Лесли, Лиза

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Лесли Лиза
инг. Lisa Deshaun Leslie-Lockwood
Лесли Лиза 2010 шарахь
Лесли Лиза 2010 шарахь
Карьера чекхъяьккхина
Позици Центровой
Локхалла 196 см
Йозалла 77 кг
Гражданалла АЦШFlag of the United States.svg АЦШ
Йина терахь 1972 шеран 7 июль({{padleft:1972|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (48 шо)
Йина меттиг Гардина, Калифорни, АЦШ
Ишкол Морнингсайд (Инглвуд, Калифорни)
Колледж USC (1990—1994)
Драфт ДКъБА коьрта драфт хила кхо бутт болуш 7-гӀа, 1997, «Лос-Анджелес Спаркс»
клубе хьажийна

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Атланта 1996 баскетбол
Деши Сидней 2000 баскетбол
Деши Афина 2004 баскетбол
Деши Пекин 2008 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Борза Австрали 1994
Деши Германи 1998
Деши Цийчоь 2002
Америкин чемпионаташ
Деши Бразили 1993
2015 Баскетболан Сийлаллин зал
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Лиза Дешон Лесли-Локвуд (инг. Lisa Deshaun Leslie-Lockwood; йина 1972 шеран 7 июлехь Гардинехь, Калифорни штатехь, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо, шийтта шарахь левзина зударийн КъБА «Лос-Анджелес Спаркс» командехь, шозза хилла ДКъБА чемпион, кхузза — ДКъБА уггаре мехала ловзархо. АЦШ къоман гулйина командин юкъахь доьазза хилла олимпийн чемпион, шозза дуьненан чемпион. Зударийн КъБА ловзарехь дуьххьара слэм-данк дира.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Бералла[нисъе бӀаьра | нисъе]

Лесли Лиза йина Гардинехь, Калифорништатехь[1], ахпрофессионалан баскетболхочун Лесли Уолтеран а, цуьнан зудчун Лесли-Эспиносан а доьзалехь. Лизин диъ шо долуш да дӀавахара доьзалера[2]. Кристина, кхаа йоьӀца йисина, мохь лелон машен а эцна гена лела шофер хилира. Шен болх бахьнехь иза кӀиранашкахь цӀахь ца хуьлура, оцу хенахь берашка хьожура ненайиша Джуди. Лизин итт шо кхаьчча, цӀийнан гӀуллакхийн дукхаха долу декхарш цуьнан букъ тӀехь дара. Доьзал бехара Комптонехь, цул тӀаьхьа кхелхира Карсоне[3].

Бераллехь Леслин чӀогӀа ойла латтара телевизионера хенан-хӀоттаман прогноз лелочун карьерин тӀехь. Иза шен нана а, йижарий а санна лекха яра, йолаелира баскетболех ловза, юьхьанца башха дог догӀуш йоцуш. Лахара юккъера ишколехь доьшуш йолуш, 182 см лекха йолу, Лиза, ловза йолаелира ишколан командехь. Цуо дӀалецира центровойн меттиг, чӀогӀа аьттонца ловза йолаелира, эффектаца очкош гулъеш, хӀоз бухара буьрканаш схьалехьош, уьш дӀа а луш. Дукха хан ялале баскетбол цуьнан шовкъ хилира. Леслин хьомен ловзархо вара «Лос-Анджелес Лейкерсера» форвард-универсал Уорти Джеймс. Цуьнан ловзаран терго еш, Лиза кхийтира, еккъа локхалла тоьуш цахилар, тӀаккха йолаелира шен шичин гӀоьнца буьрка кхоссаран а, когашца болх баран а агӀо тоян. Гаьзло йолу Леслис тӀетаьӀӀина аьтту куьйган тренировкаш йора, хӀора денна упражненеш йора доьналла ойуш[3].

Лакхара ишколе дехьаялале, Лесли тидаме ийцира дукхаха йолчу колледжийн селекционераша, царна юкъахь яра Теннессин университет а, Стэнфордан университет а. 1986 шарахь Лесли дехьаелира Инглвудера Морнингсайдан лакхара ишколе, оцу хенахь дуьйна ишколан баскетболан командин седа хилира, цуьнца цхьаьна кхуьура волейболан а, яйн атлетикин командашна юкъахь къийсамашка эха. АЦШ ишколан тӀегӀанехь Лесли уггаре дикачех баскетболхойх яра, 1989 шарахь шен командица штатан чемпионатехь туьйлира, кхин тӀе кхайкхира АЦШ кегийрхойн гулйина команде. ТӀаьхьарчу шарахь ишколан чемпионатехь Лизас кхуссура юккъера барам 27 очко, 15 буьрка хьалха схьаоьцура, ткъа шен ишколан коммандера тӀаьххьарчу матчехь садаӀа а бахале кхоьссира 101 очко, цул тӀаьхьа дуьхьала йолу команда ловзаран шолгӀачу декъе ара ца елира.

