Архипова-фон Калманович, Анна Валерьевна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Архипова Анна Валерьевна
Карьера чекхйаьккхина
Позици Турсло
Локхалла 173 см
Йозалла 67 кг
Гражданалла  Росси
Йина терахь 1973 шеран 27 июль({{padleft:1973|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:27|2|0}}) (50 шо)
Йина меттиг Кеп:МР, РСФСР, ССРС

Командаш
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Борза Афина 2004 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Дети Цийчоь 2002
Европин чемпионаташ
Дети Франци 2001
Золото Желтойчоь 2003
Пачхьалкхан а, и ведомствийн а совгӀаташ

Архи́пова А́нна Вале́рьевна (2003 шарахь дуьйна Архи́пова-фон Калмано́вич, йина 1973 шеран 27 июлехь, Ставрополь, РСФСР, ССРС) — российн баскетболхо, Российн шозза чемпион, Европин чемпион, дуьненан чемпионатан детин совгӀатхо, Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо. Российн спортан хакъ долу говзанча.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Баскетболех ловза йолайелла 7 шо хан йолуш Новосибирскехь, хьалхара тренераш бара Гельвих Ирина а, Виталий а.

15 шо долуш кхелхира Волгограде, цигахь левзира меттигера «Динамохь».

1992 шарахь дехьайелира екатеринбурган «Уралмаше», цунна йукъахь левзира пхеа шарахь. Екатеринбургехь чекхйаьккхира Уралан пачхьалкхан хьехархойн университет. Цул тӀаьхьа левзира Словакин, Польшин, Италин клубашкахь. 2000/01 шарахь, москохан «Динамо» йукъахь ловзуш, дуьххьара хилира Российн чемпион. 2002 шарахь йухайирзира екатеринбурган УГМК йукъа, цунна йукъахь, командин капитан йолуш, туьйлира Российн чемпионатехь а, Евролигехь а. 19972004 шерашкахь левзира Российн гулйина командехь, дакъа лецира шина Олимпиадехь, кхаа Европин чемпионатехь, ткъа кхин а 2002 шеран дуьненан чемпионатехь.

2003 шарахь маре йахара нахана вевзаш волчу бизнесмене, баскетболан УГМК клубан инарлин менеджере Калманович Шабтайе, цул тӀаьхьа ловзачеран испискаш тӀехь йазйора Анна Архипова-фон Калманович[1]. 2005 шарахь Аннас вира шала — ши кӀант Александр а, Григорий а.

Ловзаран карьера чекхйаьккхинчул тӀаьхьа, Калманович екатеринбурган УГМК йукъара москохбухара «Спартак» йукъа йахча Архиповех хилира цигахь йиллинчу олимпийн «Спартак» резерван доьшийлин куьйгалхо[2]. Ӏамийра Российн гулйина 1993 шеран зудаберийн команда. Калманович 2009 шарахь вийначул тӀаьхьа хилира баскетболан «Спарта&К» клубан инарлин директор[3].

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо (2004).
  • Дуьненан чемпионатан детин совгӀатхо (2002).
  • Европин чемпион (2003).
  • Европин чемпионатан детин совгӀатхо (2001).
  • Евролигин чемпион (2003).
  • ФИБА дуьненан кедан борзанан совгӀатхо (2003).
  • Польшин чемпион (2000).
  • Российн чемпион (2001, 2003).
  • Российн чемпионатан детин совгӀатхо: (1997, 2004).
  • Российн чемпионатан борзанан совгӀатхо: (1994, 1996).
  • Зудаберашна йукъахь Европин чемпион (1992).
  • Зудаберашна йукъахь дуьненан чемпионатан детин совгӀатхо (1993).

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. ДеЛиша Милтон стала грузинкой? а Анна Архипова — госпожой фон Калманович
  2. Спартак г. Видное. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 23 декабрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 13 мартехь Архивйина 2011-03-13 — Wayback Machine
  3. Архипова-фон Калманович Анна. Генеральный директор(ТӀе цакхочу хьажорг)

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]