Таурази, Дайана

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Таурази Дайана
инг. Diana Taurasi
Таурази «УГМК» ловзарехь 2014 шарахь
Таурази «УГМК» ловзарехь 2014 шарахь
«Финикс Меркури»— № 3
Позици ТӀелета турсло
Харц цӀераш Ди (инг. Dee)
Локхалла 183 см
Йозалла 74 кг
Гражданалла АЦШн байракх
Йина терахь 1982 шеран 11 июнь({{padleft:1982|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (39 шо)
Йина меттиг Чино, Калифорни, АЦШ
Ишкол Дон Антонио Луго (Чино)
Колледж Коннектикут (2000—2004)
Драфт ДКъБА 1-ра, 2004, Финикс Меркури

Командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а

Чемпион ДКъБА (2007, 2009, 2014)

Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Афина 2004 баскетбол
Деши Пекин 2008 баскетбол
Деши Лондон 2012 баскетбол
Деши Рио-де-Жанейро 2016 баскетбол
Дуьненан чемпионаташ
Борза Бразили 2006
Деши Чехи 2010
Деши Туркойчоь 2014
Деши Тенерифе 2018
Америкин чемпионаташ
Деши Чили 2007
Commons-logo.svg Медиафайлаш Викилармехь

Дайана «Ди» Лурена Таурази (инг. Diana «Dee» Lurena Taurasi; йина 1982 шеран 11 июнехь Чинохь, Калифорни) — америкин профессионалан баскетболхо, ловзуш йолу Зударийн къоман баскетболан ассоциацин «Финикс Меркури» а, Екатеринбургера УГМК командашна юкъахь. Ловзу тӀелета турслочун позицехь. Олимпийн чемпион 2004, 2008, 2012 а, 2016 а шерашкахь, ткъа кхин а дуьненан чемпион 2010 а, 2014 а, 2018 а шерашкахь АЦШ гулйина командин юкъахь. «Коннектикут Хаскис» юкъахь Студентийн спортан къоман ассоциацин (NCAA) кхузза чемпион, ткъа кхин а зударийн КъБА кхузза чемпион «Финикс Меркури» юкъахь.

Бералла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Таурази Дайана йина Чинохь, Калифорни штатехь. Цуьнан да, Марио, схьвалар италихойх долуш вара, кхиина Аргентинехь, цигахь евзира хьуьнар долу аргентинхо Лиллиан, Дайанин нана. Таурази Марио вара профессионалан футболист, масех шарахь левзира кевнахочун позицехь. Хьалхара йоӀ Джессика, Дайанин йоккхаха йолу йиша йинчул тӀаьхьа, доьзал кхелхира АЦШ, цигахь дуьнен тӀеелира Дайана, хин болу баскетболан седа. Дайанин шиъ йишийн кӀант ву.

Дайанин баскетбол бераллехь дуьйна дукха езара, амма цкъан а цунах болх ца бора. Цхьан а ца лелара цунна шок а, сахьт а лаьцна тӀаьхьаваьлла. Дайана ловзура шен самукъанен. Урамехь доттагӀашца, пляжехь цабевзачаьрца, дриблинг, дӀасаялар, буьрка кхоссар, сарралц ловзура. ЦӀаеича кхин дӀа пенах кхийса йолалора буьрка, иза бахьнехь сих-сиха нанас довдора.

Бераллехь Таурази узуш яра Лос-Анджелес Лейкерсе, ловза лууш яра Мэджик Джонсон санна. Кхин а Дайана футболех ловзура, Олимпийн ловзаршкахь а, дуьненан чемпионаташкахь а даиман а узуш яра Аргентинин къоман командегахьа.

