Степанова, Мария Александровна
Степанова Мария Александровна (йина 1979 шеран 23 февралехь, Шпаковски, Ставрополан мохк) — российн профессионалан баскетболхо, центровой. Масийттаза чемпион а, совгӀатхо а дуккха а дуьненайукъара къийсамийн Российн къоман гулйина командин йукъахь. Российн спортан хьакъ долу говзанча. Слэм-данк йеш болчу баскетболхойх дукха боцучарех цхьаъ.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Степанова Мария Александровна йина 1979 шеран 23 февралехь РСФСР Ставрополан мехкара Шпаковски йуьртахь . Баскетболех ловза иза йолайелира Ленинградехь. Цуьнца цхьаьна гӀарайаьллачу тренеран Тржескал Кира Александровнин куьйга кӀелахь баскетболех ловза Ӏемира Абросимова Светлана, Корстин Илона, кхин а гӀарабевлла российн баскетболхой[2].
1994 шарахь Степанова Мариян хьалхара профессионалан клуб хилира ТулгӀе (Волна) Петарбух. Цул тӀаьхьа иза ловза йолайелира Петарбухан Форс-Мажор йукъахь. 1996 шарахь Степанова Мариян дебют хилира 1996 шеран Олимпийн ловзаршкахь Атлантехь, уьш чекхдевлча иза дехьйелира Москохан ЦСКА йукъа.
1998 шарахь цуо ша WNBA драфте хӀоттийра, цигахь иза хьалхарчу раундехь бархӀолгӀачу лоьмарца хаьржира «Финикс Меркури» командо. 1999 - 2002 шерашкахь Степанова Мария левзира европин зударийн баскетболан командашкахь.
КӀант винчул тӀаьхьа Степанова Мария ловза йолайелира Самарера ВБМ-СГАУ йукъахь, цуо 2006 шарахь цӀе хийцира ЦСКА Москох аьлла.
Корстин Илонас а, Степанова Марияс а дакъалецира 2008 шеран 4 апрелехь Москох гӀалин № 13 йолчу Н. Ф. Филатовн цӀарахчу берийн дарбанан цӀенна гӀоьнна диканаш даран матчехь[3][4]. 2008 шеран августехь Российн гулйина командин йукъахь дакъалецира Пекинерачу Олимпиадехь, цигахь Степанова Мариян хетарехь борзанан мидал — хьакъ долу совгӀат ду[5].
Пекинера олимпиада чекхйаьллачул тӀаьхьа Степанова Мария кхин дӀа левзира ЦСКА Москох йукъахь. 2008 шеран 3 ноябрехь дехьайелира УГМК Екатеринбург[6][7][8] йукъа. 2009—2010 шарахь дуьйна командин капитан йу.
2012 шеран Евролигин бархӀаннан финалехь Спарта энд К командин дуьхьала ловзуш лазор бахьнехь, , Степанова Марияс дакъа ца лецира Олимпийн ловзаршкахь 2012[9].
2015 шеран 1 майхь УГМК директоро кхайкхира, Марияс ловзаран карьера чекхйаьккхина аьлла[10].
Шен[нисйе бӀаьра | нисйе]
Степанова Марияс чекйаьккхина Петарбухан физикин оьздангаллин П. Ф. Лесгафтан цӀарах академи. Йеха Ленинградан областера Тосно гӀалахь. Марехь йу ватерполан кевнахочуьнгахь Зубов Денисегахь (карьера чекхйаьккхина). Мариян шиъ кӀант ву, Николай (вина 2003 шарахь) а, Макар (вина 2016 шарахь) а. Степановин локхалла — 202 см, йозалла — 85 кг.
СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо: 2004, 2008
- Европин чемпион: 2003, 2007, 2011
- дуьненан чемпионатан детин совгӀатхо: 1998 , 2006
- Европин чемпионатан детин совгӀатхо: 2001, 2005, 2009.
- Европин чемпионатан борзанан совгӀатхо: 1999.
- Российн чемпион: 1997, 2004, 2005, 2006, 2009, 2010, 2011, 2012, 2013, 2014, 2015
- Российн чемпионатан детин совгӀатхо: 1998, 2007, 2008.
