Чулацаман тӀегӀо

Виеру, Наталья Станиславовна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Виеру Наталья
рум. Natalia Vieru
Мукъа агент
Позици Центровой
Локхалла 200 см
Йозалла 85 кг
Гражданалла  Росси
Йина терахь 1989 шеран 25 июль({{padleft:1989|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:25|2|0}}) (36 шо)
Йина меттиг Кишинёв, МССР, ССРС
Командаш
2007—2011 Россин байракх Спарта&К
2011—2012 Словакин байракх Гуд Энджелс (Кошице)
2012—2014 Россин байракх Спарта&К
2014—2015 Россин байракх Надежда
2015—2020 Россин байракх УГМК
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Вие́ру Ната́лья Станисла́вовна (рум. Natalia Vieru; 1989 шеран 25 июлехь, Кишинёвхь) — Россин баскетболхо.

Клубан карьера

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2005/06 а, 2006/07 а шерашкахь левзина Суперлига-Б йукъахь «Динамо-2» (Курск) командехь. Берийн-Жимахойн Баскетболан Лигин чемпион, 2006 а, 2007 а шерийн турнирийн MVP «Динамо» (Курск) командин йукъахь.

2007/08 шерашкахь левзира «Спарта&К» (Видни, Москохан область) командехь. Хьалхара масех шарахь алсама левзира кегийрхойн командехь, цул тӀаьхьа коьрта хӀоттамера ловзархо хилира. «Спартакан» шолгӀа командехь ловзуш туьйлира Лакхарчу лигин турнирехь, хилира Россин кегийрхойн хьалхейаккхаран «детин» совгӀатхо, шозза В. Кузинан кад баьккхина (Россин кедан харжаман турнир. Коьртачу командин йукъахь ловзуш кхузза чемпион хилла Евролигин (2008, 2009, 2010), Европин Суперкад 2009, 2010 баьккхина, Россин чемпион 2008, Россин вице-чемпион 2009,2010,2011.

2011/12 шеран чемпионатехь левзина Словакехь «Гуд Энджелс» (Кошице) командин йукъахь, Словакин чемпион а хилла, кад а баьккхина, ткъа кхин а къобал йина 2011/12 шеран Словакин чемпионатан уггаре дика ловзархо йу йаьлла.

2012/2013 шарахь «Спарта&К» командин йукъахь Россин чемпионатан детин совгӀатхо хилла, 2012/2013 шеран Россин кедан детин совгӀатхо.

2014/2015 шарахь оренбурган «Надежда» командехь хилира Россин чемпионатан детин совгӀатхо а, 2014/2015 шеран кедан борзанан совгӀатхо а.

2015 шеран аьхка Виеру дехьайелира екатеринбурган клубе УГМК, цигахь хийцира карьера чекхйаьккхинау Степанова Мария[1]. 2015/2016 шарахь цуо гӀодира клубан Россин чемпионат а, Евролига а йаккха, шинне а турниран финалехь УГМК иэшийра Виерун хьалхара команда, «Надежда»[2]. УГМК йукъахь Натальяс, 2016 шеран 20 октябрехь ФИБА Суперкад баьккхира, иэшийра "Вильнев-д'Аск" (Франци) 66-63 чоьтаца. 2017 шеран 24 декабрехь УГМК клубан йукъахь Виеру Натальяс Курск гӀалахь Россин кад баьккхина. Ткъа 2017 шеран 1 майхь екатеринбурган «УГМК» йукъахь пхеа матчан серехь, кхоаззалгӀа Россин чемпион хилира[3].

2018/19 шо "дешин" хилира УГМК клубан, ткъа Н.Виеру клубан йукъахь хилира Евролигин йалхазза чемпион, доьазза баьккхина ФИБА Суперкад, шозза баьккхина Россин кад, пхоьазза Россин чемпион.

Дуьненайукъара карьера

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Спарта&К
Гуд Энджелс
Надежда
  • Россин чемпионатан детин совгӀатхо: 2014/15
  • Россин кедан борзанан совгӀатхо: 2014/15
УГМК

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Дьячкова, Елена. Баскетболистка Виеру призвана заменить в составе УГМК Степанову - Рябков. Р-Спорт (2015 шеран 28 май). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 17 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 16 сентябрехь
  2. Столбунова, Вероника. Баскетболистка Виеру заявила, что ее ожидания от перехода в УГМК оправдались. Р-Спорт (2016 шеран 4 май). ТӀекхочу дата: 2016 шеран 17 июль.
  3. УГМК – 11-кратный чемпион России!