 шарахь венецера вежарша Данзало дель Галлос ийцира фламандхошкара патент, Венецис цхьаъ ах бӀешарахь латтийра венецин дика куьзганаш даран монополи. Венеци цхьаъ хилла ца Ӏара куьзганаш дечу меттигех. Венецин пхьераша серло дика тохийтархьама куьзганан хӀоттамех деший а, борза а тухура. Цхьаьна венецин куьзганах доьхура жима хӀордан кеманах доьххург, ткъа башха доккха а доцучу барам 100х65 см болчу куьзганах доьхура 8000 сов ливр, цуьнан барамехь долу Рафаэлан суьртах — 3000 гергга ливр. Куьзганаш чӀогӀа деза дара. Эца а, гулдан а таро яцара хьалдолчу элийн а, паччахьийн а бен.
XVI бӀешо долалуш Мурано гӀайрен тӀиера вежарша Андреа ДоменикогӀара бийкъира бохалла бовха аьнгалин цилиндр, цуьнан эхигаш шарйира цӀеста текха тӀехь. Нисделира экъан куьзган дегӀ, къаьстиш дара къегарца, цӀена аьнгалин чекх сагарца а, цӀоналлийца а. Иштта куьзгано, горгалган кийсигаш санна сурт галл ца доккхура. Иштта хилира коьрта хилам куьзганаш даран исторехь.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Цитатийн гӀалат: Тобан «Комм» йолуш йолу тегашца <ref>
йогӀуш йолу тег <references group="Комм"/>
ца карийна