Тржескал, Кира Александровна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Тржескал Кира Александровна
Гражданалла  Росси
Йина терахь 1947 шеран 11 июль({{padleft:1947|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (76 шо)
Йина меттиг Ленинград, ССРС

Ӏамийна командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Орден «Сийлаллин Билгало»

Тржескал (Пирвиц) Кира Александровна (йина 1947 шеран 11 июлехь, Ленинград, ССРС) — советийн а, российн а баскетболан тренер. Российн хьакъ долу тренер.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кира Александровнин баскетбол евзина ишколехь. Цул тӀаьхьа дийшира медицинан гӀирсан техникумехь, цул тӀаьхьа Кировн заводехь болх бира, Кира левзира заводан командехь.

Физикин оьздангаллин П. Ф. Лесгафтан цӀарах институтехь доьшуш йолуш, болх бира спортан «Молни» клубехь. 1973 шарахь баскетболан секции дӀа а къевлина, Кира шен кхиорхошца дехьайелира Петроградан кӀоштан спортан ишколе. Тренировкаш йан меттиг лаха буьйлабелира. Масийттаза аренде зал ехча жоп ца делча, № 86 йолу йуккъера ишколехь цунна жоп делира, цигахь болх беш ву физикин оьздангаллин хьехархо болх беш вара Тржескал Владимир Иосифович. Дукха хан йалале Владимир Иосифович а, Кира Александровна а цхьаьна къахьоьгуш йара, тӀаккха тренеро Пирвица хийцира фамили Тржескал фамилица[1]. Церан йукъара цхьа йоӀ йу Светлана цӀе а йолуш, иза йеха АЦШ.

Дуьххьарлера ладаме зиеделларг хилира «Электросила» командин дублера болх бара, ткъа 1991 шарахь Василеострован СБЖИОРан тренер йара. 1996 шерера 1998 шо кхаччалц йуьхьанца тренеран гӀоьнча санна, ткъа цул тӀаьхьа коьрта тренеран даржехь куьйгалла дира Петарбухан «Форс-Мажоран».

Кира Александровнас «Балтикин Седа» команда кхоьллина, иза пхеа шарахь тренер хилла лелийна. Оцу заманан чохь лахарчу лигера клуб хьалайаьлла Суперлиге кхаччалц, ткъа 2003/04 шарахь ца моьттиг хилира – клубо Российн чемпионатан «борзанан» мидал йаьккхира, ФИБА Европин кад баьккхира[2]. Истмалехь хилла «йеаннан финалехь», йуьхьанца иэшийра москохан «Динамо» - 67:57, ткъа финалехь Мажаройчоьнан «Шольнок» - 68:64. Кхиаман тулгӀенца Тржескал Кира дӀайахара командера.

Цул тӀаьхьарчу шерашкахь цуо баскетболан секцин куьйгалла дира Петарбух гӀалин № 86 йолчу ишколан спортан залехь, 2005 - 2010 шерашкахь болх бира петарбухан «Спартакан» кегийрхойн командехь.

2004 шарахь коьрте хӀоьттира Российн гулйина жимахойн командин, Словакехь хин йолу рогӀера Европин хьалхейаккхарехь дакъа лацархьама. Российн командин «дешин» ах хӀоттам лаьттара Кира Александровнин кхиорхойх: Андерсон Анастасия, Рюхина Ирина, Чистова Вера, Савельева Екатерина, Белякова Евгения, Решетько Елена[3]. Ши шо даьлча оццу хӀоттамца гулйина командо йоккху Мажаройчохь хилла Европин кегийрхойн чемпионат. 2007 шарахь «цӀера» кегийрхойн дуьненан хьалхейаккхарехь Тржескалан командо йоккху 4-гӀа меттиг.

Бевзаш болу кхиорхой[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Засульская Наталья – 1992 шеран Олимпийн ловзарийн чемпион, Европин чемпион (1987, 1989, 1991), 1992-1995 шерашкара Европин уггаре дика баскетболхо;
  • Корстин Илона – 2004 а, 2008 а шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо, Европин чемпион (2003, 2007);
  • Абросимова Светлана – 2008 шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо, 2007 шеран Европин чемпион, 2010 шеран зударийн КъБА;
  • Степанова Мария – 2004 а, 2008 а шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо, Европин чемпион (2003, 2007);
  • Карпова Елена – 2004 шеран Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо.
  • Белякова Евгения – Европин чемпион (2011)

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Клубан[нисйе бӀаьра | нисйе]

Долара[4][5][нисйе бӀаьра | нисйе]

Тржескал Кирех лаьцна[нисйе бӀаьра | нисйе]

Корстин Илона[6]:

Масала, Машас (Степанова) дуьйцура, секце еинчу хенахь, хӀумма а ца хаара, массаьрга хьоьжура лахара хьала…

Со Кира Александровна йолчу кхаьчначу хенахь, иштта хийтира суна а. зудабераш дика кхуссура тускаран чу буьрка, хаарца дехьабовлура, ткъа со абат тӀера йолаеллера. Амма масех баттахь цхьацца хӀума Ӏемира..

Дуьйцу, Тржескал Кирица Ӏама атта дац бохуш.

Командехь луьра низам дара. Масала, маникюр йан цамагадора. Ткъа 13–14 шо долуш чӀогӀа лаара хаза хила. Амма Кира Александровнас новкъадарца довдора, зудабераш шен куьцан алсама хай яйича. ЧӀогӀа гӀуо йистхуьлура. Цундела баскетбол тхан хьалхарчу меттигехь йара.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Фабрика чемпионок Тржескал. «Спорт день за днём». ТӀекхочу дата: 2013 шеран 19 август.
  2. КИРА ТРЖЕСКАЛ: "БАСКЕТБОЛУ НЕ ХВАТАЕТ ТРЕНЕРОВ". «Невское время». ТӀекхочу дата: 2013 шеран 19 август.
  3. Где растут чемпионы… «Р-Спорт». ТӀекхочу дата: 2013 шеран 19 август.
  4. Зал славы НГУ имени П. Ф. Лесгафта. «НГУ имени П. Ф. Лесгафта». ТӀекхочу дата: 2013 шеран 19 август.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  5. Юбилей Киры Тржескал. «Комитета по физической культуре и спорту г. Санкт-Петербурга». ТӀекхочу дата: 2013 шеран 19 август.(ТӀе цакхочу хьажорг)
  6. Александр Кочетков. «Первая красавица мирового баскетбола». Русский репортер (2008 шеран 5 февраль). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 19 август.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]