Гуьржийчоь

41°41′ къ. ш. 43°44′ м. д.HGЯO
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ХӀара хӀокху агӀонан тишйелла верси йу, Ӏалашйина Саид Мисарбиев (дийцар | къинхьегам) декъашхочо (2019, 31 октябрь, 05:26). Иза баккъалла а къаьсташ хила мега карара версица.
Гуьржийчоь
гуьрж. საქართველო
оьрс. Грузия
инг. Georgia
фр. Géorgie (la)[1]
швед. Georgien[2]
чех. Gruzie[3]
лит. Sakartvelas[4]
лит. Gruzija[5]
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Ницкъ марталлехь бу
гуьрж. ძალა ერთობაშია»
Гуьржийчоьнан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Официалан мотт гуьржийн[* 1]
Коьрта гӀала Тиблиси,
Урхаллин тайпа парламентан республика[6]
Президент
Премьер-министр
Парламентан спикер
Саломе Зурабишвили
Георгий Гахария
Арчил Талаквадзе
Латта
 • Шадерг 69 700 км²[* 2][7][8] км² (121-гӀа дуьненахь)
Бахархой
 • Мах хадор (2018) 3 729 600[9][* 3] стаг
 • Ларар (2014) 3 713 804[10][* 3] стаг
ДЧС (НЭТ)
 • ХӀораннан а сина 9172[11][* 3] долл.
Ахча Лари (GEL, код 981)
Интернет-домен .ge
Код ISO GE
Код МОК GEO
Телефонан код +995
Сахьтан аса +4
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d][12]
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Гуьржийчоь[13] (гуьрж. საქართველო [sɑkʰɑrtʰvɛlɔ], Сакартве́ло) — Чоьхьара Кавказан малхбуза декъехь Ӏаьржа хӀордан малхбален бердашца лаьтта пачхьалкх[14][15][16][17], юкъайоьду Хьалхара Азин а, Гергара Малхбален а[* 4]; хьовсу цуьнга цкъаццӀа Европан а, Азин а дозанер мехке санна[* 5], наггахь — таханлера Европан дакъа санна[30].

Официалан 2014 шеран бахархой багарбаран жамӀашца Гуьржийчохь веха 3 713 804 стаг[10][* 3] (2018 шо долалуш мах хадорца — 3 729 600 стаг[9][* 3]), мохк — 69 700 км²[* 6]. Дуьненахь 131-гӀа меттигехь ю бахархойн барамца, 119-гӀа майданца.

Коьрта шахьар — Тиблиси. Пачхьалкхан мотт — гуьржийн.

Гуьржийчоь — урхаллин ийна кепара унитаран пачхьалкх. 2018 шеран 16 декабрехь Гуьржийчоьнан президентан дарж дӀалаьцна Зурабишвили Саломе с, премьер-министр 2019 шеран 8 сентябрехь дуьйна Георгий Гахария ву.

Конституцица Гуьржийчоьнан юкъайогӀу 2 автономин республика, 9 мохк, цаьрца нисйина коьрта шахьар а.

Гуьржийчоьн малхбузехьа Ӏаьржа хӀордан хиш ду; малхбалехьа а, къилбаседехьа а Российца доза ду, къилбехьа Эрмалойчоьнца а, Туркойчоьнца а, къилба-малхбалехьа Азербайджанца. Абхазин а, Цхинвалин регионан а мехкаш де-факто урхалла деш дац гуьржийн правительство, цуо, ОБСЕ Парламентан ассамблейс, АЦШс, Европан комиссис[31][* 7][33] мах хадабо Российс оккупаци йина Гуьржийчоьнан дакъа санна. Российс, Никарагуас, Наурус, Венесуэлас[34][35], Шемас[36][37] къобал дина уьш, Республика Абхази а, Республика Къилба ХӀирийчоь/Алани а пачхьалкхаш Гуьржийчоьнах маьрша хилар.

Этимологи

Кеп:Коьрта яззам

Венецин гӀараваьллачу картографан Фра Маурон картин тӀехь «Горгани».

