ЖӀайхой

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
ЖӀайхой
Ша шена тиллина цӀе аварал, магӀарулал
Дукхалла а, ареал а
Берриге: 1 000 000 адам.

РоссиFlag of Russia.svg Росси
912 090(2010)[1][2]

АзербайджанFlag of Azerbaijan.svg Азербайджан
49 800 (2009)[13]
по неофициальным данным — 260 000[14]

ГуьржийчоьFlag of Georgia.svg Гуьржийчоь
1 996 (2002)[16]

ТуркойчоьFlag of Turkey.svg Туркойчоь
53 000[18]

УкраинаFlag of Ukraine.svg Украина
1 496 (2001)[19]

УзбекистанFlag of Uzbekistan.svg Узбекистан
  1 200 (2016)[20]

КхазакхстанFlag of Kazakhstan.svg Кхазакхстан
1 206 (2009)[21][22]
Мотт жӀайхойн мотт
Дин ислам суннийш
Расийн тайп кавкасионан тайп[23]
Юкъабоьду кавказан доьзал,
къилбаседакавказан доьзал,
нах-дегӀастанан тоба,
жӀайхойн-Ӏаьндийн-цезийн га,
жӀайхойн-Ӏаьндийн бухара га
Гергара къаьмнаш Ӏаьндий, дидой, чамалинхой, хваршинаш, годоберинаш, каратинаш, гунзибхой

ЖӀайхой (жӀай. аварал, магIарулал[24]) — Кавказан орамера къаьмнех цхьаъ, гена заманара дуьйна деха Ломан ДегӀастахь, ткъа иштта Малхбузан Гуьржийчохь[25] а, Къилбаседа Азербайджанехь а, таханлерачу ДегӀастанан уггаре доккха къам[26].

Барам а, охьаховшар а[нисъе | нисъе чухулара]

Дуьнен тӀиера жӀайхойн барам: берриш 1 млн: Россехь — 850 эз., Азербайджанехь — 50 эз., Туркойчохь — 50 эз.[27]

2010 шарахь бахархой багарбаран терхьашца жӀайхойн дакъа кӀошташкахула[5]:

КӀоштан цӀе Регионан цӀе % жӀайхойн
Ӏахвахойн кӀошт ДегӀаста 99,4 %
ЦӀунтӀан кӀошт ДегӀаста 99,4 %
Гергебилан кӀошт ДегӀаста 99,3 %
ЦӀумадан кӀошт ДегӀаста 98,9 %
Шемалан кӀошт ДегӀаста 98,7 %
Гумбетан кӀошт ДегӀаста 98,6 %
Тляратан кӀошт ДегӀаста 98,4 %
Ботлихан кӀошт ДегӀаста 97,5 %
Унцукулан кӀошт ДегӀаста 97,5 %
Хунзахан кӀошт ДегӀаста 97,5 %
ЧӀарадан кӀошт ДегӀаста 97,3 %
Гунибан кӀошт ДегӀаста 96,3 %
Казбековн кӀошт ДегӀаста 85,9 %
Кизилюртан кӀошт ДегӀаста 83,4 %
Кизилюрт гӀала ДегӀаста 72,1 %
Шаройн кӀошт Нохчийчоь 54,4 %
ГӀизларан кӀошт ДегӀаста 46,6 %
Южно-Сухокумск гӀала ДегӀаста 46,1 %
Шури-ГӀала ДегӀаста 45,79 %
Тарумовкан кӀошт ДегӀаста 35,8 %
Хаси-Эвлан кӀошт ДегӀаста 31,4 %
Хаси-Эвл гӀала ДегӀаста 30,6 %
ХӀинжа-гӀала ДегӀаста 26,7 %
Шури-ГӀалин кӀошт ДегӀаста 23,5 %
Левашин кӀошт ДегӀаста 22,4 %
Ӏовхойн кӀошт ДегӀаста 21,9 %
Бабаюртан кӀошт ДегӀаста 20,3 %
ГӀизлар гӀала ДегӀаста 20,1 %
Кумторкалан кӀошт ДегӀаста 18,4 %
Каспийск гӀала ДегӀаста 14,7 %
Черноземельскан кӀошт ГӀалмакхойчоь 7,2 %

