Весели (Къилбаседа ХӀирийчоь)
Эвла | |
---|---|
Весели хӀир. Дæллагхъæу, оьрс. Веселое | |
Пачхьалкх | Росси |
Регион | Къилбаседа ХӀирийчоь |
Муниципалан кӀошт | Мазалкан кӀошт |
Координаташ | 43°46′08″ къ. ш. 44°43′27″ м. д.HGЯO |
Юьртда | Хубецов Сослан Анатольевич |
Йиллина | 1886 шарахь |
ХӀордан сизал локхалла | 138 м |
Бахархой | 860[1] стаг (2010) |
Къаьмнийн хӀоттам | хӀирий, оьрсий, гӀебартой, жӀайхой, гуьржий |
Динан хӀоттам | керсталла, бусалба-суннийш |
Бахархойн цӀерш | весёлахой, весёлахо |
Сахьтан аса | UTC+3 |
Телефонан код | +7 86736 |
Поштан индекс | 363706 |
Автомобилан код | 15 |
Код ОКТМО | 90230805001 |
Весели картан тӀехь |
Веселое (оьрс. Веселое) — Российн Федерацин Къилбаседа ХӀирийчоьнан Мазалкан кӀоштан юкъа йогӀу эвла. Муниципалан кхолламан «Веселин юьртан меттиган» административан центр.
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Эвла лаьтта Мазалкан кӀоштан къилбаседа-малхбален декъехь, «Бурунни» татолан къилбехьа. КӀоштан юкъан Мазалкан 7 км генахь ю, БуритӀе гӀалан 127 км къилбаседехьа ю.
Доза ду нах бехачу пунктийн лаьттанашца: Комарово а, Осетински а къилба-малхбалехь, Ново-Георгиевски къилба-малхбузехь.
Эвла лаьтта таьӀна ГӀебартойн акъарин йисттехь. Меттиган рельеф дукхаха ерг нийса ю, баьрзнаш а, шунаш а долуш цхьаццанхьа. Юккъера локхаллаш ю 138 метр хӀордан тӀегӀанал лекха.
Гидрографин маша эвлахь гайтина кӀезиг. Шовдан а, лаьттан бухара хиш а доцуш, эвлан къилбаседехьахула доьду «Бурунни» татол, цуьнца хи дуьллу эвлан юьртабахаман латтанашна.
Климат[нисъе бӀаьра | нисъе]
Климат барамера тӀуьна. Шеран юккъера хӀаваан температура хуьлу +10,5°С. ХӀаваан температура юккъера техка +23,5°С тӀиера июлехь, −2,8°С кхаччалц январехь. Шеран юккъера йочанийн барам хуьлу 520 мм гергга. Алсама хуьлу йочанаш майн тӀиера июль кхаччалц болчу муьран. Аьхке чекхйолуш сих-сиха бекъа-бовха мох хуьлу, хьоькху Каспиййистан аренан мехкашкара.
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
Весёли кӀотар кхоьллина 1886 шарахь кхуза кхелхинчу хӀираша. Дуьххьара кхуза хевшина ХубецовгӀеран, БалаевгӀеран, ДзидахановгӀеран, ГиоевгӀеран, ЦуциевгӀеран доьзалаш[2].
Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болуш эвлара 372 вахархо тӀеме вахара[3]. Ша эвла дӀалецира 1942 шо чекхдолуш цхьаьна баттана немцоша.
Бахархойн дукхалла[нисъе бӀаьра | нисъе]
Бахархойн дукхаллин хийцам | |
2002[4] | 2010[4] |
868 | 862 |
Сахьтан аса[нисъе бӀаьра | нисъе]
Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса ю UTC+3.
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Итоги Всероссийская перепись населения 2010 года по РСО-Алания. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и селельских поселений и населённых пунктов
- ↑ Малая Родина. Сельское поселение Весёлое. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 29 августехь.
- ↑ В Северной Осетии бизнесмен поставил памятник защитникам Родины
- ↑ 1 2 2002 2010 шш. лараран микрохаамаш Архивацийина 15 июнехь 2018 шеран.
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
ХӀара яззам табарна бакъхьа ду?:
|
![]() |
ХӀара Къилбаседа ХӀирийчоьнан географех лаьцна чекхбаккханза яззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. |