Байда

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Байдин тӀехь дежа даьхний.

Байда йа Дежийла йа Дишнибуцъюу дийнаташ дажо гуттаренна а лелош долу, бецан ораматаш йолу юьртабахаман латташ. Механизацин юьртабахам юкъабалале, байда аьхка коьрта хьост хилла дийнатийн юурган, масала бежний, уьстагӀий, говраш. Байданаш хӀинци а лелайо дийнаташ дажош, екъачу областашкахула латта кхечу хӀуман пайдехь доцучохь муххале а.

Байдаш къастайо: екъа тогӀийн, хи диллина, уьшал хилла, ломан, кхин а. Тодаран тӀегӀанца байдаш декъало Ӏаламан а, культурин а декъашка. Культурин байдаш йо оханаш дӀа а дуьй лакхарчу сурсатийн бецашца, иштта байдин лакхара дааран мехалла хуьлу Ӏаламан байдашца дуьстича.

Байдин ораматаш хила тарло тайп-тайпана кенан ораматаш, кенан-кхоьшан культураш, кхин а докъаран культураш. Лаьттан тайпа, хӀора шеран температуран минимум, йочанаш — байдаш лелоран кепийн коьрта факторш ю.

Дуьненан байдин ерриг майдан барам 26% гергга бу, декъачу лаьттан майдан барамех[1].

Хьажа иштта[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]