Рахматулина, Оксана Евгеньевна
Рахматулина Оксана | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Рахматулина, Оксана Евгеньевна | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Карьера чекхъяьккхина | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | Турсло | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 180 см | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йозалла | 63 кг | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() |
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йина терахь | 1976 шеран 7 декабрь (45 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йина меттиг | Алма-Ата, Кхазакхийн ССР | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Драфт ДКъБА | 41-гӀа, 2003, Хьюстон Кометс | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Рахматулина Оксана Евгеньевна (йина 1976 шеран 7 декабрехь, Алма-Ата, Кхазакхийн ССР) — российн баскетболхо, 2004 а, 2008 а шерашкара Российн олимпийн гулйина командин декъахо. Российн спортан хьакъ долу говзанча.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Рахматулина Оксана Евгеньевна йина 1976 шеран 7 декабрехь Кхазакхийн ССР Алма-Ата гӀалахь. Цуьнан хьалхара тренераш бара Чеботарев а, Ануфриева а. Цуо чекхъяьккхира Саратовн хьехархойн университет. Рахматулина Оксанин хьалхара профессионалан клуб яра Самарера СКА. Цул тӀаьхьа шо дара ЦСКА юкъахь, тӀаккха шина шарахь левзира дозанал арахьа. Цул тӀаьхьа иза кхоккха шарахь левзира ВБМ-СГАУ а, «Динамо» Москох а юкъахь. Цуьнан тӀаьххьара клуб хилира УГМК[1].
2003 шарахь Рахматилуна Оксана хьаьжира ша муха ю WNBA[2].
2006 шеран дуьненан чемпионатал тӀаьхьа Рахматулина Оксана гӀодан йолаелира Томскан областера спортан ишколан. 2009—2010 дешаран шарахь ишколан цӀе тиллира Оксанин цӀарах[3][4].
2008—2009 шо чекхдаьлча Рахматулина Оксанас чекхъяьккхира спортан карьера. Цул тӀаьхьа цуо сацам бира, спортан менеджеран говзаллин шен квалификации ойур ю аьлла[5]. 2010 шарахь Оксана Евгеньевна баскетболех ловзаран Российн зударийн гулйина командин спортан директор хӀоьттира[6][7].
Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Олимпийн ловзарийн 2004 а, 2008 а шерийн борзанан совгӀатхо.
- Дуьненан чемпионатийн детин совгӀатхо: 2002, 2006
- Европин чемпион: 2003, 2007
- Европин чемпионатийн детин совгӀатхо: 2001, 2005.
- Дуьненан када баьккхинарг: 2003
- ФИБА Дуьненан Лигин борзанан совгӀатхо: 2004 ("Балтийн седарчашна" юкъахь), 2007
- Евролиги ФИБА борзанан совгӀатхо: 2008, 2009
- ФИБА Европин кад баьккхинарг: 2007
- Российн чемпион: 2004, 2009
- Российн кад баьккхинарг: 2004, 2009
- Российн чемпионатан детин совгӀатхо: 2002, 2003, 2005
- Российн чемпионатан борзанан совгӀатхо: 2006, 2008
ЦӀераш а, орденаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]
Российн спортан хьакъ долу говзанча
«Даймехкан гӀуллакхдарна» I тӀегӀан орденан мидал (2009 шо 2 август) — Физикин оьздангалла а, спорт а кхиорехь доккха дакъа лацарна а, 2008 шеран XXIX Олимпиадин Ловзаршкахь лакхара спортан кхиамаш бахарна а[8]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Досье Оксаны Рахматулиной
- ↑ Оксана Рахматулина: Барановой не подам руки Архивйина 2011-08-20 — Wayback Machine
- ↑ В честь Рахматулиной(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ В Томской области появилась школа имени Оксаны Рахматулиной
- ↑ Оксана Рахматулина: Приятно видеть молодых воспитанниц Киры Тржескал
- ↑ Соколовский сменит Тихоненко на посту наставника сборной(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2010 шеран 2 июлехь. Теллина 2010 шеран 29 июнехь.
- ↑ Оксана Рахматулина: «Без Федерации никуда!»
- ↑ Указ Президента РФ от 2 августа 2009 г. № 885
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Бинарш 7 декабрехь
- Бинарш 1976 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Алма-Атехь
- Российн спортан хакъ долу говзанча
- Спортхой абатца
- Баскетболхой абатца
- Российн баскетболхой
- ЗБК ЦСКА Москохан ловзархой
- ЗБК «Динамо» Москох ловзархой
- БК УГМК ловзархой
- Баскетболан Российн гулйина командин ловзархой
- 2004 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- 2008 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- Баскетболисташ 2004 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболисташ 2008 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболан Европин чемпионаш
- ЗБК «Фаэнца» ловзархой