Лакхара ишкол[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дайана доьшуш а, ловзуш а яра Дон Антонио Лугон лакхара ишколехь[en], цигахь 2000 шарахь делира Миллер Шерилан совгӀат, ткъа Los Angeles Times газето Тауразих йира Къилба Калифорнин уггаре дика ловзархо. Кхин а Дайанин делира Нейсмитан совгӀат а, Ишколан лигин шеран ловзархо цӀе а «Parade»[en] журналан версица. Дайана Таурази юкъаяхара къоман ишколан лигин уггаре дика ткъа ловзархочун, дакъалецира Дерригамерикин лакхара классашкарчарна юкъара ловзарехь (WBCA[en] High School All-America Game), цигахь яьккхира MVP титул. Ишколан карьерин чеккхенгахь Дайанин чоьтехь яра 3,047 очко. Цуо хьалаяьккхира шен ишкол Don Lugo гуттаренна хиллачу аутсайдерашкара чемпионатан лидершка. Иза езара Америкин Цхьаьнатоьхна Штатийн уггаре дика университеташна.

Колледж[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ишколан кхиамаша кхачийра Таурази Коннектикутан университете, иза гӀараяьлла яра шен спортан кхиамашца. Легенда хилла тренер Оримма Джинос ша кхайкхира Дайану UConn команде. Иза церан доьзале а вахана, доьзалан да схьаваьллачу Италин меттигера деана «Таурази» чагӀар делира. Зударийн баскетболан командин UConn Huskies хӀоттамехь Дайанин дебют хилира Студентийн Спортан Къоман Ассоциацин (NCAA) рожера 2000-2001 шеран чемпионатехь.

«Дайана тера ца хилира кхечу керлачу ловзархойх, уьш Джинон пондаран мерз тӀоьхула лийлира. Тренировкашкахь баккхийнар гӀертара цунна кӀураболийта — гӀелъян, хуьттаренна цунна буьрка кхоссар халадеш, лазор йолуш гола Ӏуьттуш, — цуо юха а тухий кхин дӀадора шена луург. Цуо цхьанне а пусар ца дора. Хьалхара курсехь цуо Ӏодан дехьара буьрка кхоссара кхузза сов, гӀудан сизан тӀерачул.»

Тауразин лаара 1-ра лоьмар схьаэца, амма тренеро хаийтира, иза дукха тӀех сов хьайха тешар ду аьлла, тӀаккха Дайанас хаьржира 3-гӀа лоьмар. Оцу хенахь кхоалгӀа лоьмар йолу майка хьовсархошна чӀогӀа езаш ю.

Коьртаниг ловзар дӀакхоьхьу баскетболхочун позицехь ловзуш, Тауразис ялийра шен команда тӀаьхьа-хьалха NCAA кхаа чемпионан титуле (2002, 2003, 2004). 2004 шеран финалан матчехь коьрта тренеро Оримма Джинос ша толамех шек ца хилар дийцира иштта: «Тхан Дайана ю, ткъа шун яц».

Колледжехь йолуш Дайанин дуккха совгӀаташ делира, царна юкъахь студенташна юкъара уггаре дика ловзархочун Нейсмитан совгӀат (2003,2004), Уэйд Маргаретан цӀарах совгӀат (2003), Ассошиэйтед Прессан версица шеран ловзархо. Тауразин кхечира къоман тешам а, Коннектикутан хьовсархошна юкъахь баскетболан легендин статус а. Масала, штатан сенаторо, Гэффи Томаса[en] теттира цуьнан кандидатура штатан турпалхочун цӀере.

Цуьнан колледж юкъахь ловзаран статистика: юккъера барам 15,0 очко, 4,3 схьаэцар, 4,5 жамӀе дӀаялар цхьаьна ловзарехь. UConn юкъахь Дайана левзина деа шарахь, команда бархӀазза бен ца ийшира.

