Дюмерк, Селин

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Дюмерк Селин
фр. Céline Dumerc
«Баскет Ланды»— № 9
Позици Ловзар дӀахьо турсло
Локхалла 169
Йозалла 60
Гражданалла  Франци
Йина терахь 1982 шеран 9 июль({{padleft:1982|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:9|2|0}}) (41 шо)
Йина меттиг Тарб, Лакхара Пиренейш

Командаш
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Дети Лондон 2012 баскетбол
Европин чемпионаташ
Деши Латви 2009
Борза Польша 2011
Дети Франци 2013
Дети Мажаройчоь / Румыни 2015
Дети Чехи 2017
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Дюмерк Селин (фр. Céline Dumerc; йина 1982 шеран 9 июлехь Тарбехь, Лакхара Пиренейш департамент, Франци) — французийн профессионалан баскетболхо, «Баскет Ланды» клубан а, Францин къоман гулйина командин капитан. Ловзуш йу ловзар дӀахьо турслочун позицехь.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Клубан карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Шен нана санна баскетболхо хилира. Дуьххьарлера кегийрхойн клуб хилла Тарб Жесп Бигор, цунна йукъара дехьайаьлла INSEP[fr]. Нисса оцу командица цуо шен дуьххьарлера профессионалан контракт йаздира. Иза кхуьу 2000 – 2003 шерашкахь, Францин чемпионатехь шолгӀа меттиг йоккху, 2003 шарахь Ронкеттин кедан финалехь дакъалоцу. Цул тӀаьхьа Дюмерк дехьайолу «Бурж Баскет» йукъа. USVO[fr] финалехь эшначу 2004 а, 2005 а шерашкахь, цуо йаьккхира 2006 шеран шен дуьххьарлера чемпионат. Оццу шарахь клубан гӀодира Францин кад баккха а, Федерацин турнир йаккха а. Евролигехь Бурж сецира чийрикфиналехь, 70-69 чоьтаца ийшира чехин Брнон. 2008 шарахь чемпионат йуха а йаьккхира USVOс, Бурж туьйлира Федерацин турнирехь. Евролигехь Бурж кхечира йеаннан финале, левзира Виднехь. Ахфиналехь клуб ийшира испанин Валенсел.

2008—2009 шарахь Бурж тоьлуш йу чемпионатехь, иэшайо клуб Латт-Монпелье[fr], ткъа кхин а кхочу Евролигин йеаннан финале, иза хилира Брнохь. Ловзаран коьрта хан чекхйелира 77-77 чоьтаца, овертаймехь ийшира 90-81. Оцу Евролигин шарахь Дюмерка дакъалоцу дерриг седарчийн матчехь европин командина йукъахь.

2009—2010 шо долалуш иза дӀакхийтира Екатеринбургера УГМК командех. Чов бахьнехь иза ца левзира шо долалуш а, Евролигин хьалхара матч 2009 шеран декабрехь бен ца ловзайелира[1]. Январехь клуб туьйлира Российн кедехь, финалехь иэшийра Спарта&К. Евролигехь йеаннан финалан ахфиналехь Валенсехь ийшира Спарта&К 87-79. Оцу матчехь майданахь цуо йаьккхира 21 минот хан, 4.5 очко, 2.2 схьаэцар, 2.6 дӀайалар статистикица. ТӀаьхьа, шеран дохаллехь командаша къоьвсира чемпионан цӀе, иза йаьккхира УГМКас, шина матчехь 70-62 а, 73-67 а чоьташца тоьлла.

2010—2011 шарахь Дюмерк Селин а, цуьнан команда а Евролигин цӀера ахфиналехь ийшира Спарте&К, амма реваншийцира, Российн чемпионатехь тоьлла.

Гулйина командера карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

2003 шарахь гулйина командина йукъахь дуьххьарлера совгӀат даьккхира цуо, иза дара дуьненан кегийрхойн 21 шо кхачанза зудаберашна йукъахь йолчу чемпионатехь. Францис оцу хенахь борзанан мидал йаьккхира. Дюмерк кхин а уггаре дика турниран лидер къобал йира. Оццу шарахь, 2003 шеран 23 августехь, кхойкху хьалхара гулйина команде Лорьянехь хиллачу Словакин дуьхьала.

Шен хьалхарчу йоккхачу турнирехь, 2005 шеран Европин чемпионатехь, Франци оьшу Россел чийрикфиналехь, турнир чекхйоккху, Латви 85-62 чоьтаца иэшайой, 5 меттигехь. Оцо таро йелира Францин 2006 шеран дуьненан чемпионатехь дакъалаца. Дюмерк Селина ловзаран 19.6 минутехь йаьккхира 6.6 балл, дӀайелир 3.8 буьрка[2].

2006 шеран дуьненан чемпионатан чийрикфиналехь французаш ийшира толамхой хин йолчу Австралин гулйина командина. Цул тӀаьхьа уьш туьйлира квалификацин шина матчехь, чекхбевлира 5 меттигехь. Дюмеркан статистикин терахьаш турнирехь 5.9 очко, 2.9 дӀайалар, 18.7 минот дара[3].

2007 шеран Европин чемпионатехь чийрикфиналехь Франци оьшу Испанин гулйина командина 63-53 чоьтаца, Дюмеркан турнирера статистикин терахьаш – 4 очко, 1.6 дӀайалар, 15.9 минот[4].

Цул тӀаьхьа гулйина командин коьрте хӀоьттира Буржан тренер Винсент Пьер, цуьнца цуо болх бира дуккха а шерашкахь. Иза волуш Дюмерках хилира командин коьрта ловзархо.

2009 шеран Европин чемпионатехь Францин гулйина команда ца иэшайелира хьалхарчу шина муьрехь, билгалбаккха беза турниран фаворитан Российн гулйина командина тӀехь баьккхина толам. Чийрикфиналехь Франци левзира Желтойчоьнца. Ловзар чекхдала ши минот йолуш Желтойчоь хьалха йара 49-45, амма хьалха Дюмерк Селина чукхоьссира кхо очко, ткъа цул тӀаьхьа Желтойчоьно эцначу тайм-аутал тӀаьхьа Ф. Лепрона кхоьссира кхи цхьаъ, Францис баьккхира толам 51-49 чоьтаца. Цул тӀаьхьарчу матчехь Францис иэшийра Белорусси 64-56. Финалехь французаша иэшийра Российн гулйина команда 57-53, йаьккхира шайн мехкана баскетболех ловзаран Европин зударшна йукъара чемпионийн долгӀа титул. Турниран жамӀашца Груда Сандрин а, Дюмерк Селин а туьйлира пхеа индивидуалан номинацешкахь[5].

Голийн хьорканашна чуьра тендинит бахьнехь 2010 шеран дуьненан чемпионат йукъах йитина Груда Сандрин йоцуш[6], гулйина командера лидеран роль йижира Дюмерк Селинан тӀе. Турнирехь иза хилира гулйина командин йукъахь жамӀаца шолгӀа, цуо гулйира 8.8 очко а, 4.1 схьаэцар а[7].

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гулйина командехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Клубийн тӀегӀанехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Долара кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Францин чемпионатан уггаре дика къона ловзархо: 2001.
  • Федерацин турниран уггаре мехала ловзархо: 2007.
  • Францин чемпионатан уггаре дика французийн ловзархо: 2007—2008.
  • Евролигин седарчийн матчан декъахо: 2008, 2009.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]