Росстат

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакх
(Росстат)
инг. Federal State Statistics Service
Russian Federal State Statistics Service Emblem.svg
Moscow SakharovaStreet37 1468.jpg
Юкъара хаам
Мохк
Юрисдикци Росси
Кхолларан терахь 1991 шо (Российн Пачстатком)
Хьалха хилла ведомство ССРС Пачстатком
Лакхара ведомство Российн Федерацин Экономика кхиоран министралла
Штаб-квартира Москох, Мясницки урам, 39
Белхалойн барам 23 эз. (2010 шо)
Шеран бюджет 12,6 млрд сом (2014 шо)[1]
Куьйгалхо Малков Павел Викторович (2018 шеран 24 декабрехь дуьйна)
Куьйгалхочун хьехамча Антонюк Игорь Викторович
Сайт gks.ru

Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакх (Росстат) — Российн Федерацин дозан тӀехь мехкан социалан, экономикан, демографин, экологин хьолах официалан статистикан информаци кхуллу функцеш а, ткъа иштта пачхьалкхан статистикан областера тергонан, доладаран функцеш а, кхочушъен российн кхочушдаран Ӏедалан федералан меже. 2017 шеран 3 апрелехь дуьйна Российн Федерацин Экономика кхиоран министраллан куьйгакӀела ю.

Росстат ю, 19281933 шерашкахь архитекторан Ле Корбюзьен проектаца йина йолу, Российн тӀаьхьенан оьздангаллин объектан, Центросоюзан гӀишлон чохь.

Истори а, хийцамаш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Хьажа Центран статистикан урхалла.
  • № 483 йолу 1998 шеран 30 апрелехь арадаьлла «Кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структурех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца Российн Федерацин Пачхьалкхан статистикех йолу комитет юкъатоьхна кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структуран.
  • № 1142 йолу 1998 шеран 22 сентябрехь арадаьлла «Кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структурех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца Российн Федерацин Пачхьалкхан статистикех йолу комитет юкъатоьхна кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структуран.
  • № 651 йолу 1999 шеран 25 майхь арадаьлла «Кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структурех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца Российн Федерацин Пачхьалкхан статистикех йолу комитет хийцина Российн статистикан агенталла.
  • № 1600 йолу 1999 шеран 6 декабрехь арадаьлла «Российн статистикан агенталла Российн Федерацин Пачхьалкхан статистикех йолу комитетаца хийцарех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца кхоьллина Российн Пачстатком
  • № 314 йолу 2004 шеран 9 мартехь арадаьлла «Кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн системех а, структурех а лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца Российн Федерацин Пачхьалкхан статистикех йолу комитет хийцина Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакхца, билгала йиначу сферан гӀуллакхехь, нормативан бакъонан акташ тӀеэцарехь йолу цуьнан функцеш дӀалуш Российн Федерацин Экономика кхиоран а, махлелоран а министраллин.
  • № 649 йолу 2004 шеран 20 майхь арадаьлла «Кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структуран гӀуллакхех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца хӀоттийна, Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакхан урхалла до Российн Федерацин правительствос.
  • № 724 йолу 2008 шеран 12 майхь арадаьлла «Кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структуран гӀуллакхех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца Росстат дӀаелла Российн Федерацин экономика кхиоран министраллин кара.
  • № 636 йолу 2012 шеран 21 майхь арадаьлла «Кхочушдаран Ӏедалан федералан меженийн структуран гӀуллакхех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца Росстат дӀаелла Российн Федерацин Правительствон кара.
  • № 141 йолу 2017 шеран 3 апрелехь арадаьлла «Официалан статистикан чоьтан сферехь пачхьалкхан урхалла тояран цхьадолу гӀуллакхех лаьцна» цӀе йолу Российн Федерацин Президентан омарца Росстат дӀаелла Российн Федерацин экономика кхиоран министраллин кара.

Коьрта Ӏалашо а, функцеш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакхан коьрта функцеш ю:

  • гражданашна, Российн Федерацин Президентана, Российн Федерацин Правительствона, Российн Федерацин Федералан Гуламна, пачхьалкхан Ӏедалан меженашна, массийн хаамийн гIирсашна, кхечу кхолламашна, царна юкъахь дуьненаюкъарниш а, хӀоттийначу низамехь статистикан хаам балар;
  • статистикан терго ярхьама а, статистикан гайтамаш кхоллархьама а, Ӏилмо маьӀна даьккхина официалан статистикан методологи кечъяр а, тояр а, йийцина методологи дуьненаюкъара стандарташца нийса латтор а;
  • экономикан а, социалан сферан хьолан амал гойту статистикан гайтамийн система кечъяр а, тояр а;
  • статистикан хаамаш гулбар а, цуьнан бух тӀехь официалан статистикан чот кхоллар а;
  • кхолламаша а, юридически кхоллам а ца беш хуьнараллин болх лело гражданаша а Российн Федерацин пачхьалкхан статистикан областера законан терго латтор;
  • пачхьалкхан статистикан хаамийн система кхиор, кхечу пачхьалкхан хаамийн системаца цхьаьнатаръялийтар, уьйр латтор;
  • пачхьалкхан хаамийн ресурс Ӏалашъяр, статистикан хаамаш конфиденциалан а, пачхьалкхан къайле а ларар;
  • Российн Федерацин дуьненаюкъара кхолламийн декъаллех девлла декхарш кхочушдар, дуьненаюкъара барташ беш дакъа лацар, статистикан областехь дуьненаюкъара уьйранаш лелор.

