Батыркин

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ДӀатесна нах беха меттиг
Батыркин
Батыркин
43°46′15″ къ. ш. 45°40′33″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх РоссиFlag of Russia.svg Росси
Федерацин субъект Нохчийчоь
Муниципалан кӀошт Невран
Истори а, географи а
Йиллина 1890
ХӀордан сизал локхалла 68 м
Климатан тайпа Барамера континенталан
Сахьтан аса UTC+3
Идентификаторан терахьаш
Автомобилан код 95
Картин тӀехь
Батыркин картан тӀехь
Батыркин
Батыркин картан тӀехь
Батыркин
Батыркин картан тӀехь
Батыркин

БатыркинНохчийн Республикин Невран кӀоштара дӀатесна нах беха меттиг.

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лаьттара кӀоштан юкъ йолчу Новр-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьа.

Уггаре гергара нах беха меттиг — Постни кӀотар — 6 км къилба-малхбузехьа яра.

Топонимаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Батыркин кӀотаран кӀоштахь лаьтта Ӏам Яманкую. Гидрониман цӀе ногӀийн маттара йолчух тера ду: «яман» - гӀуо, «кую» - гӀу. Аьлча а боьха, мала пайден доцу хи долу гӀу (хьост)[1].

Батыркую – Савельевски эвлан къилбаседа-малхбалехьара гIу йолу меттиг Батыркинан кIотар лаьттинчохь. ЦIе, билггала, туьркийн маттах яьлла: бух «Батыр» - ногӀийн долара цIе (Турпал), «кхую» - гIу. «Батыран гIу»[2].

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Батыркин кӀотар – Гал-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьара меттиг. КӀотар хилла хьалдолчу гӀалагӀазкхийн Жуков Григорийн а, Дериглазов Федотан а. ЦӀе схьаяьлла церан даьхнашца кхуза охьахиинчу ялхочун Батыркан цӀарах. Амма миска белхало хьийзош, жашшан дайша олуш хилла цунах шайна луъург – Ахтырка, Бахтырка, Батырка, цундела, хетарехь, оцу кӀотаран кхо цӀе ю: Батырка, Ахтырка, Бахтырка. Ялхочун Батыркин цкъа а даьхний ца хилла, я шен доьзал ца хилла. Дерриг шен дахарехь ваьцна хьалдолчу гӀалагӀазкхашна, диина гӀийла даар, шарахь цкъа хьоладайша цӀуокан я бассамин коч, хеча луш хилла.[3]

1947 шеран картан тӀаьхь Батыркин билгалаяьккхина жима кӀотар санна[4]. ТӀаьхьа гуттаренна а бахархой болу нах беха меттигах йира уьстагӀийн сурсатан ферма (УСФ; 1985 шеран хьолашкахь)[5]. 1980-гӀа шераш чекхдовлуш дуьйна УСФ Батыркин билгалйоккхура карташ тӀаьхь «нах ца беха меттиг санна»[6][7]. 1995 шарахь хьалха кӀотар лаьттинчохь Батыркинан жоьла бен яцара[8].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, стр.625
  2. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, стр.626
  3. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Грозный: ГУП «Книжное издательство», 2006, стр.625-627
  4. Карта Дагестанской АССР, масштаб 1:400000. — М.: ГУГК, 1947.
  5. Топографические карты. К-38-8. Свх. Шелковский
  6. Топографические карты. К-38-IV. Наурская
  7. Топографические карты. К-38-Б. Грозный
  8. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 18 февралехь. Теллина 2010 шеран 2 январехь. Объём 8 МБ.