ДКъБА карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Колледжехь тӀех дика карьера йина Таурази Дайана 2004 шеран WNBA драфтехь хаьржира, хьалхарчу лоьмарца, «Финикс Меркури» командо, хьалхарчу шерашкара аутсайдеро. Дайана кхечира ша йоьлла йоцучу хьоле. NCAA иза ловзуш яра онда командехь, цуьнан седа а болуш, ткъа кхузахь цуьнан ловза дийзира дуьненан уггаре чӀогӀа ловзархошна дуьхьала, оцу хенахь WNBA уггаре гӀийлачу командин хӀоттамехь. Тренеран сацамца, наггахь цуьнан ловза доьзура форвардан позицехь, ткъа иза догӀуш дацара цуьнан коьртачу позицица — тӀелета турслочун. ТӀаьхьуо, Оримма Джинос, АЦШ къоман гулйина командин тренеро эра ду: «Таурази ловзало муьлххачу а позицехь, чот ялале шун болх а бийр бу».

Шен дебютан матчехь Дайанас кхоьссира 26 очко, Финиксо толам баьккхира ладаме къовсамхочуьнгара — Сиэтлан командица. WNBA шен хьалхарчу шарахь Дайанас кхуссура юккъера барам 17,0 очко, 4,4 схьагулйора, 3,9 жамӀе дӀалора цхьаьна ловзарехь. Финикс плей-оффе цаялаеллехь а, Дайана Таурази шеран керла ловзархо къобал йира, дерриг седарчийн матчехь дакъа лецира.

2005 шарахь Тауразис гулйора юккъера барам 16,0 очко, 4,2 схьагулйора, 4,5 жамӀе пас лора, лазаш хьорка а йолуш. Иза хаьржинера Дерриг седарчийн матчехь ловза шолгӀачу шарахь а, амма Меркурис юха а плей-офф юкъаха йитира.

2006 шо дола а далале «Финикс Меркурин» коьрта тренер хилира NBA хилла тренер — Уэстхед Пол[en]. Цуо командин ловзаре сихалла а, болар а деира. Командин хӀоттам чӀагӀбира керлачу ловзархошца, 2006 шеран драфтан шолгӀа лоьмар — Пондекстер Кэппица. Керлачу тренеран куьйгаллица Дайанас кхин а баккхий кхиамаш бохура, цуьнца цхьаьна Дерриг седарчийн матчехь ловза кхоалгӀачу шарахь а хьакъ хилира. 2006 шарахь Дайанас рекорд хӀоттийра цхьаьна матчера жамӀца (47 очко), цхьаьна шеран очкон барамца рекорд (741 – WNBA рожера 2006 шеран), хӀинца йохонза жамӀаллин юккъерачу барамца рекорд — 25,3 очко, 4,1 жамӀе пас яларца, 3,6 схьаэцарца ловзарехь юккъерачу барамехь. Иштта доллушехь, Финикс юха а плей-оффе ца елира.

2007 шарахь Таурази, тӀаьххьара, кхечира WNBA плей-оффе. Хьалхарчу турехь Меркурис иэшайо «Сиэтл Шторм», тӀаккха халачу къовсамехь толам боккху «Сан-Антонио Старз», тӀаккха WNBA финале йолу. Уггаре гена яьллачу хенахь Дайанин дийзира Ӏоттаяла уггаре ондачех командица, хьалхарчу шерашкара чемпионашца — «Детройт Шок». Тауразис а, Пондекстера а ялайо Финикс дуьххьарлерачу чемпионан дарже. И толам бахьнехь Дайана хуьлу ерриг исторехь NCAA, WNBA, Олимпиада яьккхина ворхалгӀа ловзархо. Дан делла кхин а Рут Райлега, Свупс Шериле, Купер-Дайк Синтийга, Свин Кэше, Уолтерс Карега, Сью Берде, 2012 шеран Олимпийн ловзарш чекхдевлча Мур Майега а, Кэтчингс Тэмикега.

2004 шарахь дуьйна Таурази Дайана ловзуш ю АЦШ къоман гулйина команда. Оцу хенан чохь хилира деазза Олимпийн чемпион (2004, 2008, 2012,2016), шозза дуьненан чемпион (2010, 2014), 2006 шеран дуьненан чемпионатан борзанан совгӀатхо.

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Командин

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]