Гериханов, Ихван Баудинович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ихван Баудинович Гериханов
Гериханов Баудин Ихван
Вина терахь 1954 шеран 17 апрель({{padleft:1954|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (65 шо)
Вина меттиг Караганда, Карагандан область, Кхазакхийн ССР
Гражданалла: Росси
Дешар: лакхара, Свердловскан юридически институт
Ӏилман тӀегӀа: юридически Ӏилманийн кандидат
Ӏилман дарж: Пачхьалкхан юстицин хьалхарчу классан хьехамча
Къам: Нохчо, Мелардой тайп
Динлелор: Ислам
Парти: ССКП (1976-1991)
ГӀулаккхан тайп: политик, дипломат, юрист
Да: Гериханов Бауди Ирбаханович
Нана: Гериханова Бикату
Зуда: Гериханова Зарема

Гериханов Ихван Баудинович (вина 1954 шеран 17 апрелехь, Кхазакхийн ССР Карагандан областера, Караганда гӀалахь) — Нохчийн Республикан политикан а, пачхьалкхан а, юкъараллин гӀуллакххо, юридически Ӏилманийн кандидат, республикан дуьххьарчех Ӏилманча юрист.[1][2]

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Гериханов Ихван вина Карагандахь Кхазакхскийн ССРехь, цуьнан доьзал 1944 шарахь арабаьккхина болуш. Къоман нохчо ву мелардой тайпанах.[3]

1969 шарахь бархӀ класс чекхъяьккхича, деша хӀоьттира Соьлжа гӀалан мехкдаьттан техникуме, диплом каракхаьчначул тӀаьхьа болхбира СевКавНИИнефть урхаллехь, геологан-талламан гӀуллакхан декъехь белхалочун даржехь.

1973—1975 шерашкахь Советийн Эскаран могӀарехь вара ГДРхь, эскарера мукъавелира лахара лейтенантант тӀегӀанера.

1975 шарахь деша хӀоьттира Свердловскан юридически институте, иза чекхъяьккхира 1979 шарахь.[4]

1979—1989 шерашкахь, меттигаш боькъуш балха хьажийра Нохч-ГӀалгӀайн АССРе республикан юстицин Министраллин системе, Соьлжа-ГӀалан № 1 йолчу юридически консультацехь адвокат вара, тӀаккха НГӀАССР адвокатийн коллегин Президиуман Председателан хьалхара гӀовс.[5]

1989 шарахь НГӀАССР Лакхарчу Советан гуламехь хаьржира Соьлжа-ГӀалан Ленинан кӀоштан халкъан суьдхо.[6]

Политикан гӀуллакхь[нисъе бӀаьра | нисъе]

1976 – 1991 шерашкахь ву ССКП декъашхо. Гуттарен а вара демократин урхаллин принципаш тӀехь, адаман а, гражданинан а бакъонаш ларъярехьа.

Дуьххьарчу деношкахь дуьйна къам-паргӀатдаккхаран боламан агӀо лецира, 1991 шарахь Нохч-ГӀалгӀайчоьнан Хенан Лакхара Совет юкъахь дакъалецира законаш кхуллуш. Иза яра вовшахтоьхна НКЪХК а, Нохч-ГӀалгӀайчоьнан Лакхарчу Советан а агӀончех. Хьалхара нохчийн къоман гулам беш дакъалецира, НКЪХКан векал.[7]

Нохчийн Республикан Ичкерин депутат (1991—1993 шерашкахь), парламентан эхь-бехкан а, динлелоран а паргӀатонан гӀуллакхийн Комитетан Председатель, ткъа иштта пачхьалкхан бахам хӀаллакбаран меттигаш талларан депутатийн комиссин декъашхо. ПаргӀата нохчийн пачхьалкх бакъонехь когахӀоттаран а, кхиаран а уггар чӀогӀа агӀончех лору Ихван. Нохчийн Республикан Ичкерин Парламентехь «Бакъо» фракцин сопредседатель хилла, фракции юкъахь 17 депутат вара 41 депутатах лаьттачу Парламентера. 1992 шеран 12 мартехь Парламенто тӀеэцначу Нохчийн Республикан Ичкерин Конституцин проект кечйинчех цхьаъ.[8]

