Теркан кӀошт (ГӀебартойн-Балкхаройчоь)
муниципалан кӀошт | |
Теркан кӀошт | |
гӀебарт.-чергаз. Тэрч къедзыгъуэ кхарач.-балк. Терк район | |
![]() | |
Пачхьалкх |
![]() |
---|---|
Юкъайоду | ГӀебартойн-Балкхаройчоь |
Цунна юкъайоду | 18 муниципалан кхоллам |
Административан центр | Терк |
Кхоллар | 1921 шо |
КӀоштан Советан Председатель | Хажуев Владимир Шамилович |
КӀоштан администрацин корта | Дадов Муаед Алиевич |
Бахархой (2013) | 51 060 |
Динан хӀоттам | бусалба-суннийш, керстанаш |
Латта | 893.12 км² (7.16 %, 6-гӀ. меттиг) |
![]() |
|
Сахьтан аса | MSK (UTC+3) |
Телефонан код | +7 86632 |
Официалан сайт | |
![]() |
|
Те́ркан кӀо́шт (1921 - 1935 — Жима-ГӀебартан кӀошт) — Российн Федерацин юкъара ГӀебартойн-Балкхаройчоьн Республикан административан-мехкан дакъа а, муниципалан кхоллам а (муниципалан кӀошт) в составе.
Административан центр — Терк гӀала.
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Теркан кӀошт лаьтта республикан малхбалехь, Теркан аьтту бердаца. Доза ду Майскан кӀоштаца малхбузехь, Прохладнин кӀоштаца къилбаседехь, ткъа иштта Къилбаседа ХӀирийчоьнан муниципалан кӀошташца — Мазалкан кӀоштаца малхбалехь, Кировн кӀоштаца къилбехьа.
КӀоштан майдан барам бу — 893,12 км2. КӀоштан къилбаседера къилбехьа йохаллаю 50 километр гергга, ткъа малхбалера малхбузехьа — 38 километр.
Зонашца кӀошташъекъарехь кӀоштан мохк бекъало шина зонан — ломан кӀажошкара а, акъарин а. КӀоштан коьрта дакъа ломан кӀажошкара зонехь ду. КӀоштан мохк боькъу даккъашца — Теркан а, Арикан а (Теркан дукъан малхбуза га), ГӀебартойн-Соьлжан а. Лакха Курп эвлан малхбалехьа, Теркан дукъ кхета ГӀебартойн-Соьлжан дукъан геннех, уьш меридианан агӀора дирзина ду, Арик-Папца цӀе а лелайо. Уггаре лекха меттиг муниципалан кхолламехь Пхахуаза лам бу (594 м).
Гидрографин маша Теркан бассейнаца гайтина. Цуьнан кӀоштан махкара уггаре доккха га Курп хи ду. Цул сов кӀоштахь масех татол ду, уггаре шираниг а, доккханиг а — Малокабардински татол ду.
Муниципалан кхолламан кийрахь алсама пайден маьӀданаш ду. КӀоштахь 16 мехкдаьттан буру ду. Царех 4 буру болхбеш ду, ткъа диснарш тӀаьхьалон дӀакъевлина ду. Иштта ду артезианан буруш, тӀапломан гӀум, кибирчиг а, гераг а йен саз-латта, жагӀа, гӀишлошъяран материалаш йен гӀум (тӀо, кхин а).
КӀоштара климат барамера-тӀуьна, йовха аьхке, кӀеда Ӏа долуш ю. ГӀуоролаш йоцу мур лаьтта 200 дийнахь. Юьртабахамийн культурийн жигара вегетацин мур, де-буьйсанан юккъера температураш +10°С лакхара йолуш, 177-185 де ду, ерриг вегетацин мур 200-220 де. Йочанийн шеран юккъера барам 500-700 мм гергга бу.
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
ЕЦКхК сацамца 1921 шеран 1 сентябрехь, ГӀебартойн Автономин областехь кхоьллира Жима-ГӀебартан гуо.
1931 шеран 30 сентябрехь ЕЦКхК сацамца Жима-ГӀебартан гуон цӀе хийцира ГӀебартойн-Балкхаройн АССРн Жима-ГӀебартан кӀошт аьлла.
1935 шеран 28 январехь ГӀебартойн-Балкхаройн областан кхочушдаран Президиуман сацамца, Жима-ГӀебартан кӀоштан цӀе хийцира Теркан кӀошт аьлла. Оцу шарахь кӀошт жима йира, цуьнан къилбаседа-малхбален декъа тӀехь кхоьллира Курпан кӀошт.
