Осипова, Ирина Викторовна
Осипова Ирина | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
оьрс. Осипова, Ирина Викторовна | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
![]() | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
![]() |
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | Центровой | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 196 см | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йозалла | 90 кг | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() |
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йина терахь | 1981 шеран 25 июнь (41 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йина меттиг | Москох, ССРС | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
![]() |
О́сипова Ири́на Ви́кторовна (йина 1981 шеран 25 июнехь, Москохахь, РСФСР, ССРС) — российн профессионалан баскетболхо, Российн къоман гулйина командин ловзархо. Ловза центровойн позицехь. ТӀаьхьарчу хенахь левзина «Динамо Курск» йукъахь. Росси спортан хьакъ долу говзанча. зударийн Евролигин пхоьазза чемпион.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Осипова Ирина баскетболех ловза йолаелла Москохахь. Цуьнан хьалхара тренер вара А. Орехов. Иринин дуьххьарлера клуб хилира «Глория» (Москох). 2000 шарахь дуьйна иза ловзуш йу Баскетболех лозаран Российн гулйина командехь, дуьненайукъара йаккхийрачу турнирех цуо йукъах ца йитира 2005 шеран Европин чемпионат бен. Осипова левзира «Динамо» (Москох), УГМК (Екатеринбург), «Элицур» (Исраил), ВБМ-СГАУ (Самара) командашкахь. 2005 шарахь левзира Москохан областан хьалха «Спартак» олуш хиллачу «Спарта&К» командехь. 2006 шарахь левзира WNBA «Детройт Шок» йукъахь 2 матчехь. 2012 шеран Олимпийн ловзарел тӀаьхьа левзира Истмалин университетан командехь[1]. 2016 шарахь декрете йахара, амма баскетболан карьера чекхйаккха планаш йацара[2].
Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- 2004 а, 2008 а шерашкара Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо.
- Дуьненан чемпионатийн детин совгӀатхо: 2002, 2006
- Европин чемпион: 2003, 2007, 2011
- Европин чемпионатийн детин совгӀатхо: 2001, 2009
- Евролигин чемпион: 2003, 2007, 2008, 2009, 2010
- Евролигин борзанан совгӀатхо: 2015
- ФИБА Европин кад баьккхинарг: 2006
- ФИБА Дуьненан Лигин толамхо: 2004
- ФИБА Дуьненан Лигин борзанан совгӀатхо: 2003
- Россий чемпион: 2003, 2007, 2008
- Российн чемпионатан детин совгӀатхо: 2004, 2009, 2010, 2011, 2012
- Российн чемпионатан борзанан совгӀатхо: 2002, 2015, 2016
- Европин Суперкад баьккхинарг: 2010
- Российн кад баьккхинарг: 2015, 2016
Сийлахь цӀераш а, орденаш а[нисйе бӀаьра | нисйе]
Российн спортан хьакъ долу говзанча
«Даймехкана гӀуллакх дарна» орденан II тегӀанера мидал (2009 2 август) — 2008 шеран Пекинера XXIX Олимпиадин ловзаршкахь физикин оьздангалла а, спорт а киош доккха дакъа лацарна[3]
Шен дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]
Осипова Ирина марехь йу, кхиош йу 3 бер – Алёна а, Роберт а, Тимур а[4].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Ирина Осипова: не надо списывать российских баскетболисток со счетов!
- ↑ Баскетболистка Осипова планирует продолжить карьеру после рождения ребенка
- ↑ Указ Президента РФ от 2 августа 2009 г. № 885
- ↑ Биография: Ирина Осипова Викторовна / Irina Osipova(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 8 июлехь. Теллина 2010 шеран 23 июлехь.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Бинарш 25 июнехь
- Бинарш 1981 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Москохахь
- Российн спортан хакъ долу говзанча
- Спортхой абатца
- Баскетболхой абатца
- Российн баскетболхой
- 2004 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- 2008 шеран аьхкенан Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхой
- Баскетболисташ 2004 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболхой 2008 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболхой 2012 шеран аьхкенан Олимпийн ловзаршкахь
- Баскетболан Российн гулйина командин ловзархой
- Баскетболан Европин чемпионаш
- ЗБК «Динамо» Москох ловзархой
- БК УГМК ловзархой
- ЗБК ЦСКА Москохан ловзархой
- ЗБК «Спарта&К» ловзархой
- «Детройт Шок» ловзархой
- ЗБК «Кошице» ловзархой
- ЗБК «Динамо» Курск ловзархой