Парабоч

43°28′22″ къ. ш. 46°17′41″ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Эвла
Парабоч
43°28′22″ къ. ш. 46°17′41″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
Муниципалан кӀошт Шелковскан
Йуьртан меттиг Шелкозаводскан
Истори а, географи а
Йиллина 1794
Дуьххьара хьахор 1794
Хьалхара цӀерш Парубочев[1], Паробоч[2], Паробочева, Парубачево, Порабочево[3]
Центран локхалла 17-18[4] м
Сахьтан аса UTC+3
Бахархой
Бахархой 473[5] стаг (2010)
Официалан мотт Нохчийн мотт, оьрсийн мотт
Идентификаторан терахьаш
Поштан индекс 366111
ОКАТО 96240829001
Картин тӀехь
Парабоч картан тӀехь
Парабоч
Парабоч картан тӀехь
Парабоч
Парабоч картан тӀехь
Парабоч

ПарабочНохчийн Республикин Шелковскан кӀоштара эвла[6]. ЙукъайогӀу Шелкозаводскин йуьртан меттиган.

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Лаьтта Теркан аьрру бердаца, Парабочан заказникан дозанехь, цуьнан малхбален агӀора. Эвлан малхбузехьа, хьуьнан къилбаседа йистехь, лаьтта башха Ӏалашбен республикин маьӀна долу Ӏаламан мохк «Карьеран Ӏам», иза кхоллабелла иштта цӀе йолчу хи латтийлин бух тӀехь.

Парабочин заказник йу Теркан аьрру бердаца йолу ерриг географин кӀошт, Старощедрински гӀалин тӀийра малхбузехь цӀерпоштнекъан тӀекхаччалц. Муьлхха а кепара таллар магийна дац цигахь. Къилба-малхбалехь доза ду БоргӀанен заказникца[7].

Гергара нах беха меттигаш: къилбаседа-малхбалехь — Шелкозаводски гӀала, къилбаседа-малхбузехь — Коби эвла, къилбехьа — Азамат-Йурт, малхбалехьа — Харьковски эвла, малхбузехьа — Новощедрински а, Старощедрински а гӀаланаш, къилба-малхбалехь — Первомайски (ДегӀаста), къилба-малхбузехь — Хьаьнгаш-Йурт[8].

Кашман эрк чекхдолу эвлан къилбаседа йистехула[7].

Микротопоними[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьаннаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • ГӀазакхийн хьун – лаьттара Теркан бердаца. ХӀинца йукъайоьду Парабочин хьуьнан бахаман[7].
  • Пачхьалкхан хьун – иштта олура 1917 шерал хьалха, хӀинца Парабочевн хьуьнан бахаман йукъара, йерриг хьуьнан массивах, Парабочан къилбехахь, малхбалехь, малхбузехь, Теркан аьрру бердаца лаьттачу. Пачхьалкхан хьуьнхахь совгӀатна дела шайн дакъош дара, паччахьан чинхойн[9].

Хотеш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Гренадерийн хоти – меттиг лаьттина эвлан къилба агӀора.
  • Лафетан хоти – эвлан къилбехьа лаьтта. Хотин масех тӀегӀа йу, цигара схьа цӀе а тиллина.
  • Эрзан хоти – иштта цӀе йолу хоти эвлан къилбехьа а, къилбаседехьа а йара[9].
  • Александровн хоти – иштта цӀе йолу меттиг йу Парабочан къилбехьа.
  • Гоьрга хоти – лаьттара эвлан къилба агӀора.
  • Лопатинан хоти – лаьтта эвлан къилба агӀора. Долахь хилла гӀарулин Лопатинан, цуьнан гӀарулин пост Теркан бер йистехь йара. Кхин а йу Лопатинан пост а, Лопатинан гечо а[7].

Баьрзнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Валентинан барз – лаьтта эвлан йистехь.
  • Дешин барз – лаьтта Парабоч эвлан а, Старощедрински гӀалан а йуккъехь. Тарло, иза шира кошан барз хила, барз тӀехь лаьтта реперан хьаьрк[7].

Инженеран кхолламаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Пачхьалкхан вал – чекхболу эвлан къилба агӀора. Бина XIX бӀешарахь дистина Терках лардалархьама.
  • Трахтан некъ – трахт галдаьккхина тракт – поштан некъ ду. Чекхболура гӀарулийн постийн асанца ширачу гӀаланашна уллехула, ГӀизларера Мазалке кхаччалц. ХӀора гӀалахь йара поштан станцеш, цигахь латтайора кийчча масех говр новкъахь гӀелйелларш хийцархьама. Поштан гӀудалкх ларйора герзашца болчу хойша.
  • «Шемилан» чӀагӀо – онда чӀагӀонах йисина саьлнаш, лаьтта Парабоч трассийца тухучу новкъан аьрру агӀора. Йуккъерачу бӀешерашкара гӀажарийн чӀагӀо Семендеран саьлнаш хила а тарло[7].