Беха ДегӀастанан ломан доккхаха долчу декъехь, ткъа кхин а аренашкахь (Шури-ГӀалан, Хаси-Эвлан, Кизилюртан, кхин а кӀошташкахь). ДегӀаста йоцуш, беха Нохчийчохь, ГӀалмакхойчохь, кхин РФ субъекташкахь (берриш — 912 090 ст.). ДегӀастанахь жӀайхой охьаховшаран коьрта область — ЖӀайхойн Койсу (ЖӀайхойн-ор) а, Ӏаьндийн Койсу (Ӏаьндийн-ор),Ӏаьржа-Койсу (Чеэр-ор) а эркийн майданаш. 28 % жӀайхой беха гӀаланашкахь (2002).

ЖӀайхой иштта беха Азербайджанехь (коьртаниг Белоканан, Закаталын, Кахан кӀошташкахь а, Бакохь а), цигахь 1999 шеран бахархой багарбаран жамӀашца, массеран барам 49,8 эзар стаг хилира[28]. ЖӀайхойн кегийра тобанаш еха Гуьржийчох, гулахь Кварелин муниципалитетехь, кхин а Логодехан муниципалитетехь, Тиблисехь, Туркойчохь, Кхазакхстанехь, кхечу махкашкахь а[29].

«ЧӀогӀа чолхе а, цхьаьна ца догӀуш а ду тахана, — ала дийзира 2005 ш. реза ца хиларца дегӀастанан Ӏилманчо Б. М. Атаевс, — Российн арахьара жӀайхойн диаспоран барамех лаьцна хаттар. Иза доьзна ду уггаре хьалха, уьш бехачу мехкашкахь политикан а, кхин а бахьнашца бахархой багарбарехь къам ца гайтарца. Цундела далош долу тайп-тайпанчу хьосташца жӀайхойн тӀаьхьенийн барам хетарехь гергара бен ца хаьа, масала, Туркойн Республикехь. Амма нагахь ларахь дегӀастанан малхбалеӀаморхочун А. М. Магомеддадаевн дешнаш, „таханлерачу Туркойчоьнан махкахь 1920-гӀа шерашкахь хилла 30 сов дегӀастанан эвланаш, 2/3 царех лаьтташ хилла жӀайхойх, „оцу махкахь беха дегӀастанхойн-баккхийн наха дийцарехь, тахана кхузахь беха 80 эзар сов дегӀастанхо“, тӀаккха лерича царех 53 эз. жӀайхо хуьлу»[18].