1990 шарахь Лесли хӀоьттира, студентийн баскетболехь уггаре ондачех зударийн команда йолчу, Къилба Калифорнин университете. Университетехь Лизас яьккхира бакалавран тӀегӀа коммуникацийн говзаллехь, ткъа тӀаьхьуо магистран тӀегӀа яьккхира Финиксан университетехь гӀуллакхан администрировани говзаллехь. Колледжера деа шарахь Лесли лезира 120 матчехь, цигахь гулйора юккъера барам 20 очко. Иза йолуш университетан команда туьйлира 89 ловзарехь, 31 ийшира, хилира конференцин чемпион, доьазза дакъа лецира NCAA турнирехь. 1991 шарахь Лиза къобал йира студентийн чемпионатан уггаре дика керла ловзархо аьлла, ткъа 1994 шарахь делира студенташна юкъара шеран уггаре дика ловзархочун Нейсмитан совгӀат, кхузза, 1992—1994 шерашкахь, иза юкъаяхийтира студентийн чемпионатан сийлаллин гулйина командин. 1991 шарахь Лесли левзира америкин гулйина командин юкъахь ингалсан Шеффилд гӀалара Универсиадехь, командина гӀодира чемпион хила.

Профессионалан карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

1997 шарахь Лесли хилира, керла кхоьллина профессионалан зударийн КъБА, «Лос-Анджелес Спаркс» командин ловзархо. тӀаьхьий-хьалхий пхеа шарахь «Спаркс» левзира плей-оффехь, 2001 шарахь дуьххьара хилира чемпионаш, ткъа 2002 шарахь и кхиам кхин а баьккхира. ДКъБА 12 шарахь Лесли Лизас гулйира тайп-тайпана совгӀатийн йоккха коллекци: кхузза лерира уггаре мехала ловзархо, шозза — финалан уггаре мехала ловзархо а, уггаре мехала дуьхьалонан ловзархо а, 10-зза юкъаяхийтира сийлаллин гулйина командин лигин хьалхарчу итт шеран командин. 2002 шеран 12 июлехь цуо зударийн КъБА исторехь дира дуьххьарлера слэм-данк. 2009 шо чекхдаьлча Леслис чекхъяьккхира карьеру, оцу хенахь цуьнан лигехь уггаре лакхара гайтамаш бара гулйинчу очкошца (6263) а, буьрка схьаэцарца (3307) а.

АЦШ гулйина команда[нисъе бӀаьра | нисъе]

АЦШ зударийн гулйина командин юкъахь Леслис яьккхира йиъ олимпийн дешин мидал, оцу гайтамца иза хилира Эдвардс Терезин тӀаьхьа зударийн баскетболехь. 1996 шеран ахфиналан матчехь Японин дуьхьала, Леслис гулйира 35 очко, цуьнца цхьаьна гулйина командин рекорд хӀоттийра. Кхин а Лесли дуьненан чемпион хилира 1998 а, 2002 а шерашкахь.

Шен дахар[нисъе бӀаьра | нисъе]

2006 шарахь Лесли Лиза мааре яхара Локвуд Майкле. 2007 шеран 15 июнехь цуо йоӀ йира, Локвуд Лорен Джоли. 2010 шеран 6 апрелехь вира кӀант, Локвуд Майкл Джозеф II. Леслин контракт ду нью-йоркан моделан Wilhelmina Models агенталлица, дакъа лецира Vogue а, Newsweek а, ткъа кхин а дуккха а спортан арахецараллин журналийн фотосессешкахь.

СовгӀаташ а, кхиамаш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Колледжехь
  • Pac-10 конференцин чемпион: 1994
  • Цхьан дуьхьала воцуш лерина студентийн чемпионатан уггаре дика ловзархо: 1994
  • Студентийн чемпионатан керла ловзархо: 1991
  • Pac-10 конференцин керла ловзархо: 1991
  • Юкъатоьхна студентийн чемпионатан сийлаллин гулйина командин (3): 1992, 1993, 1994
  • Юкъатоьхна Pac-10 конференцин гулйина хьалхара командин (4): 1991, 1992, 1993, 1994
Зударийн КъБА
АЦШ гулйина командехь
  • Олимпийн чемпион (4): 1996, 2000, 2004, 2008
  • Дуьненан чемпион (2): 1998, 2002
  • Дикчу лаамийн ловзарийн чемпион: 1994
  • Джонс Уильяман кад баьккхинарг: 1992
  • Аьхкенан Универсиадин чемпион: 1991
  • Дуьненан чемпионатан борзанан совгӀатхо: 1994
  • Дуьненан чемпионатан уггаре мехала ловзархо: 2002
  • АЦШ баскетболан федерацин версица шеран спортхо: 1993, 1998, 2002

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. USA Basketball Athletes - Lisa Leslie (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). USA Basketball. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2009 шеран 28 ноябрехь. Теллина 2012 шеран 9 январехь.
  2. Porter, 2005, с. 279.
  3. 1 2 JockBio: Lisa Leslie Biography (ингалс.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Black Book Partners. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 8 сентябрехь. Теллина 2012 шеран 9 январехь.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Lisa Leslie, Larry Burnett. Don't Let The Lipstick Fool You. — Dafina, 2009. — 320 с. — ISBN 978-0758227362.
  • David L. Porter. Basketball: A Biographical Dictionary. — Greenwood, 2005. — 616 с. — ISBN 978-0313309526.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]