Росстатан куьйгалхой[нисъе бӀаьра | нисъе]

Центран аппарат[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Административан урхалла
    • Пачхьалкхан гӀуллакхан а, кадрийн а дакъа
    • Мехкашкара меженашца а, кхолламашца болхбаран дакъа
    • Белхалой Ӏаморан дакъа
    • Росстатан куьйгаллин а, коллегин а болх дӀабахийтаран дакъа
    • ГӀуллакхаш кхолларан а, тергонан а дакъа
    • Пачхьалкхан къайле ларъяран дакъа
    • Башха программийн дакъа
    • Юрисдикцин дакъа
  • Статистикан терго а, Ӏуналла а даран урхалла
    • Статистикан белхийн федералан план кхолларан дакъа
    • Ехачу хенан лерина статистикан программийн дакъа
    • Статистикан терго а, Ӏуналла а даран дакъа
    • Статистикан регистран а, статистикан тергонан хьесапан дакъа
    • Социалан-экономикан классификацин дакъа
    • Ӏилман-методологин белх дӀабахийтаран дакъа
  • Цхьаьнатоьхна статистикан белхийн а, юкъараллин уьйранийн урхалла
    • Оперативан хаамаш арахецаран дакъа
    • Статистика йовзийтаран а, юкъараллашца уьйр латторан а дакъа
    • Социалан-экономикан мониторингаш а, регионийн статистикаш лелоран дакъа
  • Къаьмнийн чоьтийн урхалла
    • Арахецна ДЧС дакъа
    • Дерриг регионан сурсатан дакъа
    • ДЧС лелоран дакъа
    • Институционалан секторан гайтаман са́н а, чоьтийн а дакъа
    • Къоман чоьтийн гайтамаш дуьненаюкъарчуьнца бустаран дакъа
    • КӀоман бахаман а, капиталаца йен операцийн статистикин дакъа
  • Харжан а, арахецаран а статистикин урхалла
    • Кхолламан-методологин белхан дакъа
    • «Харж-арахецар» таблица яран дакъа
    • «Харж-арахецар» таблица яран хаамаш латторан дакъа
  • Мехийн а, финансийн а статистикин урхалла
    • Пачхьалкхан финансийн а, ахчан-кредитан системан а статистикин дакъа
    • Кхолламийн финансийн статистикин дакъа
    • Иэцаран механ статистикин дакъа
    • Кхоллархой механ статистикин дакъа
  • Предприятийн статистикин урхалла
    • Кегий а, юккъера а предприятеш ерриг талларан дакъа
    • Структуран статистикин а, макроэкономикан чоьтийн а дакъа
    • Жимачу хьуьнараллин йоьду статистикин дакъа
    • Арахецаран индексийн дакъа
    • Энергетикан статистикин дакъа
    • Гулбина-хаамийн дакъа
    • Юкъан а, инвестицин а сурсаташ арахецаран статистикин дакъа
    • Хьаштонан сурсаташ арахецаран статистикин дакъа
  • Юьртабахаман а, гуонахьара Ӏаламан а статистикин урхалла
    • Юьртабахамера макроэкономикан гайтаман а, дааран ресурсийн балансан статистикин дакъа
    • Цхьаьнатоьхна белхийн а, юьртабахаман техникаца кхачам хиларан статистикин дакъа
    • Ораматашлелоран а, даьхнийлелоран а статистикин дакъа
    • Хаьржина талламийн а, юьртабахам багарбаран а методологин дакъа
    • Гуонахьара Ӏаламан статистикин дакъа
  • ГӀишлошъяран, инвестицийн, хӀусамийн-коммуналан бахаман статистикин урхалла
    • Финансаш йоцу активашка инвестицийн статистикин дакъа
    • ГӀишлошъяран статистикин дакъа
    • ХӀусамийн а, коммуналан гӀуллакхийн статистикин дакъа
  • Махлелоран а, гӀуллакхийн а статистикин урхалла
    • Цхьаьнатоьхна белхийн дакъа
    • Розницан махлелоран статистикин дакъа
    • Оптан махлелоран статистикин дакъа
    • Арахьа махлелоран статистикин дакъа
    • Чоьхьара махлелоран статистикин дакъа
    • Транспортан а, зӀен а статистикин дакъа
    • Базаран гӀуллакхан а, туризман а статистикин дакъа
  • Къинхьегаман, Ӏилман, дешаран, оьздангаллин статистикин урхалла
