Фаулз, Сильвия
Сильвия Шакерия Фаулз (инг. Sylvia Shaqueria Fowles; йина 1985 шеран 6 октябрехь Майамехь, Флорида штат, АЦШ) — америкин профессионалан баскетболхо, ловзуш йу Зударийн къоман баскетболан ассоциацехь «Миннесота Линкс» клубехь. 2008 шеран ДКъБА драфтехь хаьржина хьалхарчу раундехь йукъара шолгӀачу лоьмарца «Чикаго Скай» командо. Ловзу центровойн позицехь. ЗКъБА чемпион а, 2015 а, 2017 а шерашкара финалан уггаре мехала ловзархо «Линкс» йукъахь. АЦШ къоман гулйина командин йукъахь кхузза олимпийн чемпион.
ЗКъБА карьера
[бӀаьра нисйан | нисйан]Фаулз хаьржира 2008 шеран ЗКъБА драфтан хьалхарчу раундехь йукъара шолгӀа лоьмарца «Чикаго Скай» клубо. Дебютан шарахь дуьйна цуо ловзарехь йуккъера барам чукхоссара 10,8 очко, 7,6 буьрка схьаэцара. 2009 шарахь дакъалецира ЗКъБА дерриг седарчийн матчехь, оцу матчехь дира слэм-данк, цунах дерриг седарчийн матчашкахь и лакхара чу буьрка коьссинчу ловзархойх, кхоалгӀа ловзархо хилира ассоциацин исторехь[1].
2014 шеран сентябрехь, Фаулза дехар дира ша хийцахьара цхьа кхиамаш болчу команде, амма «Скайн» куьйгалхой йуьхьанца реза ца хилира. Цундела ах шарахь иза резерван гӀант тӀехь хина Ӏийра, ша 2015 шеран 27 июлехь «Миннесота Линксаца» хийццалц. 2015 шеран 14 октябрехь финалан серин пхоьалгӀачу ловзарехь «Индиана Фиверан» дуьхьала, Фаулза йаьккхира 20 очко, 11-зза буьрка схьа а ийцира. «Линксо» йаьккхира кхоалгӀа чемпионан титул тӀаьххьарчу пхеа шарахь, ткъа Сильвия лерира финалан серин уггаре мехала ловзархо[2][3].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Bill Martin. Fowles Dunks in WNBA All-Star Game . LSU Athletics (2009 шеран 25 июль). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 12 сентябрь. Архивйина 2018-09-12 — Wayback Machine
- ↑ Voepel, Mechelle Sky preparing to move on without Fowles . espn.com (2015 шеран 2 май). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 17 июль.
- ↑ Lynx Acquire Center Sylvia Fowles
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Бинарш 6 октябрехь
- Бинарш 1985 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Майамехь
- Спортхой абатца
- Баскетболхой абатца
- АЦШ баскетболхой
- «Чикаго Скай» ловзархой
- ЗБК «Спарта&К» ловзархой
- ЗБК «Галатасарай» ловзархой
- «Миннесота Линкс» ловзархой
- Баскетболех ловзаран АЦШ гулйина командин ловзархой
- Баскетболхой 2008 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболхой 2012 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболхой 2016 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- 2008 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- 2012 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш
- 2016 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн чемпионаш