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Эвлан цӀеран бух биллира, кхузахь кемсийн бошмаш йоьгӀначу, чагӀаран завод йиллинчу, Парабочиевн фамилис[9].

Эвла дуьххьара хьахийна 1794 шарахь мехкада волчу Калустовс Сенатан инарла-прокурор хиллачу эла А. А. Вяземскийн когаметтайолчуьнгара оьцучу хенахь. Оцу хенахь ГӀизларан уездан йукъахь йара; 1832 шарахь дӀатоьхна Гребенски гӀазакхийн полках[3].

Шен заманахь А. В. Хастатовн тӀаьхьенийн доларчу эвлахь М. Ю. Лермонтов хилла лору[10]. Иза доьзна ду, цхьаьна декъана, эвлахь болх беш М. Ю. Лермонтовн музей хиларца, тӀечӀагӀдарехь, ХастатовгӀеран кертарчу цӀенна чохь. Цуьнца хьаьна, хаамаш бу, ХастатовгӀеран Шелкозаводскехь бен мохк ца хиларх, поэт а цигахь хуьлуш хилла. Ткъа Парабоч эрмалойн мехкадайн КалустовгӀеран мохк хилла[11] — лаххара а, цуьнан бахархойх 1830-гӀа шерашкахь гӀазакхий хиллалц[12]. Усадьба же Калустовых существовала здесь, по-видимому, до 1917—1918 годов[13]. Цигара схьа, чохь М. Ю. Лермонтовн музей йолу элийн цӀа — КалустовгӀеран мехкан йуккъера цӀа ду, цу тӀе Шелкозаводскера ХастатовгӀеран баринан цӀа ца дисина[12]. Цхьацца хаамашца, XX бӀешо чекхдолуш эвлан къилбан йистера меттигах олура «КалустовгӀеран бошмаш»[14].

Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бахархойн дукхалла
1878[15]1926[16]1990[17]20022010[5]
65124357443473
100
200
300
400
500
2010

1990 шеран 1 январехь Харьковски сельсоветан (йукъ — Харьковски эвла) йукъахь йолчу Парубоч эвлахь, вара 357 вахархо[18]. 2002 шеран бахархой багарбаран жамӀашца, Парабоч кӀотарахь вехара 443 стаг, царех 209 боьрша стаг а, 234 зуда а, 94 % бахархой бара нохчий[19].

Сийлаллаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. По лермонтовским местам. М., 1989. С. 251.
  2. Караулов М. А. Терское казачество в прошлом и настоящем. М., 2008. С. 258.
  3. 1 2 Основные сведения о Терской области. ч. 3 Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
  4. Определение высоты над уровнем моря по координатам. latlong.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 19 июнь.
  5. 1 2 Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
  6. Закон Чеченской Республики от 29.08.2011 № 30-РЗ «О внесении изменений в некоторые законодательные акты Чеченской Республики» Архивйина 2018-11-11 — Wayback Machine
  7. 1 2 3 4 5 6 Сулейманов, 2006, с. 656.
  8. Карта Чечни (rar) (не ранее 1995). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 2 январь. Объём 8 МБ.
  9. 1 2 3 Сулейманов, 2006, с. 655.
  10. М. Абалаева. Приезд М. Ю. Лермонтова в Парабоч // Вести республики, 3.10.2016
  11. В. Коваленко. Так чья же усадьба — Хастатовых или Калустова? // Родник. Общественно-политическая газета Раменского муниципального района. № 84, 6 ноября 2012 г. С. 7. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 24 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 3 декабрехь
  12. 1 2 Л. Нухаева. Связан с историей // Официальный портал Главы и Правительства Чеченской Республики. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 24 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 14 октябрехь Архивйина 2013-10-14 — Wayback Machine
  13. Н. Ерёмин. Усадьба и дом Калустовых в Паробоче // Проза.ру — национальный сервер современной прозы
  14. Сулейманов А. Топонимия Чечни. Нальчик, 1997 (переизд.: Грозный, 2006).
  15. Списки населённых мест Кавказского края. 1-й выпуск. Терская область. Тифлис. 1878
  16. Районированный Дагестан : (адм.-хоз. деление ДССР по новому районированию 1929 г.). — Махачкала : Орготд. ЦИК ДССР, 1930. — 56, XXIV, 114 с.
  17. Архивный вестник, №1. Нальчик:Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013.
  18. Численность наличного населения по сельским населённым пунктам ЧИАССР на 1 января 1990 года // Архивный вестник : Историко-документальный бюллетень / Отв. сост.: М. Х. Ченчиева, А. И. Духаев. — Нальчик: Архивное управление Правительства Чеченской Республики, 2013. — № 1. — С. 126. — ISBN 978-5-905770-24-1.
  19. Данные Всероссийской переписи населения 2002 года: таблица 02c. М.: Федеральная служба государственной статистики, 2004. (2002zip, см. прим.)