Гриффит, Иоланда

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Гриффит Иоланда
инг. Yolanda Griffith
Карьера чекхйаьккина
Позици Центровой
Харц цӀераш Йо-Йо (инг. Yo-Yo)
Локхалла 193 см
Йозалла 81 кг
Гражданалла  АЦШ
Йина терахь 1970 шеран 1 март({{padleft:1970|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:1|2|0}}) (54 шо)
Йина меттиг Чикаго, Иллинойс,АЦШ
Ишкол Джордж Вашингтон Карвер
(Чикаго, Иллинойс штат)
Колледж Палм-Бич (1990—1992)
Флорида Атлантик (1992—1993)
Драфт ДКъБА 1999, 2-гӀа, Сакраменто Монаркс

Командаш
Ӏамийна командаш
Долара совгӀаташ а, кхиамаш а
Мидалш
Олимпийн ловзарш
Деши Сидней 2000 баскетбол
Деши Афина 2004 баскетбол
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Гриффит Иоланда Иветт (инг. Yolanda Evette Griffith; йина 1970 шеран 1 мартехь Чикагохь, Иллинойс штат) — Америкин хилла профессионалан баскетболхо, левзина Зударийн КъБАхь а, европин командашкахь а. 2000 а, 2004 а шерашкара Олимпийн чемпион АЦШ гулйина командин йукъахь. 2006 шарахь хаьржира итт шеран гулйина командин йукъа, 2011 шарахь йукъайахийтира 15 уггаре дика ловзархочун, ткъа 2016 шарахь йукъайахара Зударийн КъБА 20 уггаре дика ловзархо.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Бералла а, жималла а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гриффит Иоланда йина Чикагохь, Харви а, Ивонн а ГриффитгӀеран доьзалехь пхеа берех жимахъерг йара. Ишколехь иза ловзура баскетболех а, софтболех а. Иоландин 13 шо долуш йелира цуьнан нана[1].

Ишкол чекхйаьккхинчул тӀаьхьа Гриффит хӀоьттира Айовин университете, амма дешар дита дийзира пхоралла бахьнехь. 1989 шарахь Иоландин йоӀ хилира, цӀе Кэндис[2] тиллира.

1993 шарахь Иоландас чекхйаьккхира Флоридин Атлантикин университет, оцу университетан баскетболан командехь ловза а ловзура.

Профессионалан карьера[нисйе бӀаьра | нисйе]

Немцойн Ашаффенбург гӀалара «Wildcats» командехь диъ шо даьккхинчул тӀаьхьа (1996/97 шарахь Иоланда хилира Евролигин лидер, гулйинчу очкошца а, буьрка хьалха схьаэцарца а), Иоланда АЦШ цӀайирзира, цигахь левзира зударийн Америкин баскетболан лигехь(ингалс.) (ABL), ткъа 1999 шарахь дуьйна — Зударийн КъБА (WNBA). WNBA хьалхарчу шарахь Иоланда къобал йира лигин MVP а, уггаре дика дуьхьалонан ловзархо а. 2005 шарахь Гриффита «Сакраменто Монаркс» йукъахь йаьккхира WNBA чемпионат, финалан серин MVP а лерира.

2000 а, 2004 а шерашкахь Гриффит АЦШ гулйина командин йукъахь шозза олимпийн чемпион хилира.

WNBA ловзучу хеннахь (гуьйрера бӀаьсте кхаччалц, аьлчи а Зударийн КъБА шина шеран йукъан заманахь) Иоланда ловзура европин а, азин а клубашкахь — 2000—2002 шерашкахь италин «Баскет Парма» командин йукъахь, ткъа 2003 шеран январера — екатеринбурган УГМК йукъахь, цунна йукъахь левзира деа шарахь. Хьалхарчу матчашкахь дуьйна Гриффит хилира УГМК коьртачех цхьа ловзархо, хӀоз бухахь тоьлуш, гулйинчу очкошца а, схьаэцарца а лидер йолуш. Дукхаха дерг цуьнан ловзар бахьнехь УГМК 2002/2003 шеран Евролигин толамхо хилира[3]. Иоланда шеран жамӀаца УГМК йукъахь шозза лерира уггаре дика ловзархо[4]. В 2005 году Гриффит стала капитаном команды[5].

