Густилина, Диана Владимировна
Диана Густилина | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Густилина, Диана Владимировна | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
ловзархочун карьера чекхъяьккхина | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | Форвард | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 180 см | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йозалла | 72 кг | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() |
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йина терахь | 1974 шеран 21 апрель (48 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йина меттиг | Владивосток, ССРС | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Диа́на Влади́мировна Густи́лина (йина 1974 шеран 21 апрелехь, Владивостокехь) — российн баскетболхо, Российн шозза чемпион (БК УГМК юкъахь), Европин чемпион, дуьненан чемпионатан детин совгӀатхо, Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо. Российн спортан хьакъ долу говзанча. СовгӀат дина «Даймехкана гӀуллакх дарна» орденан II тегӀанера мидалца[1] а, Москохан областан Губернаторан хьаьркаца 2007 шарахь.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Дианин да, Густилин Владимир Никитович — физик, университетан хьехархо, нана, Людмила Николаевна, болх беш яра кхиана бовланза болчеран инспекцехь, милицин майор кхаччалц гӀуллакхехь яра, кӀоштан партин кхолламан куьйгаллехь яра (цӀеххьана елира 1991 шеран февралехь)[2].
Баскетболех ловза Ӏама йолаелира ишколехь а йолуш. Хьалхара тренер — А. Зверева.
Юккъера лоьмар 23 йолу ишкол чекхъяьккхинчул тӀаьхьа дийшира Генарамалхбален советийн махлелоран институтехь, спортан «Юность» гӀалахь баскетболех а ловзуш. Цул тӀаьхьа кхелхира Красноярске, цигахь баскетболех кхин дӀалевзира красноярскан «Шелен» юкъахь. 1996 шарахь чекхъяьккхира Красноярскан коммерцин институтан махлелоран предприятийн а, юкъараллин дааран меттиган а экономикин, урхаллин факультет. 1998 шарахь дехьаелира екатеринбурган «Уралмаш» юкъа (тӀаьхьа цӀе хийцира УГМК аьлла), цунна юкъахь бехира уггаре баккхий кхиамаш клубан баскетболехь: хилира Российн чемпион а, Евролигин толамхо а.
2000 шарахь дебют хилира Российн гулйина командехь Европин чемпионатан харжаман матчашкахь[3]. 2002 шарахь Цийчуьра дуьненан чемпионатехь гулйина командехь детин мидалш ехира. Кхин а шо даьлча хилира Европин чемпион, ткъа 2004 шарахь левзира Олимпийн ловзаршкахь Афинехь.
Ловзархочун карьера чекхъяьккхинчул тӀаьхьа къахьоьгу БК «Спарта&К» системехь, хӀинца олимпийн баскетболан «Спартакан» (Видни гӀ., Москохан область) резерван доьшийлин директоран даржехь ю[4].
Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо (2004).
- Дуьненан чемпионатан детин совгӀатхо (2002).
- Европин чемпион (2003).
- Евролигин чемпион (2003).
- ФИБА дуьненан кедан борзанан совгӀатхо (2003).
- Российн шозза чемпион (2002, 2003).
- Российн деазза вице-чемпион (1999, 2000, 2001, 2004).
- Российн чемпионатан борзанан совгӀатхо (2005).
- Российн кад баьккхинарг (2005).
- Дерригдуьненан аьхкенан Универсиадин борзанан совгӀатхо (1999).
- «Российн спортан дуьненаюкъара классан говзанча» цӀе, елла 2002 шарахь.
- «Российн спортан хьакъ долу говзанча» цӀе, елла 2003 шарахь.
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 18 февраля 2006 года
- ↑ Диана Густилина: дылда, стоп-кран и почти топ-менеджер. «Спорт-Аншлаг». Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 1 майхь.
- ↑ 2001 European Championship for Women: Semi-Final Round (ингалс.). FIBA.com. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 1 майхь.
- ↑ Густилина Диана Владимировна. УОР по баскетболу «Спартак». Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 1 майхь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Густилина Диана Владимировна. Спорт на Урале. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 1 майхь.
- Баскетболистка из Владивостока - на Олимпиаде в Афинах
- Бинарш 21 апрелехь
- Бинарш 1974 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Владивостокехь
- Российн спортан хакъ долу говзанча
- Спортхой абатца
- Баскетболхой абатца
- Российн баскетболхой
- Баскетболан Российн гулйина командин ловзархой
- 2004 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- Баскетболисташ 2004 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболан Европин чемпионаш
- «Даймехкана гӀуллакх дарна» орденан II тегӀанера мидалца совгӀат динарш
- БК УГМК ловзархой
- Красноярскан пачхьалкхан махлелоран-экономикин институтан арахецархой