Баскетбол

Хlара гlирс Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци, лаха
Баскетболан буьрка
Баскетболан майда
Майкл Джордан яш ву слэм-данк
Нохчийн баскетболист Увайс Ахтаев

Баскетбо́л (инг. basket — тускар, ball — буьрка) — буьркаца спортан ловзар. Баскетболехь ловзуш ши команда хуьлу. ХӀора командан Ӏалашо ю буьрка дуьхьалболчера тускаран чукхоссар а, шайн тускар Ӏалашдар а[1]. Тускар ду 3,05 метр лекха хӀоттина (10 фут). ХӀора командера майданан тӀехь хуьлу пхип стаг. Командехь 12 стаг хуьлу. Ловзуш берш ма-луу хийца йиш ю. Генара (3 очко луш долу сизал дехьара) буьрка чукхоьссича 3 очко ло. Оцу сизал сехьара чукхоьссича 2 очко ло. ГӀудан кхоссар чукхоьссича 1 очко ло. Баскетболан майда ю 28 метр еха а, 15 метр шуьйра а. Баскетбол ю дуьненахь гӀаръялла спортан тайп[2].

Баскетбол ю Олимпан ловзарийн программе юкъайогӀуш 1936 шо дуьйна. И ловзар кхоьллинарг, Джеймс Нейсмит оцу Олимпиадехь хьаша вара. Божарийн юккъехь баскетболан дуьненан чемпионаташ йолаелира 1950 шарахь, зударашна юккъера чемпионаташ — 1953 шарахь, Европан чемпионаташ — 1935 шарахь.


Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Большой Энциклопедический словарь (БЭС; 1992; 2-е изд., 1998)
  2. They think it's all over. The Guardian (6 декабрь 2008). Архив йина хьалхара хьастачура 24 август 2011. Теллина 24 декабрь 2008. (ингалс.)

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]


1000HA.png