Хьаьнгаш-Йурт

43°24′50″ къ. ш. 46°14′12″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Хангиш-Юрт тӀера хьажжина кхуза)
Эвла
Хьаьнгаш-Йурт
43°24′50″ къ. ш. 46°14′12″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КӀошт Гуьмсан кӀошт
Йуьртан меттиг Хьаьнгаш-Йуьртан
Истори а, географи а
Йиллина 1859
Хьалхара цӀерш Амир-Аджи-Юрт, Степное
Центран локхалла 26 метр
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусулбанаш
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Поштан индексаш 366908
ОКАТО 96210809001
hangish-yurt.ru
Картин тӀехь
Хьаьнгаш-Йурт картан тӀехь
Хьаьнгаш-Йурт
Хьаьнгаш-Йурт картан тӀехь
Хьаьнгаш-Йурт
Хьаьнгаш-Йурт картан тӀехь
Хьаьнгаш-Йурт

Хьаьнгаш-Йурт[2]Нохчийчоьнан Гуьмсан кӀоштара эвла.

Иза йу Хьаьнгаш-Йуьртан йуьртан меттиган административан центр[3].

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йуьрт йевзаш йара Ӏамир-Хьаьжи-Йурт цӀарца. Цхьаболчу хаамашца цӀе хийцина 1989 шарахь Хьаьнгаш-Йурт аьлла (Киндаров А. иза Ханкиши цӀе йолуш Гумсера гӀумкийн совдегар ву боху[4]). Кхечу версица, цӀе хийцина Хьаьнгаш цӀе хиллачу нохчочун цӀарах[5][6]. Ермолс 1819 шарахь йагийначу Дади-Йуьртара кӀелхьара баьллачу неха тӀаьхьено йиллина бохуш ду дийцарш[7]. Цхьаболчеран сацамца йуьртан цӀе Захаров-Йурт аьлла хийца сацам бинера Захаров-Чеченец цӀе хиллачу Российн исбаьхьалчин цӀарах[4]. Делахь 1990 шеран хаамашца йуьртан цӀе йара Хьаьнгаш-Йурт, амма йара Захаров-Йуьртан сельсоветан административан центр[8].

1944 шаран 23 февралехь коммунистийн Ӏедало нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар а, ишта Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀайаккхар а бахьана долуш, эвлан цӀе Степное хийцина. Эвла бахкина Дагестанера суьйлий. 1957 шаран 9 январехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийна[9] ишта меттахӀоттийна эвлан хьалхалера цӀе а. Коммунистийн харца Ӏедало баха охьахийшина болу суьйлийн дезна шаьш схьа баьхканча йуха баха.

Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бахархойн дукхалла
2020[1]
1079

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 https://web.archive.org/web/20200822004543/https://rosstat.gov.ru/storage/mediabank/CcG8qBhP/mun_obr2020.rar
  2. Нохчийчоьнан яртийн цIерш.
  3. Хангиш-Юртовская сельский округ (сельсовет)* (Гудермесский район)(ТӀе цакхочу хьажорг)
  4. 1 2 Киндаров А. 2 // Исповедь чеченца. — Грозный: ГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2008. — 432 с. — ISBN 978-5-900231-50-1. (Архивйина 2019 шеран 3 сентябрехь).
  5. М. С. Шовхалов. Чеченские легенды и короткие рассказы. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 11 январь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 12 февралехь Архивйина 2016-02-12 — Wayback Machine
  6. Часть 4: Т — Я / Топонимический словарь Кавказа / Т: / Абхазская интернет-библиотека / Абхазская интернет-библиотека(йоьхна хьажорг — истори).(ТӀе цакхочу хьажорг)
  7. Село Хангиш-Юрт. Муниципальное бюджетное учреждение культуры "Централизованная библиотечная система" Гудермесского муниципального района. Архивйина 2021 шеран 26 июлехь
  8. Численность наличного населения по сельским населённым пунктам ЧИАССР на 1 января 1990 года // Архивный вестник : Историко-документальный бюллетень / Отв. сост.: М. Х. Ченчиева, А. И. Духаев. — Нальчик: Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013. — № 1. — С. 120. — ISBN 978-5-905770-24-1.
  9. Указ Президиума ВС СССР от 09.01.1957