Корстин, Илона Кальювна
Илона Корстин | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Корстин, Илона Кальювна | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
![]() | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Карьера чекхъяьккхина | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | ТӀелета турсло / Яйн форвард | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 182 см | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йозалла | 67 кг | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йина терахь | 1980 шеран 30 май (40 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йина меттиг | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Драфт ВНБА | 29-гӀа, 2001, Финикс Меркури | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
![]() |
Ко́рстин Ило́на Ка́льювна (вин. 1980 шеран 30 май, Санкт-Петербург) — российн баскетболхо, тӀелета турсло/яйн форвард. Олимпийн ловзарийн шозза совгӀатхо, дуьненан чемпионатийн шозза совгӀатхо, кхузза Европин чемпион Российн гулйина командин юкъахь. Российн спортан хьакъ долу говзанча. Евролигин кхузза чемпион тайп-тайпана кхаа командехь.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Йина 1980 шеран 30 майхь Ленинградехь. Бераллехь нека Ӏамо лийлира, идира, спортан гимнастике лийлира, ткъа иштта къийсамашка ихира яйн атлетике, левзира теннисех. Баскетболех ловза Илона йолаелира Петроградан кӀоштарчу 86-гӀа ишколехь. Цул тӀаьхьа цуо баскетбол Ӏамор дӀадаьхьира Тржескал Кирин куьйгаллехь. Корстин Илоница цхьаьна Ӏемаш яра Абросимова Светлана, Степанова Мария, кхин а бевзаш болу российн баскетболхой[1][2]. Илонин хьалхара профессионалан клуб хилира «Форс-Мажор» Петарбух.
ВуьрхӀитта шо долуш дӀаяхара Франце, хӀунда аьлча цуьнан нанас шолгӀа маре дира, ткъа цунна автоматаца французийн гражданалла делира. Цигахь иза деша йолаелира, «Бурж» юкъахь ловза а ловзуш, цунна юкъахь яьккхира Францин чемпионат а, Евролига а. Корстине кхайкхира Францин гулйина командехь ловза, амма 2000 шарахь цуо сацам бира, ша Российн гулйина командехь ловзур ю аьлла[3].
2001 шарахь Корстин WNBA драфта шолгӀачу раундехь 29-гӀа лоьмарца хаьржира «Финикс Меркурис», цигахь иза левзира Степанова Марияца. «Буржал тӀаьхьа» Корстинан таро яра Италехь карьера ян, амма тренеро Капранов Вадима тешайира иза ВБМ-СГАУ Самара[4] юкъа ян.
2008 шеран ноябрь бутт чекхболуш ЦСКА къоьлла бахьнехь берриг къийсамашкара юкъараяла кийча яра. Корстин Илонега кхойкхура кхечу клубе. Амма карийра клубан финансаш латтор йолу керла спонсорш[5][6].
Корстин Российн гулйина командин капитан яра 2009 шеран Европин чемпионатехь[7]. Финалехь Росси ийшира Францел[8][9]. Европин чемпионат чекхъяьлча Корстина дӀахьедира, ша сагатдо российн зударийн баскетболах хин долчух, Российн хьалхеяккхарехь легионераш алсама хиларна, жимма хан яьлча Российн гулйина командо мидалш йохург ца хиларна[10].
2009/10 шо чекхдаьлча Корстин «Спарта&К» Видни дехьаяларан цхьа бахьна ду, москохан бухара командин хьалха яккхий Ӏалашонаш хӀиттор[11]. 2009 шеран августехь дакъа лецира «Баккхий къийсамаш» передача дӀаязъеш[12].
Корстина кхетийра, ша WNBA стенна ца ловзу, Америкера ловзарша новкъарло йо Российн гулйина командин къийсамашка кечъяла аьлла[13].
2011 шеран Европин чемпионатан финалан матч чекъяьлча кхайкхийра, ша туркойн «Бешикташца» контракт яздар[14]. Клубера финансийн къоьлла бахьнехь 2012 шеран февралехь шо чекхдаллалц контракт дира испанин «Авенидица»[15].
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Первая красавица мирового баскетбола
- ↑ Детство дешие
- ↑ Илона Корстин. Биография(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2009 шеран 17 июлехь. Теллина 2010 шеран 21 июнехь.
- ↑ Чемпионка Европы по баскетболу Илона Корстин «После победы мы устроили грандиозный банкет»(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2008 шеран 10 апрелехь. Теллина 2010 шеран 21 июнехь.
- ↑ Илона Корстин: «Когда ЦСКА закрыли, у меня чуть голова не взорвалась»
- ↑ Илона Корстин: «Не могла представить, что ЦСКА может так взять, да лопнуть»
- ↑ Капитаном сборной России будет Корстин(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2009 шеран 14 июнехь. Теллина 2010 шеран 21 июнехь.
- ↑ Корстин: в финальном матче нам просто не хватило сил(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2009 шеран 21 июнехь. Теллина 2010 шеран 21 июнехь.
- ↑ Корстин: снимаю перед француженками шляпу(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2009 шеран 24 июнехь. Теллина 2010 шеран 21 июнехь.
- ↑ Капитан сборной России Илона Корстин: Мы вернулись, как с войны…
- ↑ Корстин: «Спартак» сделал мне интересное предложение(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2009 шеран 20 июнехь. Теллина 2010 шеран 21 июнехь.
- ↑ Большие гонки Илоны Корстин
- ↑ Баскетболистка Илона Корстин: «Победу в Евролиге посвятим Шабтаю Калмановичу»
- ↑ Илона Корстин продолжит карьеру в «Бешикташе»
- ↑ Илона Корстин перешла в испанскую «Авениду»
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Бинарш 30 майхь
- Бинарш 1980 шарахь
- Россехь бинарш
- «Даймехкана гӀуллакх дарна» орденан I тегӀанера мидалца совгӀат динарш
- Российн спортан хакъ долу говзанча
- Адамаш абатца
- Спортхой абатца
- Баскетболхой абатца
- Российн баскетболхой
- Баскетболан Российн гулйина командин ловзархой
- 2004 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- 2008 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- Баскетболисташ 2004 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболхой 2008 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболхой 2012 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболан Европин чемпионаш
- Российн баскетболан функционераш
- Спортан телекомментаторш
- ЗБК «Бурж» ловзархой
- «Финикс Меркури» ловзархой
- ЗБК ЦСКА Москохан ловзархой
- ЗБК «Спарта&К» ловзархой
- ЗБК «Бешикташ» ловзархой
- БК «Авенида» ловзархой
- ЗБК «Динамо» Москох ловзархой