2003 шеран гурахь Иоландин делира гуьржийн паспорт, иза бахьнехь цуьнан ловза бакъо хилира Российн чемпионатехь а, Евролигехь а европин ловзархо санна. Амма 2004 шеран 3 мартехь ФИБАс, чехин клубан «Брнон» арз бахьнехь, Гриффитан а, цуьнан коммандера накъостана Милтон Делишин а гуьржийн паспорт далар законехь ца хилар къобал а дина УГКМ клубан дисквалификаци а йина, йукъарайаьккхира Евролигин регламент дохадарна (европин къовсамашкахь ловзаш болчу европера боцучу ловзархошна регламенто барам хӀоттийнера)[6]. Амма баскетболхошна таӀзар ца дира.

2007 шарахь Гриффит левзира къилбакорейн «KB Savers» клубехь, кхин а шо даьлчи — «Хэнанан пийлашна» («Henan Elephants») йукъахь Цийчоьнан чемпионатехь[7]. 2008 шеран февралехь Иоландас контракт йаздира италин «Таранто» клубаца[8][9], амма бутт балале контракт дохийра[10]. Оццу шарахь Гриффит, ша 9 шарахь WNBA левзина «Сакраменто Монарксера», дехьайелираза «Сиэтл Шторме».

2009 шарахь Иоландас контракт йаздара «Индиана Фивер» командица. 2009 шеран 9 июнехь, шен керла командин кхоалгӀачу матчехь, Иоландин кӀажин пха хадийра, иза бахьнехь цуьнан дисина шо йукъараделира. Шо чекхдаьлча ловзархочун карьера йитар дӀакхайкхийра.

Тренеран болх[нисйе бӀаьра | нисйе]

2011 шарахь дуьйна Иоланда болх беш йу, АЦШ сийлахьчех цхьаъ йолчу лдм, Дартмутан колледжан зударийн баскетболан командехь тренер-ассистент[7].

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Командийн[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Шозза олимпийн чемпион (2000, 2004).
  • Зударийн КъБА чемпион (2005).
  • Евролигин чемпион (2003).
  • Евролигин борзанан совгӀатхо (2002).
  • Италин чемпион (2001)[11].
  • Италин кад баьккхинарг (2001, 2002)[11][12].
  • Российн чемпион (2003).
  • Российн чемпионатан детин совгӀатхо (2004).
  • Российн чемпионатан борзанан совгӀатхо (2005).
  • Российн кад баьккхинарг (2005).

Шен кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Yolanda Griffith Biography (ингалс.). Black Book Partners. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 2 майхь.
  2. Mother Owl Fau`s Yolanda Griffith Had Basketball Talent And An Unlimited Future -- Then She Had A Baby. (ингалс.). South Florida Sun-Sentinel (1993, 2 январь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 2 майхь.
  3. Иоланда Гриффит и ДеЛиша Милтон остаются в «УГМК». Коммерсантъ Урал. Екатеринбург (2003, 11 сентябрь).
  4. Лучшим игроком УГМК признана Иоланда Гриффит(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). УГМК (2005, 1 июнь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 16 мартехь. Теллина 2013 шеран 29 апрелехь.
  5. Иоланда Гриффит поставила рекорд!. Комсомольская правда (2005, 8 февраль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 2 майхь.
  6. Проверка паспортного режима. Известия (2004, 4 март). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 2 майхь.
  7. 1 2 Yolanda Griffith Bio (ингалс.). DartmouthSports.com. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 2 майхь.
  8. Levoni Taranto col botto: ingaggiata Yolanda Griffith !! (итал.). BasketNet.net (2008, 5 февраль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 2 майхь.
  9. Griffith atterrata sul pianeta Taranto (итал.). BasketNet.net (2008, 14 февраль). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 2 майхь.
  10. Griffith addio.... (итал.). BasketNet.net (2008, 4 март). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 2 майхь.
  11. 1 2 Venerdi’a Parma l’All star game 2001 (итал.). Basketball.it (2001, 28 ноябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 2 майхь.
  12. Coppa Italia: La Meverin Parma supera in Finale il Famila Schio (итал.). BasketNet.net (2002, 4 апрель). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 2 майхь.
  13. И совгӀат шеран уггаре дикачу керла ловзархочунна луш дерг дац (Rookie of the year), ткъа кхин шоззий бен йелла йоцу хӀонс ю
  14. Лауреаты Золотой корзины 2005. Российская Федерация Баскетбола. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 2 майхь.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Кеп:Зударийн КъБА рожера чемпионатан дӀайала лерина буьрка схьайаккхарехь лидераш