1993 шеран мартехь хаьржина Нохчийн Республикан Конституцин Суьдан Председатель, дуьххьарчу лакхарчу суьдан меженан паргӀато кхайкхийначу республикан.[9][10]

2016 шарахь Российн Федерацин Пачхьалкхан думан депутатан дарже гӀоьртира "Российн экологин «Зеленые» партин» декъахь.[11]

Пачхьалкхан гӀуллакхаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Нохчийн Республикан Ичкерин Конституцин Суьдан гӀуллакхехь волуш жигара тӀевирзира республикан Парламенто а, Президенто а арахоьцучу закондаккхаран актийн бакъонан экспертизан. Республикан закондаккхаран а, кхочушдаран а меженаш тӀеоьцу дукхах долу акташ, лакхарчу суьдан меженийн болх бахьнехь НРИ Конституцица дӀанисдира.

Республикан Парламентан а, Президентан а Соьлжа-ГӀалан, коьртехь Гантемиров Бислан волчу, ГӀалин гулам дӀасахецаран хьокъехь герз лелош, гӀишло чу герз тухуш, байина бехкбоцу нах а болуш дуьхьало лаьттачу хенахь, Нохчийн Республикан Ичкерин Конституцин Суьдан Председатело масийттаза дакъалецира агӀонийн маслаӀат дарехь, иштта Ӏедалан шина генне церан дов мегар ца хиларехь болчу кхайкхаман зорба туьйхира.[12]

1993 шеран май бутт болалуш герзашца Ӏиттабелира паргӀатонан агӀончаш а, коьртехь Автурханов Ӏумар волу, телевидени гӀишло дӀалаьцна, оппозици а, ткъа Гериханов Ихвана, ша лакхарчу суьдан меженан корта хиларе терра, дакъалецира девнан агӀонашна юкъахь машар беш, жамӀехь доьхьалонаш дӀасаевлира дов чагӀ а ца деш, нах а ца бойуш.

Шега Республикан Парламентан а, Президента а хан тӀекхачале харжамаш барехь референдум яран хьокъехь Парламентан депутатийн кехат ма-кхаьчча (иза хилира Ӏедалан ши меже дуьхь-дуьхьал латтаран бахьана), председатель Гериханов Ихван волчу Нохчийн Республикан Ичкерин Конституцин суьдо лецира НРИ Конституцино боху агӀо, хьукум дира Нохчийн Республикан Ичкерин Коьртачу законаца нийса хиларехь депутатийн лаам.[13]

1993 шеран 18 июнехь НРИ Конституцин суьдо шен инициативица къастийра даржерчу нехан, царна юкъахь лаккхара а, республикан конституцин хӀоттам ларбарехь болу, Конституцин республикан гражданийн бакъонаш а, маьршо а ларъяран коьрта принципаш йохаяран белхаш законаца хилар, шен Хьукам дира, дукхах болу нах шайн меттиг хьакъ долуш ца хилар, бакъоларъяран гӀуллакхехь а, кхочушдаран Ӏедалехь а, шайн куьйгалхочуьнца цхьаьна.[14]

Дудаевн агӀончашна хийтира иштта хьукам сийсаза, тӀедожийра НРИ Конституцин Суд дӀасахецар. Президентан иштта омар араделира, НР Конституци йохош делахь а хьалхарчу терахьийца, иза лерира Коьрта Законаца догӀуш ца хилар арадаьлча дуьйна, амма 1996 шарахь НРИ Президентан декхарш З. Яндарбиевс кхочуш дечу хенахь. ТӀаккха а, хьоле хьаьжжина, НР Конституцин Суьдан декъашхойн а, церан доьзалийн а кхерамазаллин, Гериханов Ихвана ша Председатель хиларе терра, хьукам дира суьдан болх сацо, машаран гӀуллакх дӀадахьа хьал тодаллалц.[15]

Гериханов Ихвана шен Конституцин Суьдан Председателан декхарш кхочуш дира Масхадов Аслан урхаллехь волуш а, республикехь шариӀатан урхалла юкъадаккхалц. Массарна а бевзаш болу, Соьлжа-ГӀалин майданехь нах гулбина тоьпаш тохаран хиламал тӀаьхьа, суьдан керла декъашхой чӀагӀбеш НРИ Парламентца хилла дар-дацар бахьнехь, Гериханов Ихван гӀара а волуш балхара дӀавелира, иза дан гӀодира дукхах болчу Парламентан декъашхоша, цара хаийтира шайн цатешам буйла Конституцин Суьдан Председателан, иштта конституцин дуьхьал болу некъ хаьржина волу.[16][17]

