Тихоненко, Валерий Алексеевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Тихоненко Валерий Алексеевич
Карьера чекхйаьккхина
Позици Веза форвард
Локхалла 207 см
Возалла 106 килограмм
Гражданалла  Росси
Вина терахь 1964 шеран 19 август({{padleft:1964|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:19|2|0}}) (59 шо)
Вина меттиг Ангрен, Узбекийн ССР, ССРС
Драфт КъБА 157-гӀа (7-гӀа раунд), 1986, Атланта Хокс

Командаш
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Сеул 1988 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Дети Испани 1986
Дети Аргентина 1990
Дети Желтойчоь 1998
Европин чемпионаташ
Деши Германи 1985
Дети Желтойчоь 1987
Борза Югослави 1989
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ
ДоттагӀаллин Орден Орден «Сийлаллин Билгало» Халкъийн доттагӀаллин орден
ССРС Спортан хьакъ долу говзанча
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Тихоне́нко Вале́рий Алексе́евич (вина 1964 шеран 19 августехь, Ангренехь, Узбекийн ССР, ССРС) — советийн а, российн а баскетболхо. Левзина веза форвардан позицехь. ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1988). 2011 шарахь дуьйна — кхазакхстанан баскетболан «Астана» клубан инарлин менеджер.

Чекхйаьккхина Кхазакхстанан физикин оьздангаллин институт.

1986 шарахь драфтехь хаьржина КъБА «Атланта Хокс» клубо ворхӀалгӀа раундехь.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1964 шеран 19 августехь Узбекийн ССР Ангрен гӀалахь. Баскетболера хьалхара гӀулчаш йаьхна Зозулин Сергейн куьйгаллехь.

Цхьаьна хенахь ловза волавелла ала мегар ду ЦСКА а, Баскетболех ловзаран ССРС гулйина команда.

1986 шарахь драфтехь ворхӀалгӀачу раундехь 18 боьххьехь хаьржина «Атланта Хоксо» (КъБА)[1]. Об этом факте Валерий Тихоненко узнал позже. Однако, он в НБА играть так и не поехал[2].

1988 шарахь левзина СКА (Алма-Ата) йукъахь.

1990—1993 шерашкахь левзина испанин клубашкахь. Йуьхьанца Сабонисца цхьаьна левзира «Форум Филателикохь». Барт 2 шеранна бина боллушехь «Форуман» куьйгалло воьхкира Тихоненко «Каха де Ронда» клубе баскетболхочух шеш деллачул дуккха а алсама ахчанах[3]. амма дукха хан йалале клубан куьйгалла хийцадалар бахьнехь къаьстира командех. Олимпиада-92 йолучу хенахь вевзира «Аргал Уэска» клубан президент, цуо Тихоненко кхайкхира цуьнан команде.

1993 шарахь левзина «Спартак» (Москох) йукъахь. Цул тӀаьхьа даьхкира ЦСК ТӀХӀН (Самара) а, Арсенал (Тула) а йукъара шераш. 1997 шарахь Тихоненко Валерий йухавирзира ЦСКА. 2000 шарахь цуо чекхйаьккхира ловзархочун карьера.

2000—2002 шерашкахь хилла ЦСКА командин коьрта тренер. Цул тӀаьхьа Тихоненко Валерий стажировкехь хилира «Сент-Джозефс» университетан командехь а, КъБА «Даллас Маверикс» клубехь а. 2004 шарахь дуьйна Москохара «Динамон» тренер, коьрта тренер, цуьнца хилира Российн чемпионатан детин совгӀатхо (2005). 2005/2006 шеран Ӏай Тихоненко Валерий хилира ЦСК ТӀХӀН (Самара) коьрта тренер. Самарера командица цуо болх бира 2009 шеран бӀаьсте йаллалц[4].

Пекинера Олимпийн ловзарш чекхдевллачул тӀаьхьа Баскетболех ловзаран Российн зударийн гулйина командин коьрте хӀоьттира[5]. Цуьнца иза 2009 шеран баскетболех ловзаран Европин зударшна йукъара чемпионатан детин совгӀатхо хилира[6]. 2010 шеран 29 июнехь хиира, Тихоненко Валерий оцу даржера шен лаамца мукъаваларх[7][8].

2011 шарахь хилира кхазакхстанан «Астана» клубан инарлин менеджер, иза ловзуш йара АМБ йукъара лигехь.

Шен дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Да — Тихоненко Алексей Михайлович (1936—2002), монтажник болх бира. Нана — Тихоненко Валентина Михайловна (1940 шарахь йина), хӀусамнана, йеха Алма-Атахь.

Тихоненко Валерийн ваша а, йиша а иштта баскетболхой хилира. Тихоненко Игорь (1966 шарахь вина) левзина СКА (Алма-Ата), ЦСК ТӀХӀН (Самара) клубашкахь. Йиша Оксана (1972 шарахь йина) левзина «Университет» (Алма-Ата) йукъахь, ССРС жимахойн гулйина команде кандидат. хӀинца ший а тренер болх беш ду Кхазакхстанехь.

Зуда — Тихоненко (Андриященко) Виктория Львовна (1975 шарахь йина.), чекхйаьккхина Кхазакхстанан физикин оьздангаллин институт, Москохан пачхьалкханоьздангаллин а, исбаьхьаллин а университет («интерьерийн дизайн» дакъа). КӀентий: Иван (1992 шарахь вина), ловзуш ву хинан полох СК «Фили» йукъахь; Марк (1998 шарахь вина) – ловзуш ву кхазакхстанан баскетболан «Астана» клуб йукъахь 2021 шарахь дуьйна; Клим (2001 шарахь вина); Глеб (2003 шарахь вина); йоӀ — Дорофея (2010 шарахь йина).

Валерийн хьалхара зуда йелла Иван дуьнен тӀеволуш 1992 шеран сентябрехь Испанехь.

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

ловзархо

Коьрта тренер

Сийлахь цӀераш а, орденаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Драфт НБА 1986 года
  2. Профиль Валерия Тихоненко
  3. Гридасов С. Валерий Тихоненко: Чем могу — помогу // Спорт-экспресс. — 1993. — № 274—275 (23 ноября). — с. 8.
  4. «ЦСК ВВС-Самара» уволил главного тренера Тихоненко. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 30 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 9 мартехь
  5. Тихоненко назначен главным тренером женской сборной России. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 30 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2008 шеран 6 декабрехь
  6. Тихоненко: мы оставили в Латвии свои сердца. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 30 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 24 июнехь
  7. Тихоненко покинул сборную
  8. Тихоненко: желаю своему преемнику удачи. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 11 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 7 июлехь

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 100 лет российского баскетбола: история, события, люди: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.: илл. ISBN 5-9718-0175-9


Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]