Гуьржийчоьнан эндоним («საქართველო, Сакартвело» — «картвелийн мохк») хьалайоьду Картли (гуьрж. ქართლი) цӀере — Гуьржийчоьнан историн-географин областех коьртачех цхьаъ а, картвелийн паччахьаллин ага а[38]. Гуьржийчоьнан цӀе ингалсан маттахь — «Georgia», схьагарехь, схьайолу сий. Георгих, иза хӀокху мехкашкахь лераме хиларна[39], ткъа кхин а доьзна ду, Сийлахь Георгий Гуьржийчоьнан доладийриг лору дера — юккъера бӀешерашкахь Гуьржийчоьнан махкахь 365 килса яра Сийлахь Георгийн цӀарах. Оьрсийн а, кхин цхьа могӀа меттанашкахь хӀоьттина «Грузия» цӀе, схьаяьллачух тера ду «Гурджан», я «Гурзан» Ӏаьрбийн-гӀажарийн хьосташкара. И цӀераш схьевлла лору Ӏаьбийн-гӀажарийн гурдж (Гурджистан — «берзалойн мохк»), хьаладоьду гӀажарийн деше горг «борз», уьйр ю ширагӀажарийн Вркан[40] дашца. Гуьржийчоь эрмалойн маттахь — «Վրաստան» (Врастан), ширачу заманахь — «Վիրք» (Вирк), гочдича «Лакхара мохк» бохург ду.

Пачхьалкхан символаш

Байракх

Кеп:Коьрта яззам Таханлера байракх тӀеэцна 2004 шеран 14 январехь башхачу «Байракхах законца»[41], цунна чохь, масала, байракха схема ло шеен пропорцешца. Йохаллин а, шораллин а барам — 3:2. ЖӀаран шоралла кӀадин шораллин 1/5 дакъа.

ХӀост

Кеп:Коьрта яззам Гуьржийчоьнан хӀост мехкан пачхьалкхан символ ю. Таханлера хӀост тӀеэцна 2004 шеран 1 октябрехь. Иза цӀиечу бесан турс ду тӀехь Гуьржийчоьнан доладе бохучу Сийлахь Георгийн, говрахь, чӀуца саьрмак буьйш, детин куц долуш. Турсан тӀехула дешийн таж ю, и лаьцна ду дешийн ши лом. Турс бухахь аса ю девизца «Ницкъ марталлехь бу» аьлла. ХӀостан бух боьгӀна юккъерачу бӀешерийн гуьржийн паччахьан БагратионгӀеран (Багратиони) цӀийнан хӀостах.

Шатлакхан илли

Кеп:Коьрта яззам Гуьржийчоьнан таханлера шатлакхан илли «Тависуплеба» тӀеэцна 2004 майхь[42], цуьнан музыка эцна Палиашвили Захарийн (1871—1933) шина оперера — «Даиси» («МаьркӀаже») а, «Абесалом а, Этери а», текстан автор — хӀокху заман гуьржийн поэт Маградзе Давид, цуо лелийна гуьржийн поэтийн-классикийн Церетели Акакийн, Пшавела Важийн, Орбелиани Григолан, Табидзе Галактионан байташна юкъара цитаташ.

Истори

Кеп:Коьрта яззам

Шира мур

Кеп:Коьрта яззам

Вайн эрал 1,8—1,6 млн шо хьалха хӀинцалерачу Гуьржийчоьнан махкахь даьхна Homo erectus georgicus[43][44][45] — еллачу Homo erectus кепан бухара кеп[46]; Homo erectus georgicus ца хилла хӀинцалерачу адамийн дайх.

Пачхьалкхаш кхоллаялар а, шира мур а

Вайн эрал XX—XVII бӀешераш дуьххьарлера гуьржийн пачхьалкхаш Диаоха, Колхида (Колха), Забаха кхоьллина хьалхара мур лору[46].

Вайн эрал 845 шо хьалха хуьлу Салманасар III-гӀа паччахь коьртехь а волуш ассирихой шозлагӀа тӀелета Диаохан паччахьна Асиан. Колха ан, Диаохан а цхьацца меттигаш Ассирин куьйгакӀела йоьда. Вайн эрал 810 - 763 шераш хьалхарчу муьрехь керла кхоьллинчу хурритийн пачхьалкхийн Урарту, Менуа, Аргишти паччахьаш къиза тӀемаш до Диаохаца а, Колхица а; вайн эрал 810 - 770 шераш хьалхарчу муьрехь Урартун паччахьо Утуфурсиса аннекси йо къилба областашна Диаохин а, Забахан а.