1944 шеран 17 январехь Теркан кӀошт кхин цкъа а жима йира, къилбаседа дакъара юкъара а даьккхина Урожайненски кӀошт кхуллуш.
1944 шеран 28 январехь Курпан кӀошт дӀаяьккхира, дерриг аьлча санна цуьнан мохк (Лахара Курпан сельсовет йоцург) дӀабелира Къилбаседа-ХӀирийчоьнан автономин республикан. Лахара Курп юьрт юха дӀаелира Теркан кӀоштан юкъа.
1959 шеран 28 октябрехь Урожайненски кӀошт дӀа а яьккхина латташ юха Теркан кӀошт юкъатуьйхира.
Бахархой[нисъе бӀаьра | нисъе]
Бахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
2002[1] | 2006 | 2009[2] | 2010[3] | 2011[4] | 2012[5] | 2013[6] |
52 976 | ↘51 861 | ↘51 095 | ↗51 220 | ↗51 221 | ↘51 176 | ↘51 060 |
2014[7] | 2015[8] | 2016[9] | ||||
↘50 883 | ↘50 806 | ↘50 715 |
Луьсталла — 56,8 ст./км
- Урбанизаци
2018 шеран 1 январехь гӀалан хьолашкахь (Терк гӀала) беха 38.46 % кӀоштан бахархой.
- Къоман хӀоттам
2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамIашца[10]:
Къам | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|
гӀебартой (чергазий) | 45 067 | 88,0 % |
оьрсий | 2 648 | 5,2 % |
туркой | 1 316 | 2,5 % |
балкхарой | 867 | 1,7 % |
кхин берш | 1 322 | 2,6 % |
берриш | 51 220 | 100 % |
- Сте-боьршалла а, хан а
2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамIашца [11]:
Хан | Боьрша стаг, ст. |
Зудстаг, ст. |
Берриш, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
---|---|---|---|---|
0 — 14 шо | 5 128 | 5 041 | 10 169 | 19,8 % |
15 — 59 шо | 16 870 | 17 487 | 34 357 | 67,1 % |
60 шо сов | 2 428 | 4 266 | 6 694 | 13,1 % |
Всего | 24 426 | 26 794 | 51 220 | 100,0 % |
Боьршанаш — 24 426 ст. (47,7 %). Зударий — 26 794 ст. (52,3 %)[12].
Бахархойн юккъера хан — 34,6 шо. Бахархойн медианан хан — 32,1 шо.
Божарийн юккъера хан — 33,0 шо. Божарийн медианан хан — 30,6 шо.
Зударийн юккъера хан — 36,1 шо. Зударийн медианан хан — 33,7 шо.
Муниципалан хӀоттам[нисъе бӀаьра | нисъе]
Теркан муниципалан кӀоштахь 1 гӀалан а, 17 юьртан а меттигаш ю, царна юкъахь 27 нах беха меттиг а ю[13]:
№ | Муниципалан кхоллам | Административан центр | Нах беха меттигийн барам | Бахархой | Майда, км2 |
---|---|---|---|---|---|
ГӀалан меттиг | |||||
1 | Терк | гӀала Терк | 1 | 50 715[9] | 12 |
Юьртан меттигаш | |||||
2 | Арик | эвла Арик | 2 | 50 715[9] | 58 |
3 | Белоглински (ГӀебартойн-Балкхаройчоь) | эвла Белоглински (ГӀебартойн-Балкхаройчоь) | 1 | 50 715[9] | 14 |
4 | Лакха Акбаш | эвла Лакха Акбаш | 2 | 50 715[9] | 62 |
5 | Лакха Курп | эвла Лакха Курп | 1 | 50 715[9] | 50 |
6 | Дейски | эвла Дейски | 1 | 50 715[9] | 55 |
7 | Джулат | эвла Джулат | 1 | 50 715[9] | 5 |
8 | Инаркой | эвла Инаркой | 1 | 50 715[9] | 41 |
9 | Интернациональни | эвла Интернациональни | 1 | 50 715[9] | 16 |
10 | Красноармейски | эвла Красноармейски | 3 | 50 715[9] | 47 |
11 | Лаха Курп | эвла Лаха Курп | 1 | 50 715[9] | 45 |
12 | Керла Балкхаройчоь | эвла Керла Балкхаройчоь | 2 | 50 715[9] | 39 |
13 | Ново-Хамиди | эвла Ново-Хамиди | 2 | 50 715[9] | 60 |
14 | Плановски | эвла Плановски | 2 | 50 715[9] | 64 |
15 | Тамбовски | эвла Тамбовски | 2 | 50 715[9] | 44 |
16 | Терекски | эвла Терекски | 2 | 50 715[9] | 44 |
17 | Урожайни | эвла Урожайни | 1 | 50 715[9] | 48 |
18 | Хьамидие | эвла Хьамидие | 1 | 50 715[9] | 62 |
- Нах беха меттигаш
Нах бехачу меттиган цӀерийн хьажоргаш ю муниципалан долахь йолу меттиг гойтуш
|
|
|
Меттиган шеш шайн урхалла[нисъе бӀаьра | нисъе]
Теркан муниципалан кӀоштан администраци — Терк, Ленинан урам №15.
