Чулацаман тӀегӀо

Нахбагарбар

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ТІаьххьара 2014 шеран нахбагарбар

Нахбагарбар — цхьаьна билгалчу хенан пачхьалкхехь йа нийсса билгалдаьккхинчу цуьнан декъан тІехь, бахархойн демографин, экономикин, социалан терахьаш гулдаран а, жамІаш даран а, нахала даккхаран а процесс. Кхин дагардаршкахь санна, нахбагарбар чекхдаьлчи жамІаш а дой, зорба туху гулдинчу терахьийн[1].

Йукъара хаамаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Нахбагарбаран коьрта кхетам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Нахбагарбаран программа — нахбагарбарехь гулбеш болу хаамийн могІам. Багарбаран кехат тІе йаздо цхьа могІа, оьшу хаамаш хаа таро луш долу, хеттарш. Масала, веха меттиг, демографин хьолаш — сте-боьршалла, хан, зуда йу, йац/майра ву, вац, гражданалла, этносан амалаш, динлелор, дешар, кхин а.

Сихаллийца багарбар — йоцачу хенахь (2 - 11 де) кечбина нахбагарбар. Цуьнан амалехь ду гулйаран а, жамІашдаран а центр йина куьйгалла, луьра дозатоьхна Іалашо, йоца тергаман программа (1—5 хаттар), ткъа иштта сихаллийца хаамаш дІабаларан кеп а[1].

Нахбагарбарехь лору бахархойн категореш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Нахбагарбар дІахьуш къастайо бахархойн кхоъ коьрта категори: гуттаренъерг, карахьъерг, юрисдикцинарг.

  • Карахьболу бахархой — берриг бахархой, багарбечу хенахь нахбагарбар дІахьучу махкахь, хенан баьхкинарш а цхьаьна
  • Гуттаренболу бахархой — таллам бечу махкахь гуттаренна беха бахархой (6 баттал йа 1 шарал сов)
  • Юрисдикцин бахархой — оцу махка юрисдикцица бихкина бахархой[2].

Нахбагарбаран коьрта принципаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Массера а йукъара хилар;
  2. Цхьаьна хенахь хилар;
  3. Багарбаран цхьа программа хилар;
  4. ХӀоранна а цӀарах хилар;
  5. Шайн лаамалла хилар;
  6. Къайлаха хилар;
  7. Нахбагарбаран урхаллин луьра централизаци хилар;
  8. Нахбагарбаран раж хилар[2].

Нахбагарбаран кепаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. хеттарш — ишттачу кепара нахбагарбарехь багарбаран кехат йаздо багарбархочо (чоьтхочо, регистраторо) дӀайазвеш волчу стегаца дуьхь-дуьхьал къамел а деш. Оцу кепара дӀахьора нахбагарбар Россехь а, ССРСхь а;
  2. шавагарвар — дӀайазвечо ша йаздо багарбаран кехат, ткъа багарбархочо (чоьтхочо, регистраторо) нийса йаздина хилар толлу, дисина йа цакхета хаамаш нисбеш. Лелайо цхьайолчу европин пачхьалкхашкахь;
  3. ийна (анкетан) кеп (лелайо дозанал арахьа, царна йукъахь АЦШ) — оцу кепара нахбагарбарехь анкеташ дӀасадохьуьйту багарбешболчаьрга, цара шеш йаздо уьш, цул тӀаьхьа дӀадохьуьйту багарбаран йа статистикин гӀуллакхан бюро. Йаздина анкеташ схьагулдинчул тӀаьхьа статистикин гӀуллакххой (багарбаран бюро) хьовсу анкета схьа хьан ца яийтина, бохийта багарбархой оцу адресашка бахархошка хеттарш дан. Нахбагарбаран хьажийна харж кӀезиг хуьлу оцу кепара хеттарш дичи, амма йухайирзина анкетийн барам чӀогӀа кӀезиг хуьлу (15—20 % гергга), нахбагарбаран пропагандин мел чӀогӀа харжаш йичи а.

Нахбагарбаран программа

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. адресан дакъа (вагарвечун цӀе а, адрес а, цуьнан доьзалан коьртаца долу гергарло);
  2. ша нахбагарбаран программа (долара демографин (сте-боьршалла, хан, зудаялийна йа марехь хиларан хьал), социалан-экономикин (дешарам барам, белхан говзалла, лелориг, тӀедогӀучун хьост, социалан хьал), этносан (къам, ненан мотт, меттанаш хаар, динлелор/муьлхачу конфессера ву) амалаш; бахархой дебар Ӏаморах хеттарш; миграцин хеттарш);
  3. кхечу талламех доьзна долу хеттарш (хӀора багарбаран шен билгала Ӏалашо йу).

