Мазалкан кӀошт
Муниципалан кӀошт | |
Мазалкан кӀошт | |
Мæздæджы район | |
![]() | |
Пачхьалкх |
![]() |
---|---|
Юкъайоду | Къилбаседа ХӀирийчоь |
Цунна юкъайоду | 18 муниципалан кхоллам |
Административан центр | Мазалк |
Кхоллар | 1924 шо |
КӀоштан корта | Гугиев Генадий Анатольевич |
Администрацин корта | Хабалов Олег Владимирович |
Бахархой (2013) |
85 617 (3-гӀ. меттиг) |
Динан хӀоттам | керстанаш, бусалба-суннийш |
Латта | 1080 км² (4-гӀ. меттиг) |
![]() |
|
Сахьтан аса | +3 |
Телефонан код | +7 86736 |
Официалан сайт | |
![]() |
|
Мазалкан кӀошт (хӀир. Мæздæджы район) — Российн Федерацин Къилбаседа ХӀирийчоьн юкъара административан-мехкан дакъа а, муниципалан кхоллам (муниципалан кӀошт) а.
Административан юкъ — Мазалк гӀала.
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Мазалкан кӀошт лаьтта республикан къилбаседа декъехь, Теркан шинне а бердаца. Доза ду малхбузехь ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан Теркан кӀоштаца, къилбаседехь Ставрополан мехкан Курскан кӀоштаца, малхбалехь Нохчийчоьнан Теркан кӀоштаца, къилба-малхбалехь ГӀалгӀайчоьнан Маьлхбикан кӀоштаца, ткъа иштта къилбехахь республикан Кировн а, Правобережни а кӀошташца. КӀоштан майда — 1080 км²[1].
Зонийн кӀошташъярца мохк бекъало шина кӀоште — аренан а, ломан кӀажошкара а. КӀоштан къилбаседан декъо дӀалоцу Теркйистан акъари. Теркан аьрру бердан декъан локхаллин юккъера барамаш техка хӀордан тӀегӀанера 120 - 150 метрашна юкъахь. Теркан аьтту бердаца дахделла дукъ, иза лахлуш ду малхбузера малхбалехьа. КӀоштан юккъерачу декъехула чекхдолу Теркан дукъ максимум локхаллица 400 метр гергга. КӀоштан къилба йисташкахула чекхдолу ГӀебартойн-Соьлжан дукъ, цигара кӀоштан хӀордан тӀегӀанера максимум локхаллаш кхочу 800 метре.
Гидрографин маша кӀоштан мехка тӀехь коьртаниг гайтина бу Терко а, кӀоштан малхбуза дозанашца охьадогӀу цуьнан аьтту генно Курпо а. Цул сов кӀоштахь ду шортта хин татолаш, царех коьртаниг ду Теркан-Куман татол, Ленинан цӀарах татол, Малокабардински татол, Теркйистан татол, Гуьчиг-Юртан татол, кхин а.
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
Мазалкан кӀошта нах ховшаран истори орамашца Сийлахь-боккха шен муьре дӀадоьдуш лору талламхоша. КӀоштахь карош йолу уггаре шира материалаш майкопан оьздангаллера лору. Шира скифийн муьран кобанан оьздангаллера элементийн материалан тешаллаш карийна Мазалкан вайн эрал VII—VI бӀешо хьалхарчу кошахь. Цуьнан тешалла ду 1934—1936 шерашкара археологин талламаш. 1988—1989 шерашкахь карийна вайн эрал VI—II бӀешо хьалхара скифийн-савроматийн кошан барз. Мазалк станцин латтан тӀехь, тӀом балале карийна сарматийн барз кӀела вайн эрал II—I бӀешо хьалха боьхкинарш. 1983 шарахь Комарово юьртан кӀоштахь карийна I бӀешерера мехала сарматийн мозгӀар-аьзнин каш.
ТӀаьхьарасарматийн я хьалхарааланийн муьран иэсаш ю кӀоштахь. III—IV бӀешерашкара 48 баьрзан тоба яхъелла Теркан аьтту бердаца, Муьжера Нохчийчуьра НогӀамирзин-Юрта кхаччалц. КӀоштахь евзаш ю Лаха Малгобек, Виноградни, ГӀоьжакъе ярташкахь йолу аланийн гӀаланаш. Уггаре йоккханиг царех, лаьтта Киевскехь. Ойла йича тера хуьлу, Мазалкан гӀаланаш хӀаллак хилла хилар гӀажарийн заманахь, монголаш тӀелатале.
