ГаланчӀожан кӀошт

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Галайн-ЧӀожан кӀошт тӀера хьажжина кхуза)
Административан кӀошт
ГаланчӀожан кӀошт
оьрс. Галанчожский район
Lake Galanchozh.jpg
42°52′53″ къ. ш. 45°18′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Росси
Адм. центр Акха-Басс
Истори а, географи а
Кхоллар 1925
Латта
  • 1500 квадратан километр
Сахьтан аса MSK (UTC+3)
Бахархой
Бахархой
ГаланчӀожан кӀошт картин тӀехь
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

ГаланчӀожан кӀоштНохчийчоьнан кlошт.

КӀоштин коьрта пхьа Акха-Басса. Яьсса кIошт лерина ю нах ца-Iаш тахана-ъа, кIошт 2-з юха-маьта хIоттайна ю. Хьалха Итон-Кхаьллан кӀоштан а, ТӀехьа-Мартанан кӀоштан а Соьлжан кӀоштан (ГIалгIайчоь) юкъехь йекъна хилла кIошта.

Географи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кӏоштан дозанашца ю: къилбседехьа Хьалха-Мартанан кӀошт а, ТӀехьа-Мартанан кӀошт а, малхбалехьа — Итон-Кхаьллан кӀошт а, Шуьйтан кӀошт а, къилбехьа Гуьржийчоь, малхбузехьа ГӀалгӀайчоь[2].

Лаьцна дийцар[нисйе бӀаьра | нисйе]

КӀошт кхоьллина 1925 шарахь Нохчийн автономин область чохь, цул тӀехьа дукха ца лаьтташ 1929 шарахь дӀа-йекхина. Юха хьал-маьтта хӀоттайна ю 1935 шарахь Нохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн Республикин чохь. 1944 шарахь нохчий къам дӀа-духа дина хенахь, кӀошт юха дӀа-йекхина, ТӀехьа-Мартани Соьлжани а Итон-Кхаьллани кӀоштанаш юкъе йекъна кӀошт, нохчий къам дӀадуха дина шена мехк цӀа дирзича ламанца дай баьхна ярташка баха Советан Ӏедало ца магдарах тера нах шера аренашкахь йолу ярташкахь Ӏа хоьвшина. 1992—1997 шаркахь кӀошт маьтта-хӀоттайна амма тӀом баьлла нах ламанца шай ярташ маьтта хӀотто ца кхибира[3]. 2014 шарахь кӀошт юха маьтта хӀоттайна ю амма наха Ӏаш бац цигахь[4].

Бахархой[нисйе бӀаьра | нисйе]

9 499[5] вахархо хилла 1926 шархь.

Нах беха меттигаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Миндар
Миндар

ГаланчӀож

Нашха

Аьккха

Маьлха-Йист

Мержа

ЦIечу-Аьхка

ТӀийра

Кей-Мехк

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]