Чулацаман тӀегӀо

Итон-Кхаьллан кӀошт

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Итон-Кхаьллан кIошт тӀера хьажжина кхуза)
КӀошт
Итон-Кхаьллан кIошт
Итум-Калинский район
42°44′06″ къ. ш. 45°34′37″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх
Федерацин субъект Нохчийн Республика
Цунна йукъайоду 12 йуьртан меттигаш
Адм. центр Итон-Кхаьлла[1]
Истори а, географи а
Кхоллар 1923
Латта
  • 1277 км²
Сахьтан аса MSK-3 (UTC)
Бахархой
Бахархой 4911[2] адам стаг (2010)
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусулбанаш
Идентификаторан терахьаш
Код ОКТМО 96611000
Телефонан код 87164

Официалан сайт(оьр.)
Итон-Кхаьллан кIошт картин тӀехь
Итон-Кхаьллан кIошт картин тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Итон-Кхаьллан кӀошт[3] — Нохчийчоьнан кӀошт. Итон-Кхаьллан кIошт яхалца, шуьралца Орган-ЧIожа чохь , къилба Нохчийчоь йу. Уггара лаьккха ламан боьхь Итон-Кхаьллан кIоштехь бу Дакох-Корт (Тебулосмта). Итон-Кхаьллан кIоштан дозанаш: къилбаехь пачхьалкхан доза хIоттало — Гуьржийчоьца, къилбаседехь — Шуьйтан кӀоштаца, малхбалехь — ЧӀебарлойн кӀоштаца, Шаройн кӀоштаца, малхбузехь — Галайн-ЧIожан кIоштаца.

КIоштан центр — Итон-Кхаьлла.

КӀошт лаьтта Нохчийчоьнан къилбаседа-малхбузехьа лаьмнашкахь. 2020-чу шеран 1 январехь кӀоштан майда 1 245,92 [4] км² ю. Итон-Кхаьлла кӀошт малхбузера малхбалехьа а юстача 60 км еха йу, къилбера къилба-седехьа а юстача 40 км шуьйра ю.

Итон-Кхаьллан кIоштан карта

Къилбехьа кӀоштан доза ду республикера Шуьйтан а, ТӀехьа-Мартанан а кӀошташца, малхбалехьа ШаройнкӀоштаца, малхбузехь ГӀалгӀайн Республикаца, къилбехьа Гуьржийчоьнца .

КӀоштан административни доза дӀадоьду Хьаьхилге лам тӀера Юкъерлам дукъаца, Яцебкортаца  Мартан хин хьостане кхаччалц, цул тӀаьхьа ГӀумартайркортан дукъаца ЧӀинхой-Ламца а Вярды-Эхкаца , Инзаехк хьост тӀе кхачалца. Цул тӀаьхьа доза дӀадоьду ДӀай-Лам тӀехула, ДжанжӀаран дукъаца а, Черхунишкорт ламца а Шара-Органан хьостане кхаччалц. Доза дӀадоьду 3552 м хӀордан лакхахь Тушетин а, Муцойн а дукъахула, Россин Федерацин пачхьалкхан Гуьржийчоьнца дозанца а нисло иза [5] .

КӀошт кхоьллина 1923 шарахь, 31 эвла йогӀу кӀошт чу[6].

Наха бехаш меттигаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

 — ЧӀаьнта

 — Мулкъа

 — Хьачара

 — Хилдехьа

 — МIаьйста

 — ГутӀа

 — Зумса

 — Дишна

 — ЧӀиннах

 — БӀавла

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]