Бусалба
Бусалба (Ӏаьр. ٌمُسْلِم муслим (бож. род), مُسْلِمَةٌ муслимат (зуд. род)) — иза Аллахӏ дела хиларца мукӏарло а деш, ислам дин хиларца а, Мухьаммад ﷺ пайхамар а, элча а ву аьлла тӏаьхьа а возуш, Къуръан нах нисбеш долу жайна а ду аьлла, исламан пхи бӏогӏам кхочуш а беш волу стаг ву.
Бусалба нехан сийлахь долу жайна — Къуръан ду. Къуръан — Делан дош ду, Мухьаммад пайхамарна ﷺ Жабраил маликехула доссийна. Бусалбанаш тIаьхьабозу Къуръанна а, кхин а Мухьаммад пайхамаран ﷺ хьадисашна а, уьш йаздина ду ламасталлин хьадисийн гуламехь (суннатехь)[1].
Бусалба стаг теша веза, Дела (АллахӀ) гуттаренна вуй, трансцендентан а, накъост воцуш а вуй (хьажа тавхьид). Царна хаа деза, АллахI шеха тера хIума долуш вац, хIуъа а далуш ву, доьзал хуьлуш вац, ша вина а вац (Аль-Ихлас). Бусалбанаш теша беза, ислам тIаьххьара тIегIа йу динан, деана долу пайхIамаршкахула Нухьехула а, ИбрахIимехула а, Мусахула а, Ӏийсахула а. Хьалхалера Жайнаш а, Делан хаамаш а йукъ-йукъахь хийцина галдаьхна ду (тахьриф)[2], ткъа Къуръан ду тIаьххьара а, хийцанза а Делан къамел[3]. Бусалбанаш теша беза Мухьаммад тIаьххьара пайхамар хиларх а, цул тIаьхьа кхин пайхамар хирг ца хиларх а.
Этимологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Iарбийн дешан муслиман маьIна ду «муьтIахь верг (АллахIан)» йа «Ша дIавелларг (АллахIан)» ислам дешан аналогица — «тиер», «тIеэцар». В. М. Порохован вариант: « …„бусалбаниг“ — „АллаххIан муьтIахь волу стаг“».
Бусалбанийн декхарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Стаг бусалба лору, нагахь цуо шахIадат далийнехь: «Аса тешалла до, АллахI воцург кхин Дела ца хиларх, аса йуха а тешалла до Мухьаммад ﷺ АллахIан Элча хиларх». Бусалбачеран дин лаьтта пхеа бIогIам тIехь. ШахIадаца кхин а исламан бIогIамаш ду: хIора дийнан пхиъ ламаз, Рамадан баттахь марха кхабар, закат далар, таро ялахь Макка хьаьж дар[4][5].
Исламан парзаш доцуш, кхин а ялх бIогIам бу иманан, царех цхьаъ къобал ца бичи а бусулбаниг динара араволу. Уьш ду:
- АллахIах тешар;
- Маликех тешар;
- Сийлахь-Деза Жайнех тешар;
- ПайхIамарех (наби) а, элчанех (расуль) а тешар;
- Къемат-дийнах тешар;
- Къадрех, дерриг диканиг а, гIониг а АллахIан лаамца хуьлуш дуй хаар, тешар[6].
Бусалбанаш Мухьаммад пайхIамар ﷺ дин кхайкхо волавалале
[бӀаьра нисйан | нисйан]Къуръанан пайхIамарш а, элчанаш а, царна тIехьабозурш а бусулба бу. Иштта Аль Iимран суратан 52 аятехь Iийса пайхIамаран сахьабаш боху цуьнга: «Тхо — АллахIан гIоьнчаш ду. Тхо тешна АллахIах. Теш хилахь тхо бусалба хиларан!»[7]. Къуръан доссале бусалбанаш декхарийлахь бара Мусага
, Давудега
, Iийсага
диссина Товратан, Забуран, Инжилан тIаьхьабаза.
Даржар
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Дерриг дуьненан бусалбанийн бараман маххадабо 1,7 млрд гергга ст.[8]. Ислам ду дукхаллин барамца шолгIа, цхьайолчу МХГI хаамашца, дуьненахь уггаре сиха кхуьуш долу дин[9][10].