    • Пачхьалкхан гӀуллакхан кадрийн а, цхьаьнатоьхна белхийн а статистикин дакъа
    • Кхолламийн белхалойн бараман а, белхан йолан а статистикин дакъа
    • Мукъа цахиларан а, белхазаллан а статистикин дакъа
    • Ӏилман, инновацийн, хаамийн юкъараллин статистикин дакъа
    • Дешаран а, оьздангаллин а статистикин дакъа
  • Бахархойн а, могашалла Ӏалашъяран а статистикин урхалла
    • Бахархойн статистикан чоьтан гӀирсийн нормативан-методикан кечаман дакъа
    • Бахархой багарбаран жамӀийн методологин а, анализан а дакъа
    • Йоьду а, ларъен а демографин чоьтийн а, могашалла Ӏалашъяран статистикин а дакъа
    • Бахархой дӀасакхалхаран статистикин дакъа
  • Бахархойн дахаран тӀегӀан а, цӀийнан бахам талларан а статистикин урхалла
    • Бахархойн сан статистикин дакъа
    • Бахархой социалан ларбаран цхьаьнатоьхна статистикин дакъа
    • ЦӀийнан бахамийн бюджеташ талларан дакъа
    • Бахархойн дахаран хьолан статистикин дакъа
  • Дозанал арахьара мехкийн а, дуьненаюкъара уьранийн а статистикин урхалла
    • Арахьара мехкийн а, дуьненаюкъара хаамаш хийцаран а статистикин дакъа
    • Статистикан методологин гармонизацин дакъа
    • Дуьненаюкъара уьйранаш тасаран дакъа
  • Финансийн-экономикан урхалла
    • Планан-бартан белхийн дакъа
    • Заказ дӀанисъяран координацин дакъа
    • Финансаш латторан дакъа
    • Бухгалтерийн чоьтан дакъа
    • Цхьаьнатоьхна бухгалтерийн чоьталлин а, чоьхьара финансийн тергонан а дакъа
  • Бахархой багарбар а, берриг талламаш бар а дӀакхехьаран урхалла
    • Федералан а, мехкан а тӀегӀанехь бахархой багарбар дӀакхехьаран дакъа
    • Бахархой багарбар дӀакхехьаран а, берриг талламаш баран а прогнозан, финансийн харжан дакъа
    • Контрактаца цхьаьна дахаран а, бахархой багарбар дӀакхехьаран, берриг талламаш баран а харжан чоьтан дакъа
    • Бахархой багарбар дӀакхехьа а, берриг талламаш бан а техникан-гӀирс латторан дакъа
    • Бахархой багарбар дӀакхехьа а, берриг талламаш бан а техникан-гӀирс латторан дакъа
    • Бахархой багарбаран а, берриг талламийн а гӀирсаш автоматаца кечбаран технологи латторан дакъа
  • Хаамийн ресурсийн а, технологийн а урхалла
    • Хаамийн ресурсийн, ведомствашна юкъара уьйранийн, порталан сацамийн дакъа
    • Проектийн урхаллин дакъа
    • Хаамийн технологин дакъа
    • Хаамаш а, хаамаш дӀабаларан машанаш а ларбаран дакъа
    • Техника кхиоран дакъа
  • Бахаман комплекс кхиоран урхалла
    • Вовшахтохаран-аналитикан дакъа
    • Бахаман комплексан дакъа
    • Капиталан гӀишлошъяран дакъа
    • Социалан-бахам латторан дакъа

Проекташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Арахецарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ведомствон совгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • «2006 шеран Ерригроссийн юьртабахам багарбар дӀадахьаран хокъан» мидал — Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакхан ведомствон мидал, юкъаяьккхина Росстата № 123 долчу омарца 2006 шеран 16 августехь.
  • «2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбар дӀадахьаран хокъан» мидал — Пачхьалкхан статистикин Федералан гӀуллакхан ведомствон мидал, юкъаяьккхина Росстата № 345 долчу омарца 2010 шеран 08 октябрехь.

2010 шеран 7 сентябрь кхаччалц пачхьалкхан совгӀат дара «Ерригроссийн бахархой багарбар дӀадахьаран хокъан» мидал (кхоьллина Российн Федерацин Президентан № 1151 йолчу омарца 2002 шеран 14 октябрехь).

Хьажа иштта[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]