Вайн эрал 750 шо хьалха Колхо схьайоккху Диаоха, болабо беха тӀом хурритийн пачхьалкхаца Урартуца. Вайн эрал VII бӀешо хьалха киммерихой тӀелатар бахьнехь Колхида чӀогӀа гӀелло, Урарту а, Ассири а гуттаренна хӀаллакйо.

Вайн эрал VI бӀешо хьалха Ахеменидийн империно схьайоккху къилба Колхида, йолало грекийн колонизаци. Вайн эрал V бӀешо хьалха, хӀинцалерачу малхбуза Гуьржийчоьнан махкахь, кхоллало керла Колхидан пачхьалкх (Эгриси), иза лаьттира вайн эрал IV бӀешо хьалхара мур кхаччалц.[46].

Вайн эрал IV—III бӀешо хьалха хӀинцалерачу малхбален Гуьржийчоьнан махкахь кхоллало Иберийн паччахьалла (Картли) (иза лаьттина VI бӀешо кхаччалц)[46][* 8]. Вайн эрал 229 шо хьалха долало Иберийн некъийн паччахьийн урхалла, цара урхалла до вайн эрал 299 шо хьалхара вайн эран 580 шо кхаччалц.[46] Вайн эрал 65 шо хьалха руман баьчча Помпей эскарца тӀелетира Иберийн паччахьаллин[46].

Вайн эран I бӀешарахь, меттигерачу Ӏадаташца, сахьаба Андрей Первозваннис Гуьржийчоьнна чудохьу керсталла, кхуллу ГПК.

35 шарахь Картлин эскар тӀелета Эрмалойчоьнна; эрмалойн Ӏарш тӀе паччахь хиира Картли паччахьан Фарсманан ваша — Митридат[46]. 63 шарахь Колхида Руман империн юкъаяхара[46].

331 шарахь сийлахь Нинин белхашца керсталла Иверин пачхьалкхан дин кхайкхийра[46].

IV—VI бӀешерашкахь Колхида лаьттинчу махкахь чӀагӀло Лазийн паччахьалла; цуо шен куьйгакӀела балабо къилбаседа Колхидан адыгийн керла кхолламаш (Абазги, Апсили)[46]. 482—484 шерашкахь паччахь Вахтанг I Горгасал (безчу нахан юкъатоьхна волу) гӀотту СасанидгӀарна дуьхьала[46]{{ref+|Вахтанг I Хосроид (440—502 гергара шераш) — V бӀешеран шолгӀачу декъера Иберин/Иверин паччахь, гуьржийн пачхьалкхан бух билланчех цхьаъ. Митридат V-гӀачун кӀан ХосроидгӀеран (Хосровани) некъех ву. Цуьнан кунья «горгасал» хилла, иза гочдо гӀажарийн маттара «берзан корта» олий (цуьнан тӀеман куьйн кеп бахьнехь).

Билгалдахарш

  1. http://cnig.gouv.fr/wp-content/uploads/2020/02/CNT-PVM_r%C3%A9vis%C3%A9_2020-01-27-1.pdf
  2. https://www.ui.se/landguiden/lander-och-omraden/europa/georgien/
  3. https://dogruzie.com/informace-o-gruzii/
  4. https://keliauk.urm.lt/location/sakartvelas-gruzija
  5. https://www.delfi.lt/ru/news/politics/litva-oficialno-utverdila-nazvanie-gruzii-sakartvelo.d?id=86199807
  6. Атлас мира: Максимально подробная информация / Руководители проекта: А. Н. Бушнев, А. П. Притворов. — Москва: АСТ, 2017. — С. 42. — 96 с. — ISBN 978-5-17-10261-4.
  7. The World Factbook. Country profile: Georgia. (инг.). ЦРУ США (2012). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 6 сентябрь.
  8. Jacques Leclerc. Géorgie (фр.). Университет Лаваля (29 sept. 2011). ТӀекхочу дата: 2012 шеран 6 сентябрь. Архивйина 2012 шеран 14 октябрехь
  9. 1 2 Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Нацстат2018 тIетовжаран йоза йаздина дац
  10. 1 2 Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху Перепись2014 тIетовжаран йоза йаздина дац
  11. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху ВВП тIетовжаран йоза йаздина дац
  12. http://chartsbin.com/view/edr
  13. Кеп:Яззам
  14. Закавказье // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  15. Закавказье // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  16. Закавказье // Большой энциклопедический словарь / Гл. ред. А. М. Прохоров. — 1-е изд. — М. : Большая российская энциклопедия, 1991. — ISBN 5-85270-160-2.
  17. Закавказье // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  18. Британника
  19. ООН: географические регионы и страны мира
  20. ЦРУ: Ближний Восток - Грузия
  21. 1 2 National Geographic - Asia
  22. 1 2 National Geographic - Europe
  23. CIA — The World Factbook — Middle East
  24. Oxford Reference Online
  25. Merriam-Webster’s Collegiate Dictionary
  26. www.worldatlas.com worldatlas.com
  27. The European Union_ Other European countries
  28. BBC Europe: Georgia country profile (Georgia country profile)
  29. Русская Служба BBC. Грузия: краткая справка
  30. Европейский парламент, Резолюция Европейского Парламента 2014/2717(RSP), 17 июля 2014-го:

    …в соответствии со статьёй 49 Договора о Европейском Союзе Грузия, Молдавия и Украина — как и любые другие европейские государства — имеют европейскую перспективу и могут стать членами Союза при соблюдении принципов демократии…

  31. ОБСЕ не желает признавать новые реалии на Кавказе, считает МИД РФ
  32. Архивированная копия. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 5 сентябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 13 октябрехь U.S.-Russia Relations: «Reset» Fact Sheet
  33. Председатель Европейской Комиссии призвал Грузию внести официальную заявку на вступление в ЕС
  34. Признание независимости Абхазии и Южной Осетии. РИА Новости (20120826T0930+0400Z). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 июнь.
  35. Также признали Абхазию и Южную Осетию независимыми Вануату и Тувалу, которые в 2014 году отозвали своё призвание.
  36. Сирия признала независимость Южной Осетии и Абхазии. ТАСС. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 июнь.
  37. Сирия признала независимость Абхазии и Южной Осетии. РИА Новости (20180529T1229+0300Z). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 июнь.
  38. Мариам Лордкипанидзе, Георгий Отхмезури. «Осетины в Грузии»
    « К тому же Шида Картли — один из центров грузинской государственности и культуры. Ещё в III веке до н.э., когда царь Картли Фарнаваз провел административную реформу и разделил государство на эриставства (саэриставо), регион стал эриставством, но не рядовым, а «главой всех эриставов»3. Такая же административная структура (с небольшими изменениями) засвидетельствована в период всего Средневековья, например во второй половине V века Шида Картли — глава «всех эриставов»... »