Юкъараллин гӀуллакх[нисъе бӀаьра | нисъе]

Довзийтаза Долчу Къаьмнийн Кхолламе (Гаага гӀала, Нидерландаш) делегацин декъашхо, Д. Дудуевца цхьаьна.[18]

Хьалхара российн-нохчийн тӀамехь (1994—1996 шерашкахь), ша НРИ Конституцин Суьдан Председатель волуш, жигара дакъа лоцура республикан латта тӀиера тӀом сацорехь юкъараллин а, политикан а болхбеш. Кхолла а кхоьллира, дакъа а лецира дуккха дуьненаюкъара а, российн а юкъараллин конференцеш еш, РФ Пачхьалкхан Думан комитетийн гуламашкахь тӀеман девнехь адаман а, гражданинан а бакъонаш ларъяран хьал дуьйцуш.[19][20][21][22]

Оцу тематикера зорба а туьйхира МХГӀхь, жигара даржадора ницкъашца хьал толур цахилар, ткъа иштта массашкахь машаре бахархой байар а.[23][24][25][26][27]

1995—1996 шерашкахь Нохчийн Республикан махкахь адамаллин а, тӀеман зуламийн дуьхьала Юкъараллин дуьненаюкъара трибунал кхоьллинчарех а, декъашхойх а цхьаъ, шен болх дӀахьора ПД гӀараяьллачу депутатаца а, пачхьалкхан гӀуллакххочуьнца а Г. Старовойтоваца.[28][29]

Гериханов Ихван говзанча ву дуьненаюкъара бакъонийн областехь, пачхьалкх яран а, конституцин бакъонийн а гӀуллакхийн Ӏилманийн яззамийн автор ву, адаман а, гражданинан а бакъонаш ларъяран баланийн эксперт ву. Регионийн девнаш листаран жигара декъашхо ву. Иза вара коьрта фигурант 1995 шарахь Будённовскера аманаташ – машаре бахархой мукъабахарехь.[30]

Къаьмнийн гӀуллакхийн Министран В. Михайловн дехарца вахара Буденновск гӀала, дуьх-дуьхьал хиина къамелаш дира Басаевца аманаташ мукъабахаран хьолаш дуьйцуш, шен болх премьер-министарца В. Черномырдинца дага а вуьйлуш бира, жамӀехь мукъабехира 1200 сов машаре бахархой, дукхах берш зударий а, бераш а.[31]

ТӀеман заманахь, 1996 ш. Дудаев кхалхале, тӀеман агӀонашна юкъара дов листа гӀиртира, Нохчийн Республикан хенан правительствон коьртан декхарш кхочуш деш РӀА академик Хаджиев Саламбек волуш а, тӀаьхьа а.

ШолгӀа российн-нохчийн тӀом болалуш, юкъараллин гӀуллакххо, диканаш даран дуьненаюкъара «Единение» фондан куьйгалхо хиларе терра, жигара дакъа лецира Российн махкахь цаваьллачу денна веддачун я мухажир хиллачун гӀо лоцуш.[32]

Диканаш даран а, юкъара-пайден белхаш баран а гӀуллакхаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

2001 ш. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас республикехь структураш кхуллуш дакъа лаца аьлча реза хилира Европан а, Американ а пачхьалкхашкахь Нохчийн Республикан Инарла Векал хила инвестицеш а, гуманитаран гӀо доларчу тешамечу фондашкахула а, ВКЪКХн леррина кхолламашкахула а чудан бакъонаш йолуш.[33]

Гериханов Ихванан куьйгаллица, ВКЪКХн эксперташ декъабалош кхоьллира дуьненаюкъара инвестицин «Нохчийн Республикан а, Къилбаседа Кавказан а социалан сфера, экологи меттахӀотторан» программа, иза ВКЪКХн реестр юкъаяхийтира 2007 ш., социалан маьӀна долу проект аьлла.[34][35][36]

Кадыров Рамзан республикан Корта дарже хӀоьттича а, оцу проектан меттиг ца кхечира, ма-дарра аьлчи дӀайиллира, хӀетте а масийттаза гӀоьртира цуьнан иэшар тӀекхачо республикан Коьртан. МХГӀ чухула КЪФГ РФ Президентан Векале дехар дичи а гӀуллакх ца хилира.[37]

20092011 шерашкахь федералан третейн суьдхо волу Гериханов Ихван, кхайкхира республике третейн судлелор кхолла, хилира дуьххьарлера Нохчийн Республикан пачхьалкхан регистраци а йолуш шайолу юридически юьхьан третейн суьдан Председатель. Республикехь массанхьа кхоьллира третейн суьдан нийса система, иза тӀе ца ийцира Нохчийн Республикан кхечу пачхьалкхан суьдан юкъаралло къовсам латтор болун дела оцу суьдо. Суьдо шен болх чекхбаьккхира 2011 шарахь иза официалан дӀайоккхуш.[38][39]

Кхочушдира индустриалан-финансан союзан вице-президентан декхарш Российн президентан 2002 − 2009 шерашкара программаш кхочушъеш.[40][41]

2012 ш. дуьйна Европера экономикан кхиаран Дуьненаюкъара кхолламан Гуттаренна а векал (ВКЪКХн правительствошна юкъара кхоллам).[42]

2014 ш. дуьйна Гериханов Ихван ВКЪКХхь йолу Паччахьан Академин Йохк-эцаран Промыслан Палатан декъашхо ву.[43]

ХӀинца цхьаьна беш ву юкъараллин болх а, Москох гӀалан арбитражан суьдан Председателан Хьалхара гӀовсан юолх а.[44][45]

Даржаш а, совгӀаташ а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Пачхьалкхан юстицин хьалхарчу классан хьехамча.[46][47]

Дахар Ӏалашдаран баланийн дуьненаюкъара Академин а, Нохчийн Республикан Халкъан Академин а академик.

2010 шарахь юкъавахана 1000 дика говзанчийн — Российн Федерацин юристийн испискан.[48]

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

Зуда Зарема. Бераш а, берийн бераш а ду.


Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Диссертации на тему: Международное право, Европейское право. www.dissland.com. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  2. Стр. 51 - ученые чечни. chenetbook.info. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  3. Святая Русь. demo-party.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  4. БД "Лабиринт" - биографии, справки, справочный материал. www.labyrinth.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  5. БД "Лабиринт" - биографии, справки, справочный материал. www.labyrinth.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  6. БД "Лабиринт" - биографии, справки, справочный материал. www.labyrinth.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  7. [http://www.politika.su/ks/ksreg.html ��������������� �������� � ��������� ��]. www.politika.su. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  8. Заглавная страница (ru) // свободная энциклопедия. — 2018-01-03.
  9. БД "Лабиринт" - биографии, справки, справочный материал. www.labyrinth.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  10. [http://www.politika.su/ks/ksreg.html ��������������� �������� � ��������� ��]. www.politika.su. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  11. [http://www.panlog.com/card/person-real/cd012f2fdb603c2fb9982301e4336675 ГЕРИХАНОВ Ихван Баудинович ♂ 1954- СССР, Россия, Москва, ООО "Канцелярия Третейского Суда", Первый заместитель Председателя Международного Арбитражного Суда /]. www.panlog.com. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  12. Fedy » Тимур Музаев "ЧЕЧЕНСКИЙ КРИЗИС – 99. Политическое противостоян…, archive.li (2013, 30 октябрь). Хьаьжна 15 январехь 2018.
  13. !События в Чечне (1993, 5 июнь). Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  14. Заглавная страница (ru) // свободная энциклопедия. — 2018-01-03.
  15. Ахъяд Идигов - ответы на критику (ru-ru), Ичкерия. Хьаьжна 15 январехь 2018.
  16. Лица России. Интеллектульная элита России. База данных `Современная Россия`.. allrus.info. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  17. Шаймиев Минтимер Шарипович. shaimiev.tatarstan.ru. Теллина 2018 шеран 21 январехь.
  18. БД "Лабиринт" - биографии, справки, справочный материал. www.labyrinth.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  19. Default MFC Web Server Extension. www.indem.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  20. СЪЕЗД НОВОЙ ОБЩЕРОССИЙСКОЙ ОБЩЕСТВЕННО-ПОЛИТИЧЕСКОЙ ОРГАНИЗАЦИИ "СОЮЗ НАРОДОВ ЧЕЧНИ" - Россия выбирает - Деловая пресса. Электронные газеты. www.businesspress.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  21. Лица России. Интеллектульная элита России. База данных `Современная Россия`.. allrus.info. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  22. Page Not Found | University of Alberta (ингалс.). sites.ualberta.ca. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  23. Eddie EDISSON Gerikhanov. chechenianphenomenon.tripod.com. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  24. КС России договаривается с КС Чечни (1997, 3 декабрь). Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  25. 14 сентября 2000 г. old.memo.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  26. Radio Liberty - Crisis - Caucasus. archive.svoboda.org. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  27. Лица России. Интеллектульная элита России. База данных `Современная Россия`.. allrus.info. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  28. Нож у меня хранится. На каждом лепестке написан номер. - стр.22. refdb.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  29. Материалы опроса свидетелей Вторая сессия Москва, 20-24 апреля 1996 года Дополнительные слушания Третья сессия. konesh.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  30. Литсовет: "Будённовские перекрёстки. Часть 2", Сергей Черкесский. www.litsovet.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  31. Буденновские перекрестки (часть вторая) - Мемуары - Проза - Произведения - Литсеть. litset.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  32. ОЧЕРЕДИ В ДЕТСАДЫ ПОМОЖЕТ ЛИКВИДИРОВАТЬ "ЕДИНЕНИЕ" - Благотворительность в зеркале сми. bus.znate.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  33. О генеральном представителе Чеченской Республики в страны Европы и Америки (ru-RU). chechnya.regnews.org. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  34. ОЧЕРЕДИ В ДЕТСАДЫ ПОМОЖЕТ ЛИКВИДИРОВАТЬ "ЕДИНЕНИЕ" - Благотворительность в зеркале сми. bus.znate.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  35. Чечня может стать пилотным регионом по реализации исламского банкинга в России (ru), Юга.ру. Хьаьжна 15 январехь 2018.
  36. Еще один шаг на пути к миру и созиданию - Официальный сайт газеты "Столица ПЛЮС" - Чеченская Республика, город Грозный (ru-ru). stolicaplus.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  37. Обращения / Статьи и материалы / СКФО (оьр.). www.skfo.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  38. В Чеченской Республике заработает Третейский суд | Информационное агентство "Грозный-Информ" (ингалс.). www.grozny-inform.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  39. Исламский банкинг в Чечне | Вестник Кавказа (ru-RU). vestikavkaza.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  40. Исламский банкинг в Чечне | Вестник Кавказа (ru-RU). vestikavkaza.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  41. ОЧЕРЕДИ В ДЕТСАДЫ ПОМОЖЕТ ЛИКВИДИРОВАТЬ "ЕДИНЕНИЕ" - Благотворительность в зеркале сми. kk.convdocs.org. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  42. International Organization for Educational Development - IOED. www.ioed.in. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  43. International Royal Academy of United Nations. royalacademyun.com. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  44. Международняй арбитражный суд (оьр.). interarbiter.moscow. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  45. МЕЖДУНАРОДНАЯ ГУМАНИТАРНАЯ АКАДЕМИЯ АНО, ИНН 5026010130, ОГРН 1135027008291, ЛЫТКАРИНО (оьр.). zachestnyibiznes.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  46. Исламский банкинг в Чечне | Вестник Кавказа (ru-RU). vestikavkaza.ru. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  47. Чечня Сегодня - актуальные новости, интервью, видео и фоторепортажи. www.chechnyatoday.com. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  48. «Федеральный третейский суд. Ученые записки». Информационно-аналитический бюллетень, ДАЙДЖЕСТ. 2010 г.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

1.Страница Ихвана Гериханова в ФБ. [1]

2.Страница Ихвана Гериханова в Billionaires Elite. [2]

3. БД «Лабиринт». Официальный сайт базы данных. [1]

4. Профиль на официальном сайте. International Arbitration Court. [3]

  1. Ikhvan B. Gerikhanov (оьр.). www.facebook.com. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  2. Billionaires Elite VIP (ингалс.). billionaireselite.ning.com. Теллина 2018 шеран 15 январехь.
  3. Международняй арбитражный суд (оьр.). interarbiter.moscow. Теллина 2018 шеран 15 январехь.