Муниципалан кхолламан шеш шайн урхаллин меженийн структура:
- Меттигера администрацин корта
- Дадов Муаед Алиевич
- Меттигера шеш шайн урхаллин Советан председатель
- Хажуев Владимир Шамилович
- Теркан муниципалан кӀоштан меттигера шеш шайн урхаллин Советан 6-гӀачу кхайкхаман депутатийн исписка (2016-2020)[32].
|
|
|
Экономика[нисъе бӀаьра | нисъе]
КӀоштан промышленностан комплекс гойту 5 йоккха а, юккъера а барамера предприятеш. Кегийра предприятеш — 36 ю. Уггаре йоккха кӀоштан предприяти ю алмазах сурсаташ деш йолу «Терекалмаз».
Транспорт[нисъе бӀаьра | нисъе]
КӀоштахула чекхдолу Къилбаседа-Кавказан цӀерпоштнекъан дакъа. Цуьнан махка тӀехь ю цӀерпоштнекъан станци «Муртазово», лаьтта Терк гӀалахь, ткъа кхин а пассажирийн йоцу станцеш Урух а, Арик а.
Юкъара лелоран а, чоьхьара бахаман а автомобилан некъаш ду, цара кхачам боллуш бахаман транспортан уьйраш латтайо. ЧӀогӀа чкъоьрах дехкина автомобилийн некъийн ерриг йохалла 405 километр ю.
Хьажа иштта[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ГӀебартойн-Балкхаройн республикан административан декъадалар
- ГӀебартойн-Балкхаройчоьнан нах беха меттигаш
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Официальный сайт администрации Терского района
- Терский район на портале Правительства Кабардино-Балкарии
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 февралехь.
- ↑ Численность постоянного населения Российской Федерации по городам, посёлкам городского типа и районам на 1 января 2009 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 январехь. Теллина 2014 шеран 2 январехь.
- ↑ 1 2 3 Численность населения КБР в разрезе населённых пунктов по итогам Всероссийской переписи населения 2010 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 21 сентябрехь. Теллина 2014 шеран 21 сентябрехь.
- ↑ Кабардино-Балкария. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2009-2014 годов
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
- ↑ Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.
- ↑ 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Том 3. Таблица 4. Население по национальности и владению русским языком по муниципальным образованиям и населенным пунктам КБР.
- ↑ Том 1. Таблица 2.2 Население КБР по возрастным группам и полу.
- ↑ Численность населения КБР по итогам Всероссийской переписи населения 2010 года.
- ↑ Устав Терского муниципального кӀошта
- ↑ Входит в городское поселение Терек
- ↑ Входит в сельское поселение Дейское
- ↑ 1 2 Входит в сельское поселение Плановское
- ↑ 1 2 Входит в сельское поселение Арик
- ↑ 1 2 Входит в сельское поселение Верхний Акбаш
- ↑ 1 2 Входит в сельское поселение Терекское
- ↑ Входит в сельское поселение Урожайное
- ↑ Входит в сельское поселение Хамидие
- ↑ 1 2 3 Входит в сельское поселение Красноармейское
- ↑ Входит в сельское поселение Верхний Курп
- ↑ Входит в сельское поселение Инаркой
- ↑ Входит в сельское поселение Нижний Курп
- ↑ 1 2 Входит в сельское поселение Новая Балкария
- ↑ 1 2 Входит в сельское поселение Тамбовское
- ↑ 1 2 Входит в сельское поселение Ново-Хамидие
- ↑ Входит в сельское поселение Белоглинское
- ↑ Входит в сельское поселение Интернациональное
- ↑ Входит в сельское поселение Джулат
- ↑ Депутаты Совета местного самоуправления Терского муниципального кӀошта 6 созыва (2016-2020).