Историн очерк

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Бахархойн чот лелор йукъадаьлла кӀоргачу шираллера пачхьалкхан налогийн а, тӀеман а гӀуллакх а, церан административан хӀоттаман Ӏалашо а бахьнехь. ширахӀиндера Ману законаша урхалчашна тӀедуьллура бахархой багарбар, шайн ницкъ бовзийтархьама а, налогаш билгалйаха а. Мисрахь бахархой чот лелайора, ширачу паччахьаллин муьрера дуьйна (вайн эрал 2800—2250 шо хьалха). Оццу хенера хуьлу Шира Месопотамин бахархойн йинчу чоьтех болу хаамаш. Хаамаш бу Ширачу Цийхь а, Ширачу Японехь а бахархойн чот лелаярх.

Бахархойн чоьтан жамӀаш леладора тӀеман а, фискалан а Ӏалашонна. Шен амалашца бахархойн ишттачу чоьтех тера хилла, европахоша колонизаци яле кӀеззиг хьалха Америкин хьалхарчу феодалийн пачхьалкхашкахь йина чот.

Библехь йаздо Давуд паччахьа дӀадаьхьначу нахбагарбарах лаьцна (2Цар. 24:1).

Девзаш ду Ширачу Грецехь, Аттикехь йинчу бахархойн чоьтех. Цигахь вайн эрал хьалхара IV бӀешо чекхдолуш чот йира берриг баккхийра божарийн, кхин а Шира Румехь, цигахь вайн эрал 435 шо хьалха дуьйна рожехь дӀакхийхьира цензаш.

Наггахь фискалан йа башха хьолех доьзна бахархойн чот йора хьалхарчу ЙуккъерабӀешерашкахь. Масала, 1086, Ингалсехь Вильгельм Даккхархочун омрийца бахархойн чот йира 34 графаллехь, жамӀашна цӀе тиллира «Кхераме суьдан жайна» аьлла. Европин цхьа могӀа гӀаланашкахь йина хӀусамийн чоьташ: Нюрнбергехь (1449 шо), Страсбургехь (1473 шо), Цюрихехь (ерриг кантонехь) (1567 шо), Флоренцехь (1427 шо1430 шо).

Новгородан республикехь а, цхьацца оьрсийн олаллашкахь нахбагарбар налогаш тохархьама йора XIII бӀешеран шолгӀачу декъера дуьйна[3].

Русехь хьалхара нахбагарбар дира фискалан Ӏалашонца 1245 шарахь.

XVIII бӀ. йуккъера дуьйна гӀерта бахархойн чот лело Европин пачхьалкхаш (Австри, Бавари, Голланди, Дани, Испани), Азехь (Япони), Америкехь.

1718 шарахь хӀора синан тӀиера ясакх яккха йолийча Пётр Iчо омар даьккхира берриг нахбагарбарх, омро бахара: «массара аьлларг схьаиэца (цхьа шо ло), бакъдерг да, ярташкахь масс, хьаьнгахь са ду боьршачу нехан…». «Аьлларш» (испискаш) гулйира кхо шо даьлчи, кхин а кхаа шарахь теллира (ревизи йира). ТӀехьа, багарбаран терахьех ала долийра «ясакх йоккху бахархойн ревизи»[3].

Дуьххьара буьззина махболу нахбагарбар чекхделира 1790 АЦШхь.

Хьажа иштта

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Боярский А. Я., Шушерин П. П., Демографическая статистика, М., 1955;
  • Гозулов А. И., Переписи населения СССР и капиталистических стран, М., 1936;
  • Пустоход П. И., Воблый В. К., Переписи населения, М., 1936;
  • Боярский А. Я., Переписи населения в капиталистических странах, М., 1938;
  • Урланис Б. Ц., История американских цензов, М., 1988;
  • Послевоенные переписи населения, М., 1957;
  • Население мира. Справочник, (М., 1965);
  • Курс демографии, под ред. А. Я. Боярского, 2 изд., М., 1974;
  • Demographic Yearbook, N. Y., 1949-65;
  • Population census methods. United nations, N. Y., 1949;
  • International population census bibliography, (v. 1-5, Austin), 1965-(67).