Захаров-Чеченец, Пётр Захарович
Пётр Захарович Захаров-Чеченец | |
---|---|
ГӀуллакхан тайпа | исбаьхьалча |
Вина терахь | 1816 |
Вина меттиг | Дади-Йурт, Нохчийчоь |
Кхелхина терахь | 1846 |
Кхелхина меттиг | Москох, Российн импери |
Корматалла | исбаьхьалча |
Гражданалла | Российн импери |
Куьг таӀор | |
Пётр Захарович Захаров-Чеченец Викилармехь |
Пётр Заха́рович Заха́ров-Чече́нец (1816 шо гергга — 1846 шо) — Российн исбаьхьалча-портретист ву. XIX бӀешарахь нохчех цхьаъ бен воцу исбаьхьалча.
Цунах лаьцна хууш кӀезга хӀума ду. Цунна деша ваха гӀо дира Ермолов Алексейс. ТӀаьхьа цо Ермоловн сурт диллира. И сурт Ӏедална хазахетарна цунна академикан цӀе йелира. Захаровс дехкина кхечу суьртех девзаш ду лоьран Ф. И. Иноземцевн а (1844), профессор Грановский Тимофейн а (1845), Постниковн а (1845), кхечеран а суьрташ. И массо сурт Москохахь Третьяковски галерейхь ду. Захаров-Чеченец дохкуш хилларш дукха хьолехь портреташ дара.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]1819 шарахь, нохчаша ен инзаре чӀогӀа дуьхьало эшийна, оьрсийн эскаро схьайаьккхира Дади-Йурт. Цу йуьртахь оьрсийн салташна карийра, йурт йоккхуш йийна Ӏуьллу нохчийн зуда а, цунна юххехь леш волу кхо шо кхаьчна кӀант а. Ермоловс омра делира лоьрашна, оцу кӀантана дарба леладе аьлла, лоьраш иза далур дац бохушехь. Амма кӀант дийна висира. Иза кхио дӀавелира гӀалгӀазкхийчуьнга Недоносов Захарега. Цуо кхиира иза 1823 шо кхаччалц.
Оцу гӀалгӀазакхийчо йелира кӀантан шен фамили а, де цӀе а. ТӀаьхьа Пётра шен фамилин тӀе «Чеченец» дош туьйхира. Шен суьрташ тӀехь куьг таӀочу хенахь цуо йаздора "Захаров нохчех" («Захаров из чеченцев») йа "Захаров-Нохчо" («Захаров-Чеченец»).
ТӀаккха иза кхио схьаийцира инарла волчу Ермолов Пётр Николаевича. Жима волуш кӀантана чӀогӀа хазахетара суьрташ дохкуш. Ермоловс эскар дитинчул тӀаьхьа, Москох вахча кӀант деша дӀавелира. Цуьнан хьехархо вара портреташ дохкуш волу исбаьхьалча Волков Лев.
1833 шарахь Захаров Петр дӀайазвира Петарбухан исбаьхьаллин академин ладогӀархо. 1836 шарахь цо чекхйаьккхира академи. Цунна делира аттестат а, йелира маьрша исбаьхьалчин цӀе а.
Цуьнан доттагӀ хилла Лермонтов Михаил Юрьевич[1].
Шен рицкъ даккхархьама, иза балха вахара ТӀеман министраллин тӀеман нах беха меттигийн департаменте суьрташ дахка. «Сан могашалла ца хиларна бахьнехь, иза тоян кхечу пачхьалкха ваха аьтто ца хиларна, сан рицкъ даккха ваха дийзира» — йаздора цо 1841 шарахь. Амма 1842 шарахь цуьнан цамгар чӀагӀйелира, цундела цуьна болх бита дийзира. Иза Москох вахара. Цигахь цуьнан гӀуллакхаш тоделира.
Цул тӀаьхьа валлалц иза вехира Москохахь. Оцу хенахь цунах хилира Паччахьан исбаьхьаллин академин академик.
1846 шеран 14 январехь цо зуда йалийра, Петрова Александра. Амма масийтта бутт баьлча иза йовхарийн цамгарх йелира. Оцу шеран 15 июнехь иза дӀайоллира.
1846 шо чекхдолуш велира Захаров Пётр а.
Суьрташ
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Викилармехь йу Пётр Захарович Захаров-Чеченец теман медиафайлаш
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Шабаньянц Н. Ш. Жизнь и творчество художнике П. З. Захарова. Грозный, 1963. — 83 с. — Илл. (библиография: с. 76-78).
- Шабаньянц Н. Ш. Академик П.З Захаров. — Грозный, 1974. — 58 с. — Илл.
- Академик Живописи П. З. Захаров: Материалы научной конференции, посвященной изучению и популяризации жизни и творчества художника из чеченцев.- Грозный, 1976.
- Молева Н. М. Кто ты, Мцыри? // Журнал русской культуры.-М., 2003, № 2
- Степанов Ю. С. Протей: Очерки хаотической эволюции.- М., 2004.
Цуьнан суьрташ долу музейш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Пачхьалкхан Третьяковски галерей
- Эрмитаж
- Оьрсийн музей
- Российн пачхьалкхан библиотека
- Тамбовн областан суьртийн галерей
- Орёл гӀалахь йолу гайтаман исбаьхьаллин музей
- кхин ерш
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Захаров-Чеченец, Пётр Захарович // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Петр Захаров-Чеченец(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Грозный. Фотоальбом
- Захаров-Чеченец или Однажды русский генерал из гор к Тифлису проезжал
- Захаров-Чеченец
- Шабаньянц Н. Академик П.З. Захаров. Художник «из чеченцев» // Прометей : Историко-биографический альманах серии «Жизнь замечательных людей». — 1977. — Вып. 11.