Паркер, Кэндис

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Паркер, Кэндис
инг. Candace Nicole Parker
Паркер «Спаркс» юкъахь 2016 шеран ДКъБА 1-ра финалан «Миннесота Линксца» ловзарехь
Паркер «Спаркс» юкъахь 2016 шеран ДКъБА 1-ра финалан «Миннесота Линксца» ловзарехь
Чикаго Скай— № 3
Позици Форвард / Центровой
Локхалла 193 см
Йозалла 79 кг
Гражданалла АЦШFlag of the United States.svg АЦШ
Йина терахь 1986 шеран 19 апрель({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (35 шо)
Йина меттиг Сент-Луис, Миссури, АЦШ
Ишкол Центран (Нейпервилл, Иллинойс)
Колледж Теннесси (2005—2008)
Драфт ДКъБА 1-ра, 2008, Лос-Анджелес Спаркс

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Пекин 2008 баскетбол
Деши Лондон 2012 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Борза Бразили 2006
Америкин чемпионаташ
Деши Чили 2007
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Кэндис Николь Паркер (инг. Candace Nicole Parker; йина 1986 шеран 19 апрелехь Сент-Луисехь, Миссури штатехь) — америкин профессионалан баскетболхо, ловзуш ю Зударийн къоман баскетболан ассоциацин «Чикаго Скай» командин юкъахь. АЦШ къоман гулйина командин юкъахь 2008 а, 2012 а шерийн Олимпийн чемпионка. Шина шарахь тӀаьхьий-хьалхийн хилла Студентийн спортан къоман ассоциацин (NCAA) чемпион хилла «Теннесси Леди Волантирс» юкъахь, цу тӀе къобал йина оцу баскетболан турниран уггаре гӀараяьлла ловзархо (2007, 2008). 2016 шеран ДКъБА чемпион «Спаркс» юкъахь.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кэндис боккхачу аьттонца левзира ишколан баскетболан лигехь Иллинойс штатера Нейпервилл гӀалин центран юккъера ишколан командина юкъахь, 2003 а, 2004 а шерашкахь лерира АЦШ уггаре дика годах баскетболхо ишколхошна юкъахь. Ишкол чекхъяьккхинчул тӀаьхьа, 2004 шарахь, деша хӀоьттира Теннесси университете, цигахь левзира студентийн спортан къоман ассоциацин «Теннесси Леди Волс» командина юкъахь, цунна шозза (2007 а, 2008 а шерашкахь) чемпионат йоккхуш гӀодира.

Паркер Теннесси университетан
командехь 2008 шарахь ловзуш

2008 шарахь зударийн КъБА драфтехь хаьржира хьалхарчу лоьмарца «Лос-Анджелес Спаркс» клубо. Шеран жамӀашца Паркер къобал йира уггаре дика керла ловзархо а, ассоциацин уггаре мехала ловзархо — цуо бен ца даьккхина и ши совгӀат цхьаьна шарахь.

2004 шарахь АЦШ гулйина жимахойн командица дуьненан чемпион. 2006 шарахь АЦШ къоман гулйина командица кхоалгӀа меттиг яьккхира дуьненан чемпионатехь, 2008 шарахь Пекинехь хилира олимпий чемпион.

2010 шеран январехь Паркера контракт дира российн Екатеринбургера УГМК клубаца[1]. Цунна юкъахь иза ловзура зударийн КъБА шина шеран юкъахь. УГМК юкъахь Кэндис хилира Российн чемпион а, баьккхира 2010 шеран Российн кад, цигахь хилира финалан MVP[2]. 2010/11 шарахь юха а баьккхира Российн кад, хилира Российн чемпион. 2011/12 шарахь кхуззалгӀа баьккхира Российн кад а, хилира Российн чемпион. Баьккхира Европин Суперкад 2013.

Слэм-данкаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Паркер цхьаъ ю наггахь бен боцучу слэм-данкаш йечу баскетболхойх. 2004 шарахь цуо, хӀора шеран слэм-данкийн къовсамехь (иза хуьлу ишколан лигин дерриг седарчийн матч йолуш), иэшийра 5 кӀант. Иэшийначарна юкъахь вара 2005 шарахь КъБА слэм-данкийн къовсамехь дакъалаьцна Смит Джей Ар. Кэндисах хилира дуьххьарлера оцу къовсамехь тоьлла йоӀ[3], ткъа цигахь тайп-тайпанчу хенахь тоьллера КъБА хин долу седарчий, Картер Винс, Дэвис Бэрон, Энтони Кармело, Джеймс Леброн.

2006 шарахь Паркерах хилира студентийн чемпионатехь слэм-данк йина дуьххьарлера йоӀ, кхин тӀе цхьаьна ловзарехь цуо шиъ йира[4]. 2008 шеран 22 июнехь юха а цуо йира зударийн КъБА исторехь дуьххьарлера слэм-данк[5].

Шен дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кэндис — хьалха Евролигин седа хиллачу, КъБА «Кливленд Кавальерс» клубан юкъахь левзинчу профессионалан баскетболхочун Паркер Энтонин жимаха йолу йиша ю. 2008 шеран 13 ноябрехь Кэндис маре яхара «Нью-Джерси Нетс» юкъахь левзинчу КъБА кхечу баскетболхочуьнга, Уильямс Шелденега[6]. 2009 шеран 13 майхь Паркера йоӀ йира[7]. 2009 шеран июнь чекхболуш цуо юха тренировкаш дӀайолийра, ткъа июлехь «Лос-Анджелес Спаркс» коьрта хӀоттаман юкъаяхара.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]