90 % берриг бусалбанех лору шеш суннийш[11]. ШолгIа бу исламан некъ шиIийш (10 %)[12].
Бусалбанийн дукхаллийн барамца уггаре йоккха пачхьалкх — ХӀиндонези йу, цигахь беха 12,7 % дуьненара берриг бусалбанех, цул тIаьхьа йогIу Пакистан (11,0 %), Бангладеш (9,2 %), Мисар (4,9 %)[13]. Бусалбанаш иштта дукха бу ХӀиндин, Цийн, Российн, Эфиопин пачхьалкхашкахь.
Российн бусалба къаьмнаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]2002 ш. бахархой багарбаран терахьашца Российра ламастан бусалба къаьмнийн барам хилира 16,5 млн ст. — пачхьалкхан бахархойх 11 % гергга. ХIинца Российн Федерацин махкахь деха Ислам дин лело 40 гергга къам: нохчий, жӀай, кхазакхаш, азербайджанаш, акхшой, гӀазгӀумкий, ГӀиргӀазой, башкираш, гIезалой, таджикаш, туркменаш, узбекаш, лаьзгий, адыгаш, абазой, гӀумкий, ногӀий, балкхарой, кхарачой, гӀалгӀай, туркой-месхетинхой, табасаранаш, рутулаш, агулаш, цахураш, кхин а[14].
Кхин хьажа
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ The Qurʼan and Sayings of Prophet Muhammad: Selections Annotated & Explained. — SkyLight Paths Publishing, 2007. — P. 21–. — ISBN 978-1-59473-222-5.
- ↑
- ↑ Submission.org, Quran: The Final Testament, Authorized English Version with Arabic Text, Revised Edition IV,ISBN 0-9729209-2-7, p. x.
- ↑ Hooker, Richard arkan ad-din the five pillars of religion . United States: Washington State University (1999 шеран 14 июль). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 17 ноябрь. Архивйина 2010 шеран 3 декабрехь Архивйина 2010-12-03 — Wayback Machine
- ↑ Religions . The World Factbook. United States: Central Intelligence Agency (2010). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 25 август. Архивйина 2018-12-24 — Wayback Machine
- ↑ Столпы веры (имана) . www.islam.ru. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 август.
- ↑ 3:52
- ↑ Muhsin S. Mahdi , Annemarie Schimmel, Fazlur Rahman Islam. // Encyclopædia Britannica
- ↑ The List: The World's Fastest-Growing Religions . Foreign Policy (2007 шеран 14 май). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 16 май. Архивйина 2007-05-21 — Wayback Machine
- ↑ * Islam Today . Islam: Empire of Faith (2000). PBS. — «Islam, followed by more than a billion people today, is the world's fastest growing religion and will soon be the world's largest...». ТӀекхочу дата: 2010 шеран 25 август.
- Understanding Islam . Susan Headden. U.S. News & World Report (2008 шеран 7 апрель). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 25 август.
- Major Religions of the World Ranked by Number of Adherents . Adherents.com. ТӀекхочу дата: 2007 шеран 3 июль. Архивйина 2007-07-07 — Wayback Machine
- ↑ Islamic Beliefs, Practices, and Cultures. — Marshall Cavendish, 2010. — P. 352. — «A common compromise figure ranks Sunnis at 90 percent.». — ISBN 0-7614-7926-0.
- ↑ Shīʿite . Encyclopædia Britannica Online. — «Shīʿites have come to account for roughly one-tenth of the Muslim population worldwide.» ТӀекхочу дата: 2010 шеран 25 август.
- ↑ Number of Muslim by country . nationmaster.com. ТӀекхочу дата: 2007 шеран 30 май.
- ↑ Алов А.А., Владимиров Н.Г. Мусульманские этносы России . М.: Институт Наследия, 1996. — 122 стр. ISBN 5-86443-024. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 декабрь.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Викилармехь йу Бусалба теман медиафайлаш
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу исламах лаьцна. ГӀодехьа Википедина, хӀара йаззам тӀебуьзна. |