Бусалбаниг

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Portal.svg     Folder Hexagonal Icon.svg     Wiktionary-logo-ru.png     Wikiquote-logo.svg     Wikisource-logo.svg     Wikinews-logo.svg     Commons-logo.svg

Буса́лбаниг (Ӏаьр. مسلم‎‎ [муслим], зударийн кеп مسلمة‎ [муслимат]) — исламан тIехьавозург. Российн имперехь бусалбачех магометанаш (Мухьаммадан тIаьхьабозурш) олура, ткъа кхин а хьалха — басурманаш[1].

Сийлахь жайна бусалбанийн — Къуръан ду. Къуръан — Делан дош ду, Мухьаммад пайхIамаран Mohamed peace be upon him.svg Жабраил маликехула деана долу. Бусалбанаш тIехьабозу Къуръанан а, кхин а Мухьаммад пайхIамаран Mohamed peace be upon him.svg хьадисашна а, уьш яздина ду ламасталлин хьадисийн гуламехь (суннатехь)[2].

Бусалбаниг теша веза, Дела (АллахӀ) гуттаренна вуй, трансцендентан а, накъост воцуш а вуй (хьажа таухьид). Царна хаа деза, АллахI шеха тер ахIума долуш вац, хIуъа а далуш ву, доьзал хуьлуш вац, ша вина а вац (Аль-Ихьлаьс). Бусалбанаш теша беза, ислам тIеххьара тIегIа ю динан, деана долу пайхIамаршкахула Нухь وصلة=, ИбрахIим وصلة=, Муса وصلة=, Iиса وصلة=. Хьалхалера Жайнаш а, Делан хаамаш а йукъ-йукъахь хийцина галдаьхна (тахьриф)[3], ткъа Къуръан ду тIаьххьара а, хийцанза а Делан къамел[4]. Бусалбачарна къобал дан деза Мухьаммад Mohamed peace be upon him.svg тIаьххьара пайхIамар хилар, цул тIаьхьа кхин пайхIамар хулийла ца хилар а («ПайхIамарийн мухар»).

Этимологи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Iарбийн дешан муслиман маьIна ду «муьтIахь верг (АллахIан)» я «Ша дIавелларг (АллахIан)» ислам дешан аналогица — «тиер», «тIеэцар». В. М. Порохован вариант: « …„бусалбаниг“ — „АллаххIан муьтIахь волу стаг“».

Бусалбанийн декхарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

ОвхIанера бусалбанаш ламаз деш бу Баги Бабурехь, Къабулехь.

Стаг бусалба лору, нагахь цуо шахIадат далийнехь: «Аса тешалла до, АллахI воцург кхин Дела ца хиларх, аса юха а тешалла до Мухьаммад Mohamed peace be upon him.svg АллахIан Элча хиларх». Бусалбачеран дин лаьтта пхеа бIогIам тIехь. ШахIадаца кхин а исламан бIогIамаш ду: хIора дийнан пхиъ ламаз, Рамадан баттахь марха кхабар, закат далар, таро ялахь Макка хьаьж дар[5][6].

Исламан парзаш доцуш, кхин а ялх бIогIам бу иманан, царех цхьаъ къобал ца бичи а бусулбаниг динара араволу. Уьш ду:

Бусалбанаш Мухьаммад пайхIамар Mohamed peace be upon him.svg дин кхайкхо волавалале[нисйе бӀаьра | нисйе]

Къуръанан пайхIамарш а, элчанаш а, царна тIехьабозурш а бусулба бу. Иштта Аль Iимран суратан 52 аятехь Iийса пайхIамаран وصلة= сахьабаш боху цуьнга: «Тхо — АллахIан гIоьнчаш ду. Тхо тешна АллахIах. Теш хилахь тхо бусалба хиларан!»[8]. Къуръан доссале бусалбанаш декхарийлахь бара Мусага وصلة=, Давудега وصلة=, Iийсага وصلة= диссина Товратан, Забуран, Инжилан тIаьхьабаза.

Даржар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бусулбанийн бахархой проценташкахь (2009)

Дерриг дуьненан бусалбанийн бараман маххадабо 1,7 млрд гергга ст.[9]. Ислам ду дукхаллин барамца шолгIа, цхьайолчу МХГI хаамашца, дуьненахь уггаре сиха кхуьуш долу дин[10][11].

90 % берриг бусалбанех лору шеш суннийш[12]. ШолгIа бу исламан некъ шиIийш (10 %)[13].

Бусалбанийн дукхаллийн барамца уггаре йоккха пачхьалкх — ХӀиндонези ю, цигахь беха 12,7 % дуьненара берриг бусалбанех, цул тIаьхьа йогIу Пакистан (11,0 %), Бангладеш (9,2 %), Мисар (4,9 %)[14]. Бусалбанаш иштта дукха бу ХӀиндин, Цийн, Российн, Эфиопин пачхьалкхашкахь.

Российн бусалба къаьмнаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

2002 ш. бахархой багарбаран терахьашца Российра ламастан бусалба къаьмнийн барам хилира 16,5 млн ст. — пачхьалкхан бахархойх 11 % гергга. ХIинца Российн Федерацин махкахь деха Ислам дин лело 40 гергга къам: нохчий, жӀай, кхазакхаш, азербайджанаш, акхшой, гӀазгӀумкий, ГӀиргӀизой, башкираш, гIезалой, таджикаш, туркменаш, узбекаш, лаьзгий, адыгаш, абазой, гӀумкий, ногӀий, балкхарой, кхарачой, гӀалгӀай, туркой-месхетинхой, табасаранаш, рутулаш, агулаш, цахураш, кхин а[15].

Кхин хьажа[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. The Qurʼan and Sayings of Prophet Muhammad: Selections Annotated & Explained. — SkyLight Paths Publishing, 2007. — P. 21–. — ISBN 978-1-59473-222-5.
  2. Submission.org, Quran: The Final Testament, Authorized English Version with Arabic Text, Revised Edition IV,ISBN 0-9729209-2-7, p. x.
  3. Hooker, Richard arkan ad-din the five pillars of religion. United States: Washington State University (July 14, 1999). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2010 шеран 3 декабрехь. Теллина 2010 шеран 17 ноябрехь.
  4. Religions. The World Factbook. United States: Central Intelligence Agency (2010). Теллина 2010 шеран 25 августехь.
  5. Столпы веры (имана). www.islam.ru. Теллина 2014 шеран 9 августехь.
  6.  3:52
  7. Muhsin S. Mahdi(ингалс.), Annemarie Schimmel, Fazlur Rahman(ингалс.) Islam. // Encyclopædia Britannica
  8. The List: The World's Fastest-Growing Religions. Foreign Policy (May 14, 2007). Теллина 2010 шеран 16 майхь.
  9. Islamic Beliefs, Practices, and Cultures. — Marshall Cavendish, 2010. — P. 352. — ISBN 0-7614-7926-0.
  10. Shīʿite. Encyclopædia Britannica Online. — «Shīʿites have come to account for roughly one-tenth of the Muslim population worldwide.»  Теллина 2010 шеран 25 августехь.
  11. Number of Muslim by country. nationmaster.com. Теллина 2007 шеран 30 майхь.
  12. Алов А.А., Владимиров Н.Г. Мусульманские этносы России. М.: Институт Наследия, 1996. — 122 стр. ISBN 5-86443-024. Теллина 2013 шеран 16 декабрехь.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]