Российн гулйина командехь ловзаран статистика[нисйе бӀаьра | нисйе]
Турнир | Ловзарш | Минот | Кхийсарш | 2 очко | 3 очко | гӀуда | БС | ДБ | ЙБ | ДЛС | БШ | ГӀ | Очкош | ||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Н/Кх | % | Н/Кх | % | Н/Кх | % | Н/Кх | % | ТӀ | Д | Й | Йерриг | Йукъ. | |||||||||||
Олимпийн ловзарш 1996 | 4 | 17 | 5/10 | 50.0 | 5/10 | 50.0 | 0/0 | 0.0 | 1/1 | 100.0 | 3 | 2 | 5 | 0 | 0 | 1 | 0 | 2 | 11 | 2.8 | |||
ЕЧ квалификаци 1997 | 4 | 45 | 9/16 | 56.2 | 9/16 | 56.2 | 0/0 | 0.0 | 2/3 | 66.7 | 3 | 8 | 11 | 1 | 1 | 2 | 0 | 5 | 20 | 5.0 | |||
Европин чемпионат 1997 | 8 | 291 | 47/81 | 58.0 | 47/81 | 58.0 | 0/0 | 0.0 | 34/44 | 77.3 | 20 | 45 | 65 | 5 | 7 | 22 | 0 | 22 | 128 | 16.0 | |||
Дуьненан чемпионат 1998 | 7 | 90 | 20/36 | 55.6 | 20/36 | 55.6 | 0/0 | 0.0 | 6/6 | 100.0 | 8 | 14 | 22 | 8 | 7 | 2 | 0 | 16 | 46 | 6.6 | |||
ЕЧ квалификация 1999 | 5 | 87 | 12/29 | 41.4 | 12/29 | 41.4 | 0/0 | 0.0 | 15/17 | 88.2 | 8 | 20 | 28 | 3 | 6 | 0 | 0 | 3 | 39 | 7.8 | |||
Европин чемпионат 1999 | 4 | 47 | 14/26 | 53.8 | 14/26 | 53.8 | 0/0 | 0.0 | 4/5 | 80.0 | 6 | 7 | 13 | 3 | 1 | 5 | 0 | 5 | 32 | 8.0 | |||
Олимпийн ловзарш 2000 | 7 | 86 | 24/32 | 75.0 | 24/32 | 75.0 | 0/0 | 0.0 | 8/16 | 50.0 | 3 | 20 | 23 | 7 | 8 | 1 | 5 | 10 | 56 | 8.0 | |||
ЕЧ квалификаци 2001 | 4 | 98 | 24/43 | 55.8 | 24/43 | 55.8 | 0/0 | 0.0 | 9/13 | 69.2 | 6 | 21 | 27 | 4 | 10 | 6 | 6 | 6 | 57 | 14.2 | |||
Европин чемпионат 2001 | 8 | 166 | 41/65 | 63.1 | 41/64 | 64.1 | 0/1 | 0.0 | 23/26 | 88.5 | 16 | 45 | 61 | 8 | 17 | 6 | 9 | 22 | 105 | 13.1 | |||
Европин чемпионат 2003 | 6 | 101 | 24/45 | 53.3 | 24/45 | 53.3 | 0/0 | 0.0 | 14/18 | 77.8 | 19 | 31 | 50 | 4 | 14 | 8 | 6 | 12 | 62 | 10.3 | |||
Олимпийн ловзарш 2004 | 8 | 161 | 28/65 | 43.1 | 28/65 | 43.1 | 0/0 | 0.0 | 8/11 | 72.7 | 15 | 38 | 53 | 8 | 11 | 8 | 8 | 20 | 64 | 8.0 | |||
Европин чемпионат 2005 | 8 | 264 | 60/113 | 53.1 | 60/112 | 53.6 | 0/1 | 0.0 | 24/30 | 80.0 | 25 | 52 | 77 | 18 | 15 | 6 | 16 | 18 | 144 | 18.0 | |||
Дуьненан чемпионат 2006 | 9 | 273 | 60/113 | 53.1 | 59/111 | 53.2 | 1/2 | 50.0 | 23/30 | 76.7 | 18 | 61 | 79 | 9 | 24 | 6 | 19 | 32 | 144 | 16.0 | |||
Европин чемпионат 2007 | 8 | 215 | 45/92 | 48.9 | 44/88 | 50.0 | 1/4 | 25.0 | 19/30 | 63.3 | 20 | 60 | 80 | 11 | 16 | 9 | 12 | 15 | 110 | 13.8 | |||
Олимпийн ловзарш 2008 | 8 | 157 | 31/75 | 41.3 | 31/74 | 41.9 | 0/1 | 0.0 | 13/21 | 61.9 | 12 | 40 | 52 | 9 | 8 | 5 | 5 | 22 | 75 | 9.4 | |||
Европин чемпионат 2009 | 9 | 222 | 43/89 | 48.3 | 43/83 | 51.8 | 0/6 | 0.0 | 29/47 | 61.7 | 16 | 55 | 71 | 13 | 20 | 5 | 18 | 15 | 115 | 12.8 | |||
Дуьненан чемпионат 2010 | 9 | 183 | 39/86 | 45.3 | 39/86 | 45.3 | 0/0 | 0.0 | 23/28 | 82.1 | 23 | 34 | 57 | 8 | 15 | 3 | 5 | 14 | 101 | 11.2 | |||
Европин чемпионат 2011 | 9 | 230 | 46/96 | 47.9 | 46/95 | 48.4 | 0/1 | 0.0 | 19/31 | 61.3 | 33 | 47 | 80 | 15 | 14 | 15 | 8 | 17 | 111 | 12.3 | |||
МаьӀна дешархьама, таблицин коьртера аббревиатурин тӀе хьо дехкан курсор . Терхьаш 2011 шеран 5 июль. |
Хьост: ФИБА сайтан архив[11]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ European 2011 awards
- ↑ Александр Кочетков Капитан сборной РФ по баскетболу Мария Степанова «Я могу позволить себе ходить на каблуках» (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Новые известия (2006, 13 октябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 4 мартехь. Теллина 2010 шеран 22 ноябрехь.