    КиберЛенинка: https://cyberleninka.ru/article/n/osetiny-v-gruzii

  39. Peradze, Gregory. «The Pilgrims' derivation of the name Georgia». Georgica, Autumn, 1937, nos. 4 & 5, 208—209
  40. Гурам Гумба. Значение терминов «Грузия» и «Сакартвело» в средневековых источниках
  41. О Государственном байракхе Грузии. matsne.gov.ge (2004 шеран 14 январь). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 13 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 9 апрелехь
  42. საქართველოს სახელმწიფო ჰიმნის შესახებ - საკანონმდებლო მაცნე. matsne.gov.ge (2004 шеран 21 май). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2019 шеран 28 июнехь
  43. Vekua A., Lordkipanidze D., Rightmire Ph., Agusti J., Ferring R., Maisuradze G., Mouskhelishvili A., Nioradze M., Ponce de Leon M. A new skull of early Homo from Dmanisi, Georgia (en) // Science. — 2002. — Vol. 297. — P. 85—89. — ISSN 0036-8075. — DOI:10.1126/science.1072953. — PMID 12098694.
  44. Lordkipanidze D., Jashashvili T., Vekua A., Ponce de Leon M. S., Zollikofer C. P. et al. Postcranial evidence from early Homo from Dmanisi, Georgia (en) // Nature. — 2007. — Vol. 449. — P. 305—310. — ISSN 0028-0836. — PMID 17882214.
  45. Lordkipanidze D., Vekua A., Ferring R., Rightmire G. P, Agusti J. et al. The earliest toothless hominin skull (en) // Nature. — 2005. — Vol. 434. — P. 717—718. — ISSN 0028-0836. — PMID 15815618.
  46. 1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 История Грузии— составитель Бахтадзе, Михаил Александрович
Комменташ
  1. Абхазийн меттан ю номиналан официалан статус Абхазийн АР махкахь, ткъа цунна Гуьржийчоь доладеш яц ССРС йоьхчахьа, факт ю Республика Абхазийчоь цхьаццамма къобал йина пачхьалкх хилар.
    Гуьржийчоьнан малхбузера Самегрело-Лакхара Сванети а, Рача-Лечхуми а, Лахара Сванети а мехкашкахь даьржина мегрелийн а, сванийн меттанаш, Гуьржийчоьно лору официалан гуьржийн меттан дакъош (диалекташ), амма юкъадоьду тайп-тайпанчу картвелийн меттанийн тобанашна
  2. Цхьаццамма къобал йинчу пачхьалкхашца Абхазица (8600 км²) а, Къилба ХӀирийчоьнца (3900 км²) а цхьаьна; уьш йоцуш — 57 200 км².
  3. 1 2 3 4 5 Абхази а, Къилба ХӀирийчоь а йоцуш.
  4. Нагахь Британнико[18] къобалден Европан-Азин доза Кума-Манычан аган чухула даккхахь, Гуьржийчоь ерриг лаьтта Хьалхарчу Азехь. ВКЪКХс статистикан Ӏалашонна Гуьржийчоьнна классификаци йо «Малхбуза Ази» регионан дакъа санна[19]. Шен справочникехь ЦТУс Гуьржийчоь юкъайохуьйту Гергара Малхбален (Къилба-Малхбуза Азин), билгаладоккху Европе йоьдуш йолу Кавказан къилбаседехьара лаьттан аса, могийта Европан, Гергара Малхбален, я шине а[20]. ГӀарадаьлла Ӏилман-довзийтаран National Geographic журнало иштта Гуьржийчоь юкъатуху Азин мехкашна, къастайо Европе цхьа аса.[21][22]
  5. Дукхаха йолчу ингалс меттан хьосташ мохк юкъатуху Гергара Малхбален[21][22][23] я мехкан къилбаседа дакъа Малхбале Европан, йисинарг Хьалхарчу Азин[24][25][26][27]. BBC дуьйцу, Гуьржийчоь лаьтта «Европан а, Азин а дозанехь» бохуш, амма коьртехь яздина Гуьржийчоь Европехь[28] ю аьлла, цу тӀе BBC Оьрсийн ГӀуллакхо Гуьржийчоьнан классификаци йо Еврази категорин[29]
  6. Цунна юкъхахь цхьаццамма къобалйина пачхьалкхаш Абхази (8600 км²) а, Къилба ХӀирийчоь а (3900 км²); уьш йоцуш — 57 200 км²
  7. (ингалс.) Кеп:Цитатан юьхьигОбаман Администрацин, хьалха санна, ойла чӀогӀа цхьаьна ца йогӀу Гуьржийчоьнан хьокъехь российн правительствоца. Тхо кхойкхуш ду Российга гуьржийн Абхази а, Къилба ХӀирийчоь а мехкийн оккупаци сацаяр, цуьнга терра болх беш ду российн правительствоца, регионера тӀеман эскалаци кхин тӀе сацорхьама. Тхох тешаш хилира цхьацца тешам чӀагӀбаран тӀекхетачу гӀуллакхийн, масала Лакхарчу ларсера доза дӀаделлар, шина махкана юкъара дуьхьала йолу чартеран рейсаш ян бакъо ялар, кхин дӀа а болх беш ду дар-дацарш сацадаран а, реакци яран а Механизмаш чӀагӀъеш, ьржийчоьн оккупаци йина шина регионе дуьненаюкъара тӀехьовсурш юхаберзош.

    Кеп:Деша чаккхе

  8. «Са-Картвело» — «Картвелийн мохк» (гуьржийн мохк). «Картли» а, «картвели» а («Гуьржийчоьн» а, «гуьржийн» а шеш йоккху цӀе) терминаш дуьххьала хаало XI бӀешеран историкан Джуаншериани Джуаншеран «Вахтанг Горгасалан дахар» кхолламехь («Картлис цховреба» тептаран дакъа— ма-яздарра: «Гуьржийн дахар», «Картлин дахар»). Джуаншериани Джуаншеран «Картли» а, «картвели» а идентификаторш цхьацца меттигашкахь тӀеэца деза Малхбален Гуьржийчоьнан бахархойн цӀе санна, иштта меттиг ю Мровели Леонтийн кхолламехь (делахь а Джуаншеран кхолламехь и маьӀна хӀинца алсама ду).

Кеп:Европан пачхьалкхаш