КӀотар
КӀо́тар (укр. хутір, оьрс. хутор; дукх. терахь кӀотарш) — жима нах беха меттиг, лаьтта цхьаьна[1], йа масех хӀусаман бахамах; къаьстина бахам а болуш ша лаьтта ахархойн кертах[2][3][4]. КӀотаран вахархочух олу кӀотархо[5].
Историн кӀотарш йаьржира дукха хьолахь Малороссехь. XVIII бӀешарахь йукъевлира гӀазакхийн кӀотарш иштта Дон а, Кубань[6] а тӀехь. КӀотар чохь хуьлура цӀенош (латта тесна а, эрз биллина а поппар хьаьхна цӀа[7]), тоьла, гӀунаш, божалш, хасбошмаш, бошмаш[8].
Шор мел ло эвла, йурт хуьлу кӀотарх, амма нах бехачу меттиган цӀеран йукъахь «кӀотар» дош диса а тарло (масала, ӀамтӀе-КӀотар. Иштта, Ростовн областехь йара кӀотарш 250 гергга цӀа а долуш, коьртехь хоржу атаманаш[9] а болуш. Шолоховс Тийна Дон романехь йаздо 211 сурхо вала таро йолу Татарски кӀотарах лаьцна[10].
Российн имперехь донан а, кубанан а гӀазакхийн кӀотар — гӀалан махка йукъара нах хевшина, шен административан урхалла доцу меттиг. Цхьацца гӀаланийн (масала, Елизаветински гӀала) кӀотарш бахархой алсама болуш йара шеш схьайевллачу гӀаланел. Йаккхий хилла кӀотарех шеш лаьтта гӀаланаш хуьлура, аьлча а хилла ша лаьтта йукъараллин йуьрт, цунна тӀейазбина гӀазакхийн бахархой а. Малхбален гӀазакхийн эскаршкахь кӀотаран аналог хилла гӀалан посёлок.
КӀотарийн бахархойн коьрта болх хилла — йуьртабахам. КӀотархоша кхиайора котамаш, гӀезаш, гезарий, дара цицигаш, жӀалеш[11].
Столыпинан йуьртабахаман хийцамаш бечу муьрехь, 20 бӀешо долалуш, кӀотарш чӀогӀа йаьржира Россехь. Дакъойн кӀотарш йахкар къобал дора Ахархойн банкан ссудан политико, ткъа кхин а Ӏедалан агрономин гӀоьнан системо а. Дакъойн латта лелоро гӀелйира гӀопаллин тӀаьхьало. Октябран революци хиллачул тӀаьхьа, латта Ӏедалан доладоккхучу хенахь ахархоша дӀаехира дукхаха йолу кӀотарш, алсама центран-Ӏаьржалаьттан а, ийдалйисташкарчу а губернешкахь. КӀотарш йиса а йисина, кхин дӀа кхиира нэпан шерашкахь малхбузехь а, къилбаседа-малхбузехь а. Массанхьа колхозаш йохкучу хенахь, йуьртабахаман дакъойн кепах тормоз хилира колхозаш яхкарна. КӀотарш дӀаяхар чекхдаьккхира 1941-45 шш. Сийлахь-Боккха Даймохкан тӀом болабалале.
Кхечу меттанашкахь кӀотаран аналог хила тарлора: хутор (Россехь), ферма (Британехь), ранчо (Америкехь), фольварк (Польшехь), мыза (Финляндехь, Эстонехь, Ингерманландехь), вилла (Италехь). КӀотар кхин а олу гӀазакхийн взводан барамера эскаран декъах.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Хутор Нуки . Эстонский музей под открытым небом. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 декабрь. Архивйина 2020-08-12 — Wayback Machine
- ↑ Хутор. Значение слова хутор, смысл слова хутор, что означает слово хутор, толкование слова хутор, что такое хутор . Толковый словарь Ожегова. Архивйина 2012 шеран 15 сентябрехь Архивйина 2012-09-15 at archive.today
- ↑ хутор . Грамота.ру. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 декабрь.
- ↑ ХУЛЬДРЫ НА ХУТОРЕ Норвежская сказка Перевод А.Нестеров Художник О.Романова . Niworld. ОБРАЗЫ МИРА. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 декабрь.
- ↑ Владимир Абрамович (Ленский). Рассказ «Ты?!» Фонарь. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 декабрь.
- ↑ Старейшему хутору Кубани – 220 лет . Кубанское казачье войско. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 декабрь. Архивйина 2017-09-09 — Wayback Machine
- ↑ "Украинская хата, Илья Ефимович Репин - описание картины". Музеи мира и картины известных художников. Дата обращения: 2018 ш. 04 декабрехь.
- ↑ Детство на хуторе в годы войны . Вторая Мировая Война. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 декабрь.
- ↑ Историческая справка . Официальный сайт Администрации Тацинского района. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 декабрь. Архивйина 2018-08-03 — Wayback Machine
- ↑ Шолохов М. А. Тихий Дон. Книга третья . Поэты и писатели. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 декабрь. Архивйина 2018-10-19 — Wayback Machine
- ↑ На дальнем хуторе – Мистическая история из реальной жизни людей . Загадочные места планеты. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 декабрь.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ОКТМО (ОК 033-2013). Реестр типов населенных пунктов . ОКТМО. Архивйина 2017-10-19 — Wayback Machine
- Значение слова хутор
- Мальчевско-Полненский район // Поселенные итоги переписи 1926 г. по Северо-Кавказскому краю. — Ростов-на-Дону, 1929. — С. 61-70.
- Поселения заднепрских мест при образовании Новой Сербии в 1745 году, представленные в рапорте от 9 января 1752 года Сенату.