- ↑ Женская сборная России приняла участие в благотворительном проекте «Мир без слез». sports.ru (2008, 4 апрель). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 мартехь. Теллина 2010 шеран 22 ноябрехь.
- ↑ Илона Корстин Мир без слез (оьр.). sports.ru (2008, 7 апрель). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 мартехь. Теллина 2010 шеран 22 ноябрехь.
- ↑ Мария Степанова: «Борза далась нам потом и кровью» (оьр.). sports.ru (2008, 24 август). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 мартехь. Теллина 2010 шеран 22 ноябрехь.
- ↑ Игорь Грудин: «Конфликта между ЦСКА и Степановой не было» (оьр.). sports.ru (2008, 4 ноябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 мартехь. Теллина 2010 шеран 22 ноябрехь.
- ↑ Мария Степанова: «Переход в УГМК добавит мотивации» (оьр.). sports.ru (2008, 5 ноябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 мартехь. Теллина 2010 шеран 22 ноябрехь.
- ↑ Александр Тарасов Размен на четыре буквы (оьр.). sports.ru (2008, 7 ноябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 мартехь. Теллина 2010 шеран 22 ноябрехь.
- ↑ Баскетболистка сборной России Степанова не сыграет на Олимпиаде-2012 (оьр.). Р-Спорт (2012, 2 апрель). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 5 июнехь. Теллина 2012 шеран 2 апрелехь.
- ↑ Завершившая карьеру Степанова была символом УГМК и российского баскетбола - Рябков (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Р-Спорт (2015, 1 май). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 17 августехь. Теллина 2015 шеран 1 майхь.
- ↑ Maria Stepanova’s profile (ингалс.). FIBA.com. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 3 мартехь. Теллина 2011 шеран 5 июлехь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Профайл Степановой на сайте УГМК(оьр.)
- Досье Степановой на сайте www.sports.ru(оьр.)
- «Лесбиянки ко мне не пристают» Архивйина 2021-09-16 — Wayback Machine(оьр.)
- Степанова: пришло время рожать второго ребёнка(оьр.)
- Центровая УГМК и сборной России Мария Степанова: Первую тысячу баксов «попилили» подруги
- Степанова: вряд ли буду играть до 40 Архивйина 2011-07-06 — Wayback Machine
- Мария Степанова: «Впервые забила сверху в 15 лет»(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Бинарш 23 февралехь
- Бинарш 1979 шарахь
- «Даймехкана гӀуллакх дарна» орденан I тегӀанера мидалца совгӀат динарш
- Российн спортан хакъ долу говзанча
- Адамаш абатца
- Спортхой абатца
- Баскетболхой абатца
- Российн баскетболхой
- 2004 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- 2008 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- Баскетболисташ 1996 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболхой 2000 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболисташ 2004 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболхой 2008 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболан Европин чемпионаш
- Баскетболан Российн гулйина командин ловзархой
- ЗБК ЦСКА Москохан ловзархой
- «Финикс Меркури» ловзархой
- ЗБК «Брно» ловзархой
- ЗБК «Печ» ловзархой
- БК УГМК ловзархой
- Петарбухан пачхьалкхан физикин оьздангаллин П. Ф. Лесгафтан цӀарах университет чекхйаьккхинарш