Талламхошна хетарехь, XIII бӀешарахь юккъера Кавказхьалхено Дешийн ордан эскаршна плацдарм хилла йоккха роль лелайора иранан-монголийн Хулагидийн тайпанашна дуьхьала. Теркан тӀехь масийттаза тӀемаш хилла ордахошна а, иранхошна а. Исторехь дӀаязбина 1255 шеран Ӏай а, 1263 шеран 13 январехь а хилла тӀемаш. ТӀаьхьарчу тӀамехь Дешийн ордан хан Берке тоьлла. Кхузахь хилла Дешийн ордан ханийн четар, кхуззахь велла хан Берке 1267 шарахь.
Амма хьейина Дешийн Орда «дуьне даьккхинчу» Тимара. 1395 шарахь иза тӀелетира Ордан къилба дозанашна, кхузза дукха эзаршкахь долу эскаро тӀом бира Тохтамыш ханан эскаршца, хӀоранза а дӀатоттуш уьш къилбаседа-малхбузехьа. ТӀаьххьара тӀом хилира 1395 шеран 15 апрелехь хетарехь хӀинцалера Екатериноградски гӀалан йисташкахь. Юха а хӀинцалера Мазалкан кӀоштан мохк хилира хиламийн эпицентрехь.
XIV бӀешарахь Дешийн Ордас шен ницкъ байира, адыгаш буьйлабелира тӀаьхь-тӀаьхьа Бештау агӀорахьара малхбалехьа кхалха, оцу юкъахь хӀинцалера Мазалкан кӀоштан латта а ду. Цунна тешалла ду — XIV-XVI бӀешерашкара шортта долу гӀебартойн баьрзан кешнаш.
XVIII бӀешо чекхдолуш гӀебартойн (адыгийн) юкъаралла екъаелира шина олалле, Теркан малхбузехьара мохк, юкъахь бисира ЖимагӀебартойн олаллан (Джылахъстэней). Цу хенахь дуьйна Мазалк — гӀап-гӀала ю, ма-дарра аьлчи, Мазалкан махко — схьаяхьа шайн истори.
- Мазалкан уезд
1785 шарахь кхоьллира 6 уезд юкъахь йолу Кавказан губерни, царах цхьаъ хилира Мазалкехь центр йолу Мазалкан уезд.
1822 шарахь Кавказан губернин цӀе хийцина Кавказан область аьлла дозанаш а ца хуьйцуш, областан центр хӀоттийра Ставрополь.
1827 шарахь Мазалкан уездах гуо бира.
1847 шарахь императоран Николай I-чун омарца Кавказан областан цӀе хийцира Ставрополан губерни аьлла. Мазалкан уезд араелира Ставрополан губернин юкъара. Уездан мехкан дакъа штатан арахьарчу Мазалк гӀалица юкъаяхара Пятигорскан уездан.
1866 шеран 29 ноябрехь штатан арахьара Мазалк гӀала юкъара яьккхира Ставрополан губернера дӀатуьйхира Теркан областах.[2]
1921 шарахь Теркан областах губерни йира, цунна юкъахь чӀагӀйира пхиъ уезд: Георгиевскан, ГӀизларан, Мазалкан, Пятигорскан, Святокрестовскан.
- Мазалкан кӀошт
1924 шеран 2 июнехь Теркан губернех Теркан гуо бира центр Пятигорскехь а йолуш, ткъа Мазалкан уездах – Мазалкан кӀошт йира.
1930 - 1937 — Къилбаседа-Кавказан мохк юкъахь ю. 1937 шарахь мехкан цӀе хийцира Орджоникидзен цӀарах, ткъа 1943 шарахь — Ставрополан аьлла.
ХӀинцалерачу дозанашкахь Мазалкан кӀошт йина 1944 шарахь, оцу хенахь Ставрополан мохк юкъара Къилбаседа-ХӀирийн АССР юкъа дӀаелира Мазалк гӀала, ГӀБАССР Курпан кӀоштан дакъа, дӀаяьккхинчу НГӀАССР Малхабекан кӀоштан дакъа.
Бахархой[нисъе бӀаьра | нисъе]
Бахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
1967[3] | 2002[4] | 2009[5] | 2010[6] | 2011[7] | 2012[8] | 2013[9] |
63 900 | ↗88 634 | ↘86 940 | ↘84 682 | ↘84 603 | ↗85 253 | ↗85 617 |
2014[10] | ||||||
↗85 877 |
- Урбанизаци
ГӀалан хьолашкахь (Мазалк гӀала) беха 47,35 % кӀоштан бахархой.
- Къоман хӀоттам
2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран[11] жамӀашца.
Къам | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
оьрсий | 42 296 | 49,9 % |
гӀумкий | 15 732 | 18,6 % |
хӀирий | 8 430 | 10,0 % |
эрмалой | 2 807 | 3,3 % |
туркой | 2 639 | 3,1 % |
гӀебартой | 2 114 | 2,5 % |
нохчий | 2 008 | 2,4 % |
цигонаш | 1 492 | 1,7 % |
гӀалгӀай | 1 324 | 1,6 % |
корейш | 1 066 | 1,3 % |
украинаш | 900 | 1,1 % |
кхин | 3 043 | 3,5 % |
къам ца гайтина | 831 | 1,0 % |
берриш | 84 682 | 100 % |
- Сте-боьршаллин а, хенан а хӀоттам
2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран[12] жамӀашца:
Хан, шо |
Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
0 — 14 | 17 639 | 20,8 % |
15 — 59 | 53 480 | 63,2 % |
60 сов | 13 561 | 16,0 % |
хан ца гайтина | 2 | 0 % |
Берриш | 84 682 | 100 % |
Юккъера хан — 36,1 шо. Медианан хан — 34,1 шо.
Боьрша — 39 886 ст. (47,1 %), сте — 44 796 ст. (52,9 %)
Муниципалан-мехкан хӀоттам[нисъе бӀаьра | нисъе]
Мазалкан кӀоштехь 33 нах беха пункт ю, цхьаъ гӀалан а, 17 юьртан а нах беха меттиг:
№ | ГӀалан а, юьртан а меттиг | Административан центр | Нах беха меттигийн барам | Бахархой | Майда, км2 |
---|---|---|---|---|---|
1 | Мазалкан гӀалан меттиг | Мазалк гӀала | 1 | 41 728 | |
2 | Веселовски юьртан меттиг | Весели эвла | 5 | 2312 | |
3 | Виноградненски юьртан меттиг | Виноградни эвла | 2 | 2392 | |
4 | Гуьчиг-Юртан юьртан меттиг | Гуьчиг-Юрт | 1 | 11 439 | |
5 | Калинински юьртан меттиг | Калинински эвла | 1 | 2232 | |
6 | Киевски юьртан меттиг | Киевски эвла | 1 | 1464 | |
7 | Луковски юьртан меттиг | Луковски-гӀала | 2 | 5252 | |
8 | Малгобекан юьртан меттиг | Лаха Малгобек эвла | 1 | 412 | |
9 | Ново-Осетински юьртан меттиг | Новоосетински-гӀала | 4 | 2502 | |
10 | Павлодольски юьртан меттиг | Павлодольски-гӀала | 2 | 5666 | |
11 | Предгорненски юьртан меттиг | Предгорни | 2 | 1215 | |
12 | Притеречни юьртан меттиг | Притеречни эвла | 2 | 1960 | |
13 | Раздольненски юьртан меттиг | Раздольни | 1 | 1035 | |
14 | Садови юьртан меттиг | Садови эвла | 2 | 608 | |
15 | Сухотски юьртан меттиг | Сухотски эвла | 1 | 821 | |
16 | Терски юьртан меттиг | Терски-гӀала | 2 | 2677 | |
17 | Троицки юьртан меттиг | Троицки эвла | 1 | 3625 | |
18 | Къаскаман юьртан меттиг | Къаскам эвла | 2 | 783 |
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Карта PCO-A на сайте газеты «Растдзинад»
- ↑ Ставкомархив
- ↑ Северная Осетия за годы советской власти (Статистический сборник). Северо-Осетинское книжное издательство. 1967. Страница 9
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 февралехь.
- ↑ Численность постоянного населения Российской Федерации по городам, поселкам городского типа и районам на 1 января 2009 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 январехь. Теллина 2014 шеран 2 январехь.
- ↑ Итоги Всероссийская перепись населения 2010 года по РСО-Алания. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и селельских поселений и населённых пунктов
- ↑ Оценка численности населения на 1 января текущего года
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
- ↑ Том4. Таблица 4. Национальный состав РСОА по муниципальным образованиям по переписи 2010 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 19 августехь.
- ↑ Том 2. Возрастно-половой состав и состояние в браке.