Алпатово

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Эвла
Алпатово я Алпату
Алпатово
IMG 20180318 112930Въезд в Алпатово.jpg
Пачхьалкх Российн Федераци
Регион Нохчийн Республика
КӀошт Невран
Юьртан меттиг Алпатун
Координаташ 43°42′10″ къ. ш. 45°14′42″ м. д.HGЯO
Дуьххьара хьахор 1929
ХӀордан сизал локхалла 95[1] м
Бахархой 4861[2] адам (2010)
Телефонан код 87143[1]
Поштан индекс 366130
ОКАТО 96222802001
Алпатово я Алпату картан тӀехь
Алпатово я Алпату картан тӀехь
Red pog2.svg
Алпатово я Алпату картан тӀехь
Red pog2.svg
Алпатово я Алпату картан тӀехь
Red pog2.svg

Алпа́туНохчийн Республикан Невран кӀоштан эвла. Алпатун юьртан меттиган административан центр ю (цунна чу йогӀу Алпатову а, Свободни а).

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Лаьтта Теркан аьрру бердаца, Дон-тӀера-РостовБакох цӀерпоштнекъан тӀех (цӀерпоштнекъан станци Алпатово Къилбаседа-Кавказан цӀерпоштнекъан юкъара). Гергара эвланаш: малхбузехь — Ишоре гӀала, къилбаседа-малхбузехь — Рубежни эвла, Къилба-малхбалехь — Новр-ГӀала а, Чернокозово эвла а, къилба-малхбузехь — ЧӀулга-Юрт[3].

Микротопоними[нисъе | нисъе чухулара]

  • Аьхкина барз – лаьтта эвлан къилбаседа агӀора Алпатун баьрзнийн тобанехь. Барз цхьана хенахь аьхкина хазна лохучара, цунах дуьйцу баьрзан цӀеро.
  • Свободни кӀотар (хӀинца эвла) – лаьтта Алпатун къилбаседехьа, юкъаягъара Алпатун юьртан советан.
  • «Наурский» чагӀаран совхозан № 3 йолчу декъан поселок.
  • Степной кӀотар – юкъаягъара Алпатун юьртан советан.
  • ЦӀерпошнекъан Алпатово станцин цӀерпоштнекъахойн поселок, эвлан къилба декъехь лаьтта[4].

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Эвла йилина 1925 шарахь цӀерпоштнекъан разъезд Алпатово аьлла. 1926 шарахь кхузахь 8 керт бен ца хилла, коьрта бахархой — великоруссаш. Административан агӀора юкъахь хилла Къилбаседа-Кавказан мехкан Теркан гуон Невран кӀоштан Новр-ГӀалан юьртан советан (юкъ — Новр-ГӀала)[5]:62—63.

Ислам дин тIеэцна Дмитрий (Яков) Алпатов цӀе йолу гIалагIазакхи хилла Кавказан тIамехь нохчийн агӀора дехьаваьлла, оьрсашна дуьхьала тIом бина. Нохчаша цунах обарг Яшка олуш хилла, нохчийн къоман доттагI лоруш а хилла, 1856 шарахь оьрсашна каравахна[6]. Виеран кхел йина вийна цхьаьна барз тӀехь (тӀаьхьа цӀе елла Алпатовн барз)[7].

Бахархой[нисъе | нисъе чухулара]

Бахархойн дукхалла
1926[5]2002[8]2010[9]
3351814861
Къоман хӀоттам

2002 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца бахархойн къоман хӀоттам[10]:

Къам Барам,
ст.
Берриг бахархойх
дакъа, %
нохчий 4 491 86,68 %
оьрсий 294 5,67 %
туркой 280 5,40 %
жӀайхой 24 0,46 %
кхин берш 92 1,78 %
берриш 5 181 100,00 %

2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамӀашца бахархойн къоман хӀоттам[11]:

Къам Барам,
ст.
Берриг бахархойх
дакъа, %
нохчий 4 452 91,59 %
туркой 186 3,83 %
оьрсий 161 3,31 %
жӀайхой 21 0,43 %
кхин берш 29 0,60 %
ца гайтина 12 0,25 %
берриш 4 861 100,00 %

Дин[нисъе | нисъе чухулара]

Юьртахь доккха рузбан маьждиг а ду, жамаIатан маьждиг а ду.

Инфраструктура[нисъе | нисъе чухулара]

1929-1931 шерашкахь юьйгӀира совхозан центран керт. Эвлан юкъахь юьйгӀира нах беха шала тӀекӀела йина гӀалан кепара хӀусамаш, царна чохь бехара белхалой а, гӀуллакхехь берш а, йира пошт, кинотеатр, оьздангаллин цӀа. Эвлахь ю юккъера а, юьхьанцара а ишколаш, йиллина газ, диллина хи[12].

ГӀарабевлла бахархой[нисъе | нисъе чухулара]

Галерей[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 Село Алпатово / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
  2. 5. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских населенных пунктов, сельских населенных пунктов – районных центров и сельских населенных пунктов с бахархойм 3 тысячи человек и более. Итоги Всероссийской переписи населения 2010. Том 1. Численность и размещение населения. Росстат (2012). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 5 январехь. Теллина 2012 шеран 31 декабрехь.
  3. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 18 февралехь. Теллина 2010 шеран 2 январехь. Объём 8 МБ.
  4. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997
  5. 1 2 Список населённых мест Терского округа по данным на 1 января 1927 года. Теллина 2017 шеран 12 июнехь.
  6. Атаман Дмитрий Алпатов — враг росийских колонизаторов и друг чеченского народа
  7. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997
  8. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 3 февралехь.
  9. Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 9 майхь. Теллина 2014 шеран 9 майхь.
  10. Этнокавказ. Национальный состав Наурского района по переписи 2002 года
  11. Том 4 книга 1 "Национальный состав и владение языками, гражданство"; таблица 1 "Национальный состав населения Чечни по городским округам, муниципальным районам, городским населенным пунктам, сельским населенным пунктам с численностью населения 3000 человек и более".
  12. А.С. Сулейманов, Топонимия Чечни, Нальчик, Издательский центр "Эль-Фа",1997
  13. Малиновский В. Т.