Иштта, уггаре йоккха ССРС хиллачу мехкан дозанал арахьара жӀайхойн диаспора Туркойчохь ю. Цуьнца цхьаьна, лара деза, Ӏусманан импери юкъахь хиллачу Шеман а, Урданан а мехкашкахь кӀез-кӀезиг жӀайхойн мухажирийн тӀаьхьенаш хилар, уьш кӀезиг хиларна, меттигерчу Ӏаьрбийн бахархойн оьздангаллан а, меттан а боккха Ӏаткъам хилла, иштта къилбаседакавказхойн, алсама адыгийн а, нохчий а. «ДегӀастанхойн Ӏусманан импере мухажиралла» цӀе йолчу шина томан монографин авторо Магомеддадаев Амирхана тешалла до: «Къилбаседакавказан векалш, царна юкъахь дегӀастанан диаспоро а ладаме роль ловзайо Туркойчоьнан, Урданан, Шеман социалан-экономикан а, юкъараллин-политикан а, синмехаллин-этносан дахарехь… Таханлера Туркойчохь, вайн гарехь, тоьар ду, Туркойн Республикан Тансу Чиллеран правительствехь пачхьалкхан кхерамазаллин министр Мехьмет Гёльхан хилар гайтича а[30]Кулецма эвлара мухажирийн тӀаьхьенах волу, я Ментеш Ӏабдулхьалим, 1960 шарахь Туркойчохь пачхьалкхан харцам охьатаӀийна, авиаполкан бӀаьчча»[31].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Информационные материалы об окончательных итогах Всероссийской переписи населения 2010 года. Национальный состав населения Российской Федерации
  2. Включая родственные аварцам андо-цезские народы: 14 народов общей численностью 248 646 человек
  3. 1 2 3 4 Информационные материалы об окончательных итогах Всероссийской переписи населения 2010 года. http://www.gks.ru/free_doc/new_site/population/demo/per-itog/tab7.xls
  4. Включая родственные аварцам андо-цезские народы: 12 народов общей численностью 36 736 человек
  5. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 Итоги Всероссийской переписи населения 2010 года по Республике Дагестан, том 3 Национальный состав
  6. 1 2 3 ГӀалат дешнаш далорна Тег <ref> нийса яц; тIетовжаран Даг2002 йоза яздина дац
  7. Цумадинский кӀошт
  8. Ахвахский кӀошт
  9. 1 2 3 4 Включая родственные аварцам андо-цезские народы
  10. Приложения к итогам ВПН 2010 года в Москве. Приложение 5. Национальный состав населения по административным округам города Москвы
  11. Включая родственные аварцам андо-цезские народы: 7 народов общей численностью 41 человек
  12. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том 4 — «Национальный состав и владение языками, гражданство». Население по национальности и владению русским языком по субъектам Российской Федерации
  13. http://www.azstat.org/statinfo/demoqraphic/az/AP_/1_5.xls
  14. Политика, выборы, власть — Новости — ИА REGNUM
  15. 1 2 Ethnic composition of Azerbaijan 2009
  16. Ethnic Groups of Georgia: Censuses 1926—2002
  17. 1 2 Перепись населения Грузии 2002. Население сельских населённых пунктов (Census of village population of Georgia)(гуьрж.) — С. 110—111
  18. 1 2 Атаев Б. М. Аварцы: язык, история, письменность. — Махачкала, 2005. — С. 21. — ISBN 5-94434-055-X
  19. Всеукраинская перепись населения 2001 Национальность и родной язык
  20. Country: Uzbekistan (ингалс.). Теллина 2018 шеран 27 июлехь.
  21. Агентство Республики Казахстан по статистике. Перепись 2009. Архивацийина 1 майхь 2012 шеран. (Национальный состав населения Архивацийина 11 майхь 2011 шеран.
  22. В 1989 году в Казахской ССР было 2777 аварцев: Демоскоп. Этносостав Казахской ССР в 1989 г.
  23. Л. Минц. Народы мира. 2007. с. 10
  24. А. И. Исламмагомедов. Аварцы: историко-этнографическое исследование XVIII-начала XX века. — Дагестанский научный центр РАН — Кеп:Мх., 2002. — С. 24. — с. 431.
  25. Ю. А. Жданов. Энциклопедия культур народов Юга России: Народы Юга России. Ростов-на-Дону: Северо-Кавказский научный центр высшей школы, 2005. — 244 с.
  26. http://www.irs-az.com/pdf/090621161354.pdf
  27. Аварцы – прошлое и настоящее.
  28. The State Statistical Committee of the Republic of Azerbaijan. Population by ethnic groups.
  29. Исламмагомедов А. П., Сергеева Г. А. Аварцы // Большая российская энциклопедия / С. Л. Кравец. — М.: Большая Российская энциклопедия, 2005. — Т. 1. — С. 59. — 768 с. — 65 000 экз. — ISBN 5-85270-329-X
  30. У автора должность „Emniyet Bakanı“ ошибочно переведена как „Министр Обороны“, тогда как она означает „Министр Госбезопасности“. Мы исправили эту ошибку, о чём проинформировали и автора монографии.
  31. А. М. Магомеддадаев. Эмиграция дагестанцев в Османскую империю. История и современность. Кн. II. — Махачкала: ДНЦ РАН, 2001. — С. 151—152